Хорватерчу Ježevo куьпахь шаьш кхайкхийна мацалла Нохчийчуьра мухIажарша итт де даьлча, сацийна. Шайн могушалла талхарна а, меттигерчу Iедалхоша шаьш тергал цадарна а. МухIажарш хьалхо Оьрсийчуьра арабевлла бу - Украинерчу тIаме шайна даха цалаарна. Хорватерчу низамхоша исламан радикалхошца уьйр хиларна шеконе лаьцна, дозанехь совцийна латтош бу уьш.
Цаьрца зIенехь волчу "Европерчу нохчийн цхьаьнакхетараллин" векало Дадуев Iийсас Кавказ.Реалии сайте дийцарехь, мацалла кхайкхийнарш депортийн куьпарчу, Iуналла дечу структурийн белхалоша башха тергал ца бира.
"Мацалла кхайкхайаро цхьа а хIума ца хийци, хIоьттинчу хьолана цхьа а тIеIаткъам ца хили. Хьалхарчу деношкахь хи ца молуш уьш охьаэгарна лоьраш кхойкхуш хиллехь а, мацалла йахйелча, цаьрга хьовса а хьовсий, уьш болччохь буьтура", элира цо.
Мацалла кхайкхинчарех цхьаъ дог вон хилла ламеш тIера охьавужуш, дIакхийтира. Иза дикка лазийра.
"ДIалаьцнарш хIинца бутт чекхбаларе хьоьжуш Iаш бу, Уьш лагерехь совцош бинчу сацамна латкъам чубелла. Амма лаккхарчу кхело иза ца магон тарло. ХIумма а ца хийцалахь, политикан мухIажарийн статус шайна ца оьшу ала мега цара. Оьрсийчу дIа а ца луш, шаьш кхечу пачхьалкхашка дIадахийтаре сатесна бу уьш - Босни а, Туркойчу а",- тIетуьйхира Дадуевс.
Нохчийчуьра мухIажарийн мацалла депортийн куьпахь сецор хенаца кхин а дахдарна дуьхьал кхайкхийна йара. Цу куьпахь уьш 2022-чу шеран гурахь дуьйна бу. Исламан экстремизмаца уьйраш хиларна шеконехь латтош бу. Амма цунна цхьа а тоьшалла Хорватерчу низамхойн дац. Нохчаша дIахьедина, куьпан белхалоша шайца къизалла лелайо, шайна гIело йо, аьлла.
Хаамийн гIирсашлахь хилларг дийца даьккхича, Хорватин омбудсмен йолчу Шимонович-Айнвальтер Тенас куьпахь дерг толлуш, зераш дийриг хиларх дIахьедира. Нохчийчуьра мухIажарш дIалацар бакъонан бухца хилар, уьш дIабахийтарца доьзначух дерг а толлуш, уьш дIахьур ду аьлла. Иштта хьолан терго йира Хорватин бакъонашларйархоша а. Оханан-беттан чакхенгехь Кавказ.Реалиин редакцино кехат дахьийтира Хорватин чоьхьарчу гIуллакхийн министралле, нохчийн мухIажарша мацалла кхайкхорах а, церан бакъонаш хьешна бохучух а лаций комментарий йар доьхуш. Амма масех кIира даьлча, цхьа а жоп ца делира.
- Лахьан-беттан йуьххьехь Хорватехь лецира масех иттаннашкахь Нохчийчуьра мухIажарш – цара латкъамаш дора, тховкIело йоьхуш делла кехат йухаэца бохуш, ницкъбо шайна аьлла. ДIалийцинарш Оьрсийчуьра Туркойчухула сехьабевллера. Европин кхечу пачхьалкхашка баха дагахь.
- ГIуран-баттахь "Европера нохчийн Ассамблейно" дIахьедира, нохчийн мухIажарна Хорватин полисхоша аэропортехь йеттарх. Цул тIаьхьа мигранташ латточу куьпа дIакхачийнера иза, цигахь масийтта дийнахь ша цхьаъ камери чохь латтош. Хорватин Iедалхоша Нохчийчуьра мигрантана йеттарх лаьцна комментарий ца йира.
- Хорватин кхело дуьхьало йира Нохчийчуьра пхеа вахархочунна политикан тховкIело йала. Тарло царна хIинца Оьрсийчу депортаци йан.
- Кавказ.Реалии сайто дийцарехь, французийн лаккхара хьаькамаш оьрсийн, нохчийн Iедалхошца уьйраш хиларехь шеконе бехкина бу. Чоьхьарчу гIуллакхийн министр Дарманен Жеральд, Лакхарчу Вьенан префект Морси Сеймур, Парижан полицин хилла префект Лаллеман Дидье а 2021-чу шарахь Гадаев Мохьмад "ницкъаца къайлаваккхаран декъахой" хила тарло аьлла.