ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн векал: Нохчийчоьнан кхерамазаллин Кхеташонан хьалханчана Алаудиновна "ЛНР-н" дарж хIунда кхаьчна


Алаудинов Апти
Алаудинов Апти

Нохчийчоьнан кхерамазаллин Кхеташонан хилла куьйгалхо, полицин инарла-майор лаьттина волу Алаудинов Апти сепаратистийн "ЛНР-н" къоман милици шех олучун тIеман тийсадаларш лелоран 2-чу армин корпусан буьйранчан гIовс хIоьттина. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана иза даржехь лакхавалар ду аьлла, амма Кавказ.Реалиино хеттарш дина эксперташ цунна реза бац.

Лахьан-беттан 2-хь Нохчийчоьнан экономикан а, юкъараллин а кхерамазаллин Кхеташонан секретаран даржера мукъаавоккхуш омра хIоттийнера республикан куьйгалхочун сайтехь. 3,5 баттахь бен ца лаьттира иза цигахь, тIаккха дIавахара, кехатехь йаздина ма-хиллара, шен лаамца.

Оцу сарахь Кадыровс хьахийра, шен командехь волчо муьлха дарж дIалоцу бен дац, хIунда аьлча, "са ца кхоош республикана дуьхьа къахьега" йиш ю дарж ца хилча а. ШолгIачу дийнахь цо Алаудинов "ЛНР-хь" дарже хIотторах дийцира, цунна инарла-майоран тIеман чин даларх а хаамбира, иштта иза хьалха санна Нохчийчоьнан куьйгалхочун ницкъаллин блокехула гIоьнча хирг хилар билгалдоккхуш.

Шайх лаамхой олурш юкъабогIучу "Ахмат" лерринчу эскаран тобанна буьйралла деш волу Алаудинов Апти тIом болабелчхьана дуьйна фронтехь вара. Хьалхо Кадыровн критикаш болчу блогера Абдурахманов Тумсос, юриста Янгулбаев Абубакара а билгалдоккхура, Алаудинов нуьцкъаха вигина хила тарло оцу тIаме, йа шен лаамца вахана хила мега, республикан куьйгалхочунна хьалха "бехказавала": 2019-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал кIелонехь дакъалаца дагахь ву бохуш хаамаш даьржинера.

"Новая газето" яздора, Алаудиновс забаран кепехь Кадыровн суьртана тIара тоьхнера, Устрада-ГIалин мэр Темирбаев ИбрахIим волчахь хьошалгIахь волчу юкъанна. Baza телеграм-канало яздора, цунах лаьцна Устрада-ГIалин мэро дийцинера ша оьгIазаллина кIел а нисвелла, шега хеттарш дича. Дуьйцура, иза къайлахчу набахтехь латтош вара, тIаккха 2021-чу шарахь цуьнан машен Шуьйтана а, Соьлжа-ГIалина а юккъехь болчу некъан уллерчу бердах йахна бохуш. Тимирбаев велира.

Алаудинов балхара дIаваьккхина шо даьлча шен телеграмерчу каналехь цунах лаьцна йаздан вуьйлира Кадыров. Шен канал 2017-чу шеран стигалкъекъа-баттахь кхоьллина далахь а, Кадыровс Алаудинов кху бIаьста бен ца хьахийна, ницкъахо тIаме воьдуш ву аьлла. Марсхьокху-баттахь буьйранчана Оьрсийчоьнан Турпалхочун седа белира, иштта сепаратистийн "ЛНР-н" турпалхочун дарж а.

"Лаамхойн тIетаттабалар дац"

Алаудинов керлачу дарже ваккхар – иза "агIонера гIулч" ю, амма Нохчийчоьнан куьйгалхочо дуьйцу даржехь лакхаваккхар дац, аьлла хета Къилбаседа Кавказехула аналитик волчу Чемберс Гарольдана.

"Хьалххе дуьйна кхиамаш барна, регионехь масех баттахь тIеман декхарш дIахьехьарна а Алаудиновх Кадыровн Луганскера векал во. Амма со ца теша, цуьнга шена а, Кадыровна а юккъера тешамбацар мацца а дIабаккхалур бу бохучух. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна шена муьтIахь хилар вуно ладаме ду, тIаккха Алаудивновс, дийцарехь, и низам дохийна", - хета экспертна.

Бохамаш хиллачу Киеверчу фронтан буьйранчийн критика йеш санна дара иза шен даржехь меттахIоттор

Алаудиновна баккъала а гечдина, амма иза цуьнан гергахь цхьа боккха хилам бацара, ойла йо Къилбаседа Кавказ толлучу америкхойн йозушйоцчу Jamestown Foundation-н аналитико Дзуцев Валерийс.

"Бюрократин логика ю иза, хетарехь. ТIаме ахча ду хьийсош, оцу дIахьежочу ахчанна тIекхача гIерта Кадыров, шена нах хьалха а тоьттуш, царна куьйгалла а деш. ТIаккха оцу хьелашкахь Алаудинов – гIирс бу. ХIаъ, цхьана агIор керла дарж – иза статус гайтар ду, амма кхечу агIор, хетарехь, тIаме баха луурш цахиларан тоьшаллаш ду. Даудов (Нохчийчоьнан парламентан спикер . – Ред. билг.), масала, Украине гIерташ вац. Царна [нохчийн хьаькамашна] кхета иза кхераме дуьйла, тIом иза кхерстар доцийла а", - боху Дзуцевс.

"Кадыровс шен нах хьалхатоьтту"

Ша керлачу дарже хIотторах Алаудиновс дуьххьара комментари йира пачхьалкхан "Россия 24" телехьожийлан эфиран "Вести" программехь. "Ахмат" кхин дIа а шен куьгкIелахь хирг хиларх дIахьедира цо. Шеца цхьана Лисичанскан а, Кременной а дозанера 200 километр меттигехь йолчу фронтан декъехь хиллачу корпусан буьйраллехь дакъа а лоцур ду ницкъахочо. Къаьсттина Алаудиновс билгалдаьккхина, шинна а дакъошкахь Оьрсийчуьра мобилизаци йинарш бац – "ЛНР-ра" эскархой бу.

Армин шолгIа корпус иза сепаратистийн республикан къоман милици шех олучун дакъа ду. Оцу цхьанатохарин официалехь гучуйалар 2015-чу шарахь хилира. Радио Свободано яздина ма-хиллара, меттигерчу кхеташонийн сацамца кхоьллина ю и тобанаш, тIаккха церан Iалашо йара "къаьсттинчу кIошташкахь къепе латтор". Амма оцу хенахь а хууш дара, церан буьйраллехь, царна гIирс латторехь а дакъалоцуш оьрсийн агIо хилар, амма официалехь и тIечIагIдеш дацара.

Билггал хьенан гIовс хилла Алаудиновх дуьйцуш дац. Украинан тIеман министраллин талларан коьртачу Урхаллин хаамашца, 2015-2016-чу шерашкахь шолгIачу корпусна буьйралла деш вара инарла-майор Никифоров Евгений – сепаратистийн республикашкахь висса аьтто хилийтархьама цо харц кехаташ даьхна хиллера Моргунов Евгенийн цIарх. И дарна буьйранча Украинехь тIеман зуламхо лоруш ву.

Путинна дуьхьа тIомбеш ву Кадыров, цуьнан цхьана ханна карт-бланш ю

"ЛНР-хь" милла хьаькам хIотто Кадыровн таронаш ю бохург шеконашкахь дуьту аналитико Дзуцев Валерийс. Экспертна хетарехь, цо "шен нах даржашка хьалхатоьтту". Амма Нохчийчоьнан куьйгалхо Оьрсийчоьно аннекси йинчу регионан чоьхьарчу гIуллакхашна юкъа муьлхачу бух тIехь гIерта хууш дац, боху Дзуцевс.

Кадыровс хьалха а билгалдоккхура, оккупаци йина латтанаш шена вуно ладаме хилар, дуьйцу Чемберс Гарольда: "Хьалхо [Кадыровс] де-факто Iедалца, Кремлца дийцаре динера "ЛДНР-н", Мариуполан реконструкцих лаьцна, цигахь цунна шортта контроль оьшура, уггар хьалха экономикан. Оцу регионийн чоьтах даьхний вовшахтоха гIертара иза – цундела иштта чIогIа тIевирзинера иза Мариуполан порташна а, индустрина а. Иштта Оьрсийчохь шена таронаш лоьхуш вара иза аьлла хета суна, оккупаци йинчу латтанашна тIехь ладаме стаг а хилла".

Дзуцево бахарехь, Алаудинов цига хIоттор нисса дIа финансашца доьзна ду: "Кадыров къаьсттина цхьа доза дIалаца дагахь хила мега, ерриг "ЛНР" ца лоцуш, цхьа шен базан меттиг. Мухха делахь а, оцу гIуллакхна ахча Москвара догIуш ду, цигахь нохчийн Iедалан леларна реза бу. Путинна дуьхьа тIомбеш ву Кадыров, цуьнан цхьана ханна карт-бланш ю".

Алаудинов, Кадыров – уьш боьзнабоцу политикаш бац, "Кремлан марионеткаш" ю, аьлла хета Венерчу нохчийн "Ичкерия" культуран центран куьйгалхочунна Исханов Хьусейнна. Кадыровс Украинехь долчу кхиамех лаьцна дуьйцуш йолу бравада – "иза ша ладаме волуш санна гайта гIерташ, Кавказан къаьмнаш луларчу пачхьалкхана дуьхьал болчу оцу зуламечу тIаме чутакхо гIерташ лелош йолу блеф ю".

"Кадыров уллохь волуш оьзда доцу къамел дарна вуно шогачу кепехь жоьпе озийна вара Алаудинов, тIаккха хIинца, шегара бехкбаьлла кIеза санна, Кадыровна муьтIахьчу бIаьргашца хьожу иза, тIаккха хIара – Путинна. Кадыровн а, цуьнан нехан а нохчашна тIехь шайна коьрте мел догIург дан йиш ю, жоьпалла а доцуш, амма керлачу дозанашкахь церан Iедал дац, йа авторитет йац", - дIахьедина Исхановс.

  • Марсхьокху-баттахь Украинан пачхьалкхан бух бохо гIортарна шеконашка ийцира Украинан СБУ-но Нохчийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонан секретарь, "Ахмат" лерринчу декъан командир Алаудинов Апти. СБУ-н хаамашца, Рубежное, Северодонецк, Кременная гIаланашна "Ахматан" эскарша оккупаци йинера "дагийначу латтан" кепехь: ерриг индустри йохийнера, байъира, лазийра эзарнашкахь маьрша нах, иттанаш эзарнаш нах хIусамех бевлира. ХIетахь "Ахмат" лерринчу тобанан буьйранчана Мусаев Изнаурна шеконаш хIиттийра Киевн кIоштара Бучанскан кIоштан дIалецначу дозанаш тIехь дуккха а маьрша нах байъарна.
  • ТIом болабелчхьана официалехь "Луганскан агIонехула жоьпаллехь" ву олуш волу Алаудинов масийттаза тIеман зуламаш дарна бехке хила тарло. Иштта стигалкъекъа-баттахь цо видео арахийцира, бIаьргаш кIелахь Iаржъелла меттигаш йолуш цхьаволу йийсаре лаьцна украинхойн Северодонецкера эпсар гойтура цу тIехь. Товбеца-баттахь видео йаржийра машанехь, цу тIехь схьагарехь, Оьрсийчоьнан эскархочо гIело хьоьгуьйту украинхойн йийсархочуьнга, канцелярин уьрсаца воIу цо иза; цул тIаьхьа тапча туьйхира йийсархочунна. Bellingcat, The Insider ресурсашна гучуделира, и стаг "Ахматера" эскархо хилар.
  • Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментан санкцийн тептаре вазвина ву Алаудинов. Нохчийчуьра ЛГБТ-н декъашхошна тIаьхьваьлла хьийзарна бехке лору иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG