ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Къаьсттина дукха бара нохчий, гIалгIай, дагестанхой": мила, муха ведира мобилизацих Гуьржийчу


Оьрсийн-гуьржийн дозанера Верхний Ларс КПП йолчу некъаца, гезгамашин-беттан 29-гIа
Оьрсийн-гуьржийн дозанера Верхний Ларс КПП йолчу некъаца, гезгамашин-беттан 29-гIа

Паьнказан чIожера нохчаша волонтерийн тобанаш вовшахъйетта Нохчийчуьра а, Къилбаседа Кавказан кхечу мехкашкара а Оьрсийчоьно кхайкхийначу мобилизацих уьдучу бахархошна гIо дархьама. Кавказ.Реалиин корреспонденто къамел дира дозанех чекхбовла аьтто хиллачаьрца а, царна цу тIехь гIо диначаьрца а.

Гуьржийн Iедалхоша дуьйцуш бахьана а доцуш, тIетаьIIина Кавказан регионашкарчу бахархошна массарна а бохург санна гезгамашин-бутт бовш доза хадон дуьхьалоечу заманчохь къаьсттина чIогIа оьшура махках бовлучарна гIо.

Гуьржийчоьнан парламентана хьалха Тбилисихь протестан пикет йинчул тIаьхьа нах чубита буьйлабелира. Пачхьалкхехула дехьа а буьйлуш, Туркойчу боьлхучарна оьшура буьйса яккха меттиг, ахча а, контакташ а. Паьнказан бахархоша, Верхний Ларс эвлана гергахь чубитаре хьуьйсучу шайна бевзачаьргахула яржа а еш, социалан машанашкахь тобанаш а, чаташ а кхоьллира.

Волонтеро Горгишвили Iусмана дийцира Кавказ.Реалиин корреспонденте, жигархоша оцу сохьта ахча вовшахтуьйхира, гуманитаран гIо кхачийра, амма дозанехь халонаш нисъелира аьлла.

"Ахча вовшахтоьхна, Оьрсийчоьнна а, Гуьржийчоьнна а юккъерчу нейтралан дозанехь биссинчу нахаца зIене девлира тхо. Тхуна хиира царна хIун оьшу – муьлха юуург, хIун молханаш. Ийцира [оьшург], дозане схьа а кхачийра. Волонтераш цига тIе ца буьтура дозанхоша. Дозанхойн пункте дахара тхо, стенна сехьа ца бовлуьйту кавказхой хаа, тхуна жоп ца делира. Гуманитаран гIо а дIа ца далийтира. Аьшпаш буьттура [тхуна], хьал дика ду, хи а, юург а царна тоамехь ю бохуш", - дуьйцу Горгишвилис.

Цо бахарехь, Верхний Ларс эвла йолчу агIор боьлхучу могIарерчу машенлелорхошка дехарш дан дийзира церан, юург чохь тIоьрмигаш а, яьшканаш а, молханаш а дIакховдадахьара нейтралан асана тIехь биссинчу нахе бохуш.

"Масийтта де а дара дукхахберш цигахь лаьтта. Гуманитаран катастрофа йолалулш яра. Нахехь хи а, юург яцара, садаIа меттиг бацара. Гезгамашин-беттан 26-27-чохь цигахь 500 стаг вара вовшахкхеттарг. Цигара схьаоьхучаьргара хиира тхуна, кавказхой номер 222 йолчу кабинет чу дIабуьгуш хиларх къайлахчу сервисийн белхахоша кIорггера хеттарш дан. Массара а бохург санна [оцу кабинет чохь нисбеллачара] олуш хиллера, тхуна ца лаьа Украине нах байъа даха. Кхозза-доьазза дуьхьало йора царна. Амма нах хIетте а Оьрсийчу юха ца богIура. Къаьсттина дукха бара царлахь нохчий, гIалгIай, дагестанхой",- чIагIдо къамелдечо.

Гуьржийчу кхача аьтто баьллачарна царна оьшу гIо латтадора. Волонтераша бахарехь, гIо дехна цхьаъ ца витина цара тергамза.

"Катоьхна вада везаш хиллачу 10 нохчочух лаьттачу тобано, шаьш дозанехула дехьа ма-бовллара яздинера, машен а, буьйса яккха меттиг а оьшура шайна аьлла. Дозанера схьа минивэн лецира оха царна, Тбилисихь петар а нисйира. Чубаьхкинчех цхьа дакъа Гуьржийчохь совца дагахь бу – Батумихь а, Тбилисихь а. Кхин а цхьа нах масех денна Паьнказан чIожан эвла дIабахийтира оха, хIунда аьлча, Iен меттиг бацара церан. Дукха нах бу транзитехь Туркойчу боьлхуш. Доккхачу декъанна тIекхайкха хан йолу божарий бу уьш", - дуьйцу волонтеро.

"Нохчийн а, гIалгIайн а шансаш янне а яц"

Нохчийчуьра вахархо Руслан цхьана ханна Тбилисихь ву, Оьрсийчуьра шен кехатех цхьа йист яллалц ладоьгIуш Iаш. Шен гергарчунна гIуллакхах йистъяккхар тIе диллина, ша катоьхна дIаваха декхаре вара иза. ЦIахь дитина цо шен къена да-нана а, зуда а, жима бер а. Иза вехачу эвларчу администрацино дIахьединера цуьнга, меттигера 150 стаг Украинерчу тIаме вахийта дагахь ду аьлла, Руслан эскарехь гIуллакх дина ву, тIекхайхка хан йолуш а ву.

"Дуьххьара Астрахане вахара со, Казахстане дехьавала дагахь вара со. Деа дийнахь оцу раьгIнашкахь лаьттира со. Цхьана мIаьргонехь доза дIакъевлира, хууш дацара юха маца схьадоьллур ду. ЦIа веара со, цхьана ханна лечкъаш лийлира. Юха ХIирийчу вахара. Машенара вилспета а хиъна, месаш, маж а дIаяьккхина, Верхний Ларсе вахара со. Цигахь хиира суна, нохчийн а, гIалгIайн а шансаш йоций [дозанехула дехьавала]. Хи дара соьгахь, яахIума яцара. Лаьттачарлахь дуккхаъ нах бара масех дийнахь мацалла хьоьгуш. Охьахевшина, лаьттахь Iохкуш бара уьш, бераш доьлхура", - дагалоьцу Руслана.

Паьнказан бахархоша дIахьедира, буьйса яккха меттиге боцурш шаьш тIеоьцур бу, муьлххачу къомах белахь а аьлла

Кавказ.Реалиица къамелдинчо дозанехь ши дей-буьйсий даьккхинера. Дехьа ца бовлуьйту цхьаболу нах Оьрсийчу юхаоьхура, дуьйцу цо.

"КIегар оьхучу машенлелорхоша тхоьга олура: 222 номер йолчу кабинет чу ма гIолаш! ХIуъа а делаш, лаьтта охьадийша, делха, амма цу чу ма гIолаш- тIаккха шу билггал дехьадовлуьйтур дац, дахлур ду шу цигахь. 111-чу кабинет чу гIо! Амма сайн паспорт дозанхошка ас дIа ма-кховддий, царна гира со стангара ву, со дIахьажийра цига [номер 222 йолу кабинет чу]", - дагалоьцу Нохчийчуьра вахархочо.

Гуьржийчуьра юхаван айхьа эцна билеташ схьагайта, йа транзитехула воьдуш хиларх тоьшаллаш гайта баьхнера цуьнга дозанхоша, Руслана бахарехь.

"Чу вуьгу, цхьа ши хаттар до, юха коридор чу хьажаво: собар де олий. Цхьа хан яьлча юха а чу кхойкху. ТIаккха юха а собар дан дезаш хуьлу. Оха элира, тхо цIера девдда, арме дIакхайкхале, тIекхойкхуш кехат дале. Дозанхой тхайх кхеташ, тхайх церан дог лозуш санна хийтира суна, амма цунах лаьцна шаьш цара къамел ца дора", - дагалоьцу нохчочо.

Вешица веара иза Гуьржийчу. Масех сахьтана паспорташ дIаийцира цаьргара. Буьйсанна лаьттахь дIадийша дийзира, буха кехат диллина. Гена боццуш буьйшина зударий а, бераш а дара. КIиране бевлларш бара царлахь.

Готто яра раьгIнашкахь, нах дера бара, боьлхура, сих-сиха вовшашца къовсаме бовлий, лета а буьйлалора. Цхьаболчарна вон хуьлура: цхьаъ охьакхеттера, цхьаннан ког керчинера. Лоьрийн гIо кхачош цигахь данне а дацара.

Оьрсийчоьнан зIе дозанехь лоцуш яцара, гуьржийн сим-карташ духкуш вара цхьаъ-м. Масех стага ийцира цаьргара, дозанехь долчух дIахоуьйтуш, роликаш ехира, орца доьхуш.

Дехьабовларе сатуьйсучийн тептарш хIиттадора раьгIнашкахь. Тбилисихь гезгамашин-бутт бовш митинг хиллачул тIаьхьа дозанхоша болх хаъал жигарабаьккхира. Керла нах тIеоьхура хIора минотехь.

"Массеран а юург кхачийча, дозанехь оьцийла а дацара, цхьана стага ролик дIаязйира хуьлучух лаьцна, нохчийн маттахь цунна комментарий а еш, - кхин дIа дуьйцу Руслана. – Цул тIаьхьа Гуьржийчочьнан агIор гIо кхечира тхуна. Юург йоцург, берашна оьшу памперсаш а, молханаш а дара".

Къамелдечо билгалдоккху, раьгIнашкарчу наха шайн карахь мел долу ахча дайинера дозане а кхачале – Къилбаседа ХIирийчуьрчу полисхошна кхаьънаш делла.

"РогIера меттигаш бухкура полисхоша: 100-150 эзар [соьмех]. Оцу ахчанах цара дозана герга йоуьйтура машен, дуьхьал оьхучу машенашна юккъехула дIа а вуьгуш. Изза хилира суна а, Казахстанца доза хадон гIертачу заманчохь", - дуьйцу Руслана.

"Оьрсийчу муххале а юха догIур дац"

ГIо деш хиллачу гуьржийн тобана юккъерчу Бергман цIе йолчу волонтеро дийцира, дукха хьолахь, нохчаша гIо доьху шайга аьлла, амма цунна бевза Оьрсийчуьра схьаоьхучу адыгашна гIо латтош йолчу тобанерна жигархой а.

"Паьнказан бахархоша дIахьедира, шайн хIусамашкахь баха меттиг йоцу нах тIеэца кийча ду шаьш, муьлххачу къомах уьш белахь а аьлла. Цхьа оьрсийн йоI яра чу ца юьтуш, нейтралан асанахь юьссуш яра иза, эххар а чуйитира иза, тIаккха юхаеара иза тхан махкахошна волотерашкара кхачанан сурсаташ а, молханаш а дIадала", - дагалоьцу Бергмана.

Гуьржийчоьнан кхерамзаллин урхаллин белхахоша терго ца йо, воккха ву, жима ву, заьIапхо ву, къано ву, йоккха стаг ю, воккха стаг ву…

Цо бахарехь, гIо кхочура иштта Европехь куп тоьхначу нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацигара а, цара леррина ахчанаш гулдира Оьрсийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а дощзанехь биссинчу махкахошна гIо-накъосталла дархьама.

"Ас нахаца къамел дечу заманчохь, олура цаьрга, латталаш тIаьххьалц. Ас телефон йеттара бакъоларъярхошка, цаьргара консультаци оьцура. Хьоьхура гуьржийн дозанхошка тховкIело йоьхуш кехаташ чуло, оцу гIуллакха юкъа юристаш гIортийта. Низамца а догIуш, пачхьалкх декхаре ю, и кехаташ листа. Гуьржийн бакъоларъярхошца къамел хилира сан, цара элира, хьал зуьйш ду шаьш, дозане доьлхуш ду аьлла. Резонанс хилира, кхунах лаьцна дуьйцура зорбанан гIирсашкахь а. Сайца цхьаьна дозане бакъоларъярхой а балийна, цара лело харцонаш дIагайта лиира суна. Юридикан гIо ден долчийн телефонан номер елира соьга. Амма иза а ца ийшира", - дуьйцу волонтеро.

ТIаьххьара жигархой хилира дозанехь гезгамашин-беттан 30-чохь. Цигахь шаьш диссина аьлла, чатехь хаам мел бинарш чекхбовлийтина. Делахь а нахана гIо оьшура транспортаца Тбилиси кхаччалц, йа хьехарш оьшура, Гуьржийчохь стенга вахча гIоле ду.

"Оха хьалха а санна хьолана тIехь латтош терго ю, - боху Бергмана. – Сехьа ца бовлуьйтучу нохчийн тоба юха а вовшахкхетахь, тхуна хезар ду цунах лаьцна, нах гIо дан гIура бу. Кхечу волонтерийн тобанашца тхаьш дечух хоуьйту оха, хьолах лаьцна информаци а дIасакхусу".

Нах дехьаболвлийтарх лаьцна официалехь комментареш ца ло гуьржийн къайлахчу сервисаша. Цо эладиташ кхуллу, кхин дIа дуьйцу къамелдечо.

"Пиатана деш цхьа информаци кхоьссинера цхьаммо интернетехь, Гуьржийчу бусулбанаш ца буьту аьлла. И бакъ дацара. Тбилисихь парггIат дIасалелаш бу никIабашца зударий, бусулба пачхьалкхашкара баьхкинарш а бу шортта. Панказахь а бу маьршша бехаш, шайн дин а лелош бусулбанаш. Хила тарлора, чуоьхучу нахалахь кадыровхой дIакъастон гIерташ хилла хила Гуьржийчоьнан Iедалхой. Дика-м хир дара, и тайпа нах баккъал а Гуьржийчоьно луьттуш хилча. Дуккха а хан ю дуьхьало а йоцуш и нах кху чу леста. Берш харцдерг зуьйчу детекторш тIе хийжаболйла ма дац", - кхетадо Бергмана.

"Суна тIаьхьа а богIур бу"

Iелим – ГIалгIайчуьра вахархо ву. Верхний Ларсана а, гуьржийн постана а юкъахь долчух лаьцна дуьххьара видеош яржийначех цхьаъ ву иза.

Ша Iелима пхи дей-буьйсий даьккхира цигахь. ХIинца иза а, цуьнан ваша а, 18 шо долу кIант а кхерамзаллехь ву. Гуьржийчуьра Европе дIаваха дагахь ву ГIалгIайчуьра вахархо, шен ма-хуьллу Украинана гIо дан а.

"18 шо ду кIентан. ТIекхайкхинера иза, Ростовн кIоштахь вехаш ву аьлла, язвина ву иза, амма Iаш юьртахь ву. Дукха ца Iаш иза вехачу меттиге баьхкинера полисхой, иза хоьттуш. И сайна ма-хаззара, сайн кIант а, ваша а схьа а эцна, Гуьржийчоьнан агIор дIадахара тхо. Верхний Ларсана хьалха бархI сахьтехь лаьттира тхо рогIехь. Оьрсийчоьнан дозанехула тхо цец а довлуш, сиха чекхдевлира тхо. Верхний Ларсехь а, Оьрсийчоьнан муьлххачу аэропортехь а дукха хьолахь масех сахьтехь латтавора со хеттарш деш. ХIинца цхьа а хаттар доцуш дирзира", - дуьйцу къамелдечо.

Меттигера зуда йолчахь Iийра тхо, нохчийн гIеметтехIоьттина зуда яра иза. Кухни чохь тхо кхоъ, Ростовера мобилизацих ведда дехьачохь шиъ вара

Мел хIуъа а хилахь а, Оьрсийчоьнан эскаран декъехь Украинана дуьхьал тIом бан гIур вац аьлла, сацамбинера цо а, цуьнан вашас а.

"Мобилизацин шолгIа тулгIе йолийча, суна тIаьхьа а богIур бу аьлла хета суна. Цундела, гуьржийн дозанхоша дуьхьало ешшехь, билггал хууш дара, хIуъа хилахь а, Оьрсийчу юхадогIур доций. Деа сахьтехь лаьттира Верхний Ларсана тIехдевллачул тIаьхьа гуьржийн КПП-н хьалха. Шийла яра, лайца догIуш догIа а дара, мох бара. Гуьржаша юьстах даьхна, 222-чу кабинет чу дигира тхо. Дуккхаъ нах бара цигахь. Гуьржийчоьнан кхерамзаллин урхаллин белхахой – цара иштаниг дийр ду ца моьттура суна – хевшина Iара, бен-башха доцуш жима ву хьо, воккха ву, заьIап ву, къано ву, йоккха стаг ю, воккха стаг ву…", - дагалоьцу Iелима.

12 сахьтехь лаьттина хиллера ГIалгIайчуьра вахархо шен кIантаца а, вешица а, рагI шайна тIекхаччалц. Буьйсанна сахьт даьлча хеттарш дира цаьрга, стенга боьлху, хIун Iалашо йолуш, эххар Гуьржийчу бахка дуьхьало еш кара кехат делира.

Дозанхойн гIишло чохь лаьттахь буьйса яьккхинера Iелима, вашас а, кIанта а – машенчохь. ТIаьхьо ГIалгIайчуьра вахархо зIене ваьллера Гуьржийчуьра а, Туркойчуьра а, Европера а кавказхойн блогершца, карийра цунна социалан машанашкахь кистойн тобанаш а. КхозлагIчу буса иза а, кхин а масех бIе Къилбаседа Кавказера вахархочо а дIа а язбеш, Гуьржийчу а, кхечу пачхьалкхашка а хаамаш кхехьийтира, цхьа некъ кароре сатуьйсуш.

"Арадовлуьйтучу заманчохь, ойла йира ас, Тбилиси дIакхочур вац со, гIелваларна са тохалур дац моьттуш. Цхьахволчу волонтеро гIо дира, ша сан машенан урхалла дан а хиина, цо дIадигира тхо. Кхо де даьккхира оха меттигера зуда йолчахь, гIеметтахIотттина нохчо яра иза. Кухни чохь тхо кхоъ, Ростовера мобилизацих ведда дехьачохь шиъ вара", -дерзийра Iелима.

  • Мобилизацих къехкаш берш лоьху Нохчийчохь: оцу категори юкъахь бу, дукха хан йоццуш арахьарчу мехкашкахь лела паспорт даккха кехаташ чуделларш а, шаьш бехачу меттиган адрес хийца гIертарш а, иштта мобилизацина дуьхьалболчийн гергарнаш а. Уггар хьалха дIахьийсабо тIамтIе и бахархой – дукха хьолахь буьйцурш бу тIекхайкха хан йоцу нах.
  • Дагестанехь мобилизацина дуьхьал митингаш хIиттийначул тIаьхьа мехкан Iедалхоша бехкаш доху тIеман комендатурийн хьаькамашкара, дош делла бакъо йоцуш мел бигинарш цIа берзор бу бохуш.
  • Администрацеш а, тIеман комендатураш а ягош, полицина дуьхьалбуьйлуш, Z символика хIаллакъеш, тIамна дуьхьал кхайкхамаш беш мессенджерашкахь – иштта тIеийцира Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а регионашкарчу наха президенто Путин Владимира кхайкхийна мобилизаци. Кавказ.Реалиин корреспонденто хеттарш динчу жигархошна а, бакъоларъярхошна а хетарехь, массо а тIаме ийзор радикализацин протесте дерза тарло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG