ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ницкъахоша рейдаш йинчул тIаьхьа Къеди-Йуьртахь иттанаш нах лецна, чIагIдо жигархоша


Нохчийчоь, гайтаман сурт
Нохчийчоь, гайтаман сурт

Нохчийчохь ницкъахоша рейд дIайаьхьна Дагестанан дозана гергахь йолчу Гуьмса кIоштара Къеди-Йуьртахь; официалехь информаци тIечIагIйазчу хаамашца, лецна меттигера иттанашкахь бахархой. Оцу эвлахь йаьккхинчу видео тIехь гIагI диллина техника йу гуш. Мича бахьанашца рейд йина билггал хууш дац, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин республикехула йолчу урхалло информацех лаьцна йина комментарий йац.

Оппозицин 1ADAT телеграм-канало чIагIдо, лахьан-беттан 8-чу буса Къеди-Йуьртахь 60 гергга стаг лаьцна бохуш, цIераш йоху цара масех вахархочун; лецначех цхьа дакъа Нохчийчоьнан урхалхочун резиденци дIадигина боху. Дукхкхберш "Соьлжа-ГIалара СОБР-ан дозана тIе" бигина. Оцу хаамийн тоьшаллаш дац кхечу хьасташкара.

Рейд "зачисткаш" йара боху 1DATо. "Палестинехьа гIо даьхна аьлла лецнарш бу царлахь", - чIагIдо жигархоша.

"Дуккха а ницкъ а, тIеман техника а оьзнера эвла, го бинера массо а агIор. Иштта хаамбо меттигера кегийрхой а лечкъийна бигина бохуш", - йаздина кхин а оппозицин NIYSO телеграм-канало.

Нохчийчоьнан урхалхочо а, йа республикера бакъоларйаран органаша, йа меттигерчу хаамийн гIирсаша а йаздеш дац Къеди-Йуьртахь хиллачу рейдах. Йуьртара лецна бигинчу нахах хаамбира ишта "Кавказский узел" ресурсо а, уьш тIетевжира 1АДАТан телеграм-каналан хаамашна, церан цIе а ца йоккхуш.

  • 2023-чу шеран зазадокху-баттахь Нохчийчохь кадыровхоша вийра Гуьмсера ши вахархо – цара герзашца дуьхьало йина бохура. Цхьахйолчу версица, гIаттамхй бу бохучара герзаш тоьхнера полицин декъана, амма цунна тоьшаллаш дацара.
  • Дечкен-баттахь стохка Хьалха-Мартанахь рейд дIайаьхьира герз детташ, летаршкахь хилларш лоьхуш – хаамбора, СОБРан а, ГИБДД-н а белхахошна йукъахь хилла дов дара бохуш.
  • ГIадужу-беттан 28-чохь суьйранна Хасав-Йуьртан бахархой гулбелира "Фламинго" хьешан цIенна хьалха, цигахь дIатарбелла Израилан бахархой бу аьлла хезна. Оцу гуламна бакъоларйаран органийн белхахоша новкъарло ца йира. ШолгIачу дийнахь жуьгташна дуьхьал йаьккхинчу акци бевллачу декъашхоша дIалецира ХIинжа-ГIалара аэропорт. Аэропорте чубоьлхучу а, арабуьйлучу а нехан кехаташка хьуьйсура гулбелларш, палестинхойн къомехьа буй хьовсу шаьш бохуш. Цул тIаьхьа аэропортан гIишло чу а, кеманийн майдана а кхаьчнера уьш. ТIеман беракемана тIехь спецназан эскархойн арабаха дийзира Тель-Авивера деанчу кемана тIера нах.
  • ГIадужу-беттан 30-чохь суьйранна вистхилира Кадыров Рамзан ХIинжа-ГIаларчу аэропортехь хиллачу къепедарех лаьцна: Оьрсийчоьнан президентана тIаьххье цхьа а бух боцуш, цо бехкебира хиллачунна "Малхбузенан агIор болчу питанчийн" болх бу аьлла. Цо кхайкхамбира, Палестинех дог лозу дагестанхой Украинана дуьхьал тIом бан хьовсабе аьлла. Цул совнах, Нохчийчоьнан куьйгалхочо омра дира ницкъахошна, республикехь шайггара акциш хIиттон арабевллачеран "хье йуккъе герз тоха", кхоазза хIаваэ тоьхна, дIахьединчул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG