ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчоьнан хиллачу президентана Саакашвилина гIо лоцуш акци хIоттийна Европерчу нохчийн диаспоро


Гуьржийчоьнан хиллачу президентана Саакашвили Михаилна гIо лоцуш хIоттийначу акцехь, Франци, 2022-чу шеран дечкен-беттан 4-хь
Гуьржийчоьнан хиллачу президентана Саакашвили Михаилна гIо лоцуш хIоттийначу акцехь, Франци, 2022-чу шеран дечкен-беттан 4-хь

Чувоьллина латтош волчу Гуьржийчоьнан хиллачу президентана Саакашвили Михаилна гIо лоцуш Къобалйанзачу Нохчийн Ичкери республикан агIончаша акци дIайаьхьира. Швейцарера, Австрера, Германера, Францера гуьржийн диаспораша хIиттийначу митингашкахь, пикеташкахь дакъалецира жигархоша.

Саакашвилина гIо лоцуш акцина анонс йира гуьржийн оппозицин "Единое национальное движение" партино. Экс-президентан агIончаш шайн махкахь а, дозанал арахьа а гуттара митингашка арабовлу, арахьарчу клинике дехьаваккха шайн хьалханча, бохуш. "Эхо Кавказа" сайто тахана хиллачу акцешкахь даьхна суьрташ гайтира.

Страсбургерчу Гуьржийчоьнан векалтна хьалха хIиттийначу пикетийн декъашхошкахь Гуьржийчоьнан, Украинан, Ичкерин байракхаш а, Саакашвили маьршаваккха бохуш плакат а дара. Францера Ичкерин векал, нохчийн йукъараллин жигархо Албаков Шемал тIекхийтира царна.

"Шарахь сов Гуьржийчохь набахтехь латтош волчу Саакашвили Михаилан хьолах вуно саготта ду тхо. Сихха иза маьршаваларе догдоху оха… ООН-хь цо дина дIахьедарш дагадогIу тхуна, цо цигахь тхан къомо шайн маршонна дуьхьа лелийна къийсам хьахийра дозаллица, тхан турпалхочун Бенойн Босхаран цIе а йаьккхира… Амма оьрсийн дахаран ницкъаш йукъагIоьртира, хIинца Гуьржийчоь шайн ирчачу дуьнене дIатекхош йу цара… Цуьнан тIаьхьалонаш тахана а гуш йу вайна", - дIахьедина митингехь Албаковс.

Оьрсийчоь Украине чугIортар официалерчу Тбилисино йемал ца дар, Евробертана йукъаэцаран кандидат йолчара пачхьалкх дIайаккхар, Гуьржийчоьно бахьанаш ца дуьйцуш шайн пачхьалкхе Украинерчу тIамах бевдда болу болчу Къилбаседа Кавказерчу мухIажаршна дуьхьал дозанашкахь дискриминаци лелор а, - йагарйина цо ша йуьйцу тIаьхьалонаш.

Швейцарерчу Бернехь 40 гергга стаг дакъалаьцна Саакашвилина леринчу митингехь, дIахьедина Кавказ.Реалиин корреспонденте акцин кхоллархочо, Ичкерин векало Мамишов Лачина.

Австрерчу Венехь митинг дечкен-беттан 4-чу сарахь хир йу Гуьржийчоьнан векалтна хьалха. Нохчийн диаспоран жигархоша а цигахь дакъалоцур ду, дийцина Кавказ.Реалиин сайте Ичкерин Австрерчу векало Дунаева Розас. "Оха акцехь дакъалоцу, цунна гIо лацархьама а, набахтин системехь низамаш хедорна духьала а", - дIахьедина жигархочо.

  • 2004-2013-чу шерашкахь вара Саакашвили Михаил Гуьржийчоьнан президент, дарж ша охьадиллича, пачхьалкхера дIавахара иза. Масех бехктакхаман гIуллакхехула лоьхура Сакашвили, амма цо ша уьш политикан бух болуш ду элира. 2015-чу шарахь Одессин кIоштан администрацин хьалханча, Украинан президентан Порошенко Петран хьехамча а вара иза. 2017-чу шарахь Украинан вахархочун бакъонех ваьккхира, пачхьалкхера ара а ваьккхира, Украинан керлачу президента Зеленский Владимира йухайелира цунна пачхьалкхехь ваха бакъо 2019-чу шеран стигалкъекъа-баттахь.
  • 2021-чу шарахь Саакашвили Гуьржийчу веара, цигахь дIалецира и. Ша чохь латточу йукъанна политико мацаалаш кхайкхийра, цуьнан могушалла чIогIа телхира. Шен таронел сов ваьлла аьлла артиклехула йалх шо тоьхнера экс-президентана. Стигалкъекъа-баттахь маьршачу нехан клинике дехьаваьккхира иза. 2022-чу шеран лахьан-баттахь адвоката Хачапуридзе Шалвас дIахьедира, 30 сов кеп-кепара цамгарш гучуйевлла цуьнан аьлла.
  • Оьрсийчоьнан бахархой шайн пачхьалкхе чубахкарх саготта хилар хаийтина "Единое национальное движение" партехь. Украинера тIом болабелча Гуьржийчу 122 эзар сов Оьрсийчоьнан бахархой баьхкира.
  • Де хьалха Австрин коьртачу гIалахь Венехь Хорватин векалтна хьалха митинг хIоттийна, Оьрсийчохь мобилизаци а йина, Украинерчу тIаме хьовсорах уьдучу нохчийн мухIажаршна экстрадицеш йарна дуьхьал. Нохчийн диаспоран векалша кечбина и барам.
  • Нохчийчохь хьалхара тIом балабелла рогIера шо кхачарна лерина – 1994-чу шеран гIуран-беттан 11-чохь Оьрсийчоьнан эскарш дуьххьара чудаьхкира Москвах дIакъаста луучу республике - гIуран-беттан 10-11-чохь акциш дIаяьхьира Францихь, Австрихь, Германихь, иштта кхинйолчу Европан гIаланашкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG