ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Наггахь бен гIо ца хуьлу низамера": суьрташца Къилбаседа Кавказера зудаберашна шантаж йар


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Интиман материалашца шантаж лелорна – таIзар дойла йу, амма Къилбаседа Кавказехь и зулам лелораш дукха хьолахь кIелхьарабовлу таIзарх. Менталитетан башхаллица доьзна ду и, боху бакъоларйархоша: шайн гергарчех а, "сий лардеш" байарна а кхоьруш хилар, цул тIаьхьа проблема къайлайахьар, зударшна полици бовла цалаар. Оцу бахьанашца шантаж йен Къилбаседа Кавказера нах мел а эгIазе бу, кхечу мехкашкахьчул а. ДегIана цхьалхабевлла даьхна суьрташ доцург а, кхузахь пайдаэца тарло шайца цхьаьна даьхначу суьртех а, йа вовшашка динчу йозанех а.

"Сан цIийндас шантаж лелийра соьца. Тхойшиннан дуьххьара дов даьллачул тIаьхьа, дIасакъастаза девлира тхо, къайлах видео тIе дIайаздеш хиллера цо тхойшинна цхьаьнаIар, - дуьйцу Дагестанера йахархочо Мадинас. – Цул тIаьхьа суна кхерамаш туьйсура цо, нагахь санна, бахам со шеца къийса йолалахь, ша дерриг а машанехь даржор ду бохуш".

Къамел дечо дийцарехь, йуьйцург хиллера, кхуьнан дас-нанас кхарна совгIатна йелла петар а, ненан капиталах кхара дина цIа а. Шен цIийндас и тайпаниг дийр дац аьлла, ойла хьулура Мадинин, амма тIаьхьа, шайн тобанан чате тоьшаллин метта йуьхь дIа а хьулйина шен сурт цо чукхоьсича, иза кхийтира, шен майра гена вер волуш вуйла.

"Со Iадийнера. Сайн нахе дуьйцийла йацара сан, хIунда аьлча, лартIахь хIума дацара охашиммо лелориг, республикехь эхье лоруш дара, сайн дена а, вежаршна а цунах лаьцна хаа а ца лаьара суна. Оцу дерригенах а йала кийча йара со", - дагалоьцу къамел дечо.

Гергарнаш шайх нийса кхетар бац олий, уггар хьалха цунна сагатдо цара

Мадинас дийцира цунах лаьцна шен доттагIчуьнга, ткъа вукхо йовзийтира кхунна Алиева Марьям – дагестанхойн бакъоларйархо йу иза. Масийтта шо а ду цо Кавказера зударшна гIо латтон, иштта шантаж йечарна а.

Алиевас дийцира Кавказ.Реалиина, ишта меттиг нисбелла, шайна гIо дахьара бохуш дехарш деш инстаграмехь шега денна бохург санна хаамаш кхочу хIокху деа шарчохь. Цкъацкъа йукъалеларг хуьлу иза, бакъоларйаран органийн белхахошца зIе тосу цо шантажехь нисбеллачийн, наггахь ша къемел до оцу шантаж йечу нахаца. Цо дийцарехь, церан кочаоьху нах дукха хьолахь ца хуьлу божарий, йа церан хилла хIусамдай, йа тIехьийзина нах. Дукха хьолахь церан хиллачу доттагIаша, йа йижарша леладо и хIума, масала, йоIа тIера бедар хуьйцучу хенах цуьнан сурт доккхий.

"Иштта цхьа хIума нисделлера тхан, йоIана шантаж йинера кIанта, цуьнца йозанаш бен хилла а дацара – интиман къамелаш дацара уьш, забаре хабарш дара. Амма цуьнан вежарий чIогIа луьра буй хууш, йоIера интиме суьрташ даха гIиртинера иза, цул тIаьхьа шеца цхьаьна Iе а аьллера. БерхIийтта шо кхаьчна а йацара и йоI", - боху Алиевас.

ХIун дан деза?

Интиман суьрташца йа видеошца шантаж йечу нахана гIо дечех цхьа Алиева хилла ца Iа Кавказехь.

"Шантаж йан гIертарш кхетабо оха, церан лелар динехь догIуш дац, царна бекхам боцуш дуьсур дац бохуш", - дийцира "Тешам" йукъараллин боламан анониман векало. Оцу хьелашкахь бисинчу нахана гIо дан Iалашонца кхоьллина йу и организаци.

Церан проекто болх бечу шина шарчохь массо а гIуллакх бохург санна "бертахь" дерзон аьтто хила церан. Шантаж – "боьха хIума" ду, ткъа зудаберийн лелар – "товшдоцург ду" бохура цо. Амма мухха делахь а, шантаж йен нах совцон беза аьлла, билгалдоккхуш.

Кавказехь санна боккха кхерам а, наггахь стаг вен а тарлуш хIума дау хIара

Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу бакъоларйархоша бахарехь, кавказхойн шантажехь латточу зудаберийн коьрта проблема йу – гергарчех кхерар.

"Цхьана а регионехь, Кавказехь санна, оццуд даьржина дац хIара хIума, цкъацкъа стаг вен а тарлуш", - боху юристо, бакъоларйархочо Абдулкарим Фатимас. ЦIера дагестанера йу иза, амма болх беш Москвахь йу, цуьнан дешнашца, оцу кепарчу дIахьедарца цигахь а гIо доьху цуьнгара.

Оьрсийчоь Кавказах къаьсташ хиларан билгало хIун йу, кхузахь и гIуллакх луьстучу хенахь низамна тIетийжа, кхетадо цо: "Шантажхошна Москвахь полици кхойкху, тIаккха сиха меттабогIу уьш. ГIуллакх дIакъовлу. Кавказехь низамца гIуллакх дац зудаберийн. Уьш чIогIа кхоьру, уггар хьалха, шайн нах шайх кхетар бац олий. Цигахь низамех пайда ца болу, царна ца лаьа полицига дIахаийта а, хIунда аьлча, "дена хаахь, суна цхьана а полисхочо гIо дийр дац" олий".

Шантаж йен зудабераш Iалашдечу заманчохь Абдулкерима цкъацкъа оцу шантажхойн шайн методех пайдаоьцу: шен инстаграмехь цо дуьйцу оцу гIуллакхах лаьцна, къедораш йо вуьйцург мила ву хаийта. Шантажхо кхерало нахалавала а, "йуьхьIаьржа хIоттарна" а, тIаккха йухаволу иза. Амма меттигаш нисло, зудабераш зIене дуьйлучара совцуш, олу: "суна ца хаьа царех хIун хилла".

Цо бахарехь, хийрачу стагаца къамел тасаделлехь а, бахьана хIутту зудаберана таIзар дан. Уггар а чолхе регионаш йу, бакъоларйархочунна хетарехь, Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а. Дагестанехь дерриг а чолхе ду, "амма цуьрриг хьал гIоле ду оцу тIехь".

Божаршна а цхьаьна йо шантаж, амма дукха хьолахь и доьзна хуьлу церан ориентацица, билгалдоккху Абдулкерима. Къастийна хьахайо цо кхиазхошца лелон шантаж. Юристо дагалоьцу кхо шо хьалха 14 шо долу Дагестанера йоI ша шена тIе куьйгаш даьхьна йалар оцу тIехула. Дас-нанас дехар динера цунах лаьцна цхьанхьа а ма йаздахьара аьлла, хIунда аьлча, "эхье" хIума ду. Амма цкъацкъа дай-наной шен доьзалехьа хуьлу, дерзийра къамелхочо.

"Диаспоре йала тарло"

Шантаж лелочу хенахь низамаша гуттар а гIо ца до – наггахь Кавказера боцчу оцу балане кхаьчначарна а пайден хета и гIуллакх дерзош "кавказхойн" методех пайдаэцар.

Нохчийчохь Москвара йахархо Варварина вевзинера меттигера вахархо, пхеа шарахь цигахь болх а беш, йехира иза. Цуьнан контракт чекхдаьлча, цхьаний цуьнан гIала а дахара и шиъ, цигахь кхо ша даьккхира. Йуьхьанца, къамелдечо бахарехь, дерриг а дика дара, йуха иза наркотикаш лелон волавелира, йеттара кхунна кхин а хан йаьлча – интиме видеош машанехь йаржор йу ша бохуш, кхунна кхерамаш тийсинера цо.

Суна ца хаьа, хьаьнга гIо деха деза. Цуьнан ваша – кадыровхошлахь ву

"Соьгахьа гIо даккха сан цхьа а воций хаьа цунна, цундела лела иза иштта. Ца хуьлуш хIун дара: кораш дохадора, герз кхуьйсура, сан машен йадийра. ГIалел арахьа цхьана цIа чохь Iаш йу со, буса чIогIа кхоьру со. ХIинца сан суьрташ а, видео а ша машанашкахь даржор ду боху. Цуьнан нахе йаьллера со, цунах а гIуллакх ца хилира", - дуьйцу Варварас.

Варварин дийцар кху тIехь дирзина дац – хIинца а цунна кхерамаш туьйсу оцу жимчу стага. Къамелахо полицига а йаьллера, ханна бен цунах гIо ца хуьлу – цуьнан хиллачу тIехьийзачу кIантана гIуллакх дуьхьал даьккхинера кхечу шантажна тIехула. И гIуллакх а, Варварас бахарехь, "дIадерзор" ду аьлла цуьнан.

"Суна ца хаьа, хьаьнга орца деха деза. Цуьнан ваша – кадыровхошлахь ву, гоьваьлла спортхо. Со-м кхета, наркотикашца воьзна ву иза, цунах лаьцна гIарадала а ца лаьа царна. Нохчийчуьра цхьа десантхо вара кхузахь ши шо хьалха, цо Iалашбора наркоманаш. Амма хIуъа дина а цхьаъ ца дича йер йац со, диаспоре орца деха там бу аса", - боху Варварас.

Шеца шантаж лелийначу зудчо дуьйцу шен зеделлачух. Скриншот: amanat_doverie_05
Шеца шантаж лелийначу зудчо дуьйцу шен зеделлачух. Скриншот: amanat_doverie_05

Полисхой а – адамаш ма ду

Даим а гIо дой-те полицихь? Шен шантажах гIуллакх луьстур ду аьлла, тIелаьцна ницкъахо шен кочаэхарх дийцира 24 шо долчу Дагестанера ПатIимата. Шен хиллачу тIехьийзачу кIантера кхерамаш кхаьчча, полисхойн декъе дIахаийтинера редакцица къамел дечо: "ТIаккха сан хилларг гучувелира, кхерамаш туьйсура, сох лаьцна боьха эладита даржор ду ша, ас чуделла арз йуха ца эцахь бохуш".

Цо дийцарехь, интиме суьрташ церан дацара, амма цхьаьна даьхнарш дара. Полисхочо йаздинера йоIе, цо дийцарехь, шеца чай мала йола, оцу гIуллакхах лаьцна дуьйцур ду вайша аьлла. Иза дуьхьал хилира.

"Цхьана дийнахь сан куьг лецира цо, голаш тIе куьг диллича, со кхийтира полицин декъе кхин йаха оьшуш доций, - кхин дIа дийцира цо. - Сайн чуделлачу арзах хIун хилла а ца хаьа суна".

Полицига дIа стенна ца хьедо мехкарша, кхетадо дагестанхойн бакъоларйархочо Анохина Светланас: цхьа бахьана ду – гIуллкх деллахь, тоьшалла санна суьрташ йукъадохкур ду, уьш гойла йу дуккхаъчу полисхойн. Оцу йукъанна республикехь масех меттиг бен нисбелла бац, йоIана шантаж йинчул тIаьхьа иза полици йахча, шантажхой лецна.

2020-чу шарахь резонансе хIума хилира ГIалгIайчохь, полисхоша машанашкахь йаржийна оперативан видео бахьана долуш йоI йийра цигахь. Федералан лехамашкахь хилла , шантаж лелорна, нах кхера а беш, ахчанаш дахарна бехкевечу Альтемировн петаре баьхкинера цу дийнахь ницкъахой.

Иза лаца баьхкинчу полисхошна цу бухахь ши зуда карийра, Могушкова (Евлоева) Лиза а цхьаьна. ТIехь бедарш йу цунна, камерана хьалха шен йуьхь лечкъайора цо йовлакхца, амма полисхоша йуьхь йастийтира цуьнга, хьайн цIе а йийца аьлла. Цул тIаьхьа машанашкахь йаржийра и видео.

ШолгIачу дийнахь Лизин вашас Могушков Мохьмад-Башира кхозза урс тоьхна, йийра шен йиша, цо ма-баххара, "сий лардеш". Кхело маьрша витира иза. Бакъоларйархоша тIедожийра, видео йаржийначу полисхочунна таIзар дар, и бахьанехь йинера йоI аьлла. Меттигерчу талламан урхалло хаамбира, ницкъахо балхара дIаваьккхина аьлла.

Шантажхойн тоба йара ГIалгIайчохь лелаш итт шарахь сов. Эзара соьмаш дала реза бара зударий, шайн марех ца боха а, йа "сий лардеш" шаьш ца дайийта а.

"Полисхойх тешам гуттар а ца хуьлу, - боху Анохинас. – Вайна массарна а дика дагайогIу цхьа истори, дагестанхойн цхьана эвлахь масех полисхочо шайца балхахь волчун зуда хьийзош хиллера, и дерриг а видео а тIе дIа а йаздеш. Полисхой – изза адамаш ма ду, вуьшта ницкъ алсам бу цаьргахь".

Дуьйцург ду 2017-чу шарахь Дагестанехь тобанца зударий хьийзор. Меттигерчу йахархочо дIахьедира, масех йуьртара полисхочо хьийзайора ша, цкъа хьалха психотропан молханаш а малайой, кхерамаш туьйсура и машанехь даржор ду бохуш. И гучуделира, кхин детта са а ца хилла, оцу зудчо ша шена тIе куьйгаш дахьа сацам бича. Ларамза цигахь нисбеллачу наха новкъарло йинера цунна. Исс хиллера полисхо, амма гIуллакх айдира веанна дуьхьал, декъан куьйгалхочун гIовс теш санна витира. Ша ницкъбар тIе ца дитира полисхочо.

"Питерехь йа Москвахь оха оцу гIуллакхашкахула чу арз луш, полицин белхахой вон ца хьийза, - боху Абдулкарим Фатимас. – Ткъа ХIинжа-ГIалахь полисхой комментареш йан буьйлало, хьо лартIахь йелхьара, и тайпа хIума цо дийр дацара бохуш. Полицин белхахочун гIуллакх ма дац ишта баха. Иштта хуьлу доьзалехь ницкъбина меттиг нисбелча а- хьо лартIахь хиллехь – йеттар йацара".

Редакцино хеттарш динчу экспертийн хьежам цхьатерра бу – нагахь санна, оцу стагана шантаж йеш йелахь – иза къайладахьа мегар дац. Цара бахарехь, шен бакъонаш къовсучу заманчохь массо а гIирсех пайдаэца беза. Бакъоларйаран органашка девлла а, и дан йиш йелахь, шантажо хьийзочарна гIо латточу организацешка кхаччалц.

"Кхерамаш тийса буьйлабелча уггар хьалха дан дезарг – шантажистийн тIедахкарийн тоьшаллаш дIайаздан деза: къамел, скринаш, йозанаш, - хьоьху Абдулкарима. – Дагахь латтаде, оцу тIехула жоьпалла ду тIедожош масех бехкзуламан кодексан артиклашкахула. Хьайн лаамехь ахьа сурт теснехь а, хьоьгара пурба доцуш цхьаьннан а йиш йац хьан суьртех пайдаэца".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG