ТIекхочийла долу линкаш

 
Нохчийчохь а, ГIалмакхойчохь а схьайоьллур йу тIеман - патриотизман каппаш
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь а, ГIалмакхойчохь а схьайоьллур йу тIеман - патриотизман каппаш


Тувахь хилла "Мисс Юнармия" къовсам
Тувахь хилла "Мисс Юнармия" къовсам

Нохчийчохь а, ГIалмакхойчохь а тIеман-патриотизман каппаш схьайелла дагахь бу. Цигахь латтор бу 14-17 шераш долу кхизахой. Цара толлур ду Оьрсийчоьнан кхерамзаллин баххаш, Iамор йу тIеман говзалла. Цу кепара доьшийлаш Оьрсийчоьнан 11 махкахь йан лерина бу, бохуш дуьйцу президентан Генарчу Малхбаленан федералан гонашкахь волчу векалан пресс-центро.

Кхиазхошна Iамор ду герзаца дерг, инженерийн кечам бан, медицинин баххаш карадерзон, з1е латтон, пилот воцу БПЛА гIирсаш лелон а. Даймехкан Сийлахьчу тIеман, "лерринчу тIеман операцийн" ветеранашца, гIарабевллачу спортхошца а цхьаьнакхетарш а хир ду берийн. ( Украинерчу тIамах "операци" олу оьрсийн Iедалхоша ). Царна хьоьхур йу “Оьрсийчоьнан, советан заманан эпсарийн, салтийн, лаамерчеран, волонтерийн масаллаш тIехь хIоттийна истори” а.

Дуьххьарлера 21 денна билгалйаьккхина хан дIахьур йу "Турпалхойн зама" девизца. Аьхкенан чакхенга кхаччалц цигахь дакъалоцур ду 9 эзар кхиазхочо. И болх дIахьур бу "ТIемало" тIеман-спортан центро. Иза вовшахтоьхна президентан администрацин куьйгалхочун гIоьнчас Кириенко Сергейс.

  • Школашкахь санна тIеман говзалла хьеха дагахь бу Оьрсийчоьнан лаккхарчу доьшийлашкахь а. Болх бакалавриатан, специалитетан, говзаллийн программашлахь хир бу, хаамбира лаккхарчу дешаран, Iилманан министраллин пресс-центро. Школашкахь 2023-чу шеран гезгамашин-беттан 1-гIа де тIекхачале керла программаш йукъайохур йу. Хьалхо министраллехь билгаладаьккхина дара, урокашна йуккъехь йоцуш, къаьсттина хьоьхура йу НВП аьлла.
  • Школашка НВП йухайерзор къобалдира тIеман министралло. Лакхарчу классашкахь болучарна 140 сохьтехь и хьехар дика хирг хилар билгаладоккхуш. Лакхарчу классашкара дешархой 1122 дешаран сохьтехь болх беш хиларе хьаьжча, тIеман хьалхара кечам бечу урокашна 12% дешаран хан дIайала йезар йу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG