ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адаман некъ: 15 шо долчу Кадыровн кIентан политикан карьера 


Кадыров Адам
Кадыров Адам

СИЗОхь лаьцначунна йиттинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун пхийтта шо долчу кIантана Кадыров Адамна йуьхьанца цхьа барз совгIаташ делира, цул тIаьхьа шен ден кхерамзаллин сервисан декъан хьаькам хIоттийра иза. Делахь а, федералан низамашца кхиазхо пачхьалкхан гIуллакхдарехь куьйгаллин дарже хIоттавойла дац, билгалдаьккхира Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа. Кадыров Рамзанан шен карьера йолайалар дагадоуьйту кхо аьлла, билгалдаьккхира цара.

"Кхерамзаллин сервисехь коьртачу дарже" кхиазхо хIоттийна аьлла хаамбира Нохчийчоьнан зорбанан министро Дудаев Ахьмада. Адам декъалвира Кадыровн полкан командиро Чалаев Замида а, республикин парламентан спикеро Даудов Мохьмада а, могушалла Iалашйаран министро Алханов Адама а, иштта кхин болчара а.

2003-чу шеран лахьанан-баттахь вина ву Кадыров Адам, нохчийн политикан доьзалехь кхоалгIа воI ву иза. Цуьнан дас дIахьедора, цуьнан йалх шо кхочучу хенахь Адам хьафиз хилира бохуш. Бусалбанашна деза жайна КъорIан дагахь Iамийна, уггар а къона хьафиз ву иза бохура цо. И бакъ хиларх тахана а тоьшаллаш далийна дац.

Кхин дIа беро дакъалецира низамаш доцчу латарехь, масех секундехь гоьйаьллачу туркойн сериалехь дакъа а лецира цо, делахь а пачхьалкхан балхаца бала болуш вацара.

Шеконе толамаш

2016-чу шарахь шен вежаршца Ахьмадца а, Зеламхица а Кадыров Адама дакъалецира Grand Prix Akhmat турниран ийначу кепехь латаршкахь – кхааммо а толамаш бехира, церан латарш гойтуш дара "Матч ТВ" телеканалан йоьдучу эфирехь. Дуккхаъчу бакъоларйархоша а, спортхоша а бехкбаьккхира берийн латараш дIадахьарна: 12 шо кхаьчначул тIаьхьа бен магош дац оцу къийсамашкахь дакъалаца, ткъа Адама хIетахь бархI шо бен дацара. Йемалбира уьш Оьрсийчоьнан вевзаш волчу латархочо Емельяненко Федора а, оцу тIехула иза сийсазвеш, цунна кхерамаш тийсира Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан думехь депутат волчу Делимханов Адама.

2018-чу шеран чиллан-баттахь 10 шо долчу Казахстанера вахархочо Тажибай Абайс шеца лата кхайкхира вежарий КадыровгIар. ГIиллакхехь дуьхьало йира цара, амма казахстанхо хьошалгIа кхайкхира. Оцу йукъанна Адама кхин а масийттаза дакъалаьцнера гайтаман летаршкахь, амма цо толам баьккхина аьлла рефериша дIакхайкхор шеконе диллира.

Кадыров Адам
Кадыров Адам

2021-чу шарахь суьдхочо иштта дIакхайкхийра Кадыров Адам толамхо ву аьлла, дуккхаъчара оцу сацамна хIетахь критика йиннашехь. Социалан машанашкахь хIоттийначу видео йукъарчу кийсак тIехь гуш ду, Кадыровца тийсалург – ГIебарта-Балкхаройчуьра Биттиров Аслан – цунна тIе а леташ, масийтазза шен оппонентана коьртах тухуш. Оцу хеначохь реферис сацадо летарш, когаш тIехь лаьтташ волчу Биттировна нокдаун йагарйан волало.

ХIетахь нийса ца динчу жамIаша оьгIазаллин тулгIе йаржийра социалан машанашкахь, бехкаш дехкира латар хIоттийна дара бохуш, цуьнан тергойира ца ваьллачу денна Даудов Мохьмада а, Кадыров Рамзана а. "Iаьржа пиар" йу элира Кадыровс и бехкаш дахкар – суьдхочунна гина хиллера, шен кIанта дуьхьал летачунна бIаьрга вон хIума тухуш, техникан толам санна дIалеринера и аьлла.

Шен 14 шо долчу заманчохь Кадыров Адама дакъалецира туркойн историкан "Йухаденвелла Эртугрул" сериал чохь эпизодехь. 2014-2018-чу шерашкахь гойтуш хиллачу оцу фильман 448 сери йара, цхьахйолчу сери чохь цхьа жима роль ловзийначу Кадыровн кIанта "шен корматалла дикачу агIор гайтира" элира Нохчийчохь.

18 шаре валанза "турпалхо"

Шо хьалха Кадыров Рамзана дIахьедира, шен кхиазхой кIентий Украинера тIамтIе баханера, тIом боьдучу меттигехь а цхьана хилира уьш аьлла. Ша цхьаъ бен доцу цуьнан "тоьшалла" дара - ролик. Цу тIехь шен вежаршца Адам ву окоп чохь хиъна а Iаш, автомат а, йоккха топ а йетташ, билгалдаьккхира "тIом боьдучохь" ду хIара аьлла. Видеох шеконаш хиллачийн критикехь йинчу комментарешна жоп луш, зорбанан министро Дудаев Ахьмада "монтаж йечо гуттар а бен болх бу" иза элира.

И видеоролик йаржийна масех бутт баьллачу хенахь тидам бира, Дубай йезачу машеннна урхалла деш воьдучу Кадыров Адаман, ткъа низамашкахь цуьнан бакъо йацара машен хехка.

Кху шеран мангал-баттахь хьаькаман кIанта йиттира, КъорIан дагийна цо аьлла, лаьцна Соьлжа-ГIаларчу СИЗОхь латточу 19 шо долчу Журавель Никитина. Уггар а хьалха цунах лаьцна Журавеля ша дийцира, цул тIаьхьа Кадыров Рамзана йеттачу хенахь йаьккхина видео нахала йаьккхира. Республикин полици дуьхьал хилира бехкзуламан гIуллакх цунна дуьхьал даккха, хIунда аьлча, Адаман 17 шо дац хIинца а.

Дукха ца Iаш цул тIаьхьа Кадыров Адамна Нохчийчоьнан Турпалхо аьлла, цIе йелира, тIаккха – Оьрсийчоьнан кхечу регионийн цхьа могIа совгIаташ а. Масала, ГIезалойчоьнан куьйгалхочо Минниханов Рустама ша дIакховдийра Кадыровна-жимахволчунна шайн республикера йезачух шолгIа "Дуслык" орден. "Къаьмнашна а, динашна а йукъара машар а, барт а чIагIбеш доккха дакъалацарна" аьлла, делира совгIат. Татарстанна тIаьххье Кхарачой-Чергазийчохь а делира цунна регионан лаккхара совгIат, иштта "Умматана гергахь гIуллакхаш дарна" орден а. Татарстанна а, Кхарачой-Чергазийчоьнна а хьалха хIун мехала гIуллакхаш дина Кадыров Адама – къаьстина дац.

ХIинца-м 25 шо долчу политикан кIантана официалехь пачхьалкхан дарж делла.

Низамашкахь – хуьлийла дац?

Оьрсйичохь пачхьалкхан дарже хIоттан 18 шо кхаьчна хила веза, лаккхара доьшийла чекхйаьккхина а, делахь а Кадыров-жимахволчун, шен хене хьаьжжина, хуьлийла дац диплом, кхетадо Орсийчуьра Transparency International йукъараллин куьйгалхочо Шуманов Ильяс.

"Декъан хьаькам хIоттийна Кадыров Адам. Иза куьйгаллин дарж ду, шен куьйгакIел нах а болуш. Профилан дешар а, зеделларг а дацахь и болх бойла дац", - дуьйцу эксперто.

Кху заманан Оьрсийчохь уникале хIума ду боху Шумановс регионан хьаькаман 15 шо долу кIант дарже хIотор. Оцу йукъанна Кадыров Рамзана шен кIантах хьехамча, йа гIоьнча ван мегар дара, балха хIуттуш хIума ца леладо тIаккха.

"Интересийн конфликт йу кху хьолехь. Формалехь оцу даржехь волу Кадыров Адам шен ден куьйгакIел вац, делахь а зIе йуьсу шен деца-куьйгалхочуьнца, цуьнца воьзна хилар а ду", - тIетуьхйира къамел дечо.

Федералан Iедал эгIаза ду тахана, 2004-чу шарахь Кадыровх катоьхна президент ван ца магийча хиллачул а

Кхузахь цхьаьанадараш а ду 2000-чу шераийн йуьхьца, хIетахь Кадыров Нохчийчоьнан куьйгалхо хила лууш хьийзара, губернатор хила 30 шо низамашкахь хан оьшуш йоллушехь, билгалдоккху политолого Преображенский Ивана. 2004-чу шарахь терактехь вийра Кадыров Ахьмад, цуьнан кIантана Рамзанна, цуьнан кхерамзаллин сервисан куьйгалхочун, хIетахь 28 шо дара. Республикин урхалле хIотта бакъо йара цуьнан кхо шо даьлча.

"Къовса волавелира хIетахь Кадыров Рамзан шен шерашца дозатохарна, амма Путина дуьхьало йира цунна цу тIехь. Цундела ладегIа дийзира, оцу муьрехь Нохчийчоьнан урхаллехь кхин нах бара, Кадыровс къийсам латтийна хилларш. ХIинца а оцу кепашца йерзон хьийза иза верасаллин а, Iедалан мукъ дIабаларан а проблема, амма, тарло, диллина деш ца хила – цуьнан кIант хIинца а дукха жима ву", - дуьйцу къамел дечо.

Преображенскийна хетарехь, КадырвогIеран амбицеш кхочушйо аьлла, дIагайта деш хIума ду, Оьрсийчоьнан бусалба регионашна, Кадыров Адамна совгIаташ де бохуш, Iаткъам бар.

"Федералан Iедал эгIаза ду тахана, 2004-чу шарахь шен дена тIаьххье Кадыровх катоьхна президент ван ца магийча хиллачул а. Тахана Москван аьттехь а бац контроль латтон иштта гIирсаш – хIетахь шайн лаамехь лела кадыровхойн гварди йацара, республика федералан ницкъийн тобано тергонехь латтош йара. Нохчийн командираша куьйгалла деш хилла дакъош а центро лелош дара", - дагадаийтира Преображенскийс.

Тахана Кадыров хенал а хьалха вийла гIерта, шен потенциале Iедал дIакховдо стаг кхуллуш, тешна ву къамелахо.

ШолгIа ваьлла шен да

Жима волуш хилла ша дуьхьалтуьйсу Кадыров Адама дена, цундела нисдина цунна, кхуо шен да Кадыров Ахьмад волчу хенахь дIалаьцна хилла долу, аьлла хета Европехь куп тоьхначу "Цхьааллин ницкъ" организацин куьйгалхочунна Сулейманов Джамбулатна.

"2000-чу шерийн йуьххьехь Оьрсийчоьнан пропагандо пиар лелийра иштта къона Рамзан дIахIоттош – нохчийн лидерийн бераш (кхузахь буьйцурш бу йозуш йоцчу Ичкерин лидерш. – Билгалдаккхар) дозанал арахьа а, Оьрсийчоьнехьа волчу президентан- циггахь а бохуш. Амма хIетахь КадыровгIар Хасав-Йуьртахь хевжина Iаш бара федералан ницкъийн шина гонна йуккъехь, царна цхьана а хIумана кхерам бацара. Цу тIе кхерамзаллин сервисехь пиар лелор цхьа лартIахь доцург хета. Антипиар а, билггал дерг гуш цахилар а санна хета", - тIетуьйхира Сулеймановс.

КадыровгIар Хасав-Йуьртахь хевжина Iаш бара федералан ницкъийн шина гонна йуккъехь

Кремло цхьана а агIор тергойар ца гойту 15 шо долу кхиазхо Кадыров волчахь дарже хIоттор, тешна ву политолог Жаворонков Серней.

"Москвана хетарехь, - Нохчийчоь – феодалан домен йу, цигахь дерриг а Кадыровс луьстуш ду. Республикин урхалле хIоттон шен кIант кечвеш ву бохучух аьлча, кхузахь коьрта ду, хийцамаш бечу хенахь Оьрсийчоьнан Iедалехь мила хир ву бохург", - дерзийра къемел дечо.

2023-гIа шо доладелчхьана – Кадыров Рамзан чIогIа цомгаш ву бохуш баьржинчу хаамашца цхьаьна, цуьнан йоьIарий а, кIентий а гойтура, Нохчийчоьнан политикан дахарехь жигара дакъалоцуш бу бохуш.

Цуьнан 24 шо долчу йоIана регионан вице-премьеран дар лучу заманчохь, 15 шо долчу Кадыровн кIанта, меттигерчу каналан сюжетехь гайтарехь, "Ахмат" спецназан командираш хIиттабо, оцу декъана амуници а латтош. Кавказ.Реалиин корреспонденто къамел динчу политологаша, йукъаралхоша а билгалдаьккхира, оцу кепара Кадыров-жимахверг хьалхатеттар Кремло магош лелош хIума ду, Нохчийчохь династи дIахIотторхьама аьлла.

  • Журавель Никита – Волгоградера маьждигна хьалха КъорIан дагийна, Делах тешачийн дог-ойла сийсазйина аьлла бехкевина, лаьцна вуьтуш ву Соьлжа-ГIалахь. Лахьанан-беттан 2-чохь хиллачу кхелан кхеташонехь цо шена гечдар дийхира бусалбанашка, дIахьедира, КъорIан доьшуш, толлуш ву ша аьлла. Оцу бехкзуламан гIуллакхехула волайнхой бу аьлла, дIахьевина нохчийн 13 имам йуха а ца веара дов хоттуче.
  • Кадыров Адамна Нохчийчоьнан Турпалхочун цIе йаларх гIадужу-беттан 6-чохь шен телеграм-каналехь хаийтира Пачхьалкхан думин депутато Делимханов Адама. Цо дIахьедира кхиазхочо дешарца а, спортехь а кхиамаш бахарх, хастийра иза дика кIант ву аьлла, амма совгIат хIун динчунна делла, билгал ца даьккхира.
  • Нохчийчуьра пачхьалкхан даржаш дIалоьцу Кадыровн бераша, йижарша, йоIарийн хIусамдайша, йижарийн-вежарийн бераша, вежарша. Кавказ.Реалиино вовшахтуьйхира регионан пачхьалкхан хьукматашкахь белхаш бечу Кадыров Рамзанан гергарчех тептар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG