ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Адамаллех бовлар". ЧВК "Вагнеран" йолахоша Оьрсийчоьнан къилбехь лелийна зуламаш


ЧВК "Вагнеран" йолахой Ростове-на-Дону гIалахь, гайтаман сурт
ЧВК "Вагнеран" йолахой Ростове-на-Дону гIалахь, гайтаман сурт

Украинерчу тIамехь дакъалоцург маьршабаьхначу тутмакхаш хиллачу ЧВК "Вагнеран" йолахоша 2023-чу шеран зазадоккху баттера марсхьокху-батте кхаччалц мел лахара а 11 стаг вийна Оьрсийчоьнан пхеа регионехь, хьийзийна кхин а диъ адам. Пачхьалкхан къилбера Краснодаран а, Волгоградан а кIошташкахь дина ду зуламаш, кхин цхьа стаг вийна Къилба ХIирийчоь аьлла, дIакхайкхийначу махкахь. Оцу кепара зераш далийна "Верстка" гIирсо.

Массарна а гIарадевлла дукха зуламаш дина хиларца хьалха йу Карелин республика, цигахь вагнерхочо Сафонов Игоря а, цуьнан накъоста а вийна йалх стаг – цкъа хьалха шайца молуш хиллачу веанна арсаш хьекхна, уьш багийра, тIаккха шолгIачу цIа чуьра да а, кIант а вийра. Йолахочо Кеворкьян Демьяна ши стаг вийна Кубань регионерчу бохамех хIоттийначу рейтингехь шолгIачу могIарехь йу.

ТIамера цIа баьхкинчу таIзарш токхуш хиллачара дина зуламаш кхин а алсам хила тарло, ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочо Пригожин Евгенийс бунт гIаттайале а, иза валале а хьалха бакъоларйаран органаша оцу зуламашна бIаьргаш хьаббеш хиллехь а, хIинца хьал дерриг а хийцаделла, аьлла хета Кавказ.Реалиино хеттарш динчу бакъоларйархошна а, жигархошна а.

Ирча рецидив

Марсхьокху-бутт йуккъе баьллачу заманчохь Волгоградан группашкахь а, социалан машанашкахь а кхераме хаамаш баьржира: "Лоьхуш ву 36 шо долу Хлебников Алексей Васильевич. 13 шо долу йоI хьийзийна, ведда, къайлаваьлла иза. Цхьанна а гиний?"

Официалехь тIечIагIбазчу хаамашца, Хлебников кхел йина ву, ЧВК "Вагнеран" тобане вербовка йинера цунна. Ахшо даьлча йухавирзира иза ша винчу Новоаннинскан кIоштара кIотара, цо йоI хьийзорна федералан лехамашка велла ву иза.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин базехь Хлебников Алексей йазвина ву Павлович аьлла; мича бахьанаца лоьхуш ву а, йаздина дац карточки тIехь. 2018-чу шарахь Хлебниковна 11 шо туьйхира стаг верна – шеца къаьркъа молуш верг вийна, цуьнан ВАЗ-2107 машен дIайигинера цо. Кхелехь бехкевечо тIе ца лецира шена дохку бехкаш, дуьхьал хилира иза ма-дарра хиллачух дийца а. ЙоI хьийзийначул тIаьхьа йолахо лаьцна аьлла, марсхьокху-бутт бовш бина хаам бац.

Царна маршо лора, шайна хIуммаъ дина боцу украинхой байа уьш реза хиларна

ШолгIа резонансе зулам дара вагнерхо йукъахь волуш Оьрсийчоьнан къилбехь хилларг – 37 шо долу совдегар Чубко Кирилл а, барамаш дIахьош йолу 19 шо долу Мостыко Татьяна а дер. БIеннашкахь волонтераш арабевллера и шиъ лаха, масех де даьлча Кубанера МВД-н урхаллин куьйгалхочо дIахьедира, шеконашца нах лецна шаьш аьлла. Царлахь вара Кеворкьян Демьян а. 2016-чу шарахь шогачу хьелашкахь йолчу колонихь даккха 18 шо кхайкхийнера цунна, зуламхойн тоба вовшахтоьхна, кхечу пачхьалкхехь йинчу машенан долахо вийна, цунна къола дарна.

Kurator23 телеграм-каналан тIечIагIбазчу хаамашца, Кеворкьян латтош хилла Ивановскан кIоштара номер 2 йолчу колонихь, "блатной" болчеран могIарехь (гIолехь латтон тутмакхаш. – Редакцин билгалдаккхар.), тIаьхьо кхинболчу тутмакхех дIатоьхнера иза. Вербовка йан нах баьхкинчу хьалхарчу дийнахь реза хиллера Кеворкьян Демьян ЧВК "Вагнерца" контракт дан. Хьастан информацица, хIинца йолахо оццу колони йухавахийтаре хьоьжуш ву, цул тIаьхьа йуха а Украинана дуьхьал тIамтIе ваха.

"Хенал хьалха аравалар нислахь а, 2028-чу шарал хьалха маьршавоккхийла дацара иза. Мича легалан буха тIехь дIахецнера иза?", - дIахьедира Север-Реалиин сайте йийначу Мостыко Танин нанас, Плешкова Надеждас.

2023-чу шеран оханан-баттахь дукха хан йоццуш Украинерчу тIамера цIа веанчу 34 шо долчу Сиукаев Георгийс урс хьаькхна вийра Къилба ХIирийчуьра могушалла диика йоцу, Цхинвалихь дикка вевзаш волу Валиев Сослан. "Сапа 15" телеграм-каналан информацица, шеконашкахь волчо дакъалаьцна хилла ЧВК "Вагнеран" декъехь, колонира кхаьчнера иза цига а. Сиукаевна кхел йина хиллера 2015-чу шарахь Донбассехь стаг верна, билгалдоккху "Ног Ирыстон" телеграм-канало.

Метта а ца вогIуш йухавар

"Стохкалера мангал-бутт бовш дуьйна Кремло инзаре схема йукъайаьккхира, пачхьалкхо Пригожине йукъарло а леладойтуш, колонишкахь рекрутинг йойтуш. ТаIзар динчийн лелар нисдеш, адамашна йукъабогIучу хенахь уьш пайден хуьлуьйтучу меттана (башха хьалха кхин дIоггара и болх беш а бацара, нисбечу меттана кхин тIе а талхабой арабохура – уьш тIаме хьийсон буьйлабеллера", - боху Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира.

Бакъоларйархочо билгалдоккху низамехь тутмакхна гечдан магийна ду нагахь санна, цуьнан могушалла эшнехь, волайнхошна дина зулам буьззинчу барамехь текхнехь, йа билггал дохковаьллехь, йа цуьнгара цхьа диканаш дийлинехь. Дуккха а йолахой оццул маьршабаххал, цаьргахь билгалдаьккхинчех цхьа а хIума дацара. Кхечу хьелашкахь президента гечдечу фильтрах цхьа а царех чекхвер вацара.

"Ткъа кхузахь царна маршо йелла, царна хIуммаъ дина боцу украинхой байа резахиларна. ЧВК "Вагнеран" тобане дIаэцначул тIаьхьа буьззинчу барамехь адамаллех бовлу уьш – йолахошна магош дара низамашкахь а, гIиллакхашкахь а дихкина дерг", - дуьйцу Осечкина.

Къамел дечун информацица, бIаьсте йерззалц официалехь доцуш, тIамтIера цIабирзина вагнерхой ма леца, цара динчу кега-мерса зуламех материлаш а ма хIиттайе аьлла, тIедиллина омра кхочушдира полисхоша. ХIинца озабезамаш бийр бац цаьрга, уьш лерринчу тергоне оьцур бу.

Вагнерхойн зуламех башха цецбийр бац кхин дIа, денна хила тарлург хуьлуш ду царех

"Хьалха цара нах байар, хьийзор, талораш дар хIинца а дагахь долу нах бехачу йарташка а, гIаланашка а йухабогIура уьш. Пропагандо дош деллера, йолахой турпалхой санна тIеоьцур бу аьлла. Амма нехан бIаьргаш чохь хьалхалерра зуламхой бу уьш, Путинан [президентан Владимиран] гечдар а хIуммаъ доцург ду. Вагнерхошна реабилитаци, ресоциализаци йан цхьа а программа йац пачхьалкхан, хIунда аьлча, эвсара царна гIо деш хилча официалехь бакъдан деза, цара тIеман зуламаш дар, нах байар, къоланаш дар", - кхетадо Gulagu.net. проект кхоьллинчо.

ЧВК "Вагнер" йолахой маьршабехира, адамаллин гурашкара бовла царна атта долу дела. Оцу тIехула йиттинера царна йаккхийн хенаш, цо шанс йелла царна паргIат бовла, дуьйцу Волгоградера "ТIамна дуьхьал болчу "Дозор" боламан лидеро Кочегин Евгенийс.

"Вагнерхой тIамтIера йухабогIу чевнаш хуьлий, адамаш кхоьру царех, уьш балха а ца оьцу, цара "доккха гIуллакх" дина бохург тIе а ца лоцу, цаьрга безам бац. Цундела "хецало" уьш, йуха а къиза зуламаш лелон буьйлало тIаккха", - бохура къамел дечо.

Иза тешна ву, и "турпалхой" бевзачарна бах-бахарехь а доцуш, шайнна хууш хиларх, уьш муьлш бу, царех кхерар, царех къехкар, уьш цабезар бен кхин ойланаш йац церан аьлла.

"ХIаъ, хIора зуламо резонанс гIаттайо. Цкъачунна Оьрсийчоьнан бахархой оцу хIуманех боьлла бац. Кеста вагнерхойн зуламех башха цецбийр бац кхин дIа, денна хила тарлург хуьлуш ду царех. 1990-чу шерашкахьчул а ирча хьал хир ду", - боху "Дозоран" векало.

Тутмакхаш лаьттинчарна уьш Iехалур болу вариант кховдийнера – "турпалхочун" статус а, пачхьалкхан совгIаташ а, билгалдоккху "Общественный вердикт" бакъоларйаран организацин юристо Бирюкова Маринас.

"Iедало царна чуйиллина, дерриг а шайна магийна ду аьлла ойла, и дагатосуьйту цара [ЧВК "Вагнеран" йолахоша]. Рецидив хиллачул тIаьхьа зонашка йухабаьхкина уьш хьалхалерра тутмакхаш хир бу, цаьрца кхин а вон хила а тарло. Iедалца цхьаьна болхбар, цаьрца бертадахар ду иза, криминалан гонашкахь и магийна дац", - дерзийра къамелдечо.

Коьрта функци дIайаьккхина набахтера

Тутмакхашна тIамтIе баха вербовка йар – историхь хилла, дикка даьржина хIума ду. ТаIзар динчунна хетарехь, къаьсттина, цунна йоккха хан тоьхна йелахь, логикехь а, пайден а ду бертабахар – тутмакх вара аьлла а доцуш, маьрша, "турпалхо" хила шанс ло цунна, резахуьлу социолог Вилейкис Александр а. Украинана дуьхьал тIом болийначул тIаьхьа Оьрсийчуьра дIавахара иза, карарчу хенахь Казахстанера Almaty Management University-н профессор ву иза.

"Оьрсийчоьнан реалишкахь набахтера дIайоккху номиналехь цуьнгахь хилла зуламаш цахилийта хьийза коьрта функци. Зуламаш динчу наха цхьана а кепара жоьпалла дац тIелоцуш, уьш маьршабовлу, - кхин дIа дуьйцу къамел дечо. – Кхин а коьрта цхьа хIума а ду: Оьрсийчоьнан Iедалш тахана "чолхечу хьолан пачхьалкхан" форматехь ду, тIетаьIIина нахана вербовка йеш, тIамехула уьш маьрша а бохуш долийначу гIуллакхна бакъонан статус ца йелира цара".

Вилейкиса бахарехь, цунах лаьцна дехар ца дарна ду и – йа тутмакхаша а, йа депутаташа а, партеша а, йа оццу ФСИН-о, йа Коьрта прокуратуро тутмакхаш тIамтIе хьийсоран хаттарна легализаци ца йира. Оцу проблемех лаьцна бозуш боцчу хаамийн гIирсаша а, бакъоларйаран организацийн аналитикан материалашкахь а бен дуьйцуш дацара.

"Цхьа керла йукъадаьккхина хIума низаме дерзон Iедалхошна лаахь, масала, арме тIекхойкху хан хьалайоккхуш, "арахьарчу агенташна" керла дозанаш тухуш, тIеман цензура йукъайалош, низаман проекташ цхьана масех дийнахь тIеоьцу. Ткъа кхузахь, процессан декъашхошна и оьшуш дац, цундела дерриг а дисина "сира зонехь", - кхетадо профессоро.

  • ЧВК "Вагнер" – Оьрсийчоьнан официалехь доцу тIеман дакъа ду, цуьнан эскархоша дакъалецира, йа хIинца а дакъалоцу Шемара а, Африкан мехкашкахь а, Украинехь а болчу тIемашкахь. ЧВК "Вагнеран" куьйгалхо Пригожин Евгений гIараваьлла вара президентаца Путин Владимирца а, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца а доттагIалла хиларца. Делахь а, тIаьхьо царна йукъахь конфликташ хилира. Оьрсийчохь долара тIеман компаниш йихкина йу.
  • ЧВК "Вагнеро" вербовка йина оьрсийн набахтешкара эзарнаш тутмакхаш ах шарна дина контракташ чекхдевллачул тIаьхьа, йухабогIу, гечдина хиларх документаш карахь а долуш. Оцу кепара Путинан омранаш къайладаьхьна ду, цунах лаьцна дIахьедира цуьнан пресс-секретаро Песков Дмитрийс. Цхьаболу йолахой ма боьлххура цIа кхочу, вуьйш Оьрсийчоьно оккупаци йинчу Украинан латтанаш тIера Донецкан а, Луганскан а кIошташкара лазартне кхочу. Цул тIаьхьа Краснодар-махка – реабилитаци йан. Свобода Радион оьрсийн сервисо бинчу талламца, Анапехь а, Витязево курортан меттигехь а Пригожина тIамехь дакъалаьцначарна аьлла цхьа могIа хьешан хIусамаш лецнера.
  • 2023-чу шеран мангал-беттан 23-чохь Пригожин а, цунна муьтIахь йолу ЧВК "Вагнер" а тIеман министраллина дуьхьал герзашца бунт гIаттон гIоьртира. Дуккха а эзарнашкахь вагнерхойн ковра Ростов-на-Дону гIала чуйера, важа ковра Москва кхача новкъайелира. Цхьана дийнахь-бусий эскархойн аьтто хилира 780 чакхарма некъ бан, цхьа а дуьхьало а йоцуш. Оцу йукъанна дохийра масех тIеман министраллин беракема а, цхьа кема а, церан экипажаш а хIаллакхилира. Путина бехкбиллира ЧВК "Вагнерна" пачхьалкхана йамартйаларна, компанин куьйгалхочунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийра. Делахь а, тIаьхьо дийца даьккхира Пригожинна а, Лукашенко Александрна а йукъахь дийцарш хиларх. Эххар а Москва йоьду ковра сецира, ша Пригожин, барт ма-барра, Беларуси дIаваха везаш вара, ткъа Путин Владимира дош делира, иза дIаводахь, цунна дуьхьал бунтхошна таIзар дийр дац аьлла.
  • Оьрсийчоьнан Талламан комитето тIечIагIдина ЧВК "Вагнер" кхоьллина Пригожин Евгений валар. Урхалло дIахьедина, марсхьокху-беттан 23-чохь Тверской кIоштахь доьхначу кеманахь веллачу иттаннан а, экипажан кхо декъашхочун а цIераш къаьстина аьлла.

Къилба ХIирийчоь аьлла, ша дIакхайкхийначу республикехь лелош йолу терминологи а, топонимаш а хила тарло текстехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG