Нохчийчоьнан шахьар Соьлжа-ГIала а, оккупаци йина Мариуполь а вежараллин гIаланаш аьлла, къобалйарна дуьхьал цхьааллин пикет хIоттийнера Ленинградан кIоштахь жигархочо Правдин Александра. Пикетан сурт 73 шо долчу жигархочо зорбане хIоттийнера шен телеграм-каналехь марсхьокху-беттан 12-чохь. Суьрта тIехь цуьнан карахь кехат ду "Мариуполь – вежараллин? Йа лай йо?" (Мариуполь – побратим? Или поработим").
Марсхьокху-беттан йуьххьехь Соьлжа-ГIалин мэро Кадыров Хас-Мохьмада а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун шичин кIанта, оккупаци йинчу Мариуполян администрацин куьйгалхочо Моргун Олега а бертана куьйгаш йаздира, шина гIалина йукъахь "вежаралла" лелон.
Кадыров Рамзана кхетийра оцу гIулчах, Оьрсийчоьнан эскарера Нохчийчуьра салташа Мариуполь схьайоккхуш тIемаш бина хиларца, ткъа хIинца Ильичан цIарахчу металлургин комбинатехь "кхерамзалла латтош" бу уьш.
- 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Оьрсийчоьнан армино дIалецира Мариуполь гIала дуккха а цIий Iанош, йехха блокада а латтош тIемаш бинчул тIаьхьа. Йерриг а аьлча санна, охьааьтта йара гIала артиллерин тохаршца. ООН-н зерашца, цигахь 90 процент гергга тIекIелдина цIенош дохийна, йа хIаллакдина, 60% гергга лаьттахь дина цIенош а. ТIом болабалале хьалха 400 эзар стаг вара Мариуполехь вехаш. Оьрсийчоьно гIала йоккхучу хенахь мел лахара а 25 эзар стаг вийна цигахь. Кхин а 350 эзар мухIажар велира. Украино бехкаш дохку Оьрсийчоьнан салташна дуккха а тIеман зуламаш лелорна Мариуполехь. Оьрсийчоьно бехкаш тIе ца дуьту.
- 2022-чу шеран зазадокху-баттахь Кадыровс 30-зза гергга дIакхайкхийра, кеста Мариуполь шаьш схьайоккхур йу бохуш. Иттаннашкахь видеороликаш йаржайора цо цигахь тIемаш бечу эскархойх лаьцна, дукхахйолчу роликаш тIехь хьежа а ца деш, герзаш детта цара, йа Нохчийчоьнан урхалхочун сурт тIехь долу байракхаш лестайо.
- Нохчийчохь хьалхара тIом боьдучу заманчохь Соьлжа-ГIала а йара Оьрсийчоьно штурм йечу хенахь ракетийн а, бомбанийн а тохаршца йохийна. 1994-1995-чу а шерашкахь пхеа кIирнахь бинчу тIемашкахь, кеп-кепарчу лараршца, вийра 27 эзар маьрша вахархо. И бохам лайначу бахархойн дийцарш гулдира Кавказ.Реалиин редакцино.
- Москвара латархойн "Ахмат" клубан куьйгалхо, Нохчийчуьра схьаваьлла Дадашов Iалаш долахо хилира оккупаци йинчу Мариуполера шина компанин. ТIейогIучу заманчохь, Мариуполера йаккхийчу индустрин комбинаташца – Ильичан цIарах а, "Азовсталь" а комбинаташца йоьзна проекташкахь дакъалаца пачхьалкхе ахча далийта Iалашонца кхоьллина компанеш йу уьш. Дадашов воьзна ву Нохчийчоьнан вице-премьерца Висмурадов Абузайдаца а, нохчийн сенаторца Геремеев Сулейманца а, Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адамца а.
- Мариуполян бахархойн лечкъийна телефонаш масех бутт баьлча гучуйевлира Соьлжа-ГIаларчу электроникан туьканахь. Украинан ТIеман ницкъийн информацица, меттигерчу бахархошкара нуьцкъаша схьайаьккхина хиллера кадыровхойн дакъоша техника.
- Кремлан сайтехь зорбане хIоттийна йу, президент Путин Владимир оккупаци йинчу Мариуполе вахарх йуха монтаж йина видео. "ХIара дерриг а бакъ дац! Куьцана дина ду!" бохуш мохь беттар ролика йуккъера дIахадийна.
- 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Правдин Александран хIусамнанна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх айдира, Iедалан векална дуьхьал ницкъбаьккхина цо аьлла. "Оьрсий, шу адамаш дац!" аьлла, тIейаздина кехат бахьана долуш жигархо лаьцначул тIаьхьа хилла хIума дара и.