ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Адамах тера саьрмикан корта". Нохчийн омбудсмен Солтаев Мансур муха вевза


Солтаев Мансур а, Кадыров Рамзан а
Солтаев Мансур а, Кадыров Рамзан а

Цхьа шой ахшой гергга хан йу Солтаев Мансур Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчун даржехь волу. Оцу заманчохь иза ларийна оккупаци йинчу Украинан дозанаш тIехь хила а, кадыровхоша лачкъийначу Мусаева Заремин гIуллакха йукъахь хила а, журналистана Милашина Еленина Соьлжа-ГIалахь кхерамзалла латтон ницкъ кхачарх дIахьедан а. Бакъду, нагахь санна, оцу хенахь иза цIахь хилахь. Кавказ.Реалиин сайто дуьйцу Оьрсийчоьнан уггар а проблеме йолчу республикера бакъонаш Iалашйан векал винчух лаьцна.

Солтаев Мансуран 45 шо ду. Йукъараллин палатин сайтера цуьнан биографица а догIуш, Соьлжа-ГIалара Заводской кIоштан администрацин куьйгалхочун гIоьнча хIоьттира иза 2008-чу шарахь. 2013-чу шарахь "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин декъашхо хилира цунах, йукъараллина тIехь контроль латточу ЖКХ-н декъехь Регионалан центран куьйгалхо хIоттийра иза. ТIаьхьо Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанехула бахархой кхиоран а, адамийн бакъонийн а кхеташона йукъа вахара иза, белхан тобанан урхалле а хIуттуш. 2019-чу шарахь редакцица хиллачу къамелехь Солтаевс чIагIдора, 15 шо а ду ша адамийн бакъонаш Iалашйен бохуш, царех 13 шо – Йукъараллин палатехь.

2019-чу шарахь зударий кхийлар низаме даккха деза аьлла, хьийхира Солтаевс, иштта зударийн бакъонаш Iалашйина хир йу бохуш. Ши зуда шен хилла бохура цо, нагахь санна, йуха а зуда йалайахь, шен хIинца йолу хIусамнана шен сацамна тIетовр йу элира цо. Педофилашна а, бер дийначунна а кхелехула вен кхачор меттахIотто деза аьлла, хьийхира цо 2020-чу шарахь.

Цунна омра дахь, Милашинина дуьхьал митинге а вер ву иза, тIедожадахь – лоьрийн машенна тIе дIа а кхетор йу цо иза

Омбудсменан дарже ша хIоттавале хьалха Солтаевс куьйгалла дира Нохчийн пачхьалкхан университетехь кхетош-кхиоран, социалан белхахула йолчу урхаллин. Бюджетан белхахой Iедалхойн митингашка кхийларца йоьзна хила тарло и урхалла, дIахьедора республикера оппозиицин жигархоша.

"Боллу божарий а, зударий а, массо а, когаш тIехь лелалуш мел верг, кхана аравала веза…Университетера хIора а декхаре ву, ара ца довлахь вай йуьхьIаьржа хIуьттуш хьал хIуттур ду", - хетарехь Мансуран озаца дIайазйина аудио зорбане хIоттийра 2021-чу шеран зазадокху-баттахь 1АДАТ боламо митинг хилале хьалха. Оцу митингехь "Новая газета" дIакъовла аьлла тIедожийра, Нохчийчохь кхел йоцуш нах байарх лаьцна цара рогIера публикаци зорбане йаьккхинчул тIаьхьа дара и.

Оцу акцихь дакъалоцуш ша Солтаев а вара, видео тIехь иза ву лаьтташ Йукъараллин палатин куьйгалхочунна Денильханов Исмаилца, цо боху, Кадыровна йа муьлххачу республикера полицин белхахочунна дуьхьал йаздийриг, доллу нохчийн къомана дуьхьал ваьлла ву.

Солтаевс болх бинчу университетан белхахо хиллачу цхьаммо дIахьедира редакцига, куьйгалло тIедожорца иштта нохчийн хьаькамийн посташна бухахь дика комментареш йазйора шаьш. Цайазйинчуьнгара бехкаш дохура, премех воккхура.

2022-чу шеран дечкен-баттахь, оппозицин жигархойн нана Мусаева Зарема лачкъийначул тIаьхьа, нохчийн омбудсмено цуьнца цхьаьна спецприемникехь йаьккхина видео хIоттйира. ХIетахь Солтаевс чIагIдора, лаьцнарг дика Iаш йу, бакъду ша Мусаевас камера хьалха дош а ца элира.

Солтаев Мансур а, Садулаева Селима а
Солтаев Мансур а, Садулаева Селима а

Оцу тайпа къамел дира Солтаевс кху шеран товбеца-баттахь Исмаилова Седица а. Доьзлехь бинчу ницкъах йедда нохчийн йоI лаьцнера Москвара аэропортехь. Цунна кхерам хиларх тоьшаллаш диннашехь, адвокаташ дуьхьал боллушехь, иза йухайигира даймахка. Нохчийчуьра адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчуьнца дIайазйинчу видео тIехь, "дерриг дика ду" олу йоIа.

Соьлжа-ГIалахь йиттинчу журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а тIехIотта дарбанан цIийне веара мангал-баттахь Солтаев Мансур. Омбудсмено чIагIдора, Милашине лоьраш хьоьвсина, "дика йу иза", ткъа тIелатар – "Нохчийчоьнна дуьхьал йина диверси йу" бохура цо. Мусаеван гIуллакхехула таIзар кхайкхочу йогIучу Милашинина дуккха а чевнаш йинера, пIелгаш кегдинера, гематомаш йара, хьен туьта а лазийнера, цуьнан корта а баьшна, баьццара коьчал корта тIе йоьттинера.

Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашйар – Солтаевн декхар ду. Амма дукха хан йоццуш, тIаккхахула Милашина республике йеача, иза Iалашйийр йуй цо аьлла, хаттар дича, омбудсмено жоп деллера: "Нагахь со цIахь хилахь – цхьа а проблема йац. Со цIахь ца хилахь – тIаккха, бехк ма билла, суна ца хаьа".

Цул хьалхарчу зеделларг

Мансур Солтаев – Кадыровн Нохчийчохь шолгIа хIоьттина омбудсмен ву. 2006-чу шарера схьа дуьйна оцу даржехь вара Нухажиев Нурди. 2020-чу шарахь низамашкахь хийцамаш бира, цара дихкира омбудсменан даржехь цхьа стаг шина хенал сов витар. Нухажиевн метта стаг лоьхура. Редакцин хьасто хаамбира, и дарж нохчийн бакъоларйархочуьнга Саратова Хедига дала дагахь бу бохуш. Амма 2021-чу шеран зазадокху-баттахь иза кхелхира, ковидо лазар чIагIдина.

Йукъ-кара Нухажиевс дуьйцура Оьрсийчоьнан набахтешкара нохчийн прооблемех, мидалш лора Кадыровна а, цуьнан гергарчарна а, луьйш хуьлура бозуш боцчу журналисташана, йаздора нохчийн халкъан кхолламах а.

Вайна гуш ву шен биографи йоцу стаг, Кадыровн Нохчийчохь волавелла иза "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин декъехь

Шен балхаца Кадыровн политикина тIетуьйжура иза. Масала, 2016-чу шарахь омбудсмено тIедожийра оьрсийн оппозицин политикна Яшин Ильяна дуьхьал гIуллакх долор, Нохчийчоьнан куьйгалхочух а, цуьнан гонерчу нахах а лаьцна "Къоман кхерамзаллина кхерам" цIарца рапорт арахецнера цо. Iазапашна дуьхьал Комитетана критика йеш къамел дора Нухажиевс, йемал ца дира цо бакъоларйархочунна Каляпин Игорьна тIелатар дар а, Кадыровна критика йеш хилла Кенхи эвлара Джалалдинов Рамазан провокатор ву а бехира цо.

Шен балха тIехь Солтаевс лору шел а хьалха хиллачун "ламасташ", иштта махкал арахьа болчу нохчийн репутацина тIехь къахьоьгу кхо а. Официалан хаамаш бакъ белахь, Солтаевн бала кхочу оьрсийн набахтешкахь болчу нохчийн бакъонашца а, чиллан-баттахь цо гIо дира "Москвара школе хьиджабаш лелон ши йоI дIатарйеш".

Вуьшта, олийла дац, Солтаевс Нохчийчохь хуьлучун терго йанне а ца йо. Волгоградехь КъорIан дагийна аьлла, Соьлжа-ГIаларчу СИЗОхь латточу Журавель Никитин историхь а дакъалецира цо. Цуьнгара латкъам ма кхоччура, Кадыровн 15 шо долчу кIанта цунна йеттарх уггар а хьалха хаамбира Солтаевс.

Шен интересийн сфера махкал арахьа шорйина ца Iаш, йаржийна Солтаевс Оьрсийчоьнал арахьа а. 2022-чу шеран зазадокху-баттахь Донбассе вахара иза, суьрташ дехира цо дарбанан хIусамашкахь а, йохийначу гIишлошна уллохь а. Кху шеран йуьххьехь Солтаев Украинан санкцийн тептаре йазвира, мангал-баттахь – Евробертан, марсхьокху-баттахь – Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а. Царна жоп лучу омбудсмено дIахьедира, "лаккхара бIов тIера" оцу тоьхначу дозанашна "туьйнаш кхуссу" ша аьлла.

Адамийн бакъонаш хьоьшу олий, Нохчийчоь хьехочу хенахь, тIаьххьарчу шерашкахь Соьлжа-ГIалахь марзделла ма-хиллара жоп ло Солтаевс. "ООН-н бехкаш тхуна дош ца хета дуккха а хан йу", - элира омбудсмено 2022-чу шарахь.

Омраца волу омбудсмен

Солтаев – ша бакъволу Кадыровн хьаькам ву, боху "Мемориал" бакъоларйаран центран кхеташонан декъашхочо Черкасов Александра.

"Сепаратистийн Ичкерихь [Нохчийчоьнан хилла омбудсмен Нурди] Нухажиев кIоштан администрацин куьйгалхо вара, тIаьхьа Гуьмсан кIоштара масаьрца а цхьаьна – КадыровгIаьрца, ЯмадаевгIаьрца -федералхойн агIор вирзира иза а. Полицихь болх бина цо…Ткъа хIинца вайна гуш ву [республикера адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчун даржехь верг] шен биографи йоцуш, Кадыровн Нохчийчохь "Цхьааллин Оьрсийчоьнан" партин агIор болхбан волавелларг. Адамах тера корта саьрмикна дIагайта дезачу хенахь, леррина оцу гIуллакхна Iамийна нах бу – Солтаев а иштта стаг ву. Цунна омара дахь, Милашинина дуьхьал митинге хIуттур ву иза, тIедожадахь – лоьрийн машенна тIе дIа а йуьгур йу цо иза", - кхетадо къамел дечо.

Къилбаседа Кавказера Iазапашна дуьхьал Командин куьйгалхо дукха хан йоццуш цхьаьнакхеттера Солтаевца – КПП-н юристаш баьхкинера иза волчу Милашина Еленина а, Немов Александрна а динчу тIелатаран хьокъехь бечу талламах лаьцна хатта.

Шеггара бахархойн бакъонаш Iалашйарехь Солтаевс деш хIума дац

"Оцу кепара цхьанакхетар прогрессиве хIума хета тхуна, хIунда аьлча, дуккхаъчу шерашкахь Нохчийчуьра адамийн бакъонаш Iалашйан векал волчуьнца цхьана а кепара зIе йацара тхан. Негативехь дуьйцура оха бечу балхах лаьцна кхул а хьалха хиллачо. Цуьнца цхьа диалог дIатаса цхьа а хаттар лаьтташ а дацара цигахь", - билгалдоккху Вансловас.

