ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоьнан маршонан агIончийн съезд хилла Туркойчохь. Шайн вовшахтохаралла кхолларх дIахьедина цара


ГIалгIайчоь маьрша хила луучара Истанбулехь вовшахтоьхначу съездан декъашхо. Дечкен-беттан 7-гIа, 2023 шо
ГIалгIайчоь маьрша хила луучара Истанбулехь вовшахтоьхначу съездан декъашхо. Дечкен-беттан 7-гIа, 2023 шо

Дечкен-беттан 7-чохь Истамбулехь дIайаьхьна ГIалгIайчоьнан маршонехьа болчийн съезд, цигахь дIахьедина ГIалгIайн Йозуш цахиларан Комитет кхолларх.

Комитетан векалийн хаамца а догIуш, вовшахтохараллина юкъа бахна гIалгIайн бозуш боцу юкъараллин а, политикан а гIуллакхдархой а, жигархой а. Оцу юкъанна организаторша билгалдоккху, политикан парти йац иза, йа "юкъараллехь цхьа къаьстинчу могIарехь хила гIерташ а йац" аьлла.

Комитетан Iалашонашлахь – гIалгIайн юкъараллин маршонех, суверенитетах йолчу идейшна гонах вовшахтохар а, динан идентификалла, а йозуш йоцу ГIалгIайн пачхьалкха кхолла бух кечбар, иштта "юха а къам Iеха ца дайтар а, цунна тIехь ницкъ ца байтар а" ду.

"Куьйгалла къастийна, кхерамзалла Iалашйархьама декъашхойн цIераш цкъачунна йовзуьйтуш йац. Вежараллин буха тIехь цхаьна болхбар ду, тарло цхьайолчу кавказхойн диаспорашца а бан", - хаамбина Кавказ.Реалиин сайте Комитетан пресс-гIуллакххоша.

Кху муьрехь вовшахтохаралло дIахьур бу юкъараллин, политикан, информацин болх, тIетоьхна къамелдечо.

Доккхачу декъанна, Истанбулехь дIайаьхьначу съездехь ладуьйгIира ГIалгIайчуьра юкъараллин-политикан, социалан-экономикан хьолах рапорташка, декъашхоша оккупаци йина доза лелира иза. "Маьршачу ГIалгIайн къоман политикан позици къаьсташ билгалйаккха эшарх" резолюци тIеийцира.

ГIалгIайчоь йозуш йоцуш хила луучийн вовшахтохараллез лаьцна комментарий йира Украинан Лакхарчу радин депутато, хьалхо Ичкерин маршо къобалйинчу Гончаренко Алексейс: "Суверенитетан некъа тIехь ю ГIалгIайчоь! ЧIогIа мехала истори ю", - яздина цо."

  • Товбеца-беттан 20-чохь Лакхарчу Радехь кхоьллира "Маьршачу Кавказехьа" депутатийн тоба. Цуьнан декъехь вара юьхьанца урхалла дечу партин а, оппозицин партин а цIарах итт депутат. Стигалкъекъа-баттахь Гончаренкос хьйихира, чергазийн геноцид а, Ичкерин маршо а къобалйар.
  • ГIадужу-беттан 18-чохь Нохчийчоьнан Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина территори лоруш, "нохчийн къомана дина геноцид" емалдеш, сацам тIеийцира Украинан Лакхарчу Радехь. Оцу сацамехьа кхаьжнаш тесира цигахь хиллачу 287 депутато. Сацаман цхьахволу автор вара Гончаренко.
  • ГIадужу-бутт бовш Iойрат-гIалмакхойн халкъан Конгрессо тIеийцира "Кхарачойн Республикан пачхьалкхан суверенитетах" деклараци. ХIара дуьххьара бина кхайкхам бац Украинехь тIом болабелчхьана Оьрсийчоьнан Федерацин къаьмнийн субъекташка шайн харжам байта кхойкху: Варшавехь, Прагехь, Гданьскехь дIайаьхьира Оьрсийчуьра маьршачу къаьмнийн Форумаш, ткъа Киевехь гулбеллера "Кремлан рожо хьийзон" къаьмнийн векалш.
  • Европера нохчийн диаспорийн векалша, Ичкери маьрша хила луучу агIончаша къаьстина ши съезд дIаяьхьира. Лахьан-беттан 25-чохь а, 26-чохь Францихь хIоттийначу гуламна хьалха вара "Толам" боламан хьалханча Сулейманов Джамбулат. Де даьлча Бельгехь хилира къобалйазчу Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада вовшахтоьхна конференци. Диаспорийн шина лидеран политикан къовсам санна хилира и ши съезд: цхьаболчу бараман декъашхоша лечкъа а ца деш дIахьедира Ичкерин агIончаш шина декъе бекъабаларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG