ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу кхело йухаталла дахьийтина актерна Дебишевна таIзарш дарна гIуллакх цадолор


Нохчийн актер Дебишев Тимур
Нохчийн актер Дебишев Тимур

Нохчийчоьнан лаккхарчу кхело харц лерина лахарчу инстанцехь меттигерчу актерна Дебишев Тимурна таIзарш дарна гIуллакх цадолор. И гIуллакх йухаталла дахьийтина ду, боху "Iазапашна дуьхьало латточу тобано". Хьалхо талламхоша бакъонашларйархошна 13-за и гIуллакх долор дихкира.

ГIело йарца даржан таронел лакхара кхийдар, къола дар аьлла бина латкъам хьалхарчу декъан талламхочо дIахьош дара. Иза вара Оьрсийчоьнан Нохчийчохь йолчу Талламан комитетан урхаллин ладамечу гIуллакхийн декъан белхало Абдулхаджиев. Цо шен рогIехь гIуллакх долор ца магийра. Амма Старопромыслан кIоштан кхеле бакъонашларйархоша цу сацамна латкъам чубелира. ТIаьхьо республикан лакхарчу кхеле а.

Дебишев Тимура "Iазапашна дуьхьало латточу тобане" арз дира 2018-чу шеран лахьан-баттахь Соьлж-ГIаларчу Ленинан кIоштарчу полицин декъехь гIело йина шена, аьлла латкъам а беш - цига иза валийна хиллера наркотикаш йухкучу йоIан телефонехь йазйина цуьнан номер йу аьлла. Дебишевс бахарехь, полисхоша ток йеттара цунна, пенах корта беттара, садукъадора, сийсазаллаш лелайора, наркотикаш лелочу нехан контакташ йийца бохуш, шайх цхьаъ гехь лелавойтура.

  • 2022-чу шарахь полицин декъашкахь таIзараш дарах долийна цхьа а гIуллакх дац.
  • Охан-баттахь оппозицерчу жигархошна Соьлжа-гIалахь кхин цхьа къайлах набахти карийна. Цигахь сецош а, хьийзош а нах буйла хиира. Иза транспортан ОМОН-ан гIишлочохь йу. Цу ОМОН-ан куьйгалхо Хизриев Адам ву. Цигахь ша къаьстина цхьа чоь а йу: цу чохь, боламхоша дийцарехь, нахе хеттарш до, нахана ток йетта, кхиндолу таIзараш до. Беттанашкахь къайлах адамаш латтадо цигахь.
  • Прокуратуро доьалгIа йухабаьккхина Нохчийчуьра Селимханов ИбрахIим лачкъорна Талламан комитетан гIуллакх долон цалааран сацам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG