ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БатIалхьажойн вирд: БелхороевгIарца къийсам муха латтабора ГIалгIайчохь


ГIалгIайчуьра бусулба стаг, гайтаман сурт
ГIалгIайчуьра бусулба стаг, гайтаман сурт

ГIалгIайчохь уггар а йаккхийрачех йолчу батIалхьажойн динан вежараллин цхьахволу куьйгалхо Белхороев Якъуб исс шарна набахте хьажийна: социалан страхованин Фондан декъан куьйгалхочун даржехь ша волчу йукъанна бюджетан ахча дайъарна бехке лаьрра и кхело, иштта низамехь доцуш герз лелорна а. Хьалхо вежараллин декъашхойн хIусамашка хьийсира ницкъахой, кхо стаг лецира, царлахь вара ГIалгIайчоьнан Зерийн палатин куьйгалхо Белхороев Мустафа, иштта Къоман гуламан экс-депутат Алиев Минкаил. Гергарчара чIагIдарехь, ницкъахоша наркотикаш, герз кхоьссинераа царна. БатIалхьажойн вежараллин куьйгалхой йуьхьара стенна лаьцна Iедало?

БатIалхьажойн суфийн вежаралла (оьрсийн маттера "вирд" Iарбойн меттан "варад" дашера схьадаьлла, цуьнан декъашхойх "белхороевхой", йа "батлакаш" олу) гIалгIайн шейхан Белхороев БатIал-Хьаьжин тIаьхьа хIиттинчу наха кхоьллина йу. ГIалгIайчоьнан муфтиятан хаамашца, республикерчу берриг бусулбачу нахах 4,5% бу оцу вежараллина тIаьхьа хIиттина, кеп-кепарчу хаамашца, 20 эзар стаг ву уьш. БелхороевгIеран доьзал Нохчийчоьнан куьйгаллица йукъаметтигаш лелорца бевза.

Халонийн вежаралла

2017-чу шарахь БатIал-Хьаьжин вежараллин декъашхойн 40 хIусамашка хьийсира ницкъахой. ХIетахь батлакийн куьйгалхо Белхороев Султан-Хьажи инфарктах велира – Iедало Iаткъам барца доьзна лерира цара и кхалхар. Цуьнан тIаьхьалонча хилира Белхороев ИбрахIим – шо даьлча бевзаш боцчу наха вийра и, цунах вежараллин хIора декъашхочунна кхайкхам хилира.

Цул тIаьхьа 11 бутт баьлча Москвахь ГIалгIайчухула йолчу МВД-н экстремизмана дуьхьало латточу Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим вийра герз тоьхна. Цо лелош хилла болх лерира и веран бахьана, амма официалехь а доцуш, Белхороев ИбрахIиман кхалхарна батIалхьажоша цунна дуьхьал йекъна чIир санна лорура и вуьйш сацам бар. Талламан комитето и верси дIатеттира, хилларг теракт лерира.

2020-чу шарахь батIалхьажойн куьйгалхо Белхороев Якъуб дIалецира, тIаьхьо ГIалгIайчоьнан Къоман гуламан мандатех ваьккхира и, "Единая Россия" партера араваккхира. Цо цхьана хенахь куьйгалла деш хилла йолу социалан страхованин Фондан ахча дайъаран бахьана дара формалехь дуьйцург. Эльджаркиев вер толлуш хилла волчу талламхочо дIахьош дара цуьнан гIуллакх а.

Терроран йукъаралла кхолларан а, теракт йаран а бехкаш дехкира Белхороев Якъуб дIалаьцначул тIаьхьа вежараллин кхин а 12 декъашхошна. 2022-чу шеран гIадужу-баттахь лаьцна волу Зерийн палатин куьйгалхо Белхороев Мустафа Якъубан ваша ву, уьш шайн кхолгIачу вешица, меттигерчу парламентан экс-депутатаца Белхороев Яхьяца талламна кIелахь бу.

Белхороев Мустафа
Белхороев Мустафа

Доьзалан гIуллакх

БатIалхьажоша ГIалгIайчохь доккха дакъа дIалоцу политикехь – дайначу бIешеран 60-чу шерашкахь дуьйна цара жигара дIахIиттабо шайн нах меттигерчу Iедалан хьукматашка. СССР йоьхначул тIаьхьа вежараллин декъашхой бизнесе хьалхатитта хIоьттира уьш, иштта ницкъахоша тIахьбевлла хьийзочарна орца даккха а.

Йукъаралла къевлинчу кепехь лелаш йу: вежараллина йукъахь бен ца леладо зуда йалор, вовшашна гIо даран йуккъера ахчан киса ду лелош. Оцу хьоло негативе ойла кхуллу батлакашкхьа республикехь, аьлла хета Кавказ.Реалиица къамелдинчарна: ГIалгIайчохь хаза тарло, БелхороевгIеран ахча долу коьрта хьаст – иза Магаданерчу дешица контрабанда лелорца йоьзна бизнес йу аьлла. Цул сов, вежараллин декъашхоша, дийцарехь, хIора баттахь йал ло БелхороевгIарна.

Амма сих-сиха нисло меттигеш, вежараллица шайн йолу зIе дIахадо лууш болчу наханна тIехьбевлла лелаш – царах цхьаболучеран республика дIатаса дезна, селхана шайн хилла болу накъостий шайна тIекхочур боцучу метте.

Регионан куьйгаллица йолу йукъаметтигаш тийп-тийпана нислора батIалхьажойн. ГIалгIайчоьнан хьалхара президент Аушев Руслан волчу хенахь хьал цхьанатайпа дацара, йистера хьаьжча хета тарлора, Iедална батIалхьажошца йукъаметтигаш лело ца лаьа. ШолгIа президент Зязиков Мурад волчу йукъанна церан лелар гайтаме доттагIаллин дара – оцу хенахь батIалхьажоша пачхьалкхан хьукматашкахь даржаш дIалоьцура. 2011-чу шарера 2019-чу шаре кхачалц йолчу хенахь республикан куьйгалхо хилла волчу Евкуров Юнус-Бек ца кхетара оцу вежараллица къаьсттина йукъаметтигаш стенна лелайо шел хьалхара хиллачу ГIалгIайчоьнан куьйгалхоша. Таханалера регионан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас батIалхьажошна новкъарло ца йо, амма цара шайн нах хьалхатеттарехь гIо а ца до.

Шайх Белхороев БатIал-Хьаьжи
Шайх Белхороев БатIал-Хьаьжи

Кхерам лаьрра?

Лаккхарчу даржашкахь болу батIалхьажой дIалецар леррина тIаьхьбевлла хьийзар санна лара мегар ду боху шен цIе йаккха ца лиъначу гIалгIайн политолого.

"ГIалгIайчохь батIалхьажойн йолу таронех доьзна ду бахьана, суна хетарехь. И кхерам хетта хила мега царна", - боху эксперта.

Редакцица къамелдинчех кхечу экспертана, гIалгIайн К. Д. жигархочунна (цуьнан цIе ца йоккху, кхерамазалла ларйархьама. – Ред. билг.) дика девза батIалхьажойн республикера гIуллакхаш, цо билгалдоккху, республикехь цаьрга болу цабезам "уьш вуно эвхьаза леларца" боьзна бу.

Гуш-хезаш девнаш къестор, скандалаш, нах байъар, низамехь йоцу бизнес. Къевлина йукъалла йу и, фанатийн йу шен маьIнаца

" Гуш-хезаш девнаш къестор, скандалаш, нах байъар, низамехь йоцу бизнес. Къевлина йукъалла йу и, фанатийн йу шен маьIнаца. Муьлххачу ахчанехь 10% БелхороевгIеран доьзалан фонде дIадала декхаре хилар: йохк-эцарх, тIедолучу ахчах, алапех", - дагардо цо.

Кхин а цхьа бахьана ду боху цо церан дIакъаьстина хилар: "ГIалгIайн йукъараллин декъашхой ца хетара царна шаьш, йа цуьнан дакъа хила ца гIертара. Цабезам массочу хIаманна тIехь гучубуьйлура – йуккъерчу шуьнехь дакъалаца ца лаарца, вежараллех воцучуьнга шайн йоI маре ца йахийтар, кхин а шорттачу хIумашкахь", - боху гIалгIайн жигархочо.

БатIалхьажойн критик Картоев Ислам ша а вара оцу вежараллин декъашхо. Цо бахарехь, оцу йукъараллехь хуьлучунна ойла йан хIоьттира ша 2012-чу шарахь дуьйна: вирдерчу массара а БелхороевгIеран доьзална дуьхьа болх бан безаш хилар шеконе диллина волу Мержаев Асхьаб верца доьзна дара и. ГIалгIайчоьнан шариIатан кхел хила цхьа де диссича вийра Мержоев, республикан муфтий Хамхоев Iийса реза хилира батIалхьажошкара боху бехкаш бусулбачу низамашца листа. Вежараллин дуккха а декъашхой баьхкира Мержоевн тезета, цундела шейхан тIаьхьалончаш царна оьгIазе хилира, йуккъерчу фонде гIуда охьайилла дийзира церан, чIагIдо Картоевс.

БатIалхьажойн ГIалгIайчохь йолу таронаш хила мега бахьана

БатIалхьажошна критика йича, тIаккха цул тIаьхьа шена кхерамаш тийсича, Оьрсийчуьра дIавахара Картоев. Къамелдийриг тешна ву, вежараллин куьйгалхой дIалецаро кхин башха Iаткъам бийр бац белхороевхошна: "ТIедогIучу масех шарахь Iедало оцу сектина Iаткъам сацийча, и эшамаш боцуш меттахIуттур йу. Оцу доьзална тоьъар йу ресурсаш".

Картоевс дерзадо, гIалгIайн собар доза доцуш дац – цхьана муьрехь йукъаралла БелхороевгIарна дуьхьалйала мега.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграмерчу каналехь батIалхьажошна тIехIуттуш пост арахийцира, церан декъашхойн хIусамашка ницкъахой хьежа, уьш дIалеца, чубохка буьйлабелча. Нохчийчоьнан куьйгалхочо чIагIдо, лецначарлахь бехкбоцурш бу бохуш.
  • Оьрсийчохь ГIалгIайчоьнан МВД-н экстремизмана дуьхьало латторан Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим вуьйш дакъалаьцнарг лоруш волчу батIалхьажхочо Белхороев Ильясо Кавказ.Реалиин сайтана йеллачу интервьюхь​ дийцина, шайн дайш Советан Iедалехь дуьйна политикан репрессешна кIел нисбеллера бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG