ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ичкери йитина, Кадыровгхьа ваьлла: Украинехьа тIом бина тIемало Нохчийчу вахана


Джамбетов Хьусейн
Джамбетов Хьусейн

Украинехьа тIом бечу (ОБОН) нохчийн леринчу Iалашонийн къаьсттинчу тобанан хилла декъахо Джамбетов Хьусейн Соьлжа-гIала йухавирзина. Кадыров Рамзанан рожана ша резахилар дIахьедан а кхиъна иза. Цунна новкъарло ца йира Оьрсийчохь цунна долийна терроризман артиклаца бехктакхаман гIуллакх хиларо а, иза ша лехаршkа велла хиларо а. Батальонехь болучара цо йинарг йамартло йу, эшам бу элира. Амма Ичкерин маршонан агIончаша шеконе дуьллу Джамбетовс кадыровхошна дIакховдон долу хаарш ладаме хирг хилар.

Тешаме хир ву аьлла дош делла

ОБОН-нан хаамийн-зерийн декъан хилла куьйгалхо Джамбетов Хьусейн Нохчийчу йухаверзар гIараделира стигалкъекъа-беттан 13-хь цо видео дIахIотторца,- шина дийнахь цу видеога 90 эзарза хьаьвсина аьлла ду. Видеоно йоккха гIовгIа эккхийтина. Экс - ичкерхочо дIахьедира, ша Нохчийчу шен лаамца веана хилар, ша "бакъболчу къонахашна цIаберза неIарш схьайелла дагахь хилар...шайн маршо а, даймохк а, шайн къам а, ислам дин а, КъурIан а, Сунна а дезачарна."

Дукха хан йалале Джамбетов Хьусейнан аьтто белира шен хиллачу мостагIашца къамел дан - стигалкъекъа-беттан 15-хь хьалхалерччу каналехь гучуйелира кхин цхьа ролик. Цу видеочохь леринчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу Iалашонийн полицин полкан куьйгалхочуьнца Чaлаев Замидаца цу полкан декъахошка вистхуьлу иза. Йамартхочун куча тIехь - хьалха маьршачу Ичкерин байракхца билгало хиллачохь, - хIинца воккхаволчу Кадыровн суьртаца билгало йу. Шен вистхилар Джамбетовс "Ахмат-сила" олуш дерзийра. Цул тIаьхьа цо хьалайаьккхина тапча кхоьссира.

40 шо долчу вадархочух хуурш дукха дац. МухIажар санна Бельгехь вехаш хилла иза. Цигахь хьанал жижиг духкуш, стейк-хаус схьайаьлла дагахь а хилла. Украинехь боккха тIом болабелча, Джамбетов, шен зуда а, бераш дитина, тIаме вахана. Иза цо ша Washington Post гIирсаца динчу къамелехь элира.

"50 оьрси вен а вийна дIаваха дагахь вара со цигара... Амма кхуза схьакхаьчна ваьлча, со кхийтира, кхузара со дIавахалур воцийла... Тхо кхуза сатийсамца даьхкина дара. Тхо тешна дара, дуьненан йукъаралло шалхенаш лелорг цахиларх. Тхуна уьш, мацах Нохчийчоь санна, куьйгаш каралаьцна, Iийр бу ца моьттура",- дIахьедира ичкерхочо журналисташка. Цу хенахь цуьнан шоллагIа цIе "Бандера" йара, украинхойн къоман боламан хьалханчин сийдеш тиллина.

2022-чу шеран марсхьокху-баттахь иза Ичкерин тIеман ницкъийн ОБОН-ан хаамийн-зерийн куьйгалхо хилла ву. ОБОН Украинин инолегионна йуккъейогIу.

Лахьан-баттахь Кавказ.Реалии редакцино йинчу интервьюхь Джамбетовс дийцира, 13 шо кхаьчначу ша Нохчийчуьрчу хьалхарчу тIамехь дакъалацарх. Ткъа шолгIачу тIамехь шена диверсеш йан а хаьара элира цо. 2003-чу шарахь иза федерал-лехаршка веллера, цул тIаьхьа и Европе дIавахара. Цигахь цунна дуьненайукъара гIо а кхечира.

"Суна дика вевзара батальонан хIинца волу буьйранча Зумсо Хаджи-Мурат. Тхо цхьанахенара ду, девза 17 шо а ду. Нохчийчохь тIом болабелчхьана. Европехь Iачу хенахь зIенехь дара тхо. Иза 2015-чу шарахь дуьйна Украинехь тIом беш ву. ТIом болалуш иза Лисичанскехь вара,- дуьйцура хинволчу вадархочо. - со цуьнга телефон тоьхна, сайга ладогIа аьлла вистхилира: "Тешаме хила дош ло хьуна аса, муьлхха Iазапехь долу къам паргIатдоккхуш уллохь хила реза ву со..." ТIаьхьо аса хадийра Украинин доза, Хаджи-Мурата духьала веана, со батальоне дIавигира.

ДIабаханчу гIадужу-баттахь Нохчийчуьра ФСБ-н урхалло хаамбира, Джамбетов Хьусейнан цIарах бехктакхаман гIуллакх долорах. Цунна бехке дуьллуш дерг террорхойн цхьаьнакхетараллехь латтар дара . Цу артиклаца цунна 15 шарера 20 шаре кхаччалц хан тохарна кхерам бу.

"ТIех луьра зулам дара и. Адам дIалоцу ишттачохь. Джамбетовс ша Украинехь 50 оьрсийн эскархо вен лерина вара бахара тергал ца деш дитахь а. Амма иза а ду кхин цхьа бехктакхаман гIуллакх доладан бахьана. Ткъа иза парггIат герзаца Соьлжа-гIалахула волавелла лелаш ву. Пачхьалкхан дозанал сехьа воллушехь, низамхоша дIалаца вогIура и",- дуьйцу ша вовзийта цалуучу, луларчу республикера юристо.

Джамбетов Хьусейна Кавказ.Реалии редакцино шена дахкийтинчу хеттаршна жоп ца делира.

ЦIарна эшам

Амаев Зумсо
Амаев Зумсо

Украинехь тIом бечу батальонехь болучара Джамбетовс динарг йамарт хIума ду, элира - иза шайн цIе йожийна ца Iаш, кхераме а ду. ОБОН-ан буьйранчин гIоьнчас Амаев Зумсос дийцарехь, тIемалошна хIинца хиъна, вадархо даимна а шайн тобанна эшаме дерг лелош хиллийла. Хетарехь, тIаме валале хьалха кадыровхоша шайн балхана лаьцна лелош хилла иза.

"Тхан хаза йукъаметтиг йара, амма цо лелочу хIумнаша наггахь тамашийна ойланаш ойтура. Даимна шега ден аьлла дIакховдинарг дан ца лууш, бахьанаш лоьхуш, йуха шех тешийта кхиндерш лелош, цхьа лаамза нисделча санна кхечеран гIуллакх талхош, хуьлура и. Суна хетарехь, нахана жижиг духкучу хенахь кадыровхоша нахах дерг толлуьйтуш, лаьцна хилла иза. Иза церан стаг хила тарло. Ткъа хIара тIом болабелча, цуьнан жигаралла хьаладаьлла",- аьлла хета Амаевна.

ОБОН-ан тIемалой ша "мехашна тIехевшича" санна Iаш бу, элира цо Кавказ. Реалии сайтехь болучаьрга.

Сайн дахарехь эзарнашкахь йамартхой гина суна

"Цо кхузахь болучеран цIераш йахарах кхоьру. Кхеран Нохчийчохь гергара нах бу. Кадыровхоша царна гIело йан тарло. Шаьш кху тIамехь хилар гIара ца даьккхинчарна къаьсттина кхераме ду иза - дукхахберш шайн йаххьаш ца гойтуш, туьтмIаьжигашца лелаш бу. Джамбетовн доьзал Бельгехь бу, амма тхо кадыровхой ма даций, цаьргахула цунна кхерамаш тийсса. Йукъараллехь цунах хетарг аьлла даьлла, амма иза эхь доцуш стаг ву, цунна цо тIеIаткъам бийр бац.

Нохчийн батальонан куьйгалло Джамбетовх шайна хуург Украинин кхерамзаллин урхалле дIааьлла. Цара шайн талламаш бийр бу. Цхьадолчунна комментари ца йеш IадIийра ОБОН-ан буьйранчин гIоьнча. Украине вадархо вогIур ву аьлла ца хета цунна (вукхо видеочохь ша цига гIур ву аьллехь а).

"Оха-м хьалха санна, тхайн тIом бийр бу. Сайн дахаран некъа тIехь эзарнашкахь йамартхой гина суна. Уьш даимна хилла бу, болуш бу, цунна дан хIума дац", - тIетуьйхира Амаевс.

Дуьхьалакхетта некъахо

Къобалйанза йолчу Ичкерия республикин куьйгаллин хьалханчин омраца вовшахтоьхна йу ОБОН. Украинин инолегионан декъехь йу. Джамбетовс лелориг "цуьнан психика галйаларца доьзна ду" элира Закаевс. Цо бакъ ца до вадархо легионехь хилла хилар.

Джамбетов Хуьсейн а, Закаев Ахьмад а
Джамбетов Хуьсейн а, Закаев Ахьмад а

"Ичкерия нохчийн республикин тIеман ницкъийн могIаршлара дIаваьккхина вара иза. Цул тIаьхьа иза ша лелаш адам дара. Дуьххьара суна и гира [2022-чу шеран] стигалкъекъа-баттахь. Тхан делегаци кхуза cхьакхаьчча... Инолегионехь иза цкъа а хилла вац. Тхо схьакхачале ВСУ могIаршлахь вара и. Чиллин-беттан 24-хь дуьххьара кхуза схьабаьхкинчарех цхьаъ вара. Украинин тIеман ницкъаша шайн декъехь ву аьлла дIаэцна вара",- боху видеочохь нохчийн политико.

Цо аьлларг тIечIагIдо 2022-чу шарахь, гIУран-беттан 6-хь Джамбетов даржах паргIатвуьтуш деллачу омрано. Цу тIехь "могушаллин хьал" аьлла, билгалдаьккхина ду бахьана.

Закаев Ахьмада шена Джамбетов тIаьххьара дIадаханчу Iаьнан деношкахь Брюсселахь гина элира - цу хенахь хиллачу тIемалочо ша публицист санна къахьега дагахь ву, шен парти вовшахтоха воллу бехира. Джамбетов Туркойчохь кадыровхошца цхьаьнакхетаршкахь хиллийла хаьа Закаевна. Амма ша иза башха маьIане ца лоруш, дитнера элира цо. Ичкерин премьер-министрана хетарехь, Джамбетов Нохчийчу вахар царна эшаме дац.

Закаевс бохучунна реза ву "Кавказан къаьмний ассамблейн" куьйгалхо, политолог Кутаев Руслан. Кавказ. Реалии сайтаца динчу къамелехь цо тIечIагIдирa: хIора дийнахь хьелаш хийцалучу тIамехь вадархочо дIалундолу хаарш цхьа а мах болуш дац.

"Хетарехь, куьйгаллехь болучарна цуьнан тIамехь хилар цаоьшуш хетта, цул тIаьхьа дерриге доладелла. Олуш ма-хиллара, ша шеца висна иза. Адам цхьана меттехь ца тарделча, кхин майда лаха арадолу. Изза кхузахь хилла. Амма Джамбетов Ичкерин цхьа ладаме агIонча ца хета суна. Нохчийн йукъараллехь ницкъаш буьйцучохь башха ладаме боцучарех цхьаъ ву и. Лаамза Украинерчу тIамехь хаамийн гIирсийн тидамехь нисвелла", - хета Кутаевна.

Леринчу операцин волайнхо

"Толам" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата бинчу тидамашца, тIаьхьарчу беттанашкахь хаало Ичкерина дискредитаци йеш леррина болх дIахьуш хилар. Шa Рамзан а, цуьнан го а и тайпа хIумнаш дагадан пайден бац. Цундела хета иза леринчу урхаллаша лелош ду аьлла.

Сулейманов Джамбулат
Сулейманов Джамбулат

"Цхьа мур бара, нохчийн диаспорин жигаралла лахделла догIуш. Йуьйцуш хезаш йацара и. Украинехь тIом болабелча, хьал хийцаделира. Европехь болчу нохчийн медиа дахаран жигаралла хьаладелира. Украинехь масех нохчийн тIамана кийча батальон вовшахтуьйхира. Хиламашкахь шайн дакъа дIалоцуш схьабогIу кегийрхой а. Оьрсийн ницкъахоша сагатдаллал хIума ду иза. Цундела хилира Абдурахманов Тумсоца, Халитов Хьасанца хилларг а.(цара шаьш даларан кеп хIоттош - билг.). И тайпа инцеденташ а, Джамбетовн цIавахар а цхьана зIенан дакъош лара мегар ду. Цара эшам бо Ичкерин маршонна",- тешна ву къамелахо.

Hохчийн йукъараллехь барт хилийта лаар дийцинчух тера ду, важа цу хабарна тIетовш, волавелла, аьлла хета Сулеймановна. Кхин цхьа агIо хила тарло боху спикеро, Кадыров Рамзанан векалша, Закаев Ахьмадан векалша къайлах вовшашлахь къамелаш дан тарло, важа церан цхьа болх эцна вахана хила там бу. И агIо бакъ йа харц хиларан цхьа тоьшаллаш доцуш ду.

"[Джамбетовс] динарг Iовдала хIума ду. Иза хIинца леринчу операцин рогIера волайнхо ву. Политикин хаарш доцуш, леринчу урхаллийн белхалошца къийса хала ду, цара шаьш бохург нийса ду аьлла тешор ву, шортта аргументаш далор ду. Амма шайн Iалашоне кхочур бу уьш. Цу хьолехь уггаре гIолехь дерг - шен принципаш цахийцар",- тIечIагIдира "Толаман" куьйгалхочо.

Карарчу хенахь хууш ду, Украинин эскарехьа тIом беш нохчийн йалх батальон хиларх. Иза Шайх Мансуран цIарах батальон (буьйранча ЧIебарло Муслим); Дудаев Джохаран цIарах батальон (буьйранча Осмаев Адам, батальонца жигара "Адаман тоба" йу); ОБОН ВС ЧРИ (леринчу гIуллакхашна къастийна батальон, буьйранча - Ажиев Рустам); Шалена Зграя "Хьере арданг"( Абдурзаков Казбек); SOG (Леррина оператив тоба); Гелаев Хьамзатан цIарах батальон.

Кхинболу "йухабирзинарш"

Маьршачу республикин дуьххьарлера а, уггаре ладаме а агIонча вац Ичкерин тIеман ницкъийн ОБОН-ан хаамийн-зерийн декъан экс-хьаькам. Эмиграцера цIабирзинарш кIезга бац. И тайпа цIабахкарш хIораза а пропагандо шайгахьа узуш, нисдора. Воккхахволчу Кадыровс Оьрсийчоьнехьа лелийна политика оьшуш хилар тIечIагIдеш. Кадыров Рамзан махкахь лерина ца Iаш, аренца болчу нохчаша лору алархьама а.

Зазадоккху-баттахь Соьлжа-гIаларчу "Нохчийн къоман гуламехь" хаавелира Австрехь вехаш волу, башха гIараваьлла воцу нохчийн блогер Магомадов Сайд-Хьусейн. Кадыров Рамзан кIоршаме йемалвеш лелла волу.

Мицаева Рубати
Мицаева Рубати

Ичкерин жигархо, нохчийн политэмигрантан Закаев Ахьмадан бIанакъост, йеххачу заманчохь ша Ичкерин министрийн кабинетан векал йу бохуш, лелла Мицаева Рубати Нохчийчу йеара 2021-чу шеран гIуран-баттахь. Аэропортехь цунна дуьхьал баьхкинера Iедалан векалш. Къоман пилитикин, арархьарчу уьйрийн, зорбанан - хаамийн министр Дудаев Ахьмад а, депутат Ханбиев Мохьмад а. Ша цIайерзале хьалха Мицаевас Нохчийчу йахийтира шен ши йоI. Царехь цхьаъ - Суниат - Кадыровн ненан сурт дуьллуш республикехь дIабаьхьначу къовсамехь туьйлира. ТIаьхо машанашкахь видео йаьржира, Мицаева стоьла гондхьа Iачу Кадыров Рамзанца а, цуьнан накъосташца а къамеле йаьлла Iаш, йаьккхина.

ЦIабирзинчаьрца вара Ампукаев Рамзан - Ичкерин Польшехь хилла векал. Дуьненайукъарчу нохчийн конгрессан, нохчийн хаамийн центран куьйгалхо, Европарламентан депутатан хьехамча. ЧГТРК "Грозный" гIирсаца динчу къамелехь цо дIахьедира, аренца йолчу диаспорин 99% векалш Нохчийчоьнан куьйгалхочунна реза бу аьлла. Бакъдерг дийцича, Ампукаев хьахош тIаьххьара хаамаш 2016-чу шарахь бен бац. Цул тIаьхьа цунах хилларг ца дуьйцу.

ЦIабаьхкинчеран могIарехь нисбелира - Ичкерин хилла муфти Тевсиев Бай-Iела а, вице-премьер Махашев Казбек а. Тевсиев керлачу Нохчийчохь карьера йан а кхиъна. Цкъа хьалха Соьлжа-гIалин вице-премьеран даржехь, йуха динан, йукъараллин уьйраш латточу департаментан куьйгалхо. ТIаьхьо хаамийн гIирсашка ша "Iелам стаг", "имам" ву элира цо. Цо а хестийра Кадыров а, цуьнан кIант а.

Могушалла ларйаран министр Ханбиев Iумар, Европехь а, Азехь а Масхадов Асланан векал вара. Иза республике веара 2008-чу шарахь.

Европехь адамаш дайъарехь шеконе лаьцна (Закаев Ахьмадна тIелата дагахь a) Масхадов Асланан хилла ларвархо Сугаипов Iумар а вирзира Нохчийчу. Цигахь цуьнга кхечира Кадыров гIоьнчин дарж. 2014-чу шеран декларацехь 1,1 млн сом а, тIехь цIенош долу 100 кв. м. ши латтан дакъа а билгалдаьккхина цо.

2016-чу шарахь, 15 шо аренца даьккхина, цIайирзира Масхадова Кусама - Ичкерин президентан Масхадов Асланан хIусамнана. Мицаевца санна, цкъа хьалха цуьнца къамел динарг Ханбиев Мохьмад вара.

"Кусама чIогIа цомгуш йу, цунна даймахка йухайерза лаьа аьлча, аса оьрсийн паспорт дайтина, иза Оьрсийчу йалийра. Масхадовс ша дийна волуш, со вен омра делла хиллашехь. Цуьнан кIант ву хIинца a со сийсазвеш, Iаш. Амма аса и гIуллакх кхочушдира. Иза цхьанна хIуманна тIехь бехке йац, иза - зуда бен йац", - дIахьедира цу хеннахь парламентан гуламехь Кадыров Рамзана.

ЦIабирзинчаьрца вара буьйранчин Бараев Мовсаран да, Умаров Докин векал Бараев Бухари. Меттигерчу Iедалхоша цуьнан Австрера цIавар шайн толам санна кхайкхира.

  • Украинехьа тIом бечу буьйранчийн лоттийлаш йийцинчунна миллион доллар далан кийча ву ша элира Кадыров Рамзана.
  • Украинин Лаккхарчу Радехь Нохчийчоь Оьрсийчоьно цхьана ханна оккупацехь латтош хилар билгалдоккхуш, сацам бира. "Нохчийн къомана йина геноцид" йийцаре йира. Цу сацамна цу чохь мел хиллачу 287 депутато кхаж а тесира. И ладаме хилам кечбаран автор Гончаренко вара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG