ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера тIом Нохчийчохь болабелла?


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала. Минометан артиллерин тохарш диначул тIаьхь Ленинан урамехь долу цIа, 1995-гIа шо
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала. Минометан артиллерин тохарш диначул тIаьхь Ленинан урамехь долу цIа, 1995-гIа шо

ХIинца Украинехь хуьлучух дукхахдерг оьрсийн исторехь хьалхо хилла ду. Вайна мел гуш дерг: бомбанаш кхийсар, Iазап латтор, нах байъар, йевзаш йоцчу хьукматаша нах лечкъор, – нохчаша лайна шина тIамехь. Дуьнено дист ца хуьлуш тидам бора Къилбаседа Кавказерчу жимачу республикехь хуьлучунна тIехь. Амма оцу хьолехь а меттигехь хуьлург дIайаздар шайн декхар хеташ Оьрсийчохь нах гучуболвлура.

Дмитриевский Станислав – Оьрсийчохь магийна йоцу, тIаккха Финляндехь дIайолийна йолу "Нохчийн оьрсийн доттагIаллин йукъараллин" хилла куьйгалхо ву, шина томех лаьттачу "Нохчийчоьнан хьокъехь Дуьненайукъара трибунал" монографин автор ву. 2006-чу шарахь Дмитриевскийна Amnesty International-н совгIат делира "Кхераме долчу хьелашкахь журналистика лелорна". 2006-чу шарахь Лахарчу Новгородан Советан кхело Дмитриевский бехке лерира расан, къоман, социалан цабезамаш а, мостагIалла а кхолларна, арахь даккха ши шо хан туьйхира цунна. Машарца Нохчийчуьра конфликт йерзийта, аьлла Масхадов Асланан а, Закаев Ахьмадан а кхайкхам арахецна аьлла тоьхнера цунна и хан. Оьрсийн Федерацино Дмитриевскина шена хетарг дIаала бакъо хьаьшна, аьлла сацам бира Европан адамийн бакъонехула йолчу кхело. Цуьнан латкъамна дуьхьал делла жоп дара и.

ТIеман зуламаш, Малхбузенан реакци, тIемаш доьлхучу меттигашкара зенделларг а: Нохчийчуьрчу шина тIамна а, оьрсийн Украине чугIортарна йуккъехь цхьанадогIучух лаьцна историко Вачагаев Майрбека къамел до Дмитриевский Станиславаца.

– Лараме Станислав, дуьххьара хьан Нохчийчу вахар стенца доьзна дара, цигахь дуьххьара хIун ойла кхоллайелира хьан?

Дмитриевский Станислав
Дмитриевский Станислав

– 1995-чу шеран дечкен-баттахь дара и, 80-чу шерашкахь дуьйна со бакъонашларйаран болх лелош хиларца доьзна дара со цига вахар. Бакъду, аса цунах сайн болх ца бора, волонтер санна лелара со. (1994-чу шеран) гIуран-баттахь дуьххьара нохчийн тIом болабелча хиира и вуно ладаме, коьрта хилам буйла, сайн бIаьргашца и ган безийла а. Ковалев Сергей Адамовичан (Оьрсийчохь уггар хьалхара адамийн бакъонехула векалвинарг. – Ред. билг.) материалаш чIогIа дагах кхийтира сун, тхойша тIаьхьо вевзира. Каляпин Игорьца (Оьрсийчоьнан Минюсто арахьарчу агентийн тептаре йаьккхиначул тIаьхьа дIакъевлина йолчу "Iазапашна дуьхьало латторан комитетан" хилла волу куьйгалхо. – Ред. билг.) Нохчийчу вахара тхойша. ЧIогIа беламе дара тхойшиннан цхьанакхетар – Iуьргаш дийлинчу мачашца, ширачу диктофонаца.

Соьлжа-ГIала, 1999-гIа шо
Соьлжа-ГIала, 1999-гIа шо

– Шаьш тIамехь нислург хиларна кечам ца беш кхечира шу цига?

– Тхуна хаьара боьдург тIом буйла, амма муха кечам бийр бу цунна? ШолгIа воьдучу хенахь гIагIдиллина тIейухург йара тхоьгахь, цхьаъ бен йацара шина стагна. Оха и вовшашка дIалора вуно халонаш нисйелча, амма цхьамма и тIейухуш йацара. Дуьхььара новкъаволуш зенделларг дацара тхан, тIамах лаьцна фильмашкара бен ца хаьара, йа керланашкара.

Суна дагадогIу, хьалхарчу деношкахь кхаабараме йолчу кино чохь со нисвелча санна хетара, ур-атталла кхерам бацара. Ларми чохь оха буьйса йоккхучу хенахь кхера волавелира. "Град", йа "Ураган" (залпан реактиван тохарш даран системаш. – Ред. билг.) чуьра онда тохарш долийнера, ракетица луларчу лармин дакъа дохийнера, кхеташ дара: хIинц-хIинца тхуна а и тIекхета мега. Ракеташ хьуна уллохь охьаэгачу хенахь хилла синахаам бийцалур бац.

– Нохчийчохь шу цхьамма а тIелецирий, меттигехь дIасалела гIо дорий?

– ХIан-хIа! Несара дIа а кхаьчна, "Мемориалерчу" Миронов Андрейца цхьанакхийтира тхо, тIеман тийсдаларшкара йеана аьчкийн сал гайтира цо. Дехха дийцира, муьлхарниг муха эккха, и кхераме хIунда ду а. Гуманитаран бакъоно магийна доцу, хержамаш ца беш зен деш долу герз ду бохура цо. И Москва йуха вахара, тIаккха тхо ТIехьа-МартантIе кхечира цхьана машенахь, хетарехь, ЦIечу ЖаIаран йара и (нохчийн-гIалгIайн дозанна 30 км гергахь йолу йурт. – Ред. билг.). Цигахь меттигерчу вахархо волчахь буьйса йаьккхира, блокпостерчу гIаттамхочуьнца девзира тхо, цара Соьлжа-ГIала йоьдучу машена чу хаийра тхо. Нохчийн коьртачу гIала кхочучу йукъанна цара элира: вуно кхераме ду, кхин дIа тхо гIур дац. ТIаккха гIаш новкъадевлира тхо. Соьлжа-ГIалина чуволлучехь кхечу машенахь дIакхочуш гIо дира тхуна, йисттерчу йарташкарчу лармашка бепиг, хи дIасакхоьхьура цуьнца. Доккхачу декъанна бомбанех лечкъаш болчу оьрсийн къаношна. Иштта кхечира тхо тIаме, хуьлург баккъала доцуш санна хетара.

Новкъахь тхуна Басаев Шемалан йийсарехь хилла волчу оьрсийн кIентан да дуьхьал кхийтира. Цуьнца Басаев лаха арадевлира тхо, схьакарийра, Архангельскера кIант лоьхуш ду тхо элира. ТIеман йийсархо маьршаваккха аьлла тIедиллира цо оцу минотехь. Билгалдаккха деза, Соьлжа-ГIалина вуно чIога тохар деш денош дара уьш, дукха лийлира тхо, цхьана гIишло чуьра вукханхьа уьдуш, ларми чуьра вукху ларми чу а. Билгалделира, оцу кIантана Шела эвакуаци йина хилар.

Тхо йуха а цхьанакхийтира оцу деца. Амма зазадоккху-баттахь йийсархой схьабалар сацийра, уьш хийцалц собардан дийзира. Тхо Шела кхечира, комендатурехь шортта оьрсийн салтий латтош хилар гучуделира тхуна, амма цуьнан да схьавеана хиларна и дIахийцира, тIаккха меттигерчу бахархошкахь Iийра уьш. Шелана хIора денна ракеташца тохарш дора. ТIаккха уьш – да а, кIант а – гIеххьа дика машенийн механикаш хиллера, цигахь машен тайаран жима сервис схьайиллира, массеран машенаш тайора. ТIаьхьо суна хиира, уьш хийцина хиларх, уьш Архангельске йухабирзинера. Шела дикачу автомеханикех йер йу бохуш къамелаш хезара.

– Нохчашна йийсаре кхаьчна болчу оьрсийн салтий болчу церан дай-наной кхача а, уьш цигара дIабига а аьтто хилар Нохчийчуьрчу хьалхарчу тIамехь бен дарий? Суна довзарехь, иштта практика цигахь бен ма йацара?

– ХIаъ, суна оцу тайпа хIума [кхин цаннахь] гина дацара, чIогIа ойла йойтура цо. [1995-чу шеран] зазадоккху-баттера, охан-батте кхачалц нохчийн агIоно "кIайн каранашца" тIом бина ала мегар ду. Оцу хенахь хиира, нохчийн йийсархошна тIехь Iазап латтийна, байъина шортта меттигаш хилар, нах хуьйцучу йукъанна харцхьа баьхна нах схьалуш меттигаш хуьлура.

Соьлжа-ГIала, 1995-чу шеран дечкен-бутт
Соьлжа-ГIала, 1995-чу шеран дечкен-бутт

– 1994-1996-чу шерашкахь хилла болчу тIамехь хIун башхаллаш йу аьлла хета хьуна 1999-чу шарахь хиллачуьнца буьстича?

– Башхаллаш дукха йу. ШолгIаниг кхин а буьрса бара шинне а агIора. Хьалхарчу тIамера зенделларг хилира Путинан, Нохчийчоьнан гонаха вуно эвсара информацин блокада хIоттийра цо. Хьалхара тIом дерриг дуьненна гуш хилира, амма хIинца Украинехь берг санна бацара и, хIунда аьлча техника кхиаран тIегIа кхин йу тахана. Амма Нохчийчохь [хьалхарчу тIамехь] хуьлург массарна а гуш дара, тIаккха оцу хьоло гIо дира хуьлург сацо. Дуьненан а, оьрсийн а йукъаралла тIамна дуьхьал йара.

Хьалхарчу тIамехь оха йаьхна йолу видеоматериалаш, интервьюш телехьожийлехула гойтуш хиллехь, амма шолгIачу тIамехь тхо, кхеташ ма-хиллара, "къоман мостагIий" дара, "уггар къизачу нохчийн зуламхойн доттагIий" а

Информацин блокада хIоттийна хиларо аьтто бира оьрсийн пропагандина нохчийн йукъараллехь нах лечкъорца долу зуламаш кхиарх долу хьал шайн луучу кепара ловзо. Оьрсийн йукъаралло къобал а беш болабелира шолгIа тIом. Москвара, Волгодонскера гIишлош лелхийтаро доккха пропагандин дакъа лецира, хьал кхин дара. Хьалхарчу тIамехь оха йаьхна йолу видеоматериалаш, интервьюш телехьожийлехула гойтуш хиллехь, амма шолгIачу тIамехь тхо, кхеташ ма-хиллара, "къоман мостагIий" а дара, "уггар къизачу нохчийн зуламхойн доттагIий" – Лахарчу Новгородерчу прессо лелош хилла дешнаш ду уьш. Путин Владимирна луучу кепара дерриг дуьнене и тIом тIелацийта аьтто бира оцу информацин блокадано. Хьал цо цхьана агIор гойтура: "Оьрсийчоьнна тIелетта", "Йоккха пачхьалкх, хьалагIатта", "Нохчийн террорхой". И эвсара хилира дера.

И вуно хала, сингаттаме дара. Гуманитаран бакъонаш хьешар, оьрсийн эскаро тохарш дар, фильтрациш лелор, Iазап латтор, нах байъар – царах лаьцна ладогIа ца лаьара цхьанна а, оцу зуламийн барам инзаре боккха хиллехь а. Шайлахь къаной болуш, Керлачу Алдехь инзаречу кепара 50 сов стаг вуьйш лелийнарг йукъаралло къобалдора. И йу [оцу шина тIеман] башхалла.

– Нохчийчохь зуламаш лелорах лаьцна йолчу "Нохчийчоьнан хьокъехь Дуьненайукъара трибунал" олучу кехатийн цхьанатохаран автор ву хьо. Хьуна мел гинчух уггар хьо Iадийнарг хIун дара?

– ДегI мел ду тIе сигярка Iиттина ларш йолуш жимачу стеган дакъа хьуна гича, ишттачух вола йиш йац.

