ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мобилизацих уьдурш? Хорватин дозанехь бисина Нохчийчуьра бахархой


Хорватин дозанера нохчийн мухIажарш
Хорватин дозанера нохчийн мухIажарш

ГIуран-беттан 26-чуьра схьа дуьйна Нохчийчуьра иттаннашкахь бахархой бу Боснин а, Герцеговинан а Хорватица лаьттачу дозана уллора Велика Кладуша гIали чувуллучуьра КПП пунктехь бисина. Цара дIахьедо оцу постехула дехьадовла шайн таро цахиларх. Тайп-тайпанчу лараршца, цигахь лаьтташ ву 30 тIера 60 гергга стаг. Бу царлахь Оьрсийчохь кхайкхийначу мобилизацих бевддарш а.

Доза хадон гIертачарлахь Оьрсийчоьнан паспорташ долу нах бу: Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а, кхечу регионашкара а. Царах доккхаха долу дакъа Нохчийчуьра дIадахна, шаьш бертаза Украинерчу тIаме хьийсорна кхоьруш, дийцина Кавказ.Реалии редакцига, КПП-хь дехьаваларе хьоьжучу Д.Муслима (къамелдечун дехарца цIе хийцина.- Редакцин билгалдаккхар.).

Цо бахарехь, Боснихь а, Герцеговинехь а дозанехь лаьтта дукхахболу нохчий кхаьчна цига Туркойчухула – Оьрсийчоьнан паспорташ долчарна оцу шина пачхьалкхе визанаш оьшуш йац. Ткъа Хорвати чу ца буьту виза йоцуш Оьрсийчоьнан бахархой.

"Цара 30 стаг чувитина, йоккха рагI хIоьттина, цул тIаьхьа гIуран-беттан 27-чохь Iуьйранна 9 сахьт даллалц цхьа а вацара чувоуьйтуш. ТIаккха I1 стаг чувитира, хIинца цаьргара цхьа хабар кхачаре хьоьжуш ду тхо", - боху Д. Муслима. Хорватица дозанехь лаьттачу Велика-Кладуша гIалина уллорчу КПП-хь иза лаьтташ ву гIуран-беттан 24-чу дийнахь дуьйна, оцу хенахь дуьйна сатуьйсуш Iаш ву иза шен дехьавала аьтто баларе.

Къамелдинчо дийцарехь, леррина чаташ йина доза хадон дагахь цигахь лаьттачара, цу чохь дуьйцу керлачу хаамех, иштта долийна тептар ду, рагI дIайазйеш.

Босни а, Герцеговина а, нохчийн тоба ю Хорватица дозанехь дехьаволучу меттигехь
Босни а, Герцеговина а, нохчийн тоба ю Хорватица дозанехь дехьаволучу меттигехь

"Дуккхаъчу наха арахь буьйса йаьккхира, хIунда аьлча, цигара дIабаха ца лаьара царна, кхоьрура цхь хаам шайна ца хууш тIехбаларна. Вукхара постана генахь йолчу хьешан хIусамашкахь шайн чоьтах чоьнаш лоьцура. Бераш а цхьана ду раьгIнашкахь, 15 гергга хир ду уьш. Доза хадон бакъо лун Хорватин а, шенгенан а визанаш йац нахехь", - боху Муслима.

Цигахь оццул нах хьебарх дозанхоша кхетаво, тIебаьхкинчарна кехаташ хIиттон шайн хан ца тоарца. РаьгIнашкахь мел лаьттарш дагахь бу тховкIело йеха – доккхачу декъанна Оьрсийчуьра баьхкинарш бу уьш, дуьйцу къамелдечо.

ТIамтIе кхайкхар

Свобода Радион Балканан сервисан корреспондентан хаамашца, гIуран-беттан 27-чу дийнахь Хорвати чувоьдучуьра КПП хьалха лаьтташ Нохчийчуьра 30 вахархо вара. Цара бахарехь, верриг а Великая Кладуша гIалахь бу уьш 100 гергга, отелашкахь дIатарбелла уьш, амма дийца ца лаьа муьлхачу меттигехь.

"ТIамтIе кхойкхуш кехат деана соьга. Сайн доьзалца цхьаьна араваьлла со, Украинерчу тIамтIе ца ваха", - дуьйцу редакцица къамелдечу Илеса.

Боснин а, Герцеговинан а кхерамзаллин министро Чикотич Сельмос Свобода Радион Балканан сервисна йеллачу комментарехь хаамбира, легалехь махка веана 50 стаг ву вуьйцург аьлла. Цо бахарехь, Хорватихь политикан тховкIело лоьху цара, амма цкъачунна пачхьалкхо тIелоцуш бац уьш.

"Тхуна а, Хорватин дозанхойн полицина а юкъахь цхьацца "цакхетамаш" бу", - дIахьедира министро, проблемаш луьстуш Боснин а, Герцеговинан а арахьарчу бахархойн гIуллакхаш луьсту хьукмат ю аьлла, тIе а тухуш.

Чикотичан дешнашца, цкъачунна дуьйцурш "контролехь латталун терахьаш" ду.

Хорватин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь хаамбира Свобода Радион Балканан сервисе, дозанхойн посте кхочучу хIора стеган таро ю шен кехат дIа а гайтина, тховкIело йеха, йа ша Iалашвар деха.

"Иштта процедура ю лелош, оцу КПП-на герга а богIучу Оьрсийчоьнан бахархошца а цхьана. Дуьнене ша Iалашвар доьхучу цхьанна а хIинццалц схьа Хорватино дуьхьало йина йац", - аьлла ду урхаллин жоьпехь.

"Оьрсийчоьнан къаьстинчу нахана а, къаьстинчу конфессишна а бен тховкIело луш йац боху инсинуациш оха бакъйеш йац", - билгалдоккху кехата тIехь.

Дуьненан юкъаралле шаьш Iалашдар доьхучу Оьрсийчоьнан бахархойн терахь лакхадаларх дIахьедира Хорватин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь. Оцу юкъанна урхалло тIе ца дуьту, Хорватица доза хадон цхьахйолу пункт оцу бахьанашца дIакъевлина, йа къовлур ю бохург. Иштта билгалдоккху, пачхьалкхан Iедалхоша дуьхьало йийр йац "тховкIело йа дуьнеан юкъараллин Iалашвар деха таро йаларна".

"ХIора муьрехь дуьхьалонаш Iиттало нахах"

Лахьан-беттан юьххьехь Хорватихь лецира масех иттаннашкахь Нохчийчуьра бахархой – цара латкъамаш бора тховкIело йеха чуделла кехаташ юхаоьцуш бертаза куьйгаш йаздайта гIиртинера шайга аьлла. Кавказ.Реалиина "Европерчу нохчийн ассамблейн" векало Дадуев Iийсас ма-дийццара, лецнарш Оьрсийчуьра Балканашкахула сехьа а буьйлуш, транзитца Хорвати баьхкинера, шайн дагахь Европан кхечу мехкашка дIабаха. ХIетахь зорбанашкахь хаамаш баьржича Хорватин омбудсмено Шимонович-Айнвальтер Тенас дIахьедира, Нохчийчуьра бахархой лецар а, уьш пачхьалкхера арабаха Iалашо а бух болуш юй хьожур ю ша аьлла. Иштта хьолан тергойира Хорватин бакъонашларйархоша а.

ХIора муьрехь нах Iиттало цхьацца проблемашца а, дуьхьалонашца а, оцу доллучух а халла кIелхьарабуьйлу уьш

Оцу юкъанна, даймахкахь тIекхойкхуш кехаташ кхаьчначул тIаьхьа Хорватихула ведда хилла ши нохчо ву Австрерчу депортацин набахтехь латтош. Хорвати уьш юхабига хьийза – цигара юханехьа Оьрсийчу дIахьажо куц ду и шиъ.

РогIера мухIажарийн тулгIе – мобилизацина тIехула йа шайна тIаьхьабовларх къаьхкина нах бу аьлла, дIахьедира иштта Францихь вехачу нохчийн юкъаралхочо Албаков Шемала а.

"ТховкIело йеха гIертачу оцу нахана гIодар доьхуш дуккха а дехарш кхочу тхоьга. Беларуссин, Польшин дозанера дIадоладелла хIума ду хIара, цул тIаьхьа Хорватихь хилла хьал, хIинца Боснихь, Герцеговинехь. ХIора муьрехь нах Iитталора кеп-кепарчу дуьхьалонашца а, проблемашца а, оцу доллучух а халла кIелхьарабуьйлу уьш", - кхин дIа дийцира къамелдечо.

Цо дийцарехь, дозанашкахь царна гIо до нохчийн "Вайфонд" бакъонашларйаран ассоциацино а, "Европера нохчийн Ассамблейно" а.

Албаковс дагалоьцу, Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал болийна тIом бола а балале хьалха, Боснихь а, Герцеговинехь а депортаци йира масех Нохчийчуьра вахархочунна Оьрсийчоьно Интерполехула динчу дехарца бохуш.

"Интерполехула лоьхучу системе мел а дуккха а нохчий боху Оьрсийчоьно -Европе кхача гIерта стаг миччахь нислахь а, нагахь санна, иза лаьцна адвокатийн ницкъ ца кхочий цунна гIо дан, тIаккха Оьрсийчу дIахьажаво иза. Иштта дара тIом балале хьалха, хIинца стагана депортаци йан дуккхаъчу пачхьалкхийн техникан таронаш готта ю – Оьрсийчу лелаш кеманаш дац", - боху цо.

ХIинцалерачу хьоло юха а гайтина, мел хала ду Оьрсийчуьра дIаоьхучу нохчийн къомана а, кхечу кавказхошна а, хIунда аьлча, Европехь "кхеташ бац, тIамтIе баха оцу нахана лууш цахиларх", тIетуху къамелдечо.

"Тхуна юха а дуьхьало йина".

Кху шеран гезгамашин-баттахь Оьрсийчуьра а, Украинера а, Беларусера а, ГIиргIазойчуьра а, Казахстанера а, Германира а, Австрира а бакъонашларйархойн тобано Интерполе кехат дахьийтира, политикан бахьанашца Оьрсийчохь а, кхечу пачхьалкхашкахь а лоьцучу нехан проблема йерзайе аьлла. Документана куьйгашйаздинчарлахь ю – мухIажаршна а, мигранташна а гIо латточу "Гражданское содействие" фондан куьйгалхо Ганнушкина Светлана.

"Шеконашца хьуьйсу Къилбаседа Кавказерчу бахархошка [Европехь]- цу тIе божаршка хьийсина ца Iаш, гергарчарех йа доьзалехь латтийначу Iазапех къайлабевллачу зударшна а цхьана йо депортаци. Тхуна масех меттиг хаьа, Европано депортаци йина зударий шайн берашца Оьрсийчохь лачкъа дезна. Ишттаниг магийта йиш йоцург ду", - боху бакъонашларйархочо.

Масалш ду, нахана депорт йеш, Оьрсийчоьнан кхечу регионехь Iен а мегар ду олий, ткъа иштачу хьелашкахь Нохчийчоьнан Iедалхой тIаьхьабовлу царна, дуьйцу цо.

ХIун эр ду ас, суна ишта дика гуш ду, и нах юхабахийта мегар дац

"Адамаллица дац и. Денна бохург санна кехаташ йаздо ас, шайн маршо а, дахар а Iалашдан луучу оцу нахана тIехIуьттуш кехаташ. Кест-кеста бехкаш дохку тхуна, оха и кехаташ, цхьаннан дийцарш тIехь йаздеш ду бохуш, ткъа оха, цкъа делахь, талламаш бо, тхан дуккха а уьйраш йисина, шолгIа делахь, оха дог оьцуш кехаташ йаздечарех цхьаммо оьзда доцург шегара далийтинехь, тIаккха мегар дара тхоьгара бехк баккха. Къилбаседа Кавказера тхоьга орца доьхучаьрца дискриминаци лелор аьттехьа а магийта мегар дац", - тешна ю Ганнушкина.

Цо дийцарехь, кху шарахь къаьсттина дукха бу цаьрга юх-юха кехаташ йаздийраш: "ХIинццалц схьа оха доьхучарна комаьрша тховкIео йеллехь а, хIинца дуьхьалонаш дукха йо: "Тхуна дуьхьало йина, кхин а даийтахаьа". Ас хIун эр ду, суна иштта дукха дика гуш ма ду, оцу нахана депорт йан мегар дац. Оьрсийчу дIахьажийначара муьлхха а бехк тIелоцур ма бу. "Кхолламаш" аьллачу тхан гулдарехь дуккха а ду оцу тайпа масалш".

Хорватица дозанехь лаьттачу Нохчийчоьнан бахархоша бахарехь, зорбанашкахь шайн хьолана тидам тIеоьзначул тIаьхьа, церан аьтто хилира КПП-н пунктехула чекхбовла а, тховкIело йоьхуш кехаташ чудала а.

  • Хьалхо хааме даьккхира, Интерполон комиссино дуьненаюкъарчу лехамашкара ваккхарх Дагестанера цхьаъ, Нохчийчуьра шиъ вахархо, Оьрсийчоьно уьш бехкебинера низамехь йоцу герзашца вовшахтоьхначу тобанашлахь дакъалацарна, - Евробертехь а, Британихь а йелла мухIажарийн статусаш йара церан.
  • Украинехь тIом болабелчхьана дукха а меттигаш бу Европан пачхьалкхашкара нохчашна депортаци йина. Доккхачу декъанна, Оьрсийчоьнан паспорташ долу Къилбаседа Кавказан бахархоша кест-кеста латкъамаш бо къоман а, динан а билгалонца Румынин миграцин хьукмато дискриминаци лелайо шайца бохуш. Бакъонашларйархойн лаларшца, къаьсттина хьакхало иза нохчех: царна депортаци йо, йа лоьцу, официалехь къайлахчу сервисийн лехамашкахь уьш бацахь а, транзитца Румынихула чекхбовлуш хиллехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG