Къилбаседа Кавказехь ЛГБТК-нехан бакъонаш талхийна хиларх 130 сов хаамна регистраци йина Оьрсийчоьнан "СК SOS" кризисан тобано. Бакъонашларйархойн хаамашца, ЛГБТК+ нахана къаьсттина дукха тIаьхьабийлина Дагестанехь а, Нохчийчохь а.
2022-чу шеран жамIашца, "СК SOS" тобано гIо дина пачхьалкхера араваьлла, политикан тховкIело йаккха 45 шайга дехар динчу стагана, 26-нна – кхерам болчу ша вехачу регионера араволуш гIо дина. Цунах лаьцна хаамбина 2021-чу шеран гIуран-баттахь кхоьллинчу бакъоларйаран тобано арахецначу хьалхарчу рапортехь.
"Цхьаболу тхоьгара орца доьхурш дIабов зIене бевллачул тIаьхьа, шайн гергарчийн шаьш "реабилитацин" клинике хьовсо Iалашо ю аьлла, йа шаьш дойур ду аьлла кхерам хилча. Цундела цхьацца меттигашкахь эвакуаци йан масех сахьт бен хан ца хуьлу тхан", - кхетийна кризисан тобанан векало Мирошникова Александрас. Цо дийцарехь, дIахьедарийн цхьа дакъа – бакъонаш хьешарх хаамаш постфактум ю.
Рапортехь охьадагардина, Къилбаседа Кавказера бахархошна тIаьхьабовларца доьзна, мел а резонансе хилла гIуллакхаш: Дагестанера бахархойн Асхабов Мохьмадан а, ХизриевгIеран йижарийн Хадижатан а, ПатIиматан а, Нохчийчуьра вежарийн Магамадов Салехьан а, Исаев Исмаилан а – царна таIзар дина гIаттамхочунн гIо дина аьлла, амма билггал долу бахьана лору бакъоларйархоша церан гендеран идентификалла, Лорсанова Аминатан, Мукаев Салманан, Селимханов ИбрахIиман, иштта доьзалехь бечу ницкъах йеддачу Ухманова Элинин а, Гиреева Лайлаа а.
- "Дерриг дуьненан рапорт - 2023" зорбане даьккхина Дуьненаюкъарчу бакъонашларйаран Human Rights Watch (HRW) организацино –доллу дуьненара адамийн бакъонашца долчу хьолах лаьцна. Оьрсийчоьнна леринчу декъехь билгалдаьхна шога адамийн бакъонаш Нохчийчохь хьоьшуш хиларх. Бакъонашларйархоша тергойина "къинхетамза Iа лакъош хилар муьлххачу шена хетарг олучу стеган", цу юкъахь ду лецарш, пачхьалкхера дIабахначу мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарчаьрца магийна йоцу харцо лелор, цаьрга гечдарш дехийтар.
- Дагестанерчу Идрисова ПетIамата дийцина, шена хIусамехь ницкъбора, нуьцкъаха дарба леладора, иштта гергарчу наха ша лачкъийнера аьлла. Бакъоларйархойн гIоьнца пачхьалкхера йада а йедда, шен цIе хийца аьтто белира цуьнан.
- Дагестанера Избербашан 20 шо долу вахархо Магомедов Мурад – массарна а хууш гей ву. Оцу тIехула масийттазза ницкъбира цунна, бертаза дарба лелийра, шайтIанаш лихкира молланаша, хьаькамаша бехкевора иза гей-парад хIотторна, ткъа полицино дуьхьало йора цуьнан дIахьедаршца болх бан. Гезгамашин-бутт бовш Мураде повестка дала гIоьртира военкомате тIекхойкхуш.
- Хьалхо Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь "CK SOS" тобанан пресс-секретаро Розанов Мирона дийцира регионехь тIаьхххьара ЛГБТ-нахана тIаьхьабевлла леларх а, тIеман хьелашкахь шайн болх муха хийцабелла а.