ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Паччахьан берашна совгIат? Кадыровн кемана тIехь Мальдивашка мила вахна


Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кIант Адам, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан ТАСС агенталлин сурт
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кIант Адам, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан ТАСС агенталлин сурт

Хетарехь, Кадыров Рамзан дIасалела RA-73417 бортан номер йолу долара кема юха а нисделла радарашкахь. Чиллан-беттан юьххьехь Мальдивашкахь хааделла иза, Таиландан а, Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмиратийн а хийистошкахь. Оццу деношкахь цигахь тергалбира Нохчийчоьнан куьйгалхочун воIарий. Ша хьаькамо тIе ца дуьту, республикера ша араваьллера бохург, чIагIдо шен кема дац бохуш а. Шен бераш курорташка лестарх йеш комментарий йац цо. Кавказ.Реалиин корреспонденто къастийра оцу историх лаьцна дерг.

Кеманаш дIасалеларна тIехь терго латточу Radarbox сайтан хаамашца, чиллан-беттан 2-чохь RA-73417 кема Москвара гIаьттина Мальдивийн Мали шахьара кхечира, де-буьйса даьлча Оьрсийчу юхадеара, ткъа чиллан-беттан 5-чохь юха а гIайрешка дахара. ШолгIачу дийнахь иза хааделира Пхукетана уллохь, ткъа чиллан-беттан 7-чохь – Дубайхь.

Airbus ACJ319 бизнес-кема чуьра
Airbus ACJ319 бизнес-кема чуьра

"Цхьана дечкен-чиллан а баттахь Кадыровс Нохчийчоьнал арахьа мел кIезиг а ши кIира даьккхина. Шеран юьххьехь Airbus ACJ319 кема Дубайхь хилира – хIетахь Кадыровс камерашна хьалха ца гайтира ша, ткъа "Грозный" телеканало социалан машанашкара цуьнан посташ йалайора", - чIагIдора шен мини-талламехь "Можем объяснить" телеграм-канало

Дечкен-беттан 12-чуьра чиллан-беттан хьалхарчу дийне кхаччалц Нохчийчоьнан куьйгалхочун мукъа хан йара. И чекхйаьлча Кадыровс видео зорбане хIоттийра Соьлжа-ГIалахь шен белхах лаьцна, юха а дIавайра иза масех денна.

RA-73417 борт "кхаьчначу" чиллан-беттан хьалхарчу кIиранах Таиландехь вара Кадыровн 16 шо долу кIант Эли. Цигахь Iаморашкахь вара иза нохчийн спортхочуьнца, Шведин вахархочуьнца Чимаев Хьамзатаца. Кема Дубайхь долчу хенахь Чимаевс инстаграм-сторисехь ши сурт хIоттийра: цхьаъ меттигерчу пляжера, шолгIаниг – Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIант Кадыров Адам маравоьллина.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун декларацина а, баккъал долчунна а юкъахь даккхий цхьанацадараш ду

Кадыров йа цуьнан доьзалхой кеманца курорте бахана хила тарло аьлла, зорбанан гIирсашкахь хаам баьржинчул тIаьхьа Нохчийчоьнан урхалхочо видео дIайазйира Соьлжа-ГIаларчу шен резиденцира: "ТIаьххьарчу заманчохь со цкъа а цхьана а метте вахна вац. Со сайн цIахь ву. Сан кеманаш дац, сан вертолеташ дац. Машенаш ю. Дитийша тхо паргIат".

Нохчийчоьнан куьйгалхочо чIагIдарехь, и дIайазймна чиллан-беттан 7-чохь, аьлча а, курорташкахь кема хиллачул тIаьхьа. Шен воIарий дIасалелла хир бу бохучух лаьцна комментарий ца йира Кадыровс.

Къайлайаьхна активаш

Кадыровн доларчу кеманах лаьцначу информацихь дуккха а кхачамбацарш ду, цуьнан бакъонца мах хадон, билгалдаьккхира Кавказ.Реалии редакцин корреспондентаца къамел динчу Transparency International дуьненаюкъарчу организацин Оьрсийчуьра декъан куьйгалхочо Шуманов Ильяс.

"Чартеран рейсаш совгIат хила а тарло – долахочо, ханна [кема] лоцучо санна луш. ТIаккха къастон деза, хьан охьабуьллу оццул беза дIасалела мах. Иштта карарчу хенахь юридикан тIечIагIдарш дац, кеманах пайдаоьцург веккъа цхьа Кадыров ву аьлла. Цуьнан гонерчу цхьанна, йа дуккхаъчу цуьнан гергарчех волчунна тIейаздина хила тарло", - кхин дIа дуьйцу къамелдечо.

I

арбойн дуьне – уггар а эвсара меттиг бу активашна трансфер йан, иштта нохчийн элитана а

Вукху агIор, тидамбо Шумановс, тIечIагIдина ду, официалан декларацихь Кадыровс шен дуккха а активаш билгалйохуш цахилар. Масала, Iарбойн шейхаша шена луш долу деза совгIаташ, люксан машенаш, йа говрашхахкарехь доху ахчанаш – дуьйцург ду тIаьххьарчу шерашкахь даьккхина мел лахара а 100 миллион сом. Бац деклараци тIехь бина говрех лаьцна хаам а, бIенашкахь эзар евро ду церан мехаш.

"Вайна гуш ду, Нохчийчоьнан куьйгалхочун декларацина а, баккъал долчунна а юкъахь даккхий цхьанацадараш хилар, цу тIе Кадыровс къайла а ца хьо иза, мелхо а малхбаленан хьал санна дIаоьхьу цо", - боху Шумановс.

RA-73417 бортан Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташка кхачарх лаьцна дуьйцуш, къамелдечо билгалдоккху: малхбузен санкцийн хьелашкахь Дубай ша цхьаъ бен йоцу пачхьалкх ю дуьненахь, Оьрсийчоьнан хьаькамаш "шайна ма-хетта лела" йиш йолу.

"Iарбойн Эмираташкахь царна лерина эвсара хьелаш кхуллу, хIунда аьлча, коммерцийн структурийн долахойх, церан банкашкара ахчанех, чу-ара ца баккхалучу бахамах лаьцна информаци гIара ца йоккху цара. Цо аьтто боккху Оьрсийчуьра а, кхечу пачхьалкхашкара а коррупцица боьзначу хьаькамийн ахча къайладаккха а, шайна ма-хетта ловзо а. Iарбойн дуьне – уггар а бIегIийла болу меттиг бу активашна трансфер йан, иштта нохчийн элитана а", - дерзийра Transparency International дуьненаюкъарчу организацин Оьрсийчуьра декъан куьйгалхочо.

Полишинелян къайле

Кадыров а, цуьнан го а дIасалелачу кеманах лаьцна дуьххьара информаци гучуйелира 2017-чу шарахь рэперо Тиматис кеманчохь даьккхина сурт, Кадыров билгалвоккхуш зорбане хIоттийначул тIаьхьа. ТIаьхьо сурт дIадаьккхира, ама юха а дIахIоттийра.

"Дождь" телеканало салонан интерьерца къастийра, 80 миллион долларш мах болу Airbus ACJ319 бизнес-джет иза хилар. Баттахь 10 эзар евро мах бу кемано иза дIасалелориг, цуьнан техникан хьашташ кхочушдар ца дийцича а.

"Кадыров цкъа а къера ца хилла, оцу доларчу кеманца ша дIасалела аьлла, амма цуьнан социалан машанашкара публикацешна тIехь терго латтайахь гучудолу, Нохчийчоьнан куьйгалхочо и башха лечкъош цахилар. Цуьнан инстагарамехь кест-кеста гучудоху бизнес-джетан суьрташ а, видео а… 2016-2017-чу а шерашкахь оцу кеманан 140 дIасадахар дола а лора, дерза а доьрзура Соьлжа-ГIалахь", - билгалдаьккхира шайн талламехь "Дождь" телеканало.

Тхуна билггал хууш ду, Кадыров а, Нохчийчочьнан куьйгалхочун доьзал а оцу кеманца лелаш буйла

Масала, 2016-чу шеран лахьан-баттахь кема СаIуда Iаьрбийчуьра Медине дахара, ткъа шолгIачу дийнахь Кадыровс инстаграмехь видео хIоттийра, оцу тIехь иза ша ву оццу джетчуьра араволуш.

"Урдуне а дахара бизнес-джет, оцу заманчохь Кадыров Рамзанан доттагI [Оьрсийчоьнан парламентан депутат] Делимханов Адам вара цигахь.. Каире доьду изза лайнер, цигара дIа Соьлжа-ГIала – оцу дийннахь мехкан урхалхочо тIеоьцу, Мисарара йеана Дуьненаюкъарчу Исламан конференцин делегаци. КIира даьлча Airbus Соьлжа-ГIалара Сочи доьду. Цигахь дIахьош йара Дуьненаюкъара инвестицин форум, Кадыров Рамзана а дакъалоцу цигахь", - охьадагардо цхьаьна догIурш "Версия" газето.

2020-чу ушеран стигалкъекъа-беттан 28-чохь цхьана денна Москва дахана, юхадеара кема. Цул хьалха Соьлжа-гIалахь гIаьттина кема диъ де лаьлча юхадеара. Оццу деношкахь зорбанаша хаамбора, Нохчийчоьнан куьйгалхо Москва кхачийна коронавирусца аьлла.

ТIаьхьо 2020-чу шеран аьхка, Кадыровн "Эйрбасан" бортан VQ-BVQ регистрацин номер хийцира VP-BPE аьлла, амма Нохчийчу а, цул арахьа а лелара иза, антиковидан барамаш бахьана долуш кеманийн дIасалелар сацийнашшехь. Тахана лайнеран бортан номер ю - RA-73417.

"Вайна билггал хууш ду, оцу брта тIехь Кадыровн доьзал а санна, ша Нохчийчоьнан урхалхо а дIасалелаш вуйла. Цуьнан дIасадахар нисло Кадыров Рамзан Москва вахарца, иштта цуьнан гергарнаш дIасалеларца а", - дIахьедира Кавказ.Реалии сайте "Можем объяснить" телегарм-каналан журналисто-талламхочо Давлятчин Ильяс.

Цо билгалдаьккхира, дуккхаъчу Iарбойн мехкашка Кадыровн доьзална некъаш дестина хилар, цундела санкцийн раж цара йохош йац аьлла.

"Теша хала ду, Iарбойн Эмираташа а, СаIуда Iаьрбийчоьно а Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал санкцеш йохур ю бохучух, хIунда аьлча, и пачхьалккаш чIогIа тIера ю Оьрсийчоьнна а, цуьнан куьйгаллина а", - дерзийра журналисто.

Паччахьан берашна совгIат?

Кадыров Рамзан шен белхан меттигехь гучувуьйлура, цундела иза махкара араваьллера бохург бакъ ца хета аьлла хета Нохчийчоьнан куьйгалхочун критикна, бакъонашларйархочунна, жигархочунна Янгулбаев Абуакарна.

"Дубай а, Мальдивашка а цуьнан бераш дигина хила тарло кеманахь - КадыровгIеран доьзалан кема долуш санна лелош ду и. Цхьа эвсара совгIат хилла цунах – Iаьнчуьра маьлхе аьхкене а кхаьчна…ТIеман хенахь а Кадыровс пурба деха деза [махкара араволуш лаккхарчу Iедалхошкара]. Тамаш бу, иза пачхьалкхера араволуьйтург хиларх", - тешна ву къамелдийриг.

Украине чугIортарца доьзна дукхахболчу Оьрсийчоьнан бахархойн экономикан хьал ледара даьллехь а, Кадыровн дахаран васт, Путинан кхинболчу хьаькамийн а санна, тамаш бу хийцалахь, боху "Маяк" юкъараллин боламан куьйгалхочо Хейкинен Дарьяс. 2022-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхо даржера вохаве аьлла, куьйгаш гулдира оцу боламо.

"Миллион Оьрсийчоьнан бахархойн экономикан кризис ю, ткъа Iедалан векалийн – Путинан хуьлуьйтур ду аьлла стабиле хьал ду, - кхин дIа дуьйцу жигархочо. – Путин Iедалехь мел ву, Оьрсийчоьнан хьаькамаш кхин дIа а таронаш йолуш бехар бу".

Кавказ.Реалии редакцино кехат дахьийтинера Нохчийчоьнан куьйгалхочун информацин урхалле, Кадыров Рамзанан пресс-секретаре Вахидов Iилмане RA-73417 борт дIасалеларх а, кеманан долахо мила ву а аьлла. Материал зорбане йоккхучу хенахь жоп ца кхаьчнера

  • Стохка "Украинская правда" ресурсан журналисташа Кадыровн долахь йолчу Дубайра гIишлонех лаьцна таллам арахийира. Текстехь дуьйцура 2021-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь гIаьттина Мальдивашка доьдуш шозза гучудаьллачу кеманах лаьцна
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллера нах цуьнан йезачу гIишлойн дакъойн долахой хилар гучуделира "Важные истории" зорбанна, кеп-кепарчу пачхьалкхашкарчу 19 зорбано теллина, нахалайаьллачу информацина тIе а тевжаш. Масала, зорбанаша Кадыровн "бохча" олуш волчу Байсаров Русланан 2020-чу шеран дечкен-баттахь цIартIехь хилла Пальма Джумейра олучу гIайри тIера пхи петар а, хIорданехьа йирзина йоккха вилла а. Дубайрчу Байсаровн боллу бахаман мах бу 10 миллион долларш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG