Астраханан кIоштара ИК-10 колонихь таIзар токхуш волу ГIалгIайчуьра тутмакх Албогачиев Iабдул-Малик кхаа денна дарбанан цIийне хьажийнера, оцу заманчохь прокуратурера комисси хилла цигахь талламаш беш, амма цунна оьшу лоьрийн гIо ца кхачийна.
Цунах лаьцна Албогачиевс дийцина кехата тIехь "Общественный вердикт" бакъоларйаран фондан адвокате Бирюкова Ирине дахьийтинчу кехата тIехь. Цо билгалдаьккхина, чиллан-беттан 6-чохь гIалин дарбанан хIусаме вигира ша кхин а масех тутмакхца могушалле хьажийта аьлла, "администрацина хетарехь, оцу талламехь новкъарло йан тарлора цара". Амма чиллан-беттан 9-чохь Албогачиев колони юхавалийра.
Белшан хоттарера аьчкан пластина дIайаккхийта йезаш ву иза – и ца дина, набахтен лоьраша хIиттон деза кехаташ ца йаздарна, билгалдоккху бакъоларйаран организацин публикацихь.
Цул совнах, эпилепси йолуш ву Албогачиев, иза гучуйаьлла цуьнца гIалгIайн "Э" Центрехь ницкъ бинчул тIаьхьа.
Хьалхо чиллан-баттахь хаамбора, Албогачиев шо карадеачхьана шолгIа гIуда тухучу изолятор чу воьллина аьлла, ткъа дахначу шеран лахьан-баттахь, ИК-10 колони схьакхачийначул тIаьхьа, иза камеран хьесапехь йолчу чу воьллира, цига хьийсабо шога къепе йохийна тутмакхаш. ТаIзардинчун адвокаташ иза ПКТ-хь а, ШИЗО-хь а латторна латкъамбан дагахь бу. Иштта цара арз чуделла прокуратуре, цунна операци йан дуьхьал хиларна.
ИК-10 колони валавале хьалха Астраханерчу кхечу колонихь латтийна Албогачиев – ИК-8, цигахь, цуьнан нанас чIагIдарца, иштта гуттар а бух боцчу бахьанашца таIзарш дора цунна, ШИЗО а, ПКТ а хьежош. Колонин белхахоша кхерамаш туьйсура, хан йаьккхина валлалц шаьш ПКТ-хь латтор ву бохуш.
- 2018-чу шарахь колонихь даккха исс шо хан туьйхира Албогачиев Iабдул-Маликна Шемахь гIаттамхошца хилла, лелхийтарш ден гIирс а латтийна аьлла. Цо дIахьедора, талламаш дIахьочу заманчохь экстремизмана дуьхьало латточу Центран (Центр "Э") белхахоша тIехь ницкъ бира шена аьлла. Iазапаш хьегийтарна коьртара месаш эгна шен, дог вон хуьлу, йовхарш ю цIийца, къурд беш лазаво ша, кхетамчуьра а вуьйлу аьлла. Лоьраша тIечIагIдира Албогачиевн мочхал а, мара а кагбина аьлла. ТIаьхьа эпилепсин лазарш дуьйладелира цунна.
- "Общественный вердикт" фондан адвокатан Бирюкова Иринин хаамашца, Талламан комитето сацийна 2018-чу шарахь цунна тIехь ницкъбарца доьзна гIаттийна хилла бехктакхаман гIуллакх, Албогачиевс тIе пIелг хьажийна "Э" Центран белхахо валарна.
- Шена а, шен доьзална а кхерамаш тийсинчарех ву аьлла, кхелехь Албогачиевс цIе йаьккхира "Э" Центран куьйгалхочун Эльджаркиев ИбрахIиман. 2019-чу шеран лахьан-беттан 2-чохь Москвахь герз тоьхна вийра Эльджаркиев. Цуьнца цхьаьна вийра цхьахйолчу Москварчу клиникехь болх беш хилла цуьнан ваша а. Бакъоларйаран органашна хетарехь, иза веран бахьана дара Эльджаркиевс бен болх а, батIалхьажойн юкъараллин цхьахволу хьалханча – Белхороев ИбрахIим вийнарг иза ву бохуш, бехкевар а. Эльджаркиев вийна аьлла бехкебечарна тIехь кхел йолийна тIеман Къилбан гонашкарчу кхелехь кху шеран дечкен-баттахь.