Суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин кIант, нохчийн жигархойн ИбрахIиман а, Абубакаран а жимахволу ваша – Байсангур - федералан лехамашка велла хилла. Цунах лаьцна дуьйцу чоьхьарчу гIуллакхийн базерчу хаамашна тIетевжина "Коммерсанто".
Жигархо мича бахьанашца лоьхуш ву – хууш дац. 2022-чу шеран лахьан-баттахь Росфинмониторинган экстремистийн а, террорхойн а федералан тептаре вазвира иза – и сацам хIетахь кхайкхийна бацара.
Янгулбаев Байсангур Оьрсийчуьра дIавахна 20021-чу шарахь шен вешица ИбрахIимца. Янгулбаев Абубакар пачхьалкхера араваьлла стохка гIуран-баттахь. 2022-чу шеран йуьххьехь кхерамаш тийсича шен йоIаца Алияца дIавахара церан да Янгулбаев Сайди а.
ЯнгулбаевгIеран вежарийн нана Мусаев Зарема лачкъийра нохчийн ницкъахоша Лаха Новгородера 2022-чу шеран дечкен-баттахь. Карарчу хенахь Нохчийчохь СИЗО-хь йу иза – полисхочунна тIелетта бохуш, бехкейо иза, йоьдуш цуьнан кхел а йу.
- Хьалхо Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь Янгулбаев Байсангура дIахьедира, шена тIаьхьабевлла хила тарло, 1АДАТ оппозицин нохчийн боламца ша воьзна хиларна аьлла. Эксперташа элира хIетахь, ЯнгулбаевгIеран жимахволчу кIантана тIаьхьабовлар Мусаева Заремина тIеIаткъам бан Iалашонца хила тарло.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, ЯнгулбаевгIеран доьзале "хьоьжуш йа набахте йу, йа лаьтта бухе йу" аьлла. Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама массарна а хезаш кхерамаш тесира, ЯнгулбаевгIеран доьзалхойн "коьртеш дохур ду" аьлла, ткъа Соьлжа-ГIалахь митинг хIоттийра, цигахь хиллачара церан суьрташ дагийра.
- 1АДАТ болам кхоьллинчу Янгулбаев ИбрахIима хьалхо дийцира Кавказ.Реалии сайтана, масийтта шарахь Кадыровн рожана ша критика йарх, оцу Iалашонца леррина социалан машанашкахь тобанаш вовшахтохарх, цигахь Нохчийчохь бакъонаш лоьруш цахиларх дийцарх а. Оцу тIехула 2015-чу шарахь дIавигинера иза ночхийн полисхоша – эхашарахь латтийра ИбрахIим къайлахчу набахтера ларми чохь, тIехь ницкъ а беш.