Амма уггар со Iадийнарг йу, жоьпалла ца хиларан тIегIа. Къаьсттина цхьацца зуламаш ма дацара уьш, муьлххачу тIамехь хуьлуш долу. Цуьнан декъашхоша шинна а агIора зуламаш леладо, цхьамма талораш до, нах бойъу, цхьамма нахана тIехь Iазап латтадо. ТIамо стеган уггар ирча агIонаш гучуйоху. Амма Нохчийчохь и гуттара а йолу политика хилар гуш дара. Юристаша олуш ма-хиллара, "модус операнди" (муьлхха а цхьа Iалашо кхочушйарехь стага лелош долу рогIера гIулкхаш. – Ред. билг.). ТIом баран кеп маьршачу наханна тIехь терроралла лелорца йоьзна йара йуьхьанца дуьйна. Тахана вайна Украинехь гуш дерг ду и.

Соьлжа-ГIалин административан дозанаш дIакъевлича, шортта хержамаш боцу тохарш дора маьршачу нехан ковранашна, оцу хенахь Нохчийчоь ма-дарра аьлча, дIакъевлира, цигара аравала аьтто ца луш, оцу хьоло баккъала а нах Iадийнера, и гуманитаран бохам [бара]. Республика жима ма йай. ТIом баран шатайпа кеп йара и. ТIаккха и гуттара лелош хилла йолу "зачисткаш" - цхьана йуьртахь иттанашкахь къизаллин операцеш дIахьора, хIоразза нах къайлабовлура, байъина бахархой керабора. Ас ца дуьйцу дуккха а наханна тIехь Iазапаш лелийна хилар, армех вига хан йолу берриг божарий дIабигар. Иза йара леларан шатайпалла, наггахь хуьлу хIума дацара.

И хуьлучу йукъанна цхьа статистика хIотто гIертара тхо, тIаккха гучуделира, бIеннаш тешашна хьалха лелийна хиллачу оцу зуламашкахула жоьпалле озор цхьана процентан итталгIачу декъе а ца кхочу.

Iай хиллачу тIемашкахь байъинчу маьршачу нехан декъий, эксгумаци йеш хьаладаьхна ду уьш Соьлжа-ГIаларчу керистийн кешнашкахь, 1995-чу шеран зазадоккху-беттан 31-гIа де
Iай хиллачу тIемашкахь байъинчу маьршачу нехан декъий, эксгумаци йеш хьаладаьхна ду уьш Соьлжа-ГIаларчу керистийн кешнашкахь, 1995-чу шеран зазадоккху-беттан 31-гIа де

Со хIинца а Iадийна вуьту уьш жоьпалле ца озоран тIегIано, и зуламаш ца гуш йолчу оьрсийн а, дуьненарчу йукъаралло а. Хьовсал: 2001-чу шеран чиллан-баттахь "Здоровье" олучу оьрсийн тIеман база лаьттина йолчу Ханкалана уллерчу эвлахь дукхха а нах дIабоьхкина хилар гучуделира, аьлча а, декъех йоьттина кхеллаш - уьш цхьамма лечкъош дацара, кхийсина Iоьхкура. Верриг 51 стаг вара, царах, суна хетарехь, 28 бен цIарца билгалваьлла вац. Тайп-тайпанчу хенахь оьрсийн эскархоша дIалаьцна, лечкхийна бара уьш, тIаккха тIепаза байнера, тIаьхьо церан декъий керийра. ТIаккха цхьа а реакци ца хилира.

Иштта нах дIабоьхкина меттигаш, масала, Косовехь, Босни Герцоговинехь гучуйолу, царна дуьненахь тоъал реакци йо, ас ца буьйцу Югославехь хилла болу дуьненайукъарчу трибуналан таллам, зорбанашкахь хилла резонанс, дуьненайукъара ойла йу хьехориг.

Суна дагадогIуш ма-хиллара, оцу хенахь Европан Кхеташонера цхьаъ Нохчийчохь вара, амма декъеш хьаладоьттина йолчу Соьлжа-ГIаларчу ангаре а ца кхечира уьш. Оцу субъективан леларо Iадавора. ТIаккха Путинна кхийтира, шена луург лело мегаш хилар.

– ТIаккха Нохчийчохь хуьлург шена гуш доцуш санна стенна лелара Малхбузе? Стенца доьзна дара и – Путинна хьалха ийзабаларх?

– Суна хетарехь, хIетахь Путинах цхьа а ца кхоьрура. ХIунда хуьлу-м хаац, амма шен реакцешкахь Малхбузе тIаьхьайуьссу. "Зулман импери" Советан Союз йоьхна хилар, оьрсийчуьрчу Iедале, хетарехь, демократаш, хаьржина президент а веана хилар гира царна. Цунах теша лаьара царна чIогIа. Оьрсийчоьнна дерриг магадора, ур-атталла Европан Кхеташоне йукъаийцира и озабезамаш беш. Суна хетарехь, Малхбузенно тоъал нийса мах ца хадийна Путинах хила тарлучу кхерамна.

Суна дагадогIу, [Москвара цIенош] лелхийтича тхо тхайн белхан накъосташца арарчу гIанта тIехь хиина Iаш дара, тIаккха цхьамма боху соьга: "ХIа, Дмитриевский, хIинца диъ шарахь дуьхьало латто йеза вайн". Амма оцу хенахь тхуна коьрте а ца догIура, диъ хилла ца Iаш, ткъе диъ шо цунах хирг хилар. Шен хенахь Галича [советан бард. – Ред. билг.] йаздора: "Мехкадаьттал деза дац цIий, амма мехкадаьтта вуно оьшуш ду".

– Украинехь хила аьтто баьллий хьан?

– Со тIаьххьара Украинехь вуьрхIийтталгIачу шарахь хилла. Кеп-кепарчу украинхойн бакъоларйаран организацешкахь болчу сан белхан накъосташца Донбассерчу тергам баран комиссешкахь вара со, пхийтталгIачу шарахь дуьйна, и магийна долчу хенахь. ДНР олучу меттиге дахара тхо шозза, цигара зен хиллачу нахаца, тешашца къамелдан – и цхьа тамашена зенделларг дара. Ма-дарра аьлча, хIаъ, конфликтан шинна агIора хьажа аьтто хилла сан.

Йохийна украинхойн Мариуполь
Йохийна украинхойн Мариуполь

– Нохчийчуьра а, Украинера а тIемашкахь хIун цхьанадогIурш, башхаллаш го хьуна?

– И тIеман шайн бармашца тайп-тайпана ду. Шел а гIора доцучуьнца тIом бан Iемина ма ву Путин, хIаваъеэхь долу хьал дерриг шен карахь долчу хьолехь – Нохчийчохь, Шемахь, Гуьржийчохь, амма кхузахь и вуно чIогIа йолчу дуьхьалонна тIенисвелла.

Уьш дийца волавелча со вуно цевоккху уьш вовшех тера хиларо: Бучера суьрташ, нохчийн эвлахь дIабоьхкина нах а – серашца, йа горгамашца куьйгаш тIехьа дIадихкина, коьртех тIормигаш, йа майкаш йоьхна нах.

Маьршачу наханна тIехь терроралла лелор – иза тIом баран кеп йу, суна хетарехь, декларацица билгалйаьккхина

Селхана кхетта со, 1999-хь а, 2000-чу шеран йуьххьехь а Соьлжа-ГIалин Старопромыслан кIоштахь гуттара байъина нах дагалоьцуьйту Бучо: цигахь де дийне мел дели 70 гергга стаг ма вийнера. Юристаша бохуш ма-хиллара, зуламе леларан дуккха а кепашна тIе тидам боьду. Масала, тIом баран кеп санна маьршачу наханна тIехь терроралла латтор, суна хетарехь, декларацица билгалйаьккхина ду и. Ма-дарра схьабоху цара, Украинан индустрина, тоькан станцешна тIе тохарш дар оьшу, "уьш гIорабайта, церан дуьхьало йан гIора ца хилийта". И лелийна Путинан эскаро ткъа шо хьалха.

– Нохчийчохь, Украинехь тIеман зуламаш леладе боху омранаш муьлхачу тIегIанера схьа луш дара? Иштта цхьанатайпа стенна лела эскар?

– Кхузахь дукха бахьанаш хила тарло. Цхьана агIор, зуламе лелар – иза буьйралло лелош йолу политика йу ала мега. Масала, Нохчийчохь гуттара хилла йолу "зачисткаш", къаьсттина 2001-чу, 2002-чу шерашкахь, йуьртара вукху йуьрта кхочуш лелайора уьш, дуккха а деношка дIайахлора, дуккха тIеман техника хуьлура цигахь дакъа лоцуш, тIеман зулмаш лелийначу меттигашкахь вайна буьйранчаш гора. Шеко йоцуш, политика йу и – маьршачу наханна тIехь терроралла лелор – и антипартизанан тIамна дуьхьал лелош метод йу.

ШолгIа, уггар коьрта бахьана, суна хетарехь, харц тIом беш болу муьлхха а эскар нехан латта тIехь иштта лела, меттигера бахархой шайн мостагIий болуш санна хета царна. ГIирс латторца, шайн хьелашца кхачамбацарш хилча, герзашца болчу божарийн тоба талораш а, кхин зуламаш а дан йолало.

Оьрсийчоьнан эскарх мукъайаьккхина украинхойн Буча гIала
Оьрсийчоьнан эскарх мукъайаьккхина украинхойн Буча гIала

– Аьлча а, нах бойъуш, зударий хьийзош, даьхний лечкъош лелар нийса хета царна, куьйгалло, буьйранчаша, пачхьалкхан куьйгалло шаьш сецош ца хилча?

– ХIаъ, хета дера. Амма талораш лелош долу эскар тIом бан пайденна ца хуьлу, телха. Лакхарчу буьйранчийн интересашкахь ду цунна тIехь цхьана агIор контроль латтор. Амма цхьанна бала ца хуьлу. Вайна гуш ду, эскаро нах байъарехь, хIуманаш лечкъорехь, кхин а зуламаш дарехь а кхиамаш дохучу меттехь, цара тIамехь муха [ледара] гойту шаьш.

ТIеман зуламаш лелорал совнаха, цхьаъ кIелхьараваккха гIерташ меттигаш нислора

Кхузахь ала деза, берриг нах тайп-тайпана бу, Нохчийчохь бакъхьа лелаш меттигаш нисйелира тхуна. Бажан инстинктаца лелаш долу коьрта дакъа ду, амма тIеман зуламаш лелорал совнаха, цхьаъ кIелхьараваккха гIерташ меттигаш нисло.

– Нохчех болчу муьлхачу белхан накъосташа гIо дора хьуна талламаш беш, кехаташ гулош?

– Со Далла хастам беш ву, Нохчийчохь оццул доттагIий сайна кхетарна. "Нохчийн-оьрсийн доттагIаллин йукъараллина" тIера дуьйладелира тхо Кутаев Русланаца. "Мемориалерчу" (оьрсийн Iедало 2002-чу шарахь дIакъовлийтина бакъоларйаран центр. – Ред. билг.) белхахошца инзаре дика йукъаметтигаш хилла сан, масала, тхо 1995-чу шарахь снайперийн тохаршна кIел нисделлачу хенахь тхо шен дегIаца дIакъевлина хилла волу Титиев Оюбца ("Мемориалан" нохчийн дакъан экс-куьйгалхо. – Ред. билг.), тIаьхьо йийна йолчу Эстемирова Наташица (оьрсийн бакъоларйархо, журналист. – Прим. ред.). Цхьа бутт гергга и йолчахь дехира тхо, хьеший тIелоцу петар йара и, верриг бакъоларйархо цигахь соцура.

***

Оьрсийн-нохчийн хьалхарчу тIамехь маьршачу наханна йукъахь хилла эшамаш тайп-тайпана дуьйцу. Инарлас Лебедь Александра шен хенахь дIахьедира, Нохчийчохь 80 тIера 100 эзаре кхачалц нах белла аьлла.

2005-чу шарахь Нохчийчоьнан пачхьалкхан кхеташонан куьйгалхочо Джабраилов ТIауса оьрсийн-нохчийн шина тIамехь шинне а агIонан 150-160 эзар байъинчу нахах лаьцна дуьйцура.

2005-чу шеран мангал-беттан 26-хь Нохчийчоьнан урхаллан хьалханчас Абдурахманов Дукхвахас хаамбира, 1995-чу шарахь Нохчийчоьхь ах миллион стега барамехь эшам хилла: 200 эзар вийна, 300 эзар доьза вайна бохура. Амма и терахьаш мичара девлла ца дийцира цо.

Демограф волчу Бабенышев Александрана хетарехь, оьрсий эскаро Соьлжа-ГIалина тIелатар дечу йукъанна 25-29 эзар маьрша нах байъина. Оцу гIалин берриг бахархойн терахьца дуьстича, байъинчу нехан терахь 1945-чу шарахь Берлинна тIелатар дечу хенахь байъиначул а дукха ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG