Украинехь тIом боьдучу юкъанна Нохчийчоьнан Iедалхошна а, Оьрсийчоьнан эскаршна а дуьхьал тIемаш бечу, республика йозуш йоцуш хила луучеран дуьхь-духьал латтар ирделла догIу. ГIаужу-беттан 12-чохь къаьстира, Украинан интернационалан легиона декъахь йолчу къобалъязчу Ичкерин Къаьстинчу батальонан (ОБОН) эскархочунна Соьлжа-ГIалахь бехкзуламан гIуллакх дуьхьал даккхарх. Цул хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо чIагIо йира Ичкерин шина декъан командираш болу меттиг йийцинчунна мах лур бу ша аьлла.
Амаев Зумсо (Хаваж) – ОБОН-н командиран гIовс ву, Ичкерин герзашца вовшахтоьхначу ницкъийн подполконик а. Цуьнан 42 шо ду, Нохчийчоьнан Итон-Кхелан кIоштара схьавалар долуш. Махкахь тIом баьллачу заманчохь, кхиазхо вара иза, школа чекхъяккха а ца ларийра . 2013-2014-чу шерашкахь зеделларг долуш командир вара иза, Шемахь Оьрсийчоьно гIо латточу ницкъашна дуьхьалбечу тIемашкахь дакъалаьцна а ву иза.
Интерполехула Амаевна тIаьхьабевллера Оьрсийчоьнан Iедалхой. Лоьхучуьра ца севцира ур-атталла, 2016-чу шарахь Европехь мухIажаран статус цунна елча а. Карарчу хенахь гIадужу-баттахь Европехь куп тоьхначу бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацин юристийн аьтто белира Амаев лехаман базера дIаваккхийта. Цул а масех бутт хьалха Украине веара иза пачхьалкхехьа тIом бан.
Кавказ.Реалии сайтана еллачу интервьюхь Амаев Зумсос дийцира Нохчийчохь а, Шемахь а, Украинехь а Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал а тIом барехь шен зеделлачух а, Ичкерин ницкъийн тIейогIучу ханна йолчу Iалашонех а.
—Украинехь хIун лелош ву хьо?
— Тхо полигонехь Iаморашкахь ду. ТIемашка арадовлале хьалха, кечам бан беза, терго ян еза, герза детта деза, меттигаш йовза еза, йоллу деталаш хаа еза. Цкъачунна хенахIоттам тхоьгахьа бу, жим-тIав=ма догIанаш хуьлу. Даккхий догIанаш делхахь, некъаш текхар ду, тIаккха хало хир ду. Нохчийчохь хиллачуьнга хьаьжча кхузахь тIомбан чIогIа атта ду.
— Дукха хан юй ахь тIемаш бен?
— Нохчийчохь хьалхара тIом болабелчхьана сан дахар паргIат хилла дац. Лечкъаш лела дезна сан, дуккха а заманчохь лаьмнашкахь ваьхна со, наггахь цIа а вогIуш. Йоллу сан жималла лаьмнашкахь а, тIамтIехь а дIаяхна.
Жимчу хенахь автомат кхосса суна Iемина дара. "Боллу сан бахам" цхьана рюкзак чу тарбаллал бара: юург, тIеман гIирс, хуьйцуш юху бедар.
Ичкерин суверенитетехьа вара со, даим доьазлехь сох йоьллера и идейш. Тхуна чIогIа экаме тема ю хIара. Дуккхаъчу шерашкахь нохчийн тIаьхьенехь ду маршоне гIертар, тIекхуьучу тIаьхьене а дIа а кховдош. Хьалхара тIом боьдучу хенахь оьрсийн коган лар ца еанера лаьмнийн кIошташка. Итон-Кхела дIалаьцна а яцара.
ИГИЛ-ца (террорхйон организаци) воьзна со цкъа а хилла вац…Уьш цомгаш нах бу
ШолгIа тIом цхьатерра лаьмнашкара а, шерачу меттигашкара а болийра Оьрсийчоьнан эскарша, массо а агIор. Десант чукхоьссира массо а агIор, Дагестанера а, ХIирийчуьра а, ГIалгIайчуьра а чубаьхкира. Амма бомбанаш кеманаша а, вертолеташа а йеттара тхуна, герз ледара дара тхан ракеташ яцара.
ШолгIа тIом болалучу хенахь куьйгаллин структурехь дерриг а дIанисдина дара, секторшка бекъна бара гIаттамхой. 2003-чу шарахь Ичкерин эскарех дIакхийтира со, цигахь лаьттира со исс шарахь. КIошташна юкъахь дIанисйина зIе яра хьалхара тIом болабелчхьана а. Изза командираш бара тхуна тIехь куьйгалла деш.
Оьрсийчоьнан эскарийн гIера яра тхуна тIейогIуш, ницкъ ца тоьара тхан, 40-50 йа 80 стаг юкъахь волуш кегий тобанаш яра. МостагIчун гIорасизе меттигаш билгалъяха дезара тхан, тIаккха тIе а таьIаш. ТIеман аса латта ца лора тхоьга, ларлора, юхадовлура, дIа-схьа дуьйлура.
— Дерриг а стенна тIера доладеллера?
— 2003-чу шарахь, со салага волчу хенахь, тIом бан хIеттахь Iемаш вара со, тхан фронтана тIехь буьйралла деш Умаров Докка вара (Оьрсийчохь йихкинчу "Кавказан Имарат" организацин хилла хьалханча, Америкехь террорхо лерина иза. – Билгалдаккхар).
Оьрсийчоьнах Нохчийчоь дIатухуш зазадокху-баттахь хир ю аьлла, кхайкхийна референдум яра. Тхан кIоштахь командир вара оцу заманчохь Докка. Референдумна дуьхьалвала кечлуш вара иза. КIело ян а, тIеман машенна тIелата а тоба яра цо вовшахтоьхна. Гранатомет тухург вара оцу группехь хила везаш, амма иза вацара.
Автоматца лелачу сох бIаьрг кхеттера цуьнан. ТIе а кхайкхина, хаьттира соьга: "Топ кхоьссина вуй хьо?" Со ма ву бераллехь дуьйна герз тоха Iамийна. Ас боху: "Тохалур ду дера". ТIаккха соьга гранатомет а елла боху: "Со хьох теша, хьо ларор ву цуьнца".
Ткъа со Iадийна! Ас цкъа а кхоьссина герз ма дацара иза, карахь латтийна а ма вацара со и. Амма цо тешийра цо и караэца.
ТIедиллинарг кхочуш ца даларна кхоьрура со. Оцу декъе дIабоьлхучу хенахь некъаца болу эскархой схьаоьцу Оьрсийчоьнан бронетранспортер йохон йезаш вара со. Шозза герз кхоьссира ас. Шоззе а люках кхийтира, аьтто болуш тохар дара иза.
— Нохчийн дуьхьалончийн гIора маца ийшира?
—Де дийне чолхе дара тIом бан. Цхьана меттехь еххачу ханна Iойла дацара тхан, тхо сиха карадора, тхуна го бора тхол а ницкъе болчу цара. Запасаш гуттар а ца тоьаш нислора.
ХIинца оцу хене юхахьаьжча, со цецвуьйлу, тхешан дийна диссарх Уггар халаниг дара – даим а адамех лечкъа дезар, бевза-безачарех а цхьаьна. Дийнахь юьрта дахка йиш яцара, мостагIчун кара ца дахархьама. Со гуттар а сема хила везаш вара.
Арахьара кхерам боцург а, нохчашлахь барт буьйхира. 2000-чу шерийн юьххьехь Масхадовн [президент Аслан] гонера цхьа дакъа Оьрсийчоьнехьа дирзира: ЯмадаевгIар а, ХамбиевгIар а.
Со гIуллакхдарехь кхуьуш вара, секторан командир вира сох. Партизанийн тIом хилира тхуна цунах. Со ледара партизан вацара. Кегийчу тобанашца 10-12 стаг юкъахь а волуш, лела дезара тхан. 2000-чу шерашкахь тобанехь кхин сов нах ца хуьлура. Дукха нах цхьаьна а болуш, тIеман гIуллакхе вахар эшамаш дукха хила кхерам латтар а, маневраш лело аьтто лахбалар а дара. Йоккхачу тобанца тIелата а, юхавала а хала хуьлу.
Аьхка оцу тобанашца оха тIелетарш дора Оьрсийчоьнан эскархошна, ткъа уьш ларлора. Iай артиллерица тIейетташ, са даккха ца дуьтура тхо. ХIетте а даккхий зенаш дира оха мостагIчунна. Цкъа а лазийна вац со. Тамашен хIума ду иза. Оцу еххачу заманчохь тIамехь цкъа а чов йина вац со, цхьа кховра даьккхина а дац сан. Дуьххьала герз тоьхна а дац суна, цхьа даьндарг сох хьакхаелла а яц.
Со секторан командир волчу заманчохь эскархой хIоттам кхозза хийцабелла. Дуьххьара юкъа баьхкинарш биссина бан а бац. Керланаш баьхкира. Ши-кхо шо даьлча уьш а ца хилира, байира. Кегийрхой хIаллакбина. Цуьнца цхьаьна Оьрсийчоьнан эскаро бале лецира маьрша бахархой: бойъура, лечкъабора, хIусамаш йохайора. Тхуна гIо дечуьра севцира бахархой.
Хала хуьлура юург тIекхехьа, халла аьтто болура тхан кхача латтон. Кхача-сурсаташ эца дахар чIогIа кхераме дара тхуна, тIеман операциш дIахьочул а. Тхуна гIо дечарна кхерам лаьттара, уьш байъа тарлора.
— ХIун хилира хьан гергарчарех?
— 2000-гIа шераш юккъе девллачу заманчохь тхуна гIо латточийн хIусамаш ягон буьйлабелира. Телехьожийлехь шуьйра дуьйцура хIора дагочу цIийнах лаьцна. Тхан юьртара а, тхан ден накхара мозий латтош хилла лаьмнашкара а цIенош дагийра. КIоштан куьйгалхочо диллина схьаэлира, цIенош дагон кечлуш бу аьлла. КIелхьара бовлуш, сан гергарнаш цигара дIабахара. Нана а, жимахболу вежарий а Шелковскан кIошта дIабахара.
2006-чу шарахь сан дена-нанна чIогIа тIаьхьабевллера. Сан 13 шо долу ваша а цхьаьна кадыровхоша диттах дIа а вихкина, цунах граната а тесна, со схьавийца баьхнера. Важа сан ваша дIавигина, чIогIа ницкъбинера цунна.
2007-чу шарахь нана а, вежарий а Нохчийчуьра дIабахара. Сан хIусамнана дIайигина, дийнахь -бусий ток йоьттуьйтуш, йиттинера цунна. Оьрсийчуьра дIаяхара сан зуда 2010-2011-чу шерашкахь. Цул хьалха кхаа шарахь лаьмнашкахь соьца яра иза. Цхьа музейхь хуьлу наггахь бен доцург дара иза, амма хилла хIуманаш ду.
ТIаккха сан нах Германи дехьабевлира. 2012-гIа шо тIекхаччалц сайн ма-хуьллу дуьхьалонаш йеш виссира со.
— Муха дIавахара хьо Нохчийчуьра?
— Хье ца луш юха а веана, кхин дIа а тIом бан дагахь, Гуьржийчу вахара со цхьана гIуллакхана. Сайн тIеман накъосташна дуьхьал ваха везаш вара со. Лаьмнашкахула къайлах дехьадевлира тхо, амма сецира тхо, паргIат хан а йоккхуш Тбилисехь. Оцу шарахь Гуьржийчохь харжамаш бара. Саакашвили Михаил дIаваьлча цуьнан метта Оьрсийчоьнехьа волу президент веара. Хьал гIоьртина хиларна сан а, сан накъостийн а цIа дахка аьтто ца нислора.
ТIаккха Туркойчу дIагIоьртира тхо, цигара – Шема. Чолхе некъ а, Шемахь даьккхина чолхе шо а дара и. Билгалдаккха лаьа суна, сан цкъа а гIуллакх деана дац [террорхойн организацица] ИГИЛ-ца. Кхераме зама яра иза. Шайн ма-хуьллу жигара цига ийзабора нохчий, дукхахберш Шема кхочура. Церан лидерша камерашна хьалха нах бойъуш, доллу дуьненна дIагойтура. Уьш цомгаш нах бара. Путина гIо латточу Асадна дуьхьал дара тхо гIаттамхошца.
Суна дуьхьал бархI бехкзуламан гIуллакх диллина, велла дIаваллалц чохь яккха кхо хан кхачайора суна
2014-чу шарахь Шемара Желтойн махка кхечира со. Лечкъина Iийначу цхьахйолчу гIайри тIехь лецира со дозанхоша, шемахойн мухIажарх тарвелла. ТIехула тIе хIорда чу воьдучуьра а велира со. Ма-дарра хиъча, Iадийнера: стенгара ваьлла кхузахь нохчо? Аьлча а, шиъ – накъостаца вара со. ТIаккха мел а леррина таллам бан буьйлабелира уьш, стенгара тхойшиъ ведда, мила ву тхойша лоьхуш хьожуш. ПIелгийн таммагIаш а ийцира.
Бакъо йоцуш доза хадорна ши шо хан тоьхна желтойн набахти хьажийра со. Желтой сихха тIекхиира, цара дIакхайкхийра, Интерполехула Оьрсийчоьно со лоьху дуккха а хан ю аьлла. Суна цунах лаьцна хууш хIуммаъ дацара. Оьрсийчоьнан кехаташ а дацара соьгахь. Суна тIаьхьабевр бу аьлла цкъа а кхерам ца хиллера соьца. Ас дина вониг дацара, цхьаннех кхоьруш вацара, лечкъаш вацара. Желтошна со Оьрсийчу дIахьажо лиира, амма экстрадици яран процедураца сихо ца йора.
Цкъа кхелан ши кхеташо хила езара, тIаккха со дIалуш кечамаш бан.
Оьрсийчоьне дIа ца валийтархьама ас сайн пхенаш хедийра. Амма чIогIа ца лазийра со. Итт дийнахь мацалла а латтийра ас. Сох кхеттачу набахтен хьаькамаша Оьрсийчу хьажочу меттана набахте воьллира со.
Оцу хеначохь сан доьзалан цхьа дакъа Польшехь дара, адвокатехула царех дIакхета бакъо йоьхура ас. Желтойн агIо тешна яра, Польшин дозанхоша со чу вуьтур вац аьлла. Амма желтойн набахтехь ши шо даьккхинчул тIаьхьа, 2016-чу шарахь со баккъал а Польше дIахьажийра. Цигахь дика тIе а лецира со.
Оцу пачхьалкхехь дика, нийсонца сайца хилча, сан коьрте иккхира, дуьнентIехь уггар а дика адам кхузахь ду-кх аьлла. Оьрсийчоьнех Iалашвира со Польшехь, мухIажаран статус а елира.
Оьрсийчохь вен тарлора со. Суна дуьхьал бархI бехктакхаман гIуллакх даьккхинера, кеп-кепарчу бехкашна велла дIаваллалц набахтехь яккха кхо хан йогIура суна.
Европехь а чIогIа новкъарло йора суна Интерполехула лоьхуш хиларо. Цхьанхьа дIасавала а ца ваьхьара со. Польшехь сацийча а, дIавуьгура со декъе, хIунда аьлча, Интерпол чIогIа ю. Цхьана шина сахьтехь талламаш бой, юха дIахоьцура со. Оцу талламех Iалаш ца вора со мухIажаран статусо а.
— Украине ваха Iалашо маца хилира хьан?
— 2014-чу шарахь, Оьрсийчоь Украинана тIелетча, Ичкерин инарлас Мунаев Iийсас Дудаев Джохаран цIарах батальон вовшахтуьйхира. Украине дехьа а ваьлла, цаьрца тIом бан лиира суна. Амма иза беха, цхьа генара некъ хиллера. Суна мухIажаран статус ялале кхелаш хуьлура, цхьана шарахь лаьцна латтийра со. ТIаккха цхьацца сайн гIуллакхаш листира ас, доьзалца хан яьккхира, хадархочун болх бира, кхечеран санна, дахар дар-кх сайниг а.
2022-чу шеран зазадокху-баттахь Украинехь боккха тIом баьлча, схьавеара со. Шейх Мансуран баьальонехь нисвелира со, цул тIаьхьа керлачу [ОБОН-е] дехьавелира. Тхан коьрта ницкъаш Киевна гергарчу Броварскан кIошташкахь бара, Оьрсийчоьнан эскарш Киеве кхачале дIасадаржийна дара. ЧIогIа планаш яра церан, царна ца моьттура, иштта чIогIа дуьхьало шайна йийр ю. Контакте тIемаш башха хилла а бац. Уьш хIаллакбора "байрактарша" (туркойн дронаш.-Билгалдаккхар.), тIеман аренаш дIалаьцна дара оьрсийн декъий.
— Нохчийн батальонаш Украинехь хIунда гучуюьйлу?
— Суна хетарехь, Украинехь тIемаш бен нохчийн батальонаш, Ичкерин гварди лара мегар ду. Тхешан даймохк маьршабаккха маьIне ницкъ вовшахтоха лууш ду тхо. Тхайн ма-хуьллу эскархой схьаоьцуш ду тхо. Дуккха а бу тхох схьакхета луурш. Украинхойн иччархошца оцу тIехь леррина болх бан дезаш ду тхо. Тхаьш лелориг вовшана хаа а хоуьйтуш.
Батальонах схьакхета лууш берш Украинехь талламах чекхбовла безаш бу, ткъа оха тхайн агIор луьтту уьш. Церан гергарчаьргахула, бевзачабргахула царах лаьцна хаамаш гулбо. Нохчашкахула вовшех лаьцна дукха сиха хаа йиш ю. Сайн эвлара баьхкинчу нахах лаьцна Европехь дерриг а хаьа суна. Мила муха вехаш ву, маса бер ду. Юьртарчу муьлххачуьнга а дехар дан йиш ю хьан: "ХIара стаг мила ву хьажахьа" аьлла, оцу сохьта цо дерриг а схьадуьйцур ду-кх хьуна.
Ца евзачу меттигех хала ду суна. ДIавола веза, тIеман хьелашка верза веза. Со украинхо вац, меттигерчарех къаьсташ вуйла хуийла ду. Пачхалкхан кхечу масштабашна Iама везаш хуьлу. Нохчийчухула цхьана шина сахьтехь чекхволийла ду, ткъа Украинехь шина сахьтехь луларчу кIошта а кхочур вац со. ХIетте а суо ирсе хета суна. Кхузахь мостагIчуьнца цхьатерра бакъонаш ю хьан.
— Нохчийчохь муха дара?
— Нохчийчохь цхьана дийнахь а паргIат вацара. Кадыровхой, Iедалхой – цхьана хIумано гуттар а атта хоьтуьйтура хьо. Массо а агIор тхуна Iаткъам бора цара.
Юкъараллехь а ца вуьтура хьо ваха. Шен тIеман мостагIашца цхьа ларам хила ца беза, Оьрсийчоьнан бахархошца и дацара. Цхьана автоматца хьайн ма-хуьлла ларлуш хьо хилча, танкашна а, кеманашна а дуьхьал вуьйлуш, оцу тIехула муха вер ву, хьан гергарнаш хьийза а беш? ДIовшаш леладора цара тхуна дуьхьал!
Ткъа кхузахь со чIогIа ирсе ву. Фронтан аса ю, сира зона ю тхуна юккъехь. Ойла йо ас: хьалха санна тхуна тIе стенна ца догIу шу? Ца богIу, окопаш чохь хевшина Iаш бу, белха а боьлхуш. ЧIогIа бала ца лаьа царна.
***
Амаев Зумсон гIуллакхах а, Интерполехула иза лоьхучуьра дIаваккхарх а комментарий йира Кавказ.Реалии сайтана, шен цIе яккха ца лиъначу бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацин векало.
"Тхоьга гIо дехнарг Интерполон базера дIаваккхаран бух бара Польшехь цунна мухIажаран статус ялар. Иза тIемало ву, Оьрсийчоьнца тIом бина цо, цо и бакъ до. Дуьненаюкъарчу полицин файлашна тIехь терго латто комисси биографин кега-мерса хIуманех ца кхета, иза кхелан инстанци яц. Цара толлу, иза дIаоьхучу пачхьалкхера билггал оцу нахана кхерам бу йа бац. Белахь, иза дIавалар магийна дац, цундела дуьненаюкъарчу лехамашкахь иза дукха вуьтийла дац. Цунна тIетевжинера тхо", - дIахьедира къамелдечо.
Цо бахарехь, криминалан зуламхой санна Оьрсийчоьно шайн тIеман дуьхьалончаш дIабоьху нохчашлара дуккха а хан ю, кхин дIа а боьхур болуш бу.
"ХIаъ, Оьрсийчоьнан векалша даре ца до, политикан буха тIехь шаьш тIаьхьадовларх. Шайн дуьхьалончашна а, критикашна а режимо тIекхуллу курхалла лелор, бехкебо дахаран хьелашкахь лелийначу зуламашна. Масала, яздо цхьана хьенехо 20 эзар сом лачкъийна йа леттера ресторанехь", - дуьйцу "Вайфондан"векало.
Дуьненна а Оьрсийчоь агрессор юй хиича, цаьргара Интерполе кхочу кехаташ дуккхаъчу мехкаша тергамза дита тарло
Ша Iалашвалархьама, лоьхуш волчо билгалдаккха деза ша политикан гIуллакх лелийна хилар, Iедалхошна дуьхьал вийларх, тIом бина йа оппозицихь лаьттина ву, кхин дIа дуьйцу бакъоларъярхочо.
"Аргументаш яло еза, бехкаш шайгара стенна кхоьллина а, бахьана – политикан хилар а. Нагахь санна, цхьана пачхьалкхо иза мухIажар леринехь, иза а тоьшлалла лара йиш ю", - билгалдаьккхира Кавказ.Реалиин корреспондентаца къамелдинчо.
Дуьненан юкъараллехь Нохчийчоь Оьрсийчоьнца хиллачу конфликтан агIо ца хета, боху "Вайфондан" белхахочо. Ткъа республикехь 2003-чу шарахь Оьрсийчоьнах дIатухуш референдум дIаяхьарна, йозуш йоцчу Ичкерин векалш бакъо йоцуш герзашца болчу нехан вовшахтохаралла хета, ткъа Нохчийчохь хилла тIемаш – чоьхьара конфликт.
Цундела Интерполо хьалха а санна чуоьцу хIетахь Оьрсийчоьнан эскарца тIом бинарш лехамашка лун дехарш. Амма иза декхаре ю адамийн бакъонийн юкъарчу декларацин гурашкахь лела, иза билгалдьаккхина цуьнан Конституцихь а.
Нагахь санна экстрадици яро оцу стеган коьрта бакъонаш талхош елахь, иза дIалойла дац, цо яхначу хенахь хIуъа динехь а. Цхьайолчу пачхьалкхаша Оьрсийчоьнан дехарш тергал ца до, къаьсттина Украинаца тIом болийчхьана, билгалдоккху "Вайфондан" векало.
"Муьлххачу а пачхьалкхан полицино, Интерполон дехар гахь, иза бух боцуш лерина, оцу стаге дIахаийта тарло иза лоьхуш хиларх. Декхаре бац иза лаца а лаьцна, махках ваккха. ХIара информаци дIахаийта а, юкъарло лелон а хьоьхуш йеш ю. Оьрсийчоьнна лууш ма-хиллара хIума тIелаца декхаре цхьа а вац. Тахана, дуьненна а Оьрсийчоь агрессор юй хиича, цаьргара Интерполе кхочу кехаташ дуккхаъчу мехкаша тергамза дита тарло. Амма доьхнарг ду, Германин полицино Интерполон кейса юккъера оцу стагах лаьтта информаци схьа а оьций, Шенгенан информацин системе йоккху. И стаг дIавехар нийса дуй хьожуш, официалан наха барамаш тIеэца безашшехь", - билгалдоккху къамелдечо.
ФРГ-ра кхаьчна информаци массара а цхьа баккъал тIеоьцу, и стаг кхераме хета, тарло иза муьлххачу а къоман къевлинчу базе ваккха.
Къайлахчу сервисаша "сиз хьокхий", билгалвоккху и стаг. И билгало дIаяккха аьтто ца хуьлу, йа цунна цхьана агIор латкъамбан а. Цхьана пачхьалкхо и стаг кхераме леринехь, цигахь цунна тховкIело лур яц, йа ваха елла бакъо дIайоккхур ю. РогIера гIулчаца цунна депортаци ян тарло Оьрсийчу. Миграцин хьукмат теша шайн пачхьалкхашкарчу къайлахчу сервисех, ладугIу церан хьехамашка. Иштта болх бо оцу системо.
"ТIом боллушехь, Европехь кест-кеста лоьцу Украинан дозанера арабуьйлу Оьрсийчуьра бахархой. Оьрсийчоьне уьш дIабелла меттигаш а бу. Дукха хан йолццуш Оьрсийчоьнан дехарца лецира цхьахйолчу Евробертан пачхьалкхан тховкIело йолу стаг, чувоьллира иза", - дийцира бакъонашларъярхочо.
Вуьшта, оцу маьIнехь Германи "цхьаьнатайпанара" яц билгалдоккху "Вайфондехь". Масала, дукха хан йоццуш немцойн кхело дихкира организацига ваьллачу цхьанна экстрадици ян. ДIахьединера, немцойн юстици Оьрсийчоьнах ца теша, цундела и стаг цаьрга дIаваларх дийца а ца оьшу аьлла. И бохург дара, Германино и стаг кхераме ву аьлла, дIакхайкхийнехь а, кхеле довлар гIоле ду, шен бакъонаш къовсуш.
- Оьрсийчуьра а, Украинера а, Советан Iедал доьхначул тIаьхьа хиллачу мехкийн а, Европерчу пачхьалкхийн а бакъонашларъярхойн тобано кехат дахьийтира Интерполе, Оьрсийчуьра а, кхечу пачхьалкхашкара а бахархошна политикан бахьанаца тIаьхьабевлла леларехь гIоьналла латточу политикана дуьхаьло йе аьлла, кхайкхамбеш. Буьйцурш бу Интерполон системехула Оьрсийчоьнан дехарца лоьху нах. Царех дуккхаъчарех Маршо Радионо яздира – Нохчийчуьра мухIажарш бара уьш.
- Украине шуьйрачу тIамца чугIоьртинчу хьалхарчу деношкахь дуьйна арахьарчу мехкийн зорбанан гIирсашкахь хаамаш гучубуьйлура, Оьрсийчоьнан эскарца Нохчийчуьра дакъош хиларх, регионан урхалхочун Кадыров Рамзана куьйгалла а деш. Малхбузен а, Европан а медиаша оцу вовшахтохараллех шаьш дуьйцуш Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша ма-яздарра "кадыровхой" олура. Кавказ.Реалии сайто талламбира, муха арахьарчу гIирсаша дуьйцу церан леларх.
- Кавказ.Реалии сайтана еллачу интервьюхь нохчийн бакъонашларъярхочо Газиева Фатимас дийцира, Украине чугIортарх шена хетарг а, 2004-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскархоша ша лачкъорах а, салтийн наноша Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь акциш дIаяхьарх а, тахана тийна Iарх а.