Iазапашна дуьхьал Командин юристаш хьалха а гIоьртира Солтаевца йукъахь болх бан. Шо хьалха цуьнга хьажийнера Къилбаседа Кавказан Федералан гонашкарчу хьолах лаьцна "Арифметика пыток" цIе тиллина таллам, амма жоп ца хилира цуьнгара. Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIалахь хилла цхьанакхетар а башха йовхо йолуш дацара, кхин дIа дуьйцу бакъоларйархочо.

"ХIаъ, чIогIа цецваьллера иза, тхо ша волчу дахкарна. Массо а бахархой шен кабинет чохь тIеоьцура цо, тхоьга коридор чохь вистхилира. ХIетте а цхьана 15 минотехь дистхилар хилира тхан. Къамел дар цхьана агIор дара тхан, бакъдерг дийцича. Солтаевс дIахьедора, бахархошца йукъахь болх бан лерина ву ша бохуш, амма тхуна, бакъдерг дийцича, цунна тоьшаллаш ца гира. Оха хеттарш дора цуьнга, цо жоп лора, сихлора иза, кехатан хаттамна дуьхьал хилира, бахьанаш а ца дуьйцуш", - дуьйцу Вансловас.

Цо дийцарехь, юристаша хоьттура цуьнга Нохчийчохь Iазапаш лелорца долчу хьолах, Солтаевс шен функци йуьйцура, информаци компетенте йолчу органашка дIакхачор йу аьлла.

"Цо даим а олура, Нохчийчуьра талламан органех чIогIа тешам бу шен, цара "дерриг а къастор ду" бохуш. ТIаккха хьесап дира оха, шеггара бахархойн бакъонаш Iалашйарехь Солтаевс деш хIума дац аьлла. Цуьнан декхар ду даржехь болчу нахе дIахаийтар, шена гучуйуьйлучу фактех лаьцна", - кехтийра къамелахочо.

  • Санкт-Петербургера полицин белхахоша Нохчийчуьра ницкъахошца йукъахь лецира Сулейманова Седа Шо хьалха цIера йеддера иза, бусулба динца доьзна дас-нанас Iаткъам бо шена аьлла. Оцу тIехула "сий лардеш" ша йерна кхоьруш, йедда хиллера иза. Формалехь къола дарна бехкейина йоI, Соьлжа-ГIала доьдучу кеамана хаийра. ХIара дуьххьара хилла хIума дац, шайггара бехкаш дохкуш, махкара бевддарш кадыровхоша йухабигар кест-кеста нислуш хIума ду, билгалдоккху бакъоларйархоша.
  • ГIиргIазойчохь лаьцна, ша лачкъийна, шена тIехь Iазапаш хьегначул тIаьхьа Оьрсийчуьра ведда 28 шо долу Нохчийчуьра спортхо Мовлаев Мансур. Регионан Iедалхой тIаьхьабевллера цунна, Кадыров Рамзанна цо критика йарна. 2022-чу шарахь къайлахчу набахтера вада аьтто хиллера цуьнан, цу чохь ницкъахоша хьалха шайггара дуьхьал айдинчу гIуллакхца чохь валлийначул тIаьхьа. ГIиргIазойн бакъоларйархоша дуьйцу,"шина пачхьалкхан къайлахчу сервисийн йукъарлонаш хиларна" Оьрсийчу Мовлаев дIалур ву аьлла, боккха кхерам лаьтта бохуш
  • Къилбаседа Кавказера бахархойн бакъонаш денна хьоьшуш йу церан боьрша-стен билгалонашца а, динца доьзна а, Iедало магош, йа церан омраца. Оцу кепара дIахьедар дира бакъоларйархоша ООН-нна леринчу альтернативе рапортехь. Муьлхха а дискриминаци лелорах тIедожош жоьпалла ду бохуш, дIакхийкхадора хьалхо Оьрсийчоьнан Iедалхоша. Кавказ.Реалиин сайто къастийра, Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонашца долу хьал де-дийне эшна хIунда го, Iедалхоша цуьнан терго а стенна ца йо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG