ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Уггар кхерамза республика". Журналисташна, бакъоларйархошна кадыровхойн Нохчийчохь тIаьхьбовлар


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

"Новая газетин" журналистана Милашина Еленина а, адвокатна Немов Александрана а тIелатар динчу наханна таIзар дан деза бохуш Iедало дIахьедарш динехь а, Нохчийчохь цу кепара теллина доцучу зуламийн терахь дуза мега цо, аьлла хета эксперташна. Кавказ.Реалиин редакцино схьагулйина, Кадыров Рамзана республикина куьйгалла дечу заманахь бозуш боцчу журналисташна, бакъоларйархошна дуьхьал репрессеш лелийна меттигаш.

Товбеца-беттан 4-хь шайн йаххьаш хьулйинчу наха сацийра Немов а, Милашина а чохь хилла машен – нохчийн оппозицихойн нанна Мусаева Заремина хан кхайкхош йолчу кхеле новкъадаьлла хилла и шиъ. Цаьргара телефонаш схьайехира, техника, а кехаташ а хIаллакдира. Коьрта тIе тапча хIиттийра, чхьонкаршца, когашца йиттира, гора а хIиттийна, куьйгаш дIадихкинера, дийцира Милашинас. ТIаккха цуьнан месаш дIайешира, зеленка Iенийра цунна тIе. Бакъоларйархоша иза сийсазйан гIертар ду элира. Журналистан хье лазийра чоьхьара, масийттанхьа куьйгийн тIехкаш лазийра. Дарбан цIийнахь иза кхетамчуьра йуьйлура.

Милашина Еленас шен букъ гойту, шена тIелатар диначул тIаьхьа. 2023-чу шеран товбеца-бутт
Милашина Еленас шен букъ гойту, шена тIелатар диначул тIаьхьа. 2023-чу шеран товбеца-бутт

Немовна а йиттира, когах урс тоьхнера цунна. Оцу дийнахь луларчу республикерчу Беслан гIаларчу дарбан цIийне йигира иза, цул тIаьхьа – лерринчу кеман бортаца Москоха кхачийра.

Оьрсийн Iедало реакци йира оцу тIелатарна, цхьамогIа дIахьедарш а деш, бохура, таллам бе хиллачунна, лазийначарна гIо де. ТIелатар хиллачул тIаьхьа итт сахьт даьлча Кадыров Рамзана "луьстур ду" гIуллакх аьлла, дош делира.

Бозуш боцчу журналистана а, адвокатана а Соьлжа-ГIалахь тIелатар дар дуьххьара хуьлуш дац Кадыров Рамзана республикина куьйгалла деш долчу шерашкахь – цо ша олура Нохчийчоь "Оьрсийчоьнан уггар кхерамза регион" йу.

Эстемирова Наталья

2007 шарахь Кадыров Рамзан Нохчийчоьнан куьйгалле хIоьттиначул тIаьхьа, адамийн бакъонаш шогачу кепехь хьешар цхьа цецвоккхуш хIума дац, тIаккха журналисташна, бакъоларйархошна а саццанза до тIелетарш. Царах уггар гIардаьллачех цхьаъ – журналист, бакъоларйархо, "Мемориал" центран белхахо хилла йолчу Эстемирова Натальяна тIелатар.

Эстемирова Наталья , 2007 шеран гIадужу-бутт
Эстемирова Наталья , 2007 шеран гIадужу-бутт

2009-чу шеран товбеца-баттахь лачкъийна йигира иза Нохчийчуьра ГIалгIайчу, тIаккха герз тоьхна йийра. ХIетахь бакъоларйаран "Мемориал" центран кхеташонан хьалханча хилла волчу Орлов Олега Эстемирова йерна бехкевира Кадыров. Цунна дуьхьал арз делира Кадыровс "сий а, шен цIе" хьаьшна вукхо аьлла. Кхело орзан цхьа дакъа къобалдира.

Эстемирова Наталья йийна цхьа бутт баьлча кхин а цхьаъ тIелатар хилира. Лачкъа а йина, йийра Садулаева Зарема а, цуьнан цIийнда Джабраилов Алик а – бакъоларйархой дара и шиъ. Нохчийчуьрчу тIамах зен хиллачу кегийрхошна а, берашна-заьIапхошна а гIо дора цара.

"Iазапна дуьхьало йаран тоба"

Эстемирова йийначул тIаьхьа Нохчийчохь болх бан кхоьллира бакъоларйархойн цхьанатоьхна тоба – хIора денна республике схьабогIура уьш шайнн балха. "Iазапашна дуьхьало йаран тоба" йара и дийриг (хIетахь "Iазапаш йухатохаран комитет". – Ред. билг.).

"Болх кхин дIа а дIахьур бу, амма буьйса кхечанхьа йоккхур йу – Дагестанехь, ГIалгIайчохь, Iа меттиг карор йу", – элира хIетахь цхьанатохараллин куьйгалхочо Каляпин Игоря.

Амма гIуллакх ца хилира. 2014 шарера 2016 шаре кхачалц Соьлжа-ГIаларчу мобилан цхьанатоьхначу тобанан офисна масех тIелатар дира, хIаллак йира, цIерш тийсира, церан техника, кехаташ хIаллак дира, жигархошна тIаьхьабевлла лелара ницкъахой, меттигерчу зорбанаша шайна хетарг тIекхуллура царна. 2016 шарахь Каляпин Игорь иштта тIелатарна кIел нисвелира Соьлжа-ГIалина йуккъехь – хIоаш деттира цунна тIе, дама, заленка Iенийра. ТIелатар хилале хьалха иза сецца хиллачу хьешан цIийнара араваьккхира Каляпин. Цо Кадыровн хьокъехь критика йарца доьзна ду иза элира хьешан цIийнан администрацино, дийцира шен фейсбукерчу агIонехь бакъоларйархочо.

Бакъоларйархошна тIелетарш дар талла бохуш протесте бевлла Москвара жигархой, 2016 шо
Бакъоларйархошна тIелетарш дар талла бохуш протесте бевлла Москвара жигархой, 2016 шо

2016 шеран зазадоккху-баттахь ГIалгIайчоьнна а, Нохчийчоьнна а йукъарчу дозанехь журналисташ, бакъоларйархой чохь болчу микроавтобусна тIелатар дира: оьрсийн а, пачхьалкхал арахьара а бара уьш. Бевзаш боцчу наха йиттира царна, террорхой бу бехира. БархI стаг лазийра хIетахь, виъ дарбан цIийне охьавиллира, церан автобус йагийра. Бакъоларйархой, журналисташ Нохчийчу боьлхуш бара, амма тIелеттар, и хьал гиначу наха бахарехь, Нохчийчоь йолчура схьабаьхкира, тIаккха цига агIора къайла а бевлира.

Журналисташна, бакъоларйархошна а тIелатар динчу муьрехь йогуш автобус йу, Нохчийчоь, 2016 шо. Сурт: Сковорода Егор
Журналисташна, бакъоларйархошна а тIелатар динчу муьрехь йогуш автобус йу, Нохчийчоь, 2016 шо. Сурт: Сковорода Егор

Дукха хан йалале гIалгIайн Карабулакехь бевзаш боцчу наха мобилан цхьанатоьхначу тобанан штаб-петарна тIелатар дира. ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека хIеташ дIахьедира, республикехь бакъоларйархой хилийта дуьхьал вара ша, луларчу республикашкарчу белхан накъосташца йукъаметтигаш ца талхийта, уггар хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанаца.

Гериев Жалауди

Оцу 2016 шарахь наркотикаш лелийна аьлла бехкаш дехкина кхаа шарна чувоьллира нохчийн журналист, "Кавказский узелан" зорбанан корреспондент Гериев Жалавди. ГIирсо дIахьедира, журналистана тIаьхьабовлар цуьнан балхаца доьзна ду аьлла, бакъоларйаран "Мемориал" центра политикан тутмакх лерира Гериев. Журналистана тIехIуттуш дIахьедарш дира цхьамогIа дуьненайукъарчу бакъоларйаран цхьанатохараллаша, шайн декъехь Freedom House а, "Доза доцу репортераш" олурш а йолуш.

Гериевс кхелехь дIахьедира, полисхоша ша Iазапехь латтийна аьлла, амма иза тидаме ца ийцира.

Кутаев Руслан

2017 шарахь маьршавелира "Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" куьйгалхо Кутаев Руслан. Кхиндолчу шен гIуллакхашкахь иза набахтешкахь кавказхойн бакъонаш хьешаран хаттар луьстуш лелара.

2014 шеран чиллин-баттахь Кутаевс Соьлжа-ГIалахь горга стол хIоттийра, нохчийн къоманна депортаци йарна 70 кхачарна лерина. ХIетахь кхоалгIа шо дара оцу тайпа барамаш Нохчийчохь ца хIиттон – Кадыров Рамзана дихкинера дIабохорах кхелхинчу нехан иэсах дийца. Исторехь хиллачу чолхечу муьрийн хьокъехь барамаш стигалкъекъа-беттан 10-чу дийне дIатеттира цо – цуьнан да Кадыров Ахьмад дIавоьллина де ду иза. Конференци хIоттийна масех де даьлча жигархо Iедалхоша лецира, тIаккха диъ шо герга хан туьйхира цунна, наркотикаш лелийна аьлла бехке а вина. Кутаевс бохура, шена хан тохар бохам хьахор доьхкуш бина сацам ша бохорца доьзна ду.

Титиев Аюб

Нохчийчуьрчу "Мемориалан" декъан куьйгалхо хIоьттира Титиев Аюб 2009 шарахь – Эстемирова Наталья йийначул тIаьхьа. 2018 шеран дечкен-баттахь цунна кIомал лелийна аьлла бехк биллира, тIаккха бехктакхаман гIуллакх долийра оцу тIехула. Бакъоларйаран йукъаралла ца тийшира Титев бехке хиларх, цуьнан гIуллакх политикан бух тIехь долийна, элира цара. Цо ша дIахьедира, ницкъаллин хьукматийн белхахоша шен машена чу кхоьссина и наркотикаш.

Титиев Аюб ву Шеларчу кхелехь йолчу кхеташонехь, 2018 шеран лахьан-беттан 28 дийнахь
Титиев Аюб ву Шеларчу кхелехь йолчу кхеташонехь, 2018 шеран лахьан-беттан 28 дийнахь

Ша йелла кийтарлонаш ца талларал совнаха, талламо шайн ма-хетта харц кечйора гIуллакхехула йолу материалаш, бохура Титиевс. И дерриг лелийра, "Мемориале" Нохчийчохь кхин болх ца байта, билгалдаьккхира цо. 2019 шеран стигалкъекъа-баттахь бакъоларйархочунна диъ шо хан туьйхира.

Титиев дIалаьцначул тIаьхьа, цуьнан белхан накъосташна кхерамаш тийсиначул тIаьхьа "Мемориалан" офис сецира Нохчийчохь болх бечура. И дерриг хилира Кадыров Рамзана Нохчийчоь уггар кхерамза регион йу бохуш дIахьедарш а деш.

ЯнгулбаевгIеран доьзан

Титиевн тIехь дIа ца дирзира Нохчийчохь журналисташна, бакъоларйархошна а тIаехьбевлла лелар. 2022 шеран Iай Нижний Новгородерчу шен петар чуьра тIе бедарш ца йохуьйтуш йадийна йигира Мусаева Зарема – федералан суьдхочун Янгулбаев Сайдин зуда, нохчийн оппозицихойн нана. Пхи шо, ахшо туьйхира цунна набахтехь йаккха, ницкъахочунна тIелатар дарна а, хьарамлонаш лелорна а бехке йина.

Мусаева Зарема йу Соьлжа-ГIалахь кхелехь. Цунна хан тухучу дийнахь – 2023 шарехь товбеца-беттан 4-хь
Мусаева Зарема йу Соьлжа-ГIалахь кхелехь. Цунна хан тухучу дийнахь – 2023 шарехь товбеца-беттан 4-хь

Мусаевина тIехьбевлира цуьнан кIентийн жигаралла бахьанехь, аьлла хета бакъоларйархошна: "Iазапашна дуьхьало йаран тобанан" юрист хиллачу Янгулбаев Абубакаран а, 1ADAT оппозицин телеграм-канал йолийначух цхьаъ волчу Янгулбаев ИбрахIиман а. Мусаева дIалаьцначул тIаьхь пачхьалкхан думан Нохчийчуьрчу депутата Делимханов Адама кхерамаш тийсира церан доьзална, уьш бойъур бу аьлла, церан коьртеш даха дош а делира.

Цул тIаьхьа Мусаева Зеримин цIийнда, бераш а Оьрсийчуьра дIабахара. Янгулбаев ИбрахIим федералан лехамашка велира терроризм бакъйар бохучу артиклехула, Росфинмониторинго экстремистийн а, террорхойн а тептаре ваьккхира иза, цуьнан вешина Абубакарна дуьхьал экстремизмана тIехула бехктакхаман гIуллакх долийра. Мусаева Зарема лачкъийна шо даьлча, 2023 шеран дечкен-беттан 20-хь Янгулбаев Абубакара Кадыровга кхайкхам бира, шен нана шеца хийца кийча ву ша аьлла. Жоп доцуш битира и кхайкхам вукхо.

Тепсуркаев Салман

2020 шарахь болийра Янгулбаев ИбрахIим 1ADAT болам. Йеххачу хеначохь телеграм-канал анонимин кепехь лелайора, къоман болам олура цара шайх. Ницкъахоша хьийзош болчу нохчашца оцу хьолах лаций шайга дийцар доьхура цара, низамехь доцуш дIалецарх, адамийн бакъонаш хьешарх а.

Оцу шарахь оцу каналан чатан цхьаволу модератор, 19 шо долу Тепсуркаев Салман массарна а гуш сийсазвира. "Iазапашна дуьзьало йаран тобано" дийцина ма-хиллара, нохчийн ницкъахошца боьзна нах бара уьш. Милашина Еленин "Новая газетехь" арахецначу материалехь дийцарехь, иза цхьана заманахь Соьлжа-ГIаларчу СОБР "Терек" базехь латтийра, тIаккха вийра.

"Уггар кхерамза республика"

Адамийн бакъонехула йолчу ОНН-н комитетехь 2022 шарахь йинчу докладехь дIахьедира, Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонашца долчу хьолах лаьцна, коллективан жоьпаллех, нуьцкъаха Украине хьийсорах, Iазапехь латторах, къизаллаш лелорах, журналисташна тIехьбевлла леларх. Къаьсттина цигахь билгалдоккхура, 2020 шеран чиллин-беттан 6-хь Милашина Еленина а, Дубровина Маринина а тIелатар дар а, Эстемирова Наталья йер кхоччуш барамехь теллина ца хилар а.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Iуналлехь адамийн бакъонашкахула волчу Солтаев Мансура жоп делира, республикехь, цо бахарехь, "цхьа а меттиг, йа арз гучудаьлла дац", адамийн бакъонаш хьешна аьлла. Цуьнца резабоцурш питанчаш бу элира цо. ТIаьхьо Солтаевс Кадыровна "Хьакъволу Нохчийн республикан бакъоларйархо" аьлла мидал йелира. Бохура, "бахархойн конституцин бакъонаш, маршо а ларйарехь баккхийра кхиамаш бахарна" йелла иза.

"Дикачу хаамийн" Iовраш

Хетарехь, Нохчийчоь "уггар кхерамза республика" йу, цигара "дика хаамаш" бен кхочуш ца хиларна, боху оьрсийн бакъоларйархочо, "Мемориал" центран кхеташонан декъашхочо Черкасов Александра.

"ТIелетарш – резабоцучийн батт дIасацоран а, дикачу хаамийн Iовраш хедош верг дIалакъоран гIирс бу", – тешна ву къамелдийриг.

Милашинина а, Немовна а тIелатар дар йеххачу хеначохь федералан Iедал тийна Iарца доьзна ду, ша тIелатар хила йиш йоцуш дара, "уггар лакхара" омра делла ца хиллехьара".

"Со чIогIа сингаттаме ву оцу кхерамечу регионехь шен декхар кхочушдеш болчух нахах. Амма цхьаболу журналисташ ишттачу хиламаша тебна-тийна Iойту, амма вукхарна шайн болх дIакхехьа бахьана хуьлу цунах. И рагIнаш йузуш йу", – боху бакъоларйархочо.

Ша кхин дIа а республике лелар хиларх, цигахь болх бийра хиларх а дIахьедира Милашина Еленас а.

Къора гIуллакхаш

Уггар къиза, адамалла йоцу таIзарш лелон Iемаш майда хилла Нохчийчоьнах, билгалдоккху бакъоларйаран "Iазапашна дуьхьало йаран тобанан" куьйгалхочо Бабинец Сергейс.

"Iазапашна дуьхьало йечу тобанан" юрист болх бина цо итт шарахь сов, офисашна тIелетарш, уьш хIаллакйар, шен белхан накъосташна тIелетарш гина ву иза. Цунна хетарехь, Милашинина а, Немовна а тIелатар – "тхан регионе ма гIерта" боху хаам дIабаржо дагахь дина ду. Амма уггар хьалха, цунна хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIадоькъуш дина ду: Милашинина дуьхьал – цо критика йарна, Немовна хьокъехь – цунна цабезачу наханна иза тIехIоттарна.

Иза тешна ву, Милашинина а, Немовна а тIелатарехула долу гIуллакх оцу тайпа кхоччуш теллина доцучу гIуллакхийн могIарехь дуьссур ду, оьрсийн Iедалхоша зевне дIахьедарш динехь а.

"Талламан комитетан и гIуллакх талла цхьа лаам хила бахьана ца го суна. Амма оха тхайн таллам бийр бу", – боху бакъоларйархочо.

"Нохчийчуьра а, Оьрсийчуьра а политикан хьал хийцадаллалц оцу кепара хиламаш гучубуьйлур бу. Церан чакхе цхьатерра хир йу – царах къора гIуллакхаш хир ду, уьш цхьанна а талла ца лууш дуьссуш", – дерзадо бакъоларйархочо.

  • Орсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн информацица, 2019-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц Нохчийчохь тIепаза вайна 4 984 стаг. Шен барамашца йаккхийчу Москвахь а, Москван кIоштахь а долчу терахьашца дуьстича, дукха лахара дац иза. Байна нах наггахь бен ца карочу регионашлахь а иштта "лидер" ю Нохчийчоь. Республикехь хIора шарахь бовш болчу I 700 нахалахь схьакараво 20-30.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG