Соьлжа-ГIалина чувоьдучехь бесо-цIен коч йоьхна хелхар динчу блогеро гуш-хезаш шена къинтIерадовлар дехна. Бехк цабиллар доьхуш яьккхина видео социалан машанашкахула яржош ю.
Гора хIоьттина кхо стаг ву цу тIехь гуш. Царах хIораммо шена бехк цабиллар доьху "дерриг бусулбачу къоме". ХIун ала деза операторо хьоьху царна, цхьаволчу блогере камерана чу хьажар тIедожадо цо.
ДIакъевлинчу бакъоларъяран "Мемориал" центран нохчийчуьрчу декъан хиллачу куьйгалхочо, хIинца бакъоларъяран "Мемориал" центран белхахо волчу Титиев Оюба Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь билгалдаьккхира, гора хIиттийна гечдар дехийтар "низамца цхьа и юкъаралла йолуш дац".
"Мухха делахь а, и нуьцкъаха лелош ду, и зулам ду", - дIахьедира Титиевс.
Бакъоларъярхочо билгалдоккху, тахана Нохчийчохь "ур-атталла шайн ойланашкахь а Iедална критика йан кхоьру бахархой, йа республикан куьйгаллина цатовриг дан а", цундела къинтIерадовлийтар лахделла. Бехк цабиллар дехна блогераш кхечу регионашкара бу. Хетарехь, царна ца хезна оцу практикех лаьцна, цундела иштта маьрша, беламе ролик яккха хIиттина уьш, хета Титиевна.
"Уьш тIебаьхкина балахь, суна хетарехь, гечдар дехийта аьлла тIедиллар лекхара дина", - тIетоьхна бакъоларъярхочо.
- Нохчийчуьрчу бахархоша "сийсазе гечдар доьхуш" гойтучу видеошна тидам бира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Комиссино шен дуьненаюкъарчу динан маршонех лаьцна 2021-чу шарахь арахецначу рапортехь. Талламан авторша хьийхира Вашингтонна, хьалхо ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан директор хиллачу Нохчийчоьнан зорбан министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш яха аьлла.