ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыровс къобалйо и мачизм" Нохчийчоьнан Iедал а, доьзалехь ницкъбар а


Иллюстративное фото
Иллюстративное фото

Зударшна тIехь ницкъбар юкъарадоккхуш къийсам латтон Дуьненаюкъара де ду Лахьан-беттан 25-гIа. Къилбаседа Кавказан кхечу регионашкахь а санна, и проблема Нохчийчохь а цхьаьна ю ира лаьтташ – сий лардеш нах байина а, дайша-наноша лечкъийна а, бераш карара даьхна а дуккха а меттигаш бу, Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа билгалдоккху, кху хIоьттинчу политикан рожехь республикехь зударшна тIехь ницкъбар цхьа могIарера гIуллакх санна тIелоцу.

Нахана гергахь нохчийн хьаькамаша чIогIа еза юьйцу зуда, юкъараллехь цо дIалоцучу "лакхарчу, сийлахьчу" меттигах дуьйцу. Церан хестамаш бар нисло гезгамашин-беттан кхозлагIчу кIирандийахь – Нохчийн зудчун де - зазадокху-беттан 8-чохь а. Къаьсттина оцу деношка сатуьйсу, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедарехь, "йоллу зезагаш духкучу туьканаша". Ткъа зезагаш-м дIаоьцу Кадыровн гоно цуьнан нанна Кадырова Айманина а, хIусамнанна Кадырова Меднина а лерина.

"Вайн зударий – бакъболу турпалхой бу! Вай, божарша, царна баркалла баха деза", - яздира Кадыровс шен телеграм-каналехь гезгамашин-баттахь, нохчийн зудчун Де герга кхочуш.

Цул тIаьхьа ши де даьлча, шайн хIусамдай тIамтIе бахийта дуьхьал протесте бовла гIоьртина зударий сийсазбеш къамел дира Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Соьлжа-ГIалин коьртачу майдана баьхкина нохчийн зударий "къоман мостагIий" бу элира цо.

ТIамна дуьхьал хIоттийначу акцихь лецна декъашхой ницкъахоша мэри дIабигинера. Бакъоларйаран "Мемориал" центран информацица, цига балийнера церан гергара божарий а – зударшна йеттийтинера цаьрга, аш ца йеттахь, шун метта шаьш йеттар ю аьлла. Цул тIаьхьа протестан цхьахйолчу декъашхочун цIийнда кхелхинера, ткъа цуьнан кIант тIамтIе хьажийнера.

"Дала кийча ду"

Масех шо хьалха "Грозный" ЧГРТК-н эфирехь вистхуьлучу Оьрсийчоьнан парламентан депутате Делимханов Адаме бIаьрхиш сеца ца лора, зудчун йозаллех лаьцна дуьйцуш: "Цхьа нохчийн зуда гора ца хIоттийта, тхо дала кийча ду, цундела дохий ма хьийза шу" элира цо. Делахь а, журналистийн а, бакъонашларйархойн а тергамашца, Кадыров Iедалан коьртехь волчу шерашкахь дукхазза хьешна республикехь зударийн бакъонаш.

Масала, 2006-чу шарахь Кадыров Рамзана, Нохчийчоьнан премьер-министран даржехь волчу хенахь, дIахьедира зударшкара телефонаш схьаяха йеза аьлла, аппараташа таро ло царна "божаршка дог даха а, цаьрца цхьанакхета а" аьлла, кхета а деш. Кхин а шераш дIадевлча магийра цо "сий лардеш" зударий байар, шалха зударий кхийлар, дресс-код юакъаяьккхира, доьзалашкара дIабахана зударий юхабалийра, электрошокершца зударшна йеттар магийра.

"Сан бакъо ю зудчунна дов дан. Зудчун яц. Тхан зуда – цIийнан нана ю. Зудчунна шен меттиг хаа беза", - дIахьедора Кадыровс цхьана кхеташонехь. Оцу юккъехула чIагIдо цо, Нохчийчохь зударшка ларам бу, бакъонашларйархоша дуьйцург, - дош я бохуш.

Кертара хьайба санна латтош ю тахана зуда махкахь, охьатаIийна иза, цхьа а бакъо яц цуьнан, йоьзна ю иза массарех а, билгалдоккху Францихь ехачу нохчийн жигархочо, журналисто Бакаева Хазмана.

"Нахана хьалха дIахIоттийна, йетта а мегаш, яхначу заманахь чу хIоьттина зуда санна лелайо нохчийн зуда: бехкцабиллар дехар, йеттар, телеэфирашкахь бехкаш дахар, масала, хьаькамашна луьйш цо цхьаъ аьллехь. Цкъа а хилла яц нохчийн зуда иштта эшийна, сий дайина, маьрша йоцуш таханалерачу султанатехь санна", - дийцира Кавказ.Реалиина къамелдечо.

Цо бахарехь, тIаьххьалц хилла дац иштта хIума, политикан ражца доьзна ду иза.

Уггар доккха зулам лорура юкъараллехь зудчунна тIе куьйг айдар

"Нехан доьзала юкъагIертар а, нохчийн зудчунна тIе куьйг айдар муххале а, лорура тIаьххьара иттех шерашка кхаччалц уггар а дакхийчех зулам", - дийцира Бакаевас.

Исламан мехаллаш ларйийриг ша лоручу Кадыровс, динехь магош доцург а цхьаьна долуьйту шегара, билгалдоккху журналисто. Цуьнан пурбанца ницкъахой буьйсанна юккъехь нехан хIусамашна чулелха, дIабуьгу цхьана хIуманна шайна бехке хетарш, меттигерчу телехьожийлан эфире балабо уьш, цигахь массарна а хьалха дIа а хIиттабой, юьхь йоху, электрошокерца кхерамаш а туьйсуш.

ЙоI кхалхар а, нана бехказа йилийтар а

2020-чу шеран мангал-баттахь йийна карийра 23 шо долу Умаева Мадина. Цуьнан нанас дIахьедира, шен йоIана доьзалехь ницкъбина, хIусамдас йийна ю иза аьлла. Оцу гIуллакхо йоккха гIовгIа эккхийтира, Нохчийчоьнан Iедалхойн дийзира цуьнан тергоян.

"Европехь а дуьйцу эладиташ, Нохчийчохь кхел йац, зударшна тIехь ницкъ бо бохуш. Нохчийн гIиллакхашца а, ламасташца а догIуш, маре а йахна, доьзал болийначу зудчунна шен меттиг хаа беза. Цунна дов дан а йиш ю, йетта а мега, нанас ма йетта шен берашна", - иштта гIо даьккхира Кадыровс Умаева Мадинин хиллачу хIусамдега а, цуьнан доьзале а.

Эххар а , Умаеван ненан дийзира ша аьллачунна бехказайийла Кадыровна а, шен невцан доьзална а хьалха. ТIаьхьо йеллачу жимчу зудчун хIусамдена Iедалхоша керла цIа делира совгIатана.

Нохчийчохь доьзалехь ницкъбарх кхин а резонансе цхьа гIуллакх листира 2019-чу шарахь ООН-н комитето. ХIусамдас йиттинера Тимагова Шемина, шолгIачу группин заьIапхо ю аьлла, кехат делира цунна. Дуьххьара йиттича кхетамчуьра йаьллера иза, амма кхело 15 эзар сом гIуда а хьарчийна, валийтира цуьнан цIийнанда, ткъа шолгIа, уьш къаьстинчул тIаьхьа, диг эцна, тIелеттера иза хиллачу зудчунна. Иза йен Iалашонца тIелатар дарна бехказа ваьккхира иза, йоьдучу кхелехь маьрша а воккхуш. ТIехьа-Мартанан кIоштан кхело таIзар кIад дира, зудчо провокаци йина хиллера цунна, "сий доцуш" лелла аьлла.

Чехин журналисто, яздархочо Прохазкова Петрас, Нохчийчохь а цхьаьна яьхна а, болх бина а ю иза, Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь дуьстира нохчийн зударийн хьал Афганистанерчу хьолаца.

Кадыровс къобалйо и мачизм, цигахь цхьа гIулч хьалха йоккху – кхоъ кIегар

"Нохчийчуьра дIаяхначул тIаьхьа Афганистанехь Iийна со, цаьрца дуьстича, суна хетарехь, зударий балхахь-некъахь бу, хIаъ, бакъду, оцу ламасташа цхьадолчу гIулакхашна юкъа ца буьту уьш", - дагалоьцу Прохазковас.

Цо дийцарехь, карарчу хенахь Нохчийчуьрчу зударийн хьал кхин тIе а эшна догIу. "Тахана дуккха а меттигаш нисло, зудабераш дас-нанас къастийначу стаге маре дохуьйтуш, кхин дерг а…. Кадыровс къобалйо и мачизм, цигахь цхьа гIулч хьалха йоккху – кхоъ кIегар", - дерзийра цо.

2019 -чу шарахь Нохчийчоьнан Юкъараллин палата дуьхьал хилира доьзалехь ницкъбарна профилактика йечу низамна, регионан куьйгалхочо "доьзалан институт йохор" лерира иза.

  • Къилбаседа Кавказан мехкашкахь иттаннаш къона мехкаршна тIехь ницкъ латтабо доьзалехь, цхьаболчара цIера бовда сацамбо. Оцу кепарчу хиламех лаьцна а, иштта тIом болабеллачул тIаьхьа муха хийцабелла бакъоларйархойн болх а дийцаредира Кавказ.Реалиин редакцино "Марем" тоба кхоьллинчу, Кавказерчу зударийн хьолах лаьцна яздечу "Даптар" ресурсан коьртачу редакторца Анохина Светланица.
  • Нохчийчуьра яхархочо Лорсанова Амната латкъам бира Оьрсийчоьнан Талламан комитете шен сексуалан хьежамашна а, исламан динах дIахадарна а тIехула йеттарна а, гIело йарна а. Соьлжа-ГIалахь лоьрийн доьалехь йина ю Лорсанова Амнат. Юьхьанца дас-нанас "жинаш арадоху" бохуш, къийсам латтийнера цуьнан бисексуале хиларца, тIаккха нуьцкъаха психиатрин лазартне охьайиллинера, цигахь масех баттахь транквилизаторшца "дарба" лелийнера цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG