ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь байина дагестанхой: Европан кхело компенсацеш хIиттийна церан гергарчарна


Дагестанера 8 стаг вуьйш, хила тарлун спецопераци йирзинчул тIаьхьа, Нохчийчоь, 2016-чу шеран гIадужу-бутт. ЧГТРК "Грозный" ютьюб-каналан видео тIера йаьккхина скриншот
Дагестанера 8 стаг вуьйш, хила тарлун спецопераци йирзинчул тIаьхьа, Нохчийчоь, 2016-чу шеран гIадужу-бутт. ЧГТРК "Грозный" ютьюб-каналан видео тIера йаьккхина скриншот

Дагестанера бархI вахархо лачкъор а, вер а толлуш къепе йохийна хилар бакъдина адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхело. ТIемалой хила тарло аьлла, тоьпаш тоьхнера царна Нохчийчохь 2016-чу шеран гурахь.

Дечкен-беттан 10-чохь ЕСПЧ-кхело теллира "Гасанова а, кхинберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" аьлла гIуллакх, тIечIагIдира, бакъоларйаран органаша тоьшалла ца дина байина Хасав-Юьртара бахархой тIемалой хиларх а, уьш ницкъахошна тIелатарх а. Кхелана хетарехь, царна тIе герзаш тоха дезаш дацара, ткъа "Iедалхойн гIуллакх Iалашоне эцар, цунна тIехь тергойар, операци дIайахьар тоаме дара ца бойуш бита" белларш.

Эххар а ЕСПЧ-кхело компенсаци хIоттийна байинчийн 27 гергарчунна 609 эзар евро. Оьрсийчоьнан соьме диллича 45 миллион сом хуьлу иза.

Цкъа хьалха байнарш, цул тIаьхьа бехкебинарш

2016-чу шеран гезгамашин-беттан 27-чохь Магомедов Ислам, Узданов Гашим, Махаев Пахруддин, Джамалутдинов Шемал Манасера Каспийске ваха новкъаваьллера. Шаьш кеста дIакхочу аьлла, шайн доттагIашка хаам бинера цара, амма царна тIе ца кхечира. Церан гергарчара дIахаийтира ХIинжа-гIаларчу Советский кIоштан полицин декъе. ТIаьхьо церан телефонан детализаци йича гучуделира: уьш къайлабовлучу дийнахь церан телефонаш МВД-н экстремизмана дуьхьало латточу Центран гIишлонна уллохь хилар.

КIира даьллачу хенахь Хасав-Юьртара машенаш тойечу станцира лачкъийра Госенов Госен, Джамалутдинов Камиль, цуьнан ваша Шемал а (вукху вайначун йоллу цIе лелош волу.- Редакцин билгалдаккхар.), Клычев Клыч а. СТО-н белхахоша дийцарехь, Iаьржа Toyota Land Cruiser машенахь веанчу веа стага дIабигинера уьш.

Масех де даьллачул тIаьхьа байначийн бIе хиллал гергга гергара нах гулбелира ХIинжа-ГIаларчу коьртачу майданахь, Iедалхошкара жоп доьхуш. Полицино юкъахйаькхкира Iедалхошкара пурба доцуш хIоттийна акци, делахь а, митинге бевллачарна дуьхьал велира мехкан вице-премьер Джафаров Рамазан. Полицино дIахьедира лечкъийнарш "шайгахь бац" аьлла, тIаккха гергарчара дIахаийтира Оьрсийчоьнан Талламан комитете. ГIадужу-беттан 7-чохь – официалехь "тийсадаларш" хила де дисинчу хенахь- урхалло бехкзуламан гIуллакх айдира бархI дагестанхо лачкъорца доьзна.

2016-чу шеран гIадужу-беттан 9-чу буча, МВД-н версица а догIуш, Герзельна а, Энгель-Юьртана а юккъехь нохчийн полисхой гIоьртинера талламбан ВАЗ-2107 а, ВАЗ-2114 а машенаш совцон, амма машенлелорхой а, цу чуьра пассажираш а автоматаш йетта буьйлабелира, граната а кхусуш. Веа ницкъахочунна чевнаш йинера, ткъа "тIемалойн" машенаш" йерриг а яьгнера. Цу чохь хиллачийн цIераш йовза ийшира ДНК-экспертиза йан.

ШолгIачу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцира хиллачух: тоьпаш тоьхнарш диверсеш йан кечлуш хиллера, иштта Оьрсийчоьнан парламенте харжамашкахь а. Ницкъахошна хууш дара церан Iалашонех, уьш чубогIур буй а хууш дара царна. Политико хаамбира: байинчарлахь федералан лехамашкахь хилла "Нохчийчоьнан аренца эмир" хилла Демильханов Iела а вара аьлла.

Иза верах нохчийн ницкъахоша масийттаза бинера хаамаш: 2012-чу шарахь Нохчийчуьра МВД-но дIакхайкхийра Соьлжа-ГIаларчу Октябрьскан кIоштара "Военторг" туькана чу воьдучу хенахь ша шен эккхийтар динарг Демильханов вара аьлла. 2015-чу шарахь иза лаца гIоьртинера Хасав-Юьртахь, ши полисхо лазийна къайлаваьлла иза бохура.

2016-чу шарахь, иза вийна аьлла Кадыровс хаам бинчул тIаьхьа, 2017-чу шарахь Курскан кIоштахь оьрсийн-украинхойн дозанех чекхбевллачу нохчашлахь хьахийра Демильханов украинхойн журналисто Бутусов Юрийс.

Европан кхело хьесап дина дагестанхой байарна "пачхьалкхан агенташ" (ЕСПЧ-н сацамашкахь иштта олу къоман бакъоларйаран органийн белхахойх.-Редакцин билгалдаккхар.) гунахь хилар а, царна дуьхьал ницкъбаккха оьшуш цахилар а, амма духе кхиа ца гIиртина уьш лачкъорна, билгалдоккху оцу гIуллакхехула талламбеш а, ЕСПЧ – кхеле арз кечдеш дакъалаьцначу адвокато Исаев Шемала.

ВорхI сов автомат

2020-шарахь Дагестанан бархI вахархо бехкелерира кхело мел дехкинчу бехкашна, амма уьш байина хиларна бехктакхаман гIуллакх сацийра.

Оьрсийчоьнан кхелашкахь байинчу дагестанхойн доьзалийн интересаш Iалашйечу адвокатана Сабинин Андрейна хетачунна тIехь 2021-чу шеран лахьан-баттахь Сочира КхозлагIчу апелляцин кхело юхабаьккхира Нохчийчуьра Лакхарчу кхело бина сацам. Тешийн а, зенаш хиллачийн а дийцарш бIостане хиларан тергойира адвокато.

Цара бахарехь, доккхачу декъанна хьалха йогIучу ВАЗ-2107 машенна диттинера герзаш. Оццу хеначохь машена тIехь хилла 23 даьндарган талхор, ткъа "йейттолгIачунна" тIехь – 113. Хеттарш дечу хенахь ницкъахоша чIагIдора, охьа а дийшина, герзаш диттира шаьш бохуш, ткъа экспертизо гучудаьккхира, даьндарган Iуьргаш адаман дегIан локхаллера дина ду, билгалдоккху адвокато.

Сабинина иштта дийцина Кавказ.Реалиин редакцига, полисхоша Эльмурзаевс а, Долгуевс а, Джамалдаевс а хеттарш дечу хенахь чIагIонаш йора, шаьш герзаш машенашна тIе диттинера бохуш, амма оцу меттигехь карийна цхьа патармийн чкъуьйриг йац церан табелан герзачура арахецна.

Цо билгалдоккху: талламан версица, "тIемалоша" граната эккхийтина, оцу юкъанна "семерка" машена тIехь цхьа а лар йац йисина, ткъа зенаш хилла бохучу полисхочун бедарш тIехь а йац эккхийтаран лар.

Цул совнах, ницкъахойн дахарна тIекхоьвдинера аьлла жоьпалла довзийтина а дац, хIунда аьлча, бархI вийначу дагестанхочунна кхачош машенашна уллохь карийна ялх герз ду, чIагIдо Сабинина.

"Цхьана экспертизо тIе ца чIагIдина хьенан ю ворхI автомат а, оцу меттигехь карийна гильзаш а. И герз гIуллакха юкъахь доцуш ду. Амма нисло, зенаш хиллачара а, тешаша а аьшпаш бутту: уьш боцурш а "тIемаш хиллачу" меттигехь ворхI шайца герзаш долу стаг хилла, цара 132-зза герз диттина",- дийцина Кавказ.Реалии редакцина йеллачу интервьюхь Сабинина.

Эххар а гIулулакх юха а листа Соьлжа-ГIаларчу Лакхарчу кхеле юхаделира. 2022-чу шеран дечкен-баттера схьа 40 кхеташо хилла цигахь, амма тешаш цабахкарна царех ах дIатиттира.

Адвоктао Исаев Шемала дийцарехь, адамийн бакъонех лаьттачу Конвенци юккъера Оьрсийчоь арайаьллачул тIаьхьа цунна Iаткъамбар нислуш дац.

"Нагахь санна суьдхочо [гIуллакх юхалуьстучу хенахь] байинчийн доьзалийн бакъонаш юхаметтахIиттон йеза аьлла лорий, цо и дийр ду. Ца лорий, хийцалур долуш хIуммаъ дац", - дерзийра адвокато.

ТIаьххьара дегайовхо

"Тхайх тешначарна хьалха декхарш дуьсу тхан, цундела "Правовая инициатива" саццанза болх беш ю церан интересаш йовзуьйтуш, ЕСПЧ-н юрисдикцира пачхьалкх арайаьллачул тIаьхьа а", -кхетийра Кавказ.Реалии Европан кхелан сацамаш кхочушбайтарна тIехь терго латточу "Правовая инициатива" организацин адвокато Аветисян Григора.

Юристо билгалдоккху, адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхелан сацамаш кхочуш цабахарх стохка тIеэцна низаман кепаш кхеташ, къаьстина йац. Оцу юкъанна ЕСПЧ-кхело шаьш кийча ду аьлла, конвенцин агIо йолчуьра Оьрсийчоь дIайаьлла 2022-чу шеран гезгамашин-беттан 16-чу дийне кхаччалц шайга кхаьчна низамаш дохорца боьзна латкъамаш листа.

"Латкъамаш бечарна Европан Кхеташонан механизм тIаьххьара дегайовхо йара, къоман тIегIанехь нийсо карон ницкъ ца тоьъча", - билгалдоккху адвокато.

Аветисяна тIетуьйхира иштта, "Правовая инициатива" тобано луьстучу доллу гIуллакхашлахь Къилбаседа Кавказан регионашкара гIулакхаш "Iаламат дукха ду".

  • Зазадокху-беттан 16-чохь Европан Кхеташонна юкъара йаьккхира Оьрсийчоь Украинана тIамца тIелатарна. Цунна дуьхьал Москвано сацамбира, оцу дийнахь дуьйна ЕСПЧ-н тIедахкарш кхочуш ца дан. Низамна куьгйаздира Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира марсхьокху-беттан 11-чохь.
  • ЕСПЧ-кхеле кхачон латкъамаш алсам хиларца хьалхарчу меттигехь йара Оьрсийчоь. Доллу дIахьедаршлахь 25,2 процент хуьлура цигара. ШолгIачу меттигехь Туркойчоь (I5,5%), кхозлагIчу меттигехь – Украина (14,8%).
  • Украинхойн экспертийн "Сова" тобанан а, иштта адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориалан" а бакъонашларйархоша дийцира Кавказ.Реалиига, дуккхаъчу "террорхойн" гIуллакхашна шаьш тIе дуьтуш дац, цундела дохку бехкаш бух болуш дуй хьовса таро ца хуьлу шайн аьлла. Ткъа информаци шайн каракхаьчча, гучудолу дуккха а низамаш талхийна а, фальсификацеш лелийна а меттигаш.
  • Европехь политикан тховкIело йеллачу Дагестанерчу УФСБ-н хиллачу белхахочо дийцира Кавказ.Реалиин сайтана йеллачу интервьюхь, Дагестанехь "терроран" гIуллакхаш муха дуьхьал доху.
  • 2016-чу шеран марсхьокху-баттахь Дагестанерчу Шемалан кIоштахь полисхоша герз тоьхнера вежаршна, шина Iуьнна Гасангусейнов Набина а, Гасангусейнна а. Церан дега-нене дIахьедира, вийна шиъ террорхо хиллера аьлла. Ялх шо даьллачул тIаьхьа шина Iуьнан ден аьтто белира, Наби а, Гасангусейн а террорхошца уьйраш йолуш ца хиллий тIечIагIдан, делахь а, и шиъ верна бехкеволу цхьа а жоьпалле озийна вац тахана а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG