ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"БIарлагIе регалеш, титулаш". Стенна, хIунда ло Кадыровн берашна совгIаташ?


Кадыров Рамзан йоIаца Iайшатца
Кадыров Рамзан йоIаца Iайшатца

Кадыров Рамзанан 8 шо долчу йоIа, шолгIачу классан дешархочо Эсета "Мотт - къоман са" цIе йолчу къовсамехь толам баьккхина. Цунах лаьцна социал-машанашкахь дийцира Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Къовсамехь дакъа лаьцначеран таронийн мах хадийнарш муьлш хилла хууш дац. Кадыровн воIарий, йоIарий "хаьржинарш" хилийтархьама дIахьочу балхо Нохчийчуьра кхечу берашна дискриминаци йеш дирзина догIу, боху Кавказ.Реалии сайтаца къамелаш диначара.

Дуккхачу хиламийн жамIашца дуьстича, гуш ду, къовсамашкахь, къийссаршкахь, спортан латаршкахь, Кадыров фамили йолчу беро дакъалацар цу берана толам бахьаш чекхдолу. Наггахь ша ма-дарра гуш хуьлу и, девнаца дерза доьрзу. Иштачу масаллех цхьаъ дара цу хенахь 13 шо хиллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта Кадыров Адама республикерчу Iедалхоша кечйина дIайаьхьначу турнирехь 2021-чу шеран охан-баттахь дакъалацар. Хьовсанчийн зал чохь Iаш ша Кадыров Рамзан вара.

ГIебарта- Балкхархойчуьра Биттиров Аслана тоьхна масех буй жимачу Кадыровс тIехбалийтира. Ткъа реферис матч циггахь сацийра. Латаран комментатор цецвоккхуш, вукхунна техникин эшам тIейазбира. "Бакъдерг дезахь, со кхеташ хIума дац хIара",- элира цо эфирехь. Кадыров Адаман репутаци дIанисйан вуьйлира Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад. Цо дийцарехь, реферина "Биттировн бIаьра ма хьаьжжинехь, хиира, иза воьхнийла".

Кхин цхьа техникин эшар делира 2022-чу шарахь Кадыровн кхечу кIантаца Кадыров Iелица леттачунна. Иза йара ийначу кепехь латарийн турнир АСА. Кхелахочо сацийра 17 шо долчу Абкаров Исламца долу и латар. Хьовсурш резабоцуш бисира - комментарешкахь Кадыровн кIантана "контакт йоцчу латаран говзанча" ву элира цара.

Царех тера толамаш Нохчийчоьнан куьйгалхочун бераша дикка кегий шаьш долчу хенахь а бохура. 2016-чу шарахь Соьлжа-гIалахь дIайаьхьира эделлачу латарийн турнир. Цигахь 10 шо долчу Ахьмада, 9 шо долчу Iелис, 8 шо долчу Адама шайн латаршкахь толамаш бехира. Ахьмада-м и толам 14 секундана чохь баьккхира. Берашна мидалш а цу Даудовс йелира. Регионан куьйгалхочун уллора накъост волчу. Кадыровн бераша латаршкахь дакъалацар турнир йола а йалале, цуьнан анонс ма хеззинехь, йемалдира Оьрсийчоьнан ММА-н бертан куьйгалхочо Емельяненко Федора. Амма турнир хилла йаьллера.

"Ахчан дуьхьа дац и, цIе йаккхар ду оьшург"

2016-чу шеран чиллин-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоIа республикехь "уггаре хьекъале бер" хуьлуш, туьйлира "2016-чу шеран дешархо" регионерчу къовсамехь. Иза вовшахтуьйхира меттигерчу дешаран, Iилманан министралло. Жюрин декъехь бара "Iедалан урхаллашкара, дешаран, йукъараллийн цхьаьнакхетараллийн векалш", аьлла дара "Чечня сегодня" агенталлин хаамашкахь. Жюрин декъахоша билггал стенан мах хадош хиллера - хууш дац. Амма Ульяновскехь дIадаьхьначу йоллучу Оьрсийчоьнан къовсаршкахь Кадырова Хадижата шена дакъалаца лаар дIа ца хьедира.

Кхинболчу белхалойн а, бахархойн къахьегаре цхьа а тайпа ларам цахилар, - гуш ду

"Шеко йоцу толам" баьккхира 2021-чу шарахь шен дахарера дуьххьарчу харжамашкахь Кадыров Адама - дешархо хIоттийра цуьнан деден Кадыров Ахьматан цIарахчу дешаран центран дешархойн урхаллин куьйгалхо. Кхаж центран хьехархошлахь, администрацин белхалошлахь, дешархошлахь тесина бара. Кампани "харжаман коммиссин лерринчу тергонехь" дIайаьхьира. Белхан дерриге низамаш лоруш чекхделира и гIуллакх, аьлла дийцира кIентан дас социал-машанашкахь.

Тахана Нохчийчохь ган таро йу, гергарлонашца озабезамаш барехь лелайо агресси, хета цайозучу талламийн "Центр стратегического анализа", "Институт Центральной Европы" цхьаьнакхетараллийн экспертана, кавказйовзархочунна Баранец Томашна.

"Нохчийчохь дерриге "кхераме, хала а" хиларе терра, гергарлонца болчу озабезамашца дерг иштта ду. Азербайджанехь долчуьнца йа Йуккъерчу Азехь йолчу кхечу пачхьалкхашкахь долчуьнца дуста мегар ду и хьал. Амма кхинболчу белхалойн а, бахархойн къахьегаре цхьа а тайпа ларам цахилар, - ца гуш ца дуьсу", боху къамелахочо Кавказ.Реалии сайте.

Цо дийцарехь, Кадыровн берашна совгIаташ далар шинна агIонна дагадогIуш ду - Кадыровна а, цуьнан гонерчу накъосташна а.

"Цигахь царна коьртаниг ахча а дац хьуна, шайн цIе йаккхийтар ду. Аьлча а, массарна дIагайта лелош ду. [Рамзан Кадыров] хилла ца Iаш, тхан доьзалехь кхин а бу хьекъалениш, тхан цIийнах мел верг а иштта: цуьнан йоIарий лаккхарчу даржашкахь бу, воIарий спортехь кхиамаш беш схьабогIу. Ткъа хьаькамийн инициативех лаьцна аьлча, шайна цхьа диканиг хиларе сатесна лелаш бу",- хета Баранецна.

"ХIорш-м зезагаш бен дац"

Школашкара бераш дешна довларна леринчу линейкашкахь коьрта турпалхой, массарна хир буйла хьалххе хаа хууш, Нохчийчоьнан куьйгалхочун бераш хуьлу. Хьаькам ша а вогIу шен Ахьмат-йюртарчу цу гуламашка. Кадыров Ахьматан цIарахчу дешаран центре а.

Цу кепара гуламаш даимна а регионан доьзал хесторан цхьаьнакхетарех тарло. Дешархоша мел кIезга ши йиш лакхар ламасте дирзина даьлла: цхьаъ Кадыров Рамзанан дена лерина, важа - цунна шена. Эшарш сих-сиха хуьйцу, амма чулацамца даимна КадыровгIеран доьзална баркаллаш олуш, уьш хестош нисло.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун бераш хуьлу цу процедурашкахь хьалхара болх дIакхоьхьуш. "Хаарийн цIе" дIахьош а, "горгалин тIаьххьара бекарехь" йа гулам дIабахьарца. Цу гуламашкахь хьалхарчу классийн дешархой Iамабо дуйнаш даа, "Кадыров Рамзанна "тешаме гIортораш" хила реза ду, цуьнан кхелхинчу ден цIеран сийдан кийча ду тхо, бохуш. Лакхарчу классашкара дешархоша, хьехархоша шайн рогIехь Ахьмат-йуьртан школан кертарчу Кадыров Ахьматан цIарахчу эсан экъанна тIе зезагаш дохку.

Меттигерчу пропагандо Кадыровн берийн "исламан" пиар йо. Масала, 2014-чу шеран гезгмашин-баттахь "Грозный" ЧГТРК сюжетехь дийцира цуьнан воIарий Адам, Iелий хьалхарчу классе вахарх, и ший а КъурIанан лаккхарчу хьафизийн цIераш йолуш хиларх. КъурIан дагахь Iамийна бохург ду иза. 2013-чу шеран зазадоккху-баттахь Кадыровн йоIах ХутIматах а хилира хьафиз, аьлла дийцира ша регионан куьйгалхочо.

Нохчийчуьрчу Iедалхоша гойту цхьаннах лачкъийна йоцу и дискриминаци, кхечарел шаьш тоьлла ду аьлла гайтар "нохчийн син-мехаллаш, Iадаташ, ламасташ эшорна" лерина ду, аьлла хета Европерчу нохчийн диаспорин жигархочунна Сулумов ЯрагIина.

"Хууш ма-хиллара, исторера колонизаторш даимна гIиртина шайн къаьмнашна тIехь долу олалла коллаборанташкахула чIагIдан, Оьрсийчоь а - иштта. Кадыровх боьзна берш массо кепара цуьнан лаамаш кхочушбеш, цунна там бан лерина бу. Цуьнгарчу балхах дикка кхеташ бу. Кадыров а, цуьнан доьзал а, царна гондхьа мел дерг а - зезагаш лара мегар ду, стоьмаш тIаьхьо гучубевр бу",- бохуш дуьйцу Сулумовс.

Кадыровн "Руль сан карахь йу" боху алам - хIинцачул тIаьхьа "тхо ду", "кхинберш" - тхол тIаьхьа бохучу маьIанехь нисбина бара

Iедалан даржашкахь оьшу белхан говзаллаш Нохчийчоьнан куьйгалхочун берийн школа йаьккхина бовллушехь гучуйовлучух тера ду. Мухха делахь а, цу хенашкахь дIалоцу цара и лаккхара даржаш. Кхечу бахархойн цу тайпачу меттигашкахь болх бан иттанашкахь шерашкахь къахьега дезаш хуьлу. ТIаьххьарчу масаллех цхьаъ дара - 20 шо долу Кадырова ХутIмат регионерчу могушалла ларйаран сферин куратор хIоттор. Девзачу хьостанашкахь цуьнан лаккхарчу дешаран диплом хиларах хаам бац.

И тайпа политика Кремло гIо а деш, Нохчийчохь дIахьур йу, Кадыровн доьзал Оьрсийчоьнан Iедална муьтIахь мел бу, аьлла хета "Европерчу нохчийн цхьаьнакхетараллин" куьйгалхочунна Муртазалиев Асланна. "И тайпа бIарлагIийн совгIаташ, цIераш дIасайалар цхьа адам буьххье даккхаран (культ личности) билгало ю. Уггаре хьалха Оьрсийчоьнан куьйгалло хаьржина Кадыровн доьзал воккхачу Кадыровна тIера дIабуьйлабелла, йуха-иштта каркара оьцуш - дIахьош. КIантера кIанте луш. Кадыровн "Руль сан карахь йу" боху алам - хIинцачул тIаьхьа "тхо ду", "кхинберш" - тхол тIаьхьа бохучу маьIанехь нисбина бара, билгалдоккху Муртазалиевс.

Кадыровн важа ши йоI йу Iедалан даржашкахь болх беш: Iайшат - республикерчу культурин министр, Хадижат Соьлжа-гIалин мэрин школазхойн департаментан куьйгалхо йу. Воккхах волчу кIантана дарж карийна - иза Нохчийчуьра берийн, кегийрхойн цхьаьнакхетараллаш карахь долуш ву. Кхин а Кремлана муьтIахьчу "хьалхарчийн болам" цхьаьнакхетараллин меттигерчу декъан куьйгалхо а.

Кадыровна шена цигахь дискриминаци а, хьежамийн конфликт ца го. Хьайн гергара нах карьерин ламеш тIехула сиха хьалабоху ахьа аьлла, шегара бехк баьккхича, Нохчийчоьнан куьйгалхочо, шена "эхь ца хета", цу кепарчу къамелаша шен "кIезга сагатдо" элира.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун вешин кIант, 26 шо долу Кадыров Хьамзат ницкъаллин блокехула цуьнан хьехамча хIоттийна. Цунах лаьцна шен телеграм-каналехь хаамбина къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министро Дудаев Ахьмада. Кадыровн вешин кIант "хила ма-веззара куьйгалхо" а, Нохчийчоьнан урхалхочун "тешаме агIонча" а ву аьлла цо, билгалдаьккхина, Кадыров Хьамзатах тешийна муьлхха а агIо "динамикехь кхиайолало".
  • Зазадоккху-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун воIаршна 17 шо долчу Ахьмадна а, 15 шо долчу Адамна а "Терроризмаца къийсарехь кхиамаш барна" цIе йолу некхехь лелон билгалонаш йелира. Бинарш хIун кхиамаш бу дуьйцуш дац.
  • 2022-чу шарахь куьйгалхочун воIарий 16 шо долу Ахьмат, 15 шо долу Iели, 14 шо долу Адам шайн 23 шо долчу йишица, республикерчу культурин министраца Кадырова Iайшатаца сепаратистийн "ДНР" латтанаш тIе бахара. Церан цига бахар Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь кхоьттуьйтуш дуьйцуш дара. Политикахочо шен 18 шераш кхачанза болу воIарий тIамехь дакъа лаьцна бу бехира. Амма Кадыровн критикаша и хаам харц лерира.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун 18 шо кхачанза волу кIант Ахьмат Кремлехь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира тIеийцира. Цо Азербайджанехь а цхьа могIа официалера цхьаьнакхетарш дIадаьхьира. Эксперташа дийцарехь, дас пачхьалкхан карьерина кечвеш ву шен кIант. Иштта республикин куьйгалхочун даржана а.
  • Кадыров Рамзана шена уллорчу 13 накъостана дукха хан йоццуш йукъайаьккхина "Нохчийн Турпалхо" цIе йелла. Царех хIора аьлча санна Украинерчу тIамехь дакъа лаьцна ву. Цхьаберш адамашна таIзарш дарна, нах хIаллакбарна бехке лоруш бу, адаман бакъонашна гIело йарна Малхбузехьарчу санкцеша лаьцна латтош бу. Нохчийчоьнан куьйгалхочо мидалш йеллачарех шайна хуург дуьйцу Кавказ.Реалии сайто.
  • Кавказ.Реалии сайто вовшахтоьхна республикин Iедалан даржашкахь болчу Кадыровн цIийнах а, гергара болчу нехан цIерийн бехха цхьа могIа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG