Оппозицин нохчийн жигархойн ненан Мусаева Заремин гIуллакхехула хьукма кхайкхийна. Федералан кхелахо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин 53 шо долчу хIусамнанна 5,5 шой хан кхайкхий йукъарчу хьелашкара набахтехь таккхийта. Иза бехкейина курхалла лелорна а, полисхочунна тIелатарна а. 2022-чу шеран дечкен-баттахь Лаха Новгородера кадыровхоша лачкъийна, нуьцкъаша Соьлжа-ГIала йалийра Зарема. Бакъоларйархоша а, адвокаташа а масийттазза билгалдаьккхира, Мусаевана дуьхьал долийна гIуллакх Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан бекхам бу, цуьнан кIенташа бен оппозицин болх бахьана долуш аьлла.
Соьлжа-ГIалара Ахматан кIоштан кхело адвокаташ чохь а боцуш таIзар дIакхайкхийра цунна. И гинчеран тоьшаллашца, кхелан процесс ворхI минотал сов ца йахйелира.
Оцу кхелан сацамна латкъам бан дагахь бу юристаш, боху Къилбаседа Кавказера "Iазапашна дуьхьало латточу Командин" филиалан куьйгалхочо Ванслова Екатеринас: "Тхо реза дац цуьнца, тхуна хета, адвокаташа иза бехке цахиларх дуьззина тоьшаллаш далийна. Делахь а, цкъа хьалха цуьнца шеца къамел дан дезар ду, цунна хIун аьалла хета хьожуш".
Нохчийчохь уггар а доьналла долу зуда
ТаIзар кхайкхадале хьалха Нохчийчохь тIелатар дира "Новая газетин" журналистана Милашина Еленина а, Мусаеван адвокатана Немов Александрна а. Соьлжа-ГIалин аэропортера догIучу цу шиннан таксина дуьхьал теснера кхо машен. Къизаллица йиттинера царна, хIаллакйеш церан йоллу техника, дуьйр ду шуьшиъ бохуш, коьрте герз хIоттийнера. Милашинин хьен туьта лазийна, пIелгаш кегдина, Немовна – когах урс тоьхна.
Чевнашца волчу Мусаева Заремин адвокатан ницкъ ца кхаьчнера кхелан кхеташоне ваха. ХIетте а, Ахматан кIоштан суьдхоша кхел кхайкхон де дIататтар шайга дехча, дуьхьало йинера – цу кхеле шолгIа адвокат Савин Александр вахийта дагахь хиллера, амма кхело дехарна жоп ца делира.
Милашинина а, Немовна а тIелеттачул тIаьхьа къаьстира, тухуш йолу хан мел а лакхара хир йуйла, боху Мусаева Заремин воккхаха волчу кIанта, юристо, бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара.
"Кхел кхайкхочу заманчохь суьдхочо тидаме ца эцна таIзар малден хьелаш – ненан могушалла, даим а лоьрийн Iуналла цунна оьшуш хилар, набахтехь оьшу лоьрийн гIо кхачон таро цахилар, инсулин а, кхиндолу молханаш а цахилар. Иза СИЗО-хь латточу оцу цхьана шарахь эхашарахь наха латтийна цунна молханаш. Цундела хета суна, таIзар – 5, 5 шарна иза маршонах йоккхуш дина дац, иза йен кхайкхийна сацам бу. Цуьнга сатуьйсуш а бу уьш", - элира динчу таIзарх дуьйцучу Янгулбаевс.
ТаIзар – 5, 5 шарна иза маршонах йоккхуш дина дац, иза йен кхайкхийна сацам бу. Цуьнга сатуьйсуш а бу уьш
Вердиктана латкъамбан формалехь Мусаеван пурба оьшу. Янгулбаевс бахарехь, цуьнан нана дуьхьал хилахь а, иза къарйан гIуртур ву иза.
"Сан ненал а доьналла долуш цхьа адам дац йоллу Нохчийчохь! Кхерар дац цуьнца. Амма цуьнан сина бина Iаткъам бахьана долуш а, шен гIуллакх дикачу агIор доьрзур ду аьлла тешам цахиарна а иза хIоьттина хилар хаало. Мухха делахь а, кехаташца, адвокаташкахула тхойшиъ зIенехь ду, иза къарйан хьожур ву со, массо а инстанцешкахь оцу таIзарна латкъам бан", - боху цо.
Лачкъор
Мусаева Заремин гIуллакх доладелира 2022-чу шеран дечкен-баттахь – хIетахь нохчийн ницкъахоша Лаха Новгородера, шен цIийндеца Янгулбаев Сайдица а, йоIаца Алияца а кхечу пачхьалкхе дIайаха кечамаш беш йолу иза такхийна арайаьккхира шен хIусамера. Оьрсийчуьра дIабаха дагахь бара уьш – боллу доьзална кадыровхоша кхерамаш туьйсура церан воIарша лелочу оппозицин гIуллакхна тIехула.
Мусаева лачкъайале хьалха, 2021-чу шеран гIуран-баттахь Пятигорскехь лецира цуьнан кIант Абубакар. Теше санна хеттарш дира цуьнга терроризме кхайкхамаш баран гIуллакхца доьзна. Янгулбаев Абубакар бехкевира, цуьнан вашас ИбрахIима лелочу оппозицин нохчийн 1АДАТ телеграм-каналан балхаца воьзна ву аьлла. Йуккъера а, жимахволу ши ваша 20I1-чу шарахь дIавахара Оьрсийчуьра, гIуран-баттахь ша лаьцначул тIаьхьа дIавахара Абубакар а.
Ши бутт ца кхоччуш хан йаьлча Новгородера доьзалан петарчу лилхира нохчийн полисхой. Церан карахь кехат дара, Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана а хеттарш дан тIедалон бакъо лун – Нохчийчохь даьстинчу курхаллех лаьттачу цхьана гIуллакхан хьокъехь тешашка санна цаьрга хеттарш дан деза бохура. Суьдхо лацарх гIуллакх ца хилира церан – оцу заманчохь кхелахочун статусехь вара иза, цо цунна тIе куьг дахьа бакъо ца лора. Амма Заремех и бехкам хьакхалуш бацара: тиларчу йоьдучу хьолехь кадыровхоша хIусамчуьра ара а йаьккхина, йовха бедарш тIейуххалц а ца йуьтуш, когахь мачаш йоцуш дIайигира иза.
Соьлжа-ГIалахь Мусаевана бехкаш дехкира меттигерчу цхьахволчу полисхочунна тIелатарна. Иза лачкъийначул тIаьхьа ши кIира даьлча бен аьтто ца белира адвокатийн цунна тIекхача. ДIасайалар доьхуш, лаьцна йуьтуш кхелан кхеташо йоьдучу йукъанна кхетамчохь йацара Зарема.
"Йа набахтехь, йа лаьтта бухахь"
Оппозицин жигархойн нана Нохчийчу йалийначул тIаьхьа, мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь йаздира: "Оцу доьзале хьоьжуш меттиг бу йа набахтехь, йа лаьтта бухахь". Цо иштта дIакхайкхийра, ЯнгулбаевгIеран доьзалан хьокъехь хилла акци "оцу меттигехь болчу коллегашца йийцаерйина йара", ткъа "бакъоларйаран органийн белхахой низамехь, бартбина лелаш бара" аьлла.
Кхин а масех де даьлча цо кхерамаш тийсира доьзал хIаллакбийр бу аьлла. "Уьш миччахь белахь а, мел чIогIа къайлабовлахь а, тхуна уьш схьакарор бу, оха уьш хIаллакбийр бу", - дIахьедира Кадыровс.
Чиллин-беттан йуьххьехь Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь волчу Делимханов Адама инстаграмехь хIоттийначу эфирехь а кхерамаш тийсира ЯнгулбаевгIарна а, ша ден къамел оьрсийн матте даьккхинчарна а. Цуьнан кхерамаш тийсарна тIетевжира нохчийн баккхий хьаькамаш, ницкъахой а. Чиллин-беттан 2-хь Соьлжа-гIалин коьртачу майданахь цара дIабаьхьира ЯнгулбаевгIар сийсазбарна лерина гулам - цигахь церан доьзалан суьрташ дагийра, этIийра, суьрташна тIе когаш биттира.
Федералан суьдхо лаьттинчун хIусамнана бакъо йоцуш лачкъорах официалехь Кремлан реакци йовзийтира Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс. "Фантастика" йу бохура цо хилларг, Кремлехь "цунах ца теша". Нохчийчоьнан куьйгалхочун ЯнгулбаевгIарна бехкаш дохкуш дина зевне дIахьедар Кадыров Рамзанна "шенна хетарг" ду элира Песков Дмитрийс. Массарна а хезаш, депутато Делимхановс тийсинчу кхерамашца а иштта зуламан бух ца карийра Талламан комитетана.
Соьлжа-ГIалара гIуллакх
Мусаеван гIуллакхехула кехат дахьийтира прокуроре а, Нохчийчоьнан омбудсмене а, Оьрсийчоьнан бахархойн бакъонаш ларйан векал йинчу Москалькова Татьяне а. Ткъа адамийн бакъонашкахула йолчу оьрсийн Кхеташонан куьйгалхо Фадеев Валерий Талламан комитетан куьйгалхочуьнга велира, и гIуллакх Москвахь таллийта аьлла. Делахь а Соьлжа-ГIалахь дитира.
Оьрсийчохь гIовгIа йаьккхина ца Iаш, дозанал арахьарчу пачхьалкхашкахь а дийцаредора нохчийн жигархойн нана лачкъорах. Заремигахьа йистхилира бакъоларйаран Civil Rights Defenders йукъаралла а. Церан дIахьедарца а догIуш, Мусаева лацар Кадыровн критикашна а, церан гергарчарна а тIаьхьабевлла леларан дакъа ду. ЯнгулбаевгIеран вежарийн нана маьршайаккха аьлла, кхайкхамбира Евроберто а, США-н Пачхьалкхан департаменто а. ХIора ши кIира мел долу цуьнгарчу хьолах шайга схьахаийта аьлла, тIедожийра Оьрсийчоьнна Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело.
"Политикан зекашна гIолаттор. Мемориал" бакъоларйаран проекто Мусаева Зарема политикан тутмакх лаьрра. Бакъоларйархойн дIахьедарехь билгалдоккхура, царна тIаьхьабовлар "кхечу агIор хуьлийла дац, и зуда закъалте эцна йу, доьзалера божарий царна бекхам бан цIабахкийта" аьлла.
Экспертизаш а, кхелаш а
Нохчийн ницкъахойн версица, Соьлжа-ГIалахь Мусаева тIелеттера полисхочунна Абдулхамидов Мохьмадна, цуьнан йуьхь тIе мIараш туьйсуш. Шен дарашкахь цунах лаьцна дIахьедира "зен хиллачо" а, "тешаша" а. ТIаьхьо церан хьесапаш бакъ ца дира йозуш йоцчу экспертизо, ткъа йуьхьанца дуьйна цунна динарг дайн зен ду аьлла криминалист, кхелан- медицинан экспертизан бюрора балхара дIавелира.
Хьалхо Мусаеван гIуллакхехула возуш воцчу эксперто Безбородов Алексейс тIечIагIдира кхелехь, талламо йинчу экспертизан жамIех шен шеконаш хиларх. Бехкбилларехь дуьйцуш долу ницкъахочун юьхьтIера кховраш дахарх лаьцна нийса охьайаздина дац, могушаллина дайн зен дина аьлла, тIечIагIдойла йац, ткъа и сизаш стенгара девлла хууш дац аьллера.
Курхаллина биллинчу бехкехь дара, оццу бехкаца таIзар динчу Нохчийчуьра йахархочун дийцар. Мусаеван кIанта Янгулбаев Абубакара дIахьедина, таIзаре хIоттийнарг реза хиллера "полицица бертайаха"- цуьнан нана Соьлжа-ГIала йалийначул тIаьхьа, зудчо дIахьединера, кхелахо хиллачун хIусамнанас хьехнера шена кредиташца нах Iехон кеп-кепара схемаш аьлла.
Мусаева Заремин адвокаташа а, "Iазапашна дуьхьало латточу Командин" бакъоларйархоша а масийттазза дIахаийтира цуьнан дов хоттучу заманчохь дуккха а харцонаш лелийна хиларх.
Хенал а хьалха арайала дегайовхо?
Чохь йаллийначу оцу заманчохь, ишта а ледара йолу Мусаева Заремин могушалла кхин а тIе эшна йогIу. Иза инсулинах йоьзна йу, ду цуьнан дегIаца кхин а лазарш, хIинца-м цуьнгара хьал кхин а гIад дайна ду, боху цуьнан кIанта Абубакара.
"Когийн пIелгаш тхьуздулу цуьнан, куьг а, ког а, букъ а бу лозуш. Йолайалар а ледара ду цуьнан, ирахь ца латтало. ЧIогIа лахделла цуьнан бIаьрса. Инсулинах кхин а чIогIа йоьзна йу иза хIинца", - охьадагардира кIанта.
ХIара политикан гIуллакх ду, Москвана а лууш, цхьана стага долийна
Хьалхо Мусаевас аьрзнаш дора, шена глюкоза цхьана меттахь ца латтарна а, даим гIора доцуш хиларна а вон ду шена бохуш. Инсулин совдаьккхинашшехь, хила дезачул а лакхара хуьлу цуьнан шекар. Цуьнан могушалла таллийта, дарбанан цIийне иза охьайилла бохуш, къар ца лора адвокаташ, амма кхело дуьхьало йира.
Цхьа шо даьлча хенал а хьалха арйаккхар доьхуш, кехат чудала таро йу Мусаева Заремин, боху цуьнан кIанта.
"Толлур дуй-те и? ХIара гIуллакх политикан, Москван интерес йолуш, тIедиллина гIуллакх ду, шайн оппоненташна бекхам бина ца Iаш, церан гергарчарна тIехь а доькхур ду шаьш бохуш, дIагайта хьийза уьш. И чоьте эцча, дегайовхо йац. Амма делахь а, къийсам латтон беза", - дерзийра къамел Янгулбаев Абубакара.
- "Новая газетан" журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а тIелатарх дIахаийтина президентана Путин Владимирна а. "Маса талламан барамаш дIабаьхьна, цхьа таIзар дан деза", - дIахьедира президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс.
- ТIелатар бахьанехь Мусаевана таIзар кхайкхочу даха гIора ца хилла Милашина а, Немов а Къилбаседа ХIирийчоьнан Бесланера дарбанан цIийне дигира, республикера адамийн бакъонаш Iалашйан векал вина, нохчийн урхалхочун Кадыров Рамзанан гонера Солтаев Мансур улло а ваьккхина. Солтаев цаьрца вахийта омра динарг ша Кадыров ву бохура, Оьрсийчоьнан омбудсменца Москалькова Татьяница къамел динчул тIаьхьа.