ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Низамна дуьхьал: ГIалгIайчоьнан Iедалхоша доьхкур ду ВИЧ-ун а, наркотикаш а зийна тест йоцуш зуда йалор


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нагахь санна нускал далон араваьллачу кIанта ВИЧ-ун дац шеца, наркотикех воьзна а вац ша аьлла, лоьрашкара тоьшалла ца гайтахь, цу шинна йукъахь там-мах бар дехка аьлла, хьехна ГIалгIайчохь. Оцу кепара инициатива республикехь стохка шозза къадийра, делахь а, тIечIагIйар ца нисделира. Стенна йуха а дийцадаьккхина Iедалхоша тестех лаьцна, мел эвсара хир бу ВИЧ-на дуьхьал баьккхина и къийсам, оцу кепарниг низамашца догIуш а дуй?

2017 -чу а, 2019-чу а шерашкахь регионера динан дайша хьийхира, моллас пурба далале хьалха кегийчу наха шайн могушаллех дерг хаийта деза аьлла. Оцу тIедожорах дIакхийтира хIетахь меттигерчу Оьрсийчоьнна йукъара халкъан фронтан (ОНФ) жигархой а, ГIалгIайчоьнан могушалла Iалашйаран министралла а. Министран даржехь хиллачу Арпаханова Марема бохура, 2018-чу шарахь урхалла оцу тIе кхочур йу, делахь а, сацам тIеэцна бац хIинца а.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас бахарехь, лоьрашкара тоьшалла даккхар хIинцца йукъадаккхаран бахьана ду, "доьзалан институт хIаллакйеш, наркотикаш йаржорна керла механизмех пайдаэцар",

Къастийна хьахийра кIентан дена-нанна тIе гIуда дожор, нагахь санна шайн "кIант наркотикашца, йа цхьа кхечу лазаршца хиларх" цара лачкъа а дина, кхано доьзал къастахь.

Цуьнца йогIу механизм динан урхаллера векалшца кечйар тIедиллира регионан куьйгалхочо арахьарчу зIенийн, къоман политикан, зорбанан, информацин министрна Беков Вахина

Инициативана хIинцале а тIетайна махкара Малгобекан кIоштахь – бахархой а, кхечу кIоштийн динан дай а цунна реза хилахь, кху гезгамашин-баттахь зуда йалочу кIантера оцу кепара лоьрашкара кехат даккхар дIадолор долуш ду.

Лоьрийн къайле, йа криминалехь хIуммаъ а дац?

ГIалгIайн Iедалхойн а, Iеламчийн а дIахьедаршна критика йира бакъоларйархоша а, юристаша а. Бакъоларйархочо Попова Аленас шен телеграм-каналехь йаздира, "мел долу низамаш акха дохор" ду ВИЧ йац аьлла, тоьшалла даккхар.

Попова Алена
Попова Алена

"Конституцих, нехан дахарна йукъагIорта цамагарх, лоьрийн къайленех лаьцна царна хIуммаъ а хаза а хезний? Нагахь санна, оцу стагаца ВИЧ йелахь, хIун дан деза? ТIулгаш деттар ду цунна тIе, зуда йалор доьхкур ду? Йуккъерчу бIешерашкара стигматизаци къобалйечу гIалгIайн Iедалшна дицделлачух тера ду, ВИЧ – цамгар хилар "маьттаза леларан" тIаьхье йац", -эргIад оьху Попова.

Оьрсийчоьнан бахархойн могушалла Iалашйарх низамца а догIуш, лоьрийн кехаташ тIехь йолу информаци лоьрийн къайле бохучу кхетамна йукъа догIуш ду.

Йоллу Оьрсийчоьнан пациентийн цхьанакхетараллин сиха жоьпаш лучу зIенехула Кавказ.Реалиина бакъдира, доьзал кхоллале хьалха могушаллех кехат-тоьшалла дехаро лоьрийн къайле йохош йу. ВИЧ йуй хьожуш тест шен лаамехь а, къайлах а йеш йу аьлла. Цуьнан жамIаш – конфиденциалан информаци лоруш йу.

Дихкина хIума дац шен могушаллех лаьцна имамаца йа деца-ненаца дийцар

ГIалгIайн Iедалхойн инициатива нехан дахарна йукъа гIортар хила тарло, дIахьедира пачхьалкхан думин комитетан куьйгалхочун хьалхарчу гIовса Буцкая Татьянас а.

Оцу йукъанна Магасера цхьахдолчу маьждиган моллас Кавказ.Реалиина йеллачу комментарихь элира динан низамашца аьлча, хиндолчу зудчун а, майрчун а могушалла зерехь цхьа а дехкарш дац.

"ЗАГС-н декъо кехат-тоьшалла тIедожоро цхьадолу низамаш дохош делахь а, динехь дихкина дац шен могушаллин хьолах лаьцна имамца, йа зуда йалочу кIентан а, маре йоьдучу йоьIан а деца-ненаца дийцарш дар", - элира Iеламчас.

Къилбаседа Кавказехь динехь там-мах бар доккха маьIна долуш ду, пачхьалкхан Iедалан органаша регистраци йарал а, билгалдаьккхира редакцица хиллачу къамелехь бакъоларйаран "Iазапашна дуьхьал Командин" белхахочо (шен цIе кхерамзалла ларйеш къайлайахьар дийхира цо)

"Кхеташ хила деза, бусулба цхьа а нохчо, гIалгIа, йа суьли гIур вац ЗАГ-се динехь там-мах бале хьалха. Исламехь шарIаца там-мах бар тIедожийна хIума ду, могушаллех тоьшаллаш дайтар бусулбанийн динан урхалин компетенцихь ду. ЗАГсехь бакъо йац кегийрхошкара тоьшаллаш деха, низамех цхьана кепара бина хийцамаш бацахь, и бохург ду, дуьйцург динехь там-мах бар хилар. Ткъа Оьрсийчоьнан низамашца иштта зуда йалор кхачам болуш дац.

Могушаллех тоьшалла ден кехат оьшуш ду никях деш, и доцуш керла доьзал кхуллу ши адам ЗАГСе гIур дац. Ткъа моллин бакъо йац и кехат доцуш там-мах бан, цо и дахь, хьехамаш кхин дIа бойтур бац цуьнга, тIетуьйхира къамелахочо.

Оцу йукъанна ВИЧ-ца а, наркотикаш лелорца а къийсам латторехь оцу кепаша пайда бохьур бу аьлла ца хета говзанчашна.

Криминал а, коррупци а?

СПИД цамгарна профилактика йарехула а, къийсам латторехула а йолчу гIалгIайн центран белхахочо Кавказ.Реалиина йеллачу комментарихь къайлах дийцира, шайн лоьрийн хьукмат Iедалхойн инициативана тIетайна ца Iаш, и проект кечйинарш а, и хьалхатоьттурш а шаьш дара аьлла. Оцу йукъанна цо билгалдаьккхира, пациентах лаьцна йоллу информаци конфиденциале йу аьлла.

"Тхан коьрта Iалашо – кегийрхой кхетор йу, кхера ца оьшу, гIо деха мегар ду аьлла. Криминале хIуммаъ а дац тесташ дIайаларехь а, тхан хьукмато кехат-тоьшалла даларехь а. Нагахь санна проблема йелахь, оьшу гIо а до оха, кеп-кепара инфекцин лазарш цахиларх тоьшалла а до оха. ЛартIахь хIума ма ду и, кест-кеста иштта тесташ оцу стага луш йелахь. И кехат хьанна гойтур ду ша, пациентан шен лаам бу, тхайн агоIр оха лоьрийн документацин къайле ларйо. ХIокху проекто (кехат-тоьшалла даларо) цхьаннан дахар кIелхьарадаккхахь, доккха гIуллакх ма хуьлу цунах. Тхан центрехь мах белла кехат оьцийла йац", - дIахьедира СПИД-центран белхахочо.

Дуьххьара ВИЧ-ун даьллачу нехан терахь 36 проценте даьлла ГIалгIайчохь

ГIалгIайн "Фортанга" гIирсан зерашца, регионера доккхаха долу дакъа реза ду Iедалхойн инициативана, уьш реза бац социалан машанашкара гIалгIайн йоцчу сегментехь эргIадбахначара йаздечунна. Иштта жоьпаш делира хаттаман гурашкахь сайт йоьшучу 47% бахархоша. Оцу инициативаца коррупцин интерес йу аьлла хетарш а бу, и кехаташ-тоьшалла мехах духкур ду бохуш.

Малгобекан кIоштан администрацихь республикера къоман политикан министро Бековс билгалдаьккхира, лоьраша делла кехат бух болуш дуй хьожуш, шога контрль латтор йу шаьш аьлла. Цо аьллачунна тIетайра кIоштан имам Батыров ИбрахIим а.

2022-чу шеран зерашца ГIалгIайчохь дуьххьара ВИЧ-ун кхеттачу нехан терахь 36% хьаладаьлла: 2021-чу шарахь 44 вахархочунна диагноз хIоттийра, ткъа стохка и гайтам 60-нне баьлла. Роспотребнадзоран хаамашца, верриг а теллинарг вара махкара 170 эазр вахархо.

Зуда йалайале хьалха ВИЧ йуй хьожуш тестах чекхбаха беза аьлла дийца даьккхира 2019-чу шарахь Дагестанехь. ХIетахь а иштта критика йира хIокху инициативана, низамехь цахиларна а, коррупцица иза йузур хиларх а кхоьруш.

Оцук йукъанна Кавказан регионашлахь цхьана Нохчийчохь дихкина ду лоьрашкара кехат доцуш там-мах бар. 2018-чохь дуьйна йукъадаьккхина, дIахьош ду и низам. Оцу сертификата йукъадогIу гепатит В, С къастош анализаш дIайалар а, кхиндолу боьха лазарш таллар а.

  • СПИДца къийсам латточу Дуьненайукъарчу дийнахь Кавказ.Реалиин сайто дийцира, Къилбаседа Кавказехь а, Къилбехь а ВИЧ-инфекци йолчу адамашна муха терапи йо, уьш муха беха а.
  • 2021-чу шарахь Оьрсийчоьнан 24 регионехь, иштта Къилбаседа Кавказера а – Адыгейхь, ГIалгIайчохь, Кхарачой-Чергазийчохь, Къилбаседа ХIирийчохь, Нохчийчохь, - ВИЧ-ун даьллачу нахана дарбанна оьшу гIирсаш ца эцнера.
  • 2023-чу шарахь Оьрсийчоьнан 18 регионашкахь ВИЧ-инфекцих молханаш чудар йукъахделира. Цуьнан тергойира пациентийн организацеша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG