2022-чу шеран дечкен-баттера марсхьокху-батте кхаччалц кхечу пачхьалкхашка дIавахана Нохчийчуьра 948 вахархо – и терахь кхузза сов ду, стохка оццу хенаца дуьстича. Иштта республикехь кхиъна чухула дIасалелар а – Нохчийчуьра Оьрсийчоьнан кхечу регионашка кхаьсттина дукха нах дIабоьлху, юха цIа богIучул а.
Нохчийчуьра кхечу пачхьалкхе официалехь араваьлла 948 стаг, стохка вахара 325. Эмиграци йинчарех доккхаха дакъа – 838- СНГ-н мехкашка бахана, цу юкъа йогIу Эрмалойчоь, Казахстан, Гуьржийчоь. Генарчу мехкашка дIавахана 110 нохчо, цигара цIа веана 34 стаг Дустуш аьлча: 2021- чу шеран дечкен-марсхьокху а беттанашкахь дозанал араваьлла Нохчийчоьнан 43 вахархо, цIа веара 62.
Республикерчу Росстатан урхаллин диллинчу зерашца, бархI баттахь Нохчийчуьра дIавахана 11 эзар стаг, юхавера даймахка 8 эзар стаг – болх лоьхуш арабевлира ши эзар сов бахархой. Республикера арабевллачех доккхаха дакъа (6,6 эзар) Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь дIатарбелла.
Доккхачу декъанна арара чу баьхкинчийн а, чуьра арабевллачийн а гайтамашца билгалдоккху дIаоьхурш алсамбовлар.
БIаьрла ду, 2022-чу шеран дечкен а, товбеца а беттанашкахь (далийна зераш хьалхарчу ялх беттан ду) Къилбаседа Кавказан йоллу республикашкахь, ГIалгIайчоь йоцург, билгала ду белхаш лоьхуш нах арабийлар. Нохчийчоь йоцург а, нах дIаоьху иштта Ставрополь-махкара а (хьалхарчу эхашарахь 370 стаг ву дIаваханарг, кху шарахь 2380), Кхарачой-Чергазийчохь (121, шо хьалха 62), ГIебарта-Балкхаройчоь (дIавахна 1563 стаг, стохка 461).
- Хьалхо 1АДАТ телеграм-канеало хаамбира, Оьрсийчохь мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа Нохчийчохь массо а бохург санна, арахьарачу мехкашкахь лела паспорташ даха кехаташ чулуш хиларх. ЧIагIдора, миграцин хьукматан белхахоша шайга Кадыровс паспорташ ма даха аьлла, тIедожийна бохуш. Каналан хаамашца, паспорташна кехаташ чуделла божарий лечкъош, дIабуьгуш хиллера.
- Гезгамашин-беттан 21-чохь Соьлжа-ГIалахь масех иттаннашкахь зуда мобилизацина дуьхьал протестан митинге бовла гIоьртира. Уьш берриг лецнера. Акцино оьгIазвахийтинера Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цул тIаьхьа нохчийн бакъонашларъярхочо, оппозиционеро Янгулбаев Абубакара дийцира The Insider ресурсе, митингехь лецначу зударийн кIентий а, хIусамдай а бертаза "лаамхой" санна тIамтIе хьийсош бу аьлла.
- Гуьржийн Паьнказан чIожера нохчаша волонтерийн тобанаш вовшахъйетташ, гIо до Нохчийчуьра а, Къилбаседа Кавказан мехкашкара а Оьрсийчоьнан мобилизацих уьдучарна. Кавказ.Реалиин корреспонденто къамел дира доза хадон аьтто баьллачаьрца а, царна гIодинчаьрца а. Хьалхо гуьржийн Iедалхоша Кавказан регионашкара чуоьхучарна дуьхьалонаш йора дуьйцуш бахьана а доцуш. Гуьржийчоьнан парламентана хьалха Тбилисихь протестан акци йинчул тIаьхьа нах чубита болийра. Транзитца Туркойчу боьлхучарна буьйса яккха меттиг а, ахча а, контакташ оьшура. Панкисхоша тобанаш а, социалан машанашкахь а чаташ кхоьллира, Верхний Ларс эвлана герахь йолчу постехь латточу шайн бевза-безачаьргахула яржа а йеш.