ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белгород тIехь гIаравалар? Кадыровна, Пригожинна "мохк ларбан" лаар


Питерера сувенирийн туьканара Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран, ЧВК "Вагнеран" долахочун Пригожин Евгенийн,  Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан суьрташца туьтмIаьжгаш
Питерера сувенирийн туьканара Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран, ЧВК "Вагнеран" долахочун Пригожин Евгенийн,  Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан суьрташца туьтмIаьжгаш

Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен батальонаш Белгород-махка йахийта лаьа шена аьлла дIахьедина. ТIаьхьарчу кIирнашкахь герз детта долийна цу меттигашка. Украинехь болчу тIамехь дакъалаца цалаарца доьзна дуй-те иза, йа иштта шен йолахой цига хьовсон лиинчу ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочуьнца даьллачу девнаца - Кавказ. Реалии сайте цунах шайна хетарг дийцира тIеман эксперташа.

Стигалкъекъа-беттан чакхенгахь "Оьрсийн лаамхойн корпусан" а "Маьрша Орсийчоь" легионан тобанаша а Украинин дозанца болчу Белгород-махкарчу кIошташкахь рейдаш йо. Иштта, стигалкъекъа-беттан 22-хь уьш чубахара Грайнворонск-гоне, ткъа мангалан-беттан 4-хь Новая Таволжанка йуьртана Iуналла дан буьйлабелира - и хаам тIечIагIбира Белгород-мехкан куьйгалхочо Гладков Вячеслава. Оьрсийн ницкъахой цу йуьрта чу ца бахало элира цо. Цул совнах, дозанера кIошташ а, ша Белгород а даимна герз тIедетташ лаьтта, ткъа цигара бераш кхечу меттигашка дIадигна.

Кадыровхой а, ЧВК "Вагнер" а

Мангалан-беттан 2-хь ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочо Пригожин Евгенийс хаамбира, шен йолахой Белгород-махка баха кийча бу аьлла. Нагахь тIеман министралла царна тIе ца хIоттахь.

"Тхаьш дIакхайкхаре хьовсур дац, цига дахийта тхо бохуш дехарш дийр дац. Оха тIеман гIирс оьшийла хоуьйтур ду, иза ца хилча, дехьадовлалур дац",- бехира бизнесхочо.

Ши де даьлча, дIахьедарш дира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Иза цкъа Пригожинан агIо лоцуш, генералитетна лоь, йуха шен гонерчу накъосташкахула иза йемалван волало.

Нохчийчуьрчу тIеман министраллин а, Росгвардин а батальонаш шайн цIахь "хьаннаш, лаьмнаш" долчу меттигашкахь тIемаш бина йу, элира Кадыровс. Амма цо ца дийцира, Белгород-мехкан аренашкахь царех хIун пайда бер бу.

Дуьххьара дац Кадыров Рамзан Пригожинца къовсавалар. ЧВК "Вагнеран" долахочо Бахмутерчу лоттийлашкара тIеман гIирс цатоарна ша дIавоьду аьлча, нохчийн политикахочо шен эскархой цига бига ша резахиларх дIахьедира. Вагнерахой масех баттахь йохийначу гIалара дIабахара, амма церан метта тIеман министраллин салтий бахийтира. Ца бахийтира цига кадыровхой.

Белгородах дIахьедарш - доккхачу гIуллакхехь цIе йаккхийта лаар

Кадыровна ладаме дерг - шен долара "эскар" Iалашдар, тешна ву тIеман эксперт Гендельман Давид. Цо дийцарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна оьшуш ду иза кхиндолу эскарш вовшахтохар, чIагIдалар болчу муьрехь, масала, ЧВК "Вагнер". Эскархойн батальонашца болх бечу инарлашка хьаьжча, Кадыровн шен ресурс йу, цуьнан эскархой цIарца бен Росгвардин а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин куьйгаллехь бац, тIетуху Гендельмана.

"Белгородах дIахьедар - иза тIамах вада лаар ца хила тарло. Иза уггаре хьалха доккхачу гIуллакхехь шен цIе йаккхийта лаар ду. Хьалхо а изза дира Кадыровс. Пригожина ша стигалкъекъа-беттан 9-хь Бахмутера дIавоьду аьлча. Кадыровс дина дIахьедарш хаамийн гIирсаша даржийннашехь, цуьнан батальонаш цигахь ца ийшира. ХIинца Пригожина шен эскархой Белгород-махка баха кийча бу аьлча, Кадыров йуха а хьалхалеррниг дийца волавелла. Боккъал хир дуй иза иштта - хууш дац, амма "гIаролхочун", "сагатдархочун" гIараваларан сурт гуш ду",- боху тIеман эксперто.

Кадыровна реза йац Кремл?

Донецк агIорчу луьрачу тIемашка шен эскархой бига ца хIуттура Кадыров, дагадоуьйту америкахойн тIом талларан Институтерчу эксперто (The Institute for the Study of War) Степаненко Катеринас. Цо билгалдоккху, кадыровхой совбовларан муьрехь иза хилла хилар.

"Хьалхо украинхойн тIемалоша хаамаш бира, нохчийн батальонаш Марьинка йолчу агIора тIемашкахь нисйелчхьана, жигаралла лахделла гуш хиларах. Хетарехь, Кадыровна боккъал а ца лаьа шен эскархошка халачу меттигашкарчу жигара тIемашкахь дакъалацийта. Шена делла омра кхочушдеш, Донецкан агIо шен ницкъаш дIабигарах дIахьедира цо, цунна луачуьнца догIуш дацахь а, и дехьабовлар нисдина даьлла. Кадыровхой Белгород-махка дехьабаха алар нохчийн ницкъех къинхетам бар Путине дехар санна хила тарло",- аьлла хета аналитикна.

Кадыровна боккъал а луучух тера дац шен эскархошка тIамехь жигара дакъалацийта

Мариуполь схьайаьккхинчул тIаьхьа Нохчийчуьра батальонаша Луганск-махкарчу Белогоровкехь тIемаш бина, амма уьш ца бахийтина луьрачу тIемашка, Марьинка а, Бахмут а, Авдеевка а, Угледар а йолчу, тIетуху ISW эксперто. Цо билгалдоккху, хьалхо дIалаьцначу латтанаш тIехь "полисхой санна" кадыровхой лелаш хилар.

"Зазадоккху-баттахь Путинан, Кадыровн цхьаьнакхетарехь дийцаре дира нохчийн эскархоша тIамехь дакъалацар. Цигахь республикин куьйгалхо воьхна гуш вара. Дукха хан йоццуш нохчийн ницкъаш Марьинке дехьакхийсар тидаме эцча, Кремлехь болучарна кадыровхой тIамна башха йукъаозийна бац аьлла хеттачух тера ду",- тIечIагIдо Степаненко Катеринас.

Белгород дIатесна

Белгород-махка кадыровхой хьовсон дагадаийтар - "Путин Владимирна ша муьтIахь хилар гайтар"ду, боху Украинерчу Ичкерия Нохчийн республикан векало Шулипа Юрийс.

Дозанза олалла шена магорна, хьолана дуьхьа муьлххачу зуламехь дакъалоцур долуш ву Кадыров

"Путинан Оьрсийчоь а, Москвано Ичкерехь хIоттийна Кадыровн Iедал а - Кадыровс шена аьтто барна, шен дозанза олалла магорна дуьхьала муьлххачу зуламехь дакъалоцур долуш, бина барт бу",-аьлла хета спикерна.

Шулипанна хетарехь, Белгород-махкарчу тIаме кадыровхой хьовсор бац Путина. Цул совнах, цу махкаца Москван бала бац, иза къовсар царна ца оьшу. РДК, "Ипьршп Оьрсиййчоь" легионна тIера гIароллин декхарш ФСБ урхаллин дозанчашна, Росгвардина, тIаме кхайкхинчарна, меттигерчу ницкъахошна дIаделла.

"Кадыровна хаьа, Оьрсийчохь хинйолчу политикин кризисехь ша а, шен раж а лардан эскархой шена оьшуш буйла. Цундела медиашкахь шен цIе йаккхийтархьама къамелаш деш ву, кхин хIумма а дац",- олу къамелахочо.

Украинехь тIом болабелчахьана, "тикток - эскарш" аьлла цIе дIайахна кадыровхойн: тIеман эксперташа а, гиначара а дийцарехь, нохчийн эскархой Оьрсийчоьно дIалаьцначу латтанаш тIехь лаьтташ бу. ISW институто нохчийн эскархой тIамехь дакъалоцуш бац, дукхахьолахь оккупаци йинчу меттигашкахь лаьтташ хуьлу аьлла, дIахьедира. Изза дуьйцура Украинин агIонехь тIом бечу Къилбаседа Кавказерчу тIемалоша а. Украинехьа тIом бечу Шейх Мансуран цIарахчу нохчийн батальонан декъахочо Очерхаджиев Аслана билгалдаьккхира, цхьана шарчохь хиллачу тIамехь шайна кадыровхой гина бац аьлла. ХIунда аьлча уьш боккхачу тIамехь ца хуьлу. Церан цхьа а лаам бац Кремлана хьалхара бала. Цара шаьш тIом баран кепаш хIиттайо, тиктокна лерина видеош йоху, бен-башха доцуш герзаш кхуьйссу".

Украинехь тIом болабарца бакъонашларйархоша а, Кавказ. Реалии сайтан хьостанаша цкъа дийцина ца дитира республикехь ницкъахоша лачкъийна нах тIамехь нисбаларах. Царех цхьаболчаьрга йа тIаме гIо, йа харцонца долийначу гIуллакхца чудухку шу йа таIзараш до шуна баьхна дара. Нохчийн оппозиционерийн гергарчу нахах а бо салтий. Бертаза Нохчийчуьра нах тIаме хьийсорах хаамаш Оьрсийчоьно мобилизаци сацийна аьллачул тIаьхьа а хеза.

Стигалкъекъа-беттан чакхенгахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо кадыровхой сепаратистийн "ДНР" йолчу агIор дехьабахарах хаамбира. Iалашо цигахь "цхьа могIа" меттигаш дIалацар йара, билггал муьлхарш - дуьйцуш дацара Цу тIехула нохчийн буьйранчийн, Пригожинан дов делира. ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочо цигахь кадыровхоша хIун лелор ду ца хаьа шена элира - цунна жоп луш, парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада, Госдумехь волчу нохчийн векало, депутато Делимханов Адама а, "Ахьмат" спецназан куьйгалхочо Алаудинов Аптис а Пригожин бехкевира. Бахмутехь эскархой баларна а, тIеман гIирс ца тоьу бохуш харц хаамаш барна а. Лаккхарчу тIеман куьйгалла йемалдарна цунна кхерамаш а тийсира цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG