Зазадокху-беттан 28-чохь суьйрана Нохчийчуьра Гуьмсехь лерринчу операцехь ницкъахоша ши стаг вийна - Iедалхоша дийцарехь, тIемлой хила тарлочара низамлардархошна тIелатам бина. Iедал-белхалойх цхьа а ца велла. Оппозиционераша тидаме эцначу масех билгалоно гойту, и хилам дикка кечбина, дIабаьхьна болх хилар. Iедалхоша динчу дIахьедаршкахь шортта хаттарш дуьсу.
Кадыров Рамзана шаьш цигахь лелийначух видео гайтира - республикан куьйгалхо шена масех го бинчу ларвархойшца вогIуш го. Цунна тIехьа йоккхачу гIовгIанца хезаш герзан кхийссарш ду. Иштта дIахьаьжча, хьаькам цу кхийссаршна уллохь ву аьлла хетало. Цо ша а йаздо операци "масех минотехь " дIайирзира, олий. Цу йоццачу хеначохь Кадыров а, цуьнан го лаьцна богIу ларвархой а, оццул сиха цига муха кхаьчна - хууш дац.
ЦIий Iанорца гIарабовлар
Вуно чIогIа герзаш диттина, эрчадаьккхина ши дакъа ду видео тIехь гуш. Уьш цхьа гуттар чIогIа аьшнашбеш, церан хечеш охьайахийтинийла ца гуш ца дуьсу. Ницкъахоша цхьана дехьарчу цIийнан уьйтIара схьатакхаво и шиъ. Иштта Кадыровна хьалха охьабохку - царех цхьаъ Кадыров Ахьматан цIарах полкан буьйранчас Чалаев Замида маж тIера лаьцна текхош хуьлу.
"Гумс-гIалин йисттехь и тIемлой буй ма хиънехь, масех броне-машен йахара царна цигара арабовлийла дIакъовла. Зуламхошка герз охьадилла цкъа аьлла ца Iийра. Граната кхоьссина, тхан тидам дIаберзон гIоьртира уьш. Амма церан гIуллакх ца хилира",- йаздира Кадыровс.
Лелаш долчу низмаца лерича, 18 шо кхачанза болчу кхиазхошна герз лелон мегаш дац. Амма видео тIехь Кадыровна тIаьхьа хIоьттина вогIуш цуьнан 15 шо долу кIант Кадыров Адам ву. Америкхойн автоматаца а, бронежилетца а.
Низамлардархошна зулам дарна бехктакхаман гIуллакх гIаттийна шаьш аьлла дIахьедира Нохчийчуьра СКР-урхалло. Цара дийцарехь, цхьана цIа чохь 59, 33 шо долу гергара ши стаг ву аьлла хаам хиллера. Герз охьадилла аьлча, цара дуьхьало йира. Ницкъахоша и шиъ герз тоьхна вен вийна.
Кхузахь а гуш ду хаамаш цхьаьнабогIуш цахилар: меттигерчу бахархоша Гуьмсан йуккъерчу РОВД-на гергахь герз диттира боху, йуха кешнийн кертахь хезаш дара; Нохчийчоьнан куьйгалхочо эвла-йисттехь дIайаьхьина операци йуьйцу, Талламхойн комитето - цхьана цIа чохь совцийна латточу тIемлойх дийци.
Нохчийн блогера Абдурахманов Тумсос дийцарехь, вийначу шиннах воккхах волчун цIе Руслан йу. Операци йола а йалале, цхьанхьа Iазапехь латтийна, вен а вийна, йуха цу кешнашка охьакхоьссина иза, аьлла хета къамелахочунна. Ша аьллачунна тоьшалле дуьллу цо, веллачун хIинцца охьаихина цIий цахилар а, цуьнан варош тIехь гушйолу Iарждаргаш. Цу билгалонаша гойту стагана валале йиттина хилар.
Хьалхо вийна, йуха схьавеана охьакхоьссина?
Вийначех цхьаъ - Руслан цIе йолуш - дуьхьаллонан агIонча воцийла билггал хууш ду, боху Кавказ.Реалии редакцига меттигерчу бахархойн къамелашна тIетевжинчу NIYSO телеграм-канало. Цара йаржийра иза дийна волуш цунах йаьккхина видео.
Лулахошна хаьара, иза могуш воцийла, цундела хета, йа герз дIасатухучара вийна, йа хьалхо вийначера схьавеана охьакхоьссина
"Лулахошна хаьара цуьнан [психика] могуш йоцийла. Цундела хета, иза йа герз деттачара вийна, йа цхьанхьа вен вийна, схьавеана, - цкъачунна цунах дерг билггал ца олу оха. Кадыровхоша дIайаьхьначу операцех нехан боккха цатешам бу. Дукхахберш тешна бу, иза кечдина ловзар хиларх,"- билгалдоккху къамелахочо. Йуха тIетуху, и вийна шиъ вовшашлахь гергара вара олий.
Канало дийцарехь, операци дIа ма йирззинехь вийначех шоллагIчун Зелиман гергара нах ницкъахоша лахьбой дIабуьгу. ЦIахь 2 кIира долу бер дуьсу, бакъдеш, дуьйцу боламан декъахоша, иза аьллачун цIе гIара ца йоккхуш.
"Герз деттачуьра саца ма сеццинехь, тхоьга хаам кхечира, и операци цкъа хьалха РОВД-на гергахь йара, йуха кешнашка дехьаелира, олий. Кхелхинчеран цIераш билггал хаъалц, бахьанаш довза хало хир ду",- дийцира Нохчийчуьра хIинцалерчу Iедална оппозицин 1АДАТ-цхьанакхетараллехь.
Кавказ.Реалии сайтан кхин цхьана хьостано тIечIагIдо, и вийна хенара стаг боккъал а психикица цомгуш хилар.
ГIали чуьра араволийлаш къевлина йара, тIаьхьо, буьйса йуккъе йахча бен машенашна дIасалела ца магийра, дийцира 1ADAT - ан Гуьмсерчу хьостанаша. 1ADAT-канало и тIелеттарш герзаца болчу гIаттамхойх хила тарло боху: "Кадыровхоша шаьш кечдина тIелатар хила мега иза. Кхелхинчарна шайна хIун ду ца хууш хила мега. Амма иза иштта делахь тамаша бу. Кадыровс а, цуьнан гоно а хIуъа дийцахь а, Нохчийчуьра дуьхьалло кхуьуш йу, бахархой Iедална реза бац, йа царна и оккупантийн Iедал деза ца деза".
Блогер а, йукъараллин жигархо а волчу Белокиев Ислама шен Кавказ.Реалии сайтаца къамелехь элира, Гуьмсехь хилларг а, цул цхьа де хьалха ГIалгIайчоьнан, Къилбаседа ХIирийчоьнан дозанехь хилла кхийссарш а ницкъахойн провокацеш хила тарло.
"Дац ала йиш йац кхин цхьа хIума а, Iедална шаьш лелориг ладаме хетийта, лелаш хила там бу. Шаьш кхуззахь "террористашца" лета оьшуш ду, Украинехула дIаэха йиш йолуш дац, далан а тарлуш. ГIалгIайн ницкъахоша а, кадыровхоша а йуьхьаралаьцнарг цхьаъ ду. Москвана, шаьш мел оьшуш ду, шайн болх а, цу белхан жамIаш мел ладаме ду гайтар",- дуьйцу къамеле ваьллачо.
Цо дийцарехь, кхин цхьа а тайпа дуьхьаллонаш цу Iедало шена ца йойту, "Iедало садукъдина кегирхойн, цундела цара и тайпа радикал - дуьхьаллонаш йо". Иштта цо тидаме эца олу, видео тIехь цхьа дакъа цIийх дуьзна Iиллар, важа, шена герз деттаделла хиларе хьаьжча, - охьаихина цIий доцуш хилар.
"Уггаре кхерамзалле" регион
Нохчийчуьра Iедалхоша олу, шайн регион "Оьрсийчохь уггаре кхерамзалле регион йу". Цара иза бахахь а, кхузахь сих-сиха низамлардархошна тIелатамаш бар нисло - наггахь боккъал а радикал- цхьалханчийн тIелатарш, наггахь - кадыровхоша шаьш тардеш кечдинарш.
2020-чу шеран гIуран-баттахь Официалан версица, ППС-н шина полисхочунна тIелеттера арсашца ГIалгIайчуьра веана ТимурзиевгIеран ши ваша Хьасан а, Хьусайн а, цаьргара герз даккха Iалашонца. Оцу тасадаларшкахь вийра полицин лахара сержант, 22 шо долу Джабраилов Мохьмад, чевнаш йира цуьнан накъостана. Оцу меттигехь герзаш тоьхна, вийра ТимурзиевгIеран ши ваша. Ткъа церан гергара нах дIалецира.
2021-чу шеран товбеца-баттахь Нохчийчуьра Iедалхоша хаийтира, кхин цхьа тIелатар динийла. Иза динарг а вара урс карахь МВД полицин белхалошна тIелетта меттигера вахархо. Полисхоша дуьхьал герз тоьхнера цунна, дарбан цIийнехь кхелхира иза, МВД-н белхахошна зен-зулам ца хилира.
- ДIадаханчу шеран лахьан-баттахь 19 шо долу Закриев Мовсара, Iедалхоша дийцинчун тIетевжича, Соьлжа-гIаларчу кварталан маьждигехь ГИБДД лахарчу лейтенантана Джамалов Джабраилна тIелетира. Цунна урс тоьхна, цуьнгара герз схьадаьккхира. Закриев вийначул тIаьхьа БухIан-йуьртара цуьнан гергара нах лачкъина дIабигира.
- Оьрсийчуьра бакъонашларйархоша а, адвокаташа а бахарехь, тIемлой лоруш болчара кхелашкахь дIахьедо, хьалхо шаьш мел дийцинарш шайга, ницкъбеш, дийцийтина ду олий.