ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ларлолаш! Нохчий бу!" Францера бакъоларйархочо – депортех лаьцна


Францерчу Дижонехь нохчийн диаспоран хIусамашка хьежар. 2020 шеран мангал-беттан 19-хь
Францерчу Дижонехь нохчийн диаспоран хIусамашка хьежар. 2020 шеран мангал-беттан 19-хь

Habitat-cité а, Comité Tchétchénie цхьанакхетараллаша расан дискриминаци эшоран ООН-н комитете нохчийн мухIажаршна депорташ йан йиш цахилар дуьйцуш дахьийтина хилла кехат теллина.

Кхетор:
Comité Tchétchénie – францхоша 1999-чу шарахь Парижехь кхоьллина цхьанакхетаралла йу. Конференциш, демонстрациш йеш йукъараллера ойла хийцар а, нохчийн мухIажаршна гIо лоцуш гуманитаран барамаш хIиттор а йу боху цара шайн Iалашонаш.
Habitat-cité – къе Iаш болчу наханна хIусам латтош, белхан меттиг лохуш, дискриминацица къицсам латтош цхьанакхетаралла йу. Францерчу, Латинан Америкерчу, Африкерчу мухIажаршца болх бо цо.


ТIаьххьарчу шерашкахь Францино депорт йина иттанаш нохчийн мухIажаршна, республика йозуш цахиларехьа къийсам латтийнарш бу царлахь, йа Кадыровн Рамзанан рожах зен хилларш бу, царна Оьрсийчохь лаьтта кхерамаш тидаме ца оьцу, боху бакъоларйархоша. Церан билггал долу терахь хууш дац: депорташ йинчу нехан гергарчара шайга орца дехна меттигаш бен ца йевза царна.

2017-чу шарахь "Республикан принципаш чIагIйаран Низам" тIеэцначул тIаьхьа Францин полицин бакъо йу, кхераме ларалуш йолу йукъаметтигаш, зIенаш хедор. Амма "кхерам" а, "кхераме зIенаш" а бохучу дешнийн маьIна низамехь хьехош дац, тIаккха полицино лелийначу барамашна аьрзнаш даран механизм йац.

ООН-е дахьийтина долу и кехат листича Францин миграцин политика муха хийцалур йу, Европерчу нохчашна депорташ муьлхачу бахьанашца йо, даймахкахь хIун кхерам бу царна, дийцира Кавказ.Реалиига Comité Tchétchénie бакъоларйаран цхьанакхетараллин куьйгалхочо Шодо Паскаля.

Шодо Паскаль
Шодо Паскаль

– ООН-е хIинца хIунда дина аша арз?

– ХIинца бен ца хиъна тхуна и дан йиш хилар. Хеттарш листархьама хIора денна ца гулало ООН-хь. Цундела, тхуна сесси хир йуйла хиъча, адвокато хьийхира тхуна цаьрга кехат дахьийтар. Тхо ООН-е довлар тIаьххьарчу шерашкахь хиллачуьнца доьзна ду: дукха нохчий Францехь терроризмана бехкебина, амма царах доккха дакъа шеконе ду, йа цхьана стага урамехь "зуламе ларалуш волчу" стагца накъосте санна къамелдина бохучу бух тIехь ду.

ТIаккха Ниццехь хиллачу девнашна тIехула нохчеш вон дийца буьйлира политикаш а. Телехьожийлашкахь вуно маьттаза материалаш арахоьцура. Тхуна и расизм хета. Цул сов, лартIахь доцуш хилира нохчочо Анзор Iабдуллас хьехархо Самюэль Пати вийча дIахIоьттина долу хьал. Шерашкахь мухIажаран статус йалийта гIерташ хьийзинчу нахах хьакхаделира и къаьсттина: уьш статусах бохура, тIаккха депорт йора, мелла дуьхьало йича а.

– ХIинца Францехь берриг иммигранташка йолу йукъаметтиг телхина, йа къаьсттина нохчашка?

– ХIинца зорбанаша цхьана зуламех лаьцна дуьйцуш гуттара а билгалдоккху, и динарг францхо вац олий. Нохчий хилча и кхин а генадолу. Суна, масала, цхьа артикл дагайогIу, цигахь йаздинера: "Ларлолаш! Нохчий бу" Францхойн маттахь иштта йаздо паразитех лаьцна: масала, школехь йоза ган йиш йу: "Ларлолаш! Мезий ду!" Оцу тайпарниг цкъа а ца йешна ас кхечу къаьмнех лаьцна. Зорбанехь цхьаннах лаьцна иштта йазор ду а ца моьттара суна. Со Iадийнера. Цундела цхьаъ дан деза оцу хьолана.

– Францерчу нохчийн зуламе сурт кхолла гIерта зорбанаш ала йиш йуй?

– ХIора зорба йац, амма йуккъерчу барамехь, хIаъ, иштта нисло и. Украинера тIом болабелчхьана, Кадыров Рамзана шен тобанаш цига йахийтиначул тIаьхьа, [францхойн зорбанаша] йаздора, нохчий – оьрсийн салтешлахь уггар акха бу, акхарой санна лела уьш бохуш. Нохчашца йукъаметтиг хилла боцучу нехан коьртехь иштта ойла кхоьллина хир йу цара кхузахь бехачу нохчех лаьцна.

– Аш дахьийтинчу кехатна цхьа реакци йарий?

– Тхан цхьанакхетараллера адвокат йахна ООН-е тхан позици дIакхайкхо. Суна гарехь, цигахь ладоьгIур ду Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министралле а. ТIаккха Комитето информаци схьагулйан йеза, тIаккха доклад кечйан йеза. Суна хIинца сайна а ца хаьа, цара и мича дIалур йу.

Кхин дIа хIун хир ду ала ца хIутту со, амма цара тхан кехат ладаме хетарца тIелаьна.

– Муьлха жамI хилийта лаьа шуна?

Дерриг къоман мах хадо йиш йац цуьнан цхьаболчу векалшна тIехула

– Тахана Францехь санна нохчашкахьа оцу тайпа лелар лартIахь доцийла массарна дIахаийтар тхуна коьрта. Дерриг къоман мах хадо йиш йац цуьнан цхьаболчу векалшна тIехула. Цул сов, нохчашкахьа лелош йолчу политикана тIе тидам бахийта лаьара тхуна. Оцу къомо инзаре ирча тIемаш лайна, церан республикехь хIинца дан амал доцуш диктатура йу. Дуьненайукъарчу инстанцийн Нохчийчохь хьалха хиллачуьнга а, хIинца хуьлучуьнга а кхечу агIор ойла хилийтар ду тхуна луург.

– Францехь нохчашкахьа лелориг кхечу Европан пачхьалкхашца дуьстири ахь?

– Суна хетарехь, Францехь санна депортациш, нохчашкахьа оцу тайпа лелар а кхин цхьанна а пачхьалкхехь дац. Суна ца хаьа, кхузахь иштта муха нисделла. Самюэль Патица хиллачуьнца доьзна хила мега и – оцу кепара хIума кхин цанхьа а хилла дац.

– Нохчашна депортаци а йина, тIаккха оьрсийн Iедало уьш цIахь хьийзийна меттигех лаьцна дийцахьа.

– Францехь йалх шарна чувоьллина стаг дагавогIу суна, амма цо дина зуламаш чолхе дацара. Самюэль Пати вийча чекхйелира цуьнан чувоьллина хан. Маьршаваьккхинчу дийнахь цунна депорт йира, тIаккха Оьрсийчохь, Москвахь дIалецира, йуха Нохчийчу дIавигира. Цигахь цуьнга тIелацийтира, цо дан йиш йоцург: масала, и Шемахь хилла аьлла. Амма и Францехь Iаш вара, балхахь вара – цуьнан тоьшаллаш дара.

ТIаьхьо ша йелла кийтарлонаш йухаэца гIоьртира и, шена тIехь ницкъбина бохура цо, амма цхьа хийцамаш ца хилира. Нохчийчохь бехаш болчу цуьнан доьзалера нах цуьнца цхьанакхета гIоьртира, амма гIуллакх ца хилира церан. Ур-атталла адвокатаца цхьанакхета аьтто хиллий цуьнан ца хаьа суна. Йоккха хан тоха мега цунна, амма цунна дан мегаш мел хилла долу таIзар цо Францехь дIатекхна. Амма, суна хетарехь, кхузахь а вуно къиза хилла цуьнца.

Кхин а цхьа стаг набахте хьажийра Францехь, дан ца оьшучунна гIо дина аьлла бехкевинера и. Кхузахь масех шо даьккхира цо, тIаккха цомгаш хилира. Цунна операци йира, массо хенахь лоьрийн гIо а, молханаш а оьшуш вара и. Оцу хьолехь депорт йира цунна, тIаккха кхин а телхира цуьнан могушалла. Оьрсийчохь дийна виссархьама цхьа кIеззиг дарба леладайта аьтто хилира цуьнан, кхин дIа хIун хир ду тхуна ца хаьа. "Мемориало" (адамийн бакъоларйаран оьрсийн Центр. – Ред. билг.) цунна гIо дора хIетахь, и дарбан хIусаме вига а, молханех ахча дIадала а.

Вийна волчу Мурадов Даудца йолу истори а йу, цуьнца доьвзаш дацара тхо, кхин а депорташ йинчу, тIаккха Нохчийчохь чубоьхкина латточу нехан историш йу. Царах лаьцна цхьанна хIумма ца хаьа.

– Францера мел нохчочунна депорт йина дуьйцуш цхьа статистика йуй шун?

Нохчий багарбан хала ду, хIунда аьлча кехаташкахь оьрсий аьлла билгалбаьхна бу уьш

– Нохчий багарбан хала ду, хIунда аьлча кехаташкахь оьрсий аьлла билгалбаьхна бу уьш. Уьш Оьрсийчоьнан бахархой буй кехаташца. Дийнахь схьа а лоций, сарахь депорте дIа а лой, Iуьйранна махкара арабохуш меттигаш хуьлу. Уьш муьлш бара, царна депорт стенна йира тIаьхьакхиа ларор вац цхьа а, хIунда аьлча и дина хилар дийнахь бен гучу ца долу.

Амма хIинца цхьа-дика депортацеш йац: Оьрсийчоьнна а, Францина а йукъахь нисса дIа кеман рейсаш йеза и дан, карарчу хенахь оцу пачхьалкхашна йукъахь и зIенаш йац.

– Шайга орца доьхучу наханна муха гIо до аш?

– Оцу гIуллакхашца болх беш болу адвокаташ каро йиш йу тхан, иштта церан балхах дIадала ахча а. Цул сов, массо хиламех лаьцна "Мемориале" дIадуьйцу оха, депорт йинчу наханна Оьрсийчохь гIо дан аьтто хилийта.

– Депорт йинчу Гадаев Мохьмадах лаьцна хIумма дуй хууш?

– Суна хетарехь, шена тоьхна хан чохь а йаьккхина, маьршаваьккхина и. Амма цунах лаьцна хаамаш бац тхоьгахь. Цуьнан доьзал Францера дIабахана, цуьнца зIе хаьдда тхан. ТIаккха шеца Мохьмадца зIене довла а ца гIерта тхо, хIунда аьлча, цуьнан хьолехь и цунна кхераме хила мега.

– ДIа а лаьцна, тIаккха депорт йина болу нохчаша Францина баккъала а кхерам бахьаш хилла меттиг хуьлий?

– Тхоьца къамелдинчех вуно доккха дакъа, тхуна хетарехь, кхераме дац. Цара цхьа а кхераме хIума дина дац. Маьршабевллча йукъараллина дуьхьал зуламаш дина нах бацара уьш.

***

Кху шеран лахьан-беттан чакхенехь Ниццехь политикан тховкIело йоьхуш хилла волу Нохчийчуьрчу вахархо Абуев Iабдул-Къадир терроризмана пропаганда йарна бехке а лаьрра, набахтехь даккха шо хан тоьхна, Францехь вахар дихкина цунна. Абуевс инстаграмехь дина арахецарш хилла кхелехь материалаш, цуьнан агIонна тIевазвелла 18 эзар стаг вара. Анзоров IабдуллахIан деца нохчийн блогеро йина интервьюна а, террорхойн "Исламан пачхьалкх" цхьанакхетараллин видео а репост йинера, "динехь боцурш" байъа аьлла дIахьедорш ду бохура цу т1ехь. Абуевс тIе ца лецина шена дохку бехкаш, д1ахьедира, Украинехь т1ом беш йолчу Оьрсийчоьнна дуьхьал ву ша.

Хьалхо Кавказ.Реалиино лахьан-баттахь хаамбора, 2018-чу шарахь лаьцна волчу Нохчийчуьрчу 16 шо хиллачу вахархочунна Парижан берийн гIуллакхашкахула йолчу кхелехь гIуллакх листар долийна. ЦIе йовзуьйтуш йац меттигерчу колледжан дешархочуьнан, "Исламан пачхьалкхана" йукъавахарна а, берийн бешахь теракт кечйарна а бехкево иза.

2020-чу шеран гурахь Пати Самюэль верца йоьзна резонанс гIаьттича Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "терроран иркархIотториг" ву аьллера Макрон, цо дешан маршо къобалъярна, иштта тIетоьхна цо, "оцу тайпа реакцин тIаьхьалонаш бохаме хила мега" аьлла. "Массо бусулбачу нехан мостагI" аьлла францхойн президентах Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахьа. 2021-чу шеран гезгмашин-баттахь Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада дIахьедира, Анзоров "джихIадехь велла" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG