ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Инстаграмехь Палестинин байракх хIотторна къовсамашкара дIаваьккхина гIалгIайн дзюдон латархо


Халмурзаев Хьасан
Халмурзаев Хьасан

Олимпикан толамхо, ГIалгIайчуьра дзюдон латархо Халмурзаев Хьасан къийсамийн йукъараваьккхира, дзюдон Федерацин чоьхьара низамаш цо дохийна аьлла. ХЬАМАС тобано Израильна тIелатар а дина, тIаккха вукхара ГIаза декъанна тохарш дан долийча, шен инстаграмерчу агIоне Палестинин байракх йиллинера цо.

Политикан, динан хьежамаш гуш-хезаш дIахьедар доьхкуш долу низам дохийна Халмурзаевс, боху дзюдон дуьненайукъарчу Федерацин пресс-релизехь. Иштта билгалдоккху цара, Халмурзаев цхьана ханна бен дIаваьккхина вац - кхин дIа дан дезарг къасталц.

"Дзюдон дуьненайукъара федераци дискриминацица къийсам латтош йу, адамийн мехаллаш, машар ларбеш йу", – аьлла дийцина оцу цхьанакхетаралло.

ХIара хаам арахоьцучу йукъанна Палестинин флаг Халмурзаевн инстаграмера дIайаьккхина - цуьнан метта шен спортхочун сурт ду цигахь.

Дзюдохо Халмурзаев Хьасан 81 кийла йозаллехь летаршкахь дакъа лоцуш ву, 2016 шарахь дашон мидал йаьккхира цо Рио-де-Жанейрехь хиллачу Олимпикан къовсамашкахь.

  • ГIадужу-беттан 11-хь болчу хаамашца, ХАМАС-о динчу тIелетарх беллачийн терахь 1200 стаге хьаладаьлла, ГIаза декъехь Израило тохарш дина вийна 950 кхачалц вахархо – израилхойн, палестинхойн Iедало далийна терахьаш ду уьш. Шинна а агIор чевнаш хиллачу нехан терахь 10 эзаре кхочуш ду, ХАМАС-н закъалтехь буьссу бIеннаш нах.
  • ТIаьххьарчу хаамашца, ХЬАМАС-о Израильна тIелатар дарна беллачу нехан терахь 1300 стаге кхаьчна, Израило ГIаза декъанна тIе саццанза деш долчу тохарех вийна 1200 стаг, шинна а агIонан официалан хаамаш бу уьш. Иштта шина агIор чевнаш йина исс эзар сов адамна. ХЬАМАС-н закъалтехь латтош 130 стаг ву, цара шаьш бахарехь.
  • Израило ГIаза декъерчу маьршачу объекташна тохарш дар сацош дац – цигахь гуманитаран бохам хIуттуш бу. Израилан Iедало и регион йерриг дIакъоьвлина шаьш аьлла, ур-атталла хи, ток, сурсаташ сацош. ГIазехь цхьаъ бен йоцучу тоькан станцино шен болх сацийна, йагориг чекхйаларна. Палестинера дарбан хIусамашкахь меттиг ца биссина бохуш шоьта дийнахь дуьйна дуьйцура.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG