Доллу дуьненчуьра лаамхой гулбина, "Iазапхьоьгу халкъаш" Iалашдан лаам бу шен аьлла дIахьедина Кадыровс.
"Иштта дика эскар вовшахтоьхна, кхечу пачхьалкхашка дIа а боьлхуш, шаьш демократин мехкаш ду бохучура ницкъбен халкъаш Iалашдайта цаьрга", - аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
Цунна хетарехь, оцу тобанан декъахь хила беза кеп-кепрачу мехкийн бахархой, "соьман дуьхьа а доцуш, къепе хIоттош шайн са кхоор доцу" бахархой.
Чиллин-баттахь Кадыровс дийцира, шен долахь тIеман компани кхолла дагахь ву ша пачхьалкхан урхаллера дIаваьллачул тIаьхьа, иштта Пригожин Евгенийна "Вагнер" ЧВК-на конкуренци йеш.
- Оьрсийчоь Украине чугIоьртичхьана йоллу пачхьалкхера йолахой кечбеш, уггар а йоккха плацдарм хилла "Оьрсийчоьнан спецназан университететах". Хаамбора, хIора кIиранахь мел кIезиг а 200 "лаамхой" олурш цигахь кечбеш бу бохуш.
- 2022-чу шарахь "Оьрсийчоьнан спецназан университетна" 439 миллион сом"сагIина дIакхачийна" – шо хьалха хиллачул а пхоьазза алсам ду и.
- Марсхьокху-беттан йуьххьехь Кадыров Рамзана дIахьедира, Украинехь тIом бан махкара 19 эзар вахархо кийча ву аьлла. ТIемашка салтий хьийсош уггар а йоккха плацдарм хиллачу регионан куьйгалхочо денна бохург санна хаамаш бо кечбинчу ницкъех лаьцна, делахь а, цо дуьйцург бакъ хиларх шеконаш кхоллало экспертийн.