ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Когаметтаниг хоржуш маьрша хилар": стенца доьзна ду Кадыровн клан чIагIйар


Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а
Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а

Шо доладелчхьана Кадыров Рамзана шен гергара мел кIезиг а итт стаг республикехь пачхьалкхан даржашка хIоттийна, лакхара дарж кхаьчна цуьнан 15 шо долчу кIантана Адамна а. Оцу йукъанна мехкан урхалхочун могушалла эшна йогIу бохуш, хаамаш баьржинчу заманчохь КадыровгIеран доьзалхошна совгIаташ до, иштта федералан тIегIанехь а цхьаьна. Кавказ.Реалиин редакцино къастийра, стенца доьзна ду Нохчийчохь керла совгIаташ декъар а, даржашка хIиттор а.

Оьрсийчоьнан "Агентство" ресурсан лараршца, кху шарахь Кадыровн доьзалан декъашхошна кхаьчна даржаш кху тIаьххьарчу 11 шарчохь шен зовкхе кхаьчна. Кхин цхьана а шарахь оццул дукха мехкан урхалхочун гегргарнаш цхьана хеначохь Iедале баьхкина бацара.

Къаьсттина коьрта меттигаш кхаьчна Нохчийчоьнан куьйгалхочун шина кIантана. Кадыров Ахьмад шен 18 шо кхочуш спортан а, кегийрхойн политикан а министран хьалхара гIовс хIоттийра. И дарже хIотторхьама оцу гIентара гIаттийра Абдулкаримов Хьусейн – министран гIовсан дарже охьаваьлла боху иза шен лаамца. Ткъа Кадыров Ахьмад кхул а хьалха шен ден гIоьнча а, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан "Хьалхарчийн болам" кхиазхойн декъан кхеташонан организацин куьйгалхо а вара.

Кхул а кIира хьалха 15 шо долу ваша Адам, КъорIан дагорна лаьцна латточу Журавель Никитина йиттинчул тIаьхьа дукхазза совгIаташ дина, мехкан урхалхочун кхерамзалла латточу декъан куьйгалле хIоттийра. Оццу даржехь вара 20 шо хьалха ша Кадыров Рамзан а – цуьнан да Нохчийчоьнан президент хаьржинчул тIаьхьа.

Iедал кар-кара эцар оцу доьзалехь хила дезарг ду

Регионан куьйгалхочун йоьIаршна кху шарахь меттигерчу Iедалан куьйгаллехь а, профилан министраллашкахь а даржаш кхачийра. Масала, Кадырова Iайшат гIадужу-баттахь Нохчийчоьнан вице-премьер хилира. И дарж цунна делла цуьнан 24 шо долчу заманчохь; хьалхо Кадыровн йоккхаха йолу йоI ларийра культурин министран болх бан а.

Цуьнан йиша Кадырова ХутIмат зазадокху-баттахь Нохчийчохь могушалла Iалашйаран сферехь куратор хIоттийра. Стохка чиллан-баттера схьа дуьйна Кадыровн йоI республикин куьйгалхочун секретариатан хьаькаман гIовс йара. Иза керлачу дарже хIотторах хаамбира Алханов Адама, Кадыровн кхечу йоьIан, Хадижатан, хIусамдас, оцу хеначохь министрийн кабинетан куьйгалхочун гIовс хиллачу.

ХутIмат дарже йаккхале Нохчийчуьра хаамийн гIирсаша дуьйцура, реабилитацин медицинин сферехь цо баьхначу "кхиамех" лаьцна. Масала, гIуран-баттахь дуьйцура, шен дегара цо гIо дехна Устрада-ГIаларчу «Реабилитацин медицинан инновацин центрана» оьшу гIирс оьцуш. Ткъа марсхьокху-баттахь вице-премьеро Сулейманов Эльхана дIахьедира, республикера реабилитацин сферехь бина дика хийцамаш Кадыровас Iуналла дарца хилла бу бохуш.

ХутIмат керлачу дарже хIотторах хаам бина Алханов Адам могушалла Iалашйаран министраллин урхалле хIоттийра гIадужу-баттахь. "ХIинццалц схьа эвсара Iуналла латтийра цо регионерчу медицинан декъехь", - дIахьедира хIетахь Кадыров Рамзана.

Мехкан урхалхочун шолгIа нуц, Мацуев Висхан, 2023-гIа шо доладелчхьана ларийна шозза дарж хийца: стигалкъекъа-баттахь республикин вице-премьер - лаьттан, бахаман йукъаметтигийн министр вара иза, ткъа товбеца-баттахь йуьртбахаман министр вира цунах. ШолгIа нуц, Тумхаджиев Iийса, лахьан-баттахь автомобилан некъийн министр хIоттийра.

Мацуев хIоттавале хьалха вице-премьеран а, лаьттан, бахаман йукъаметтигийн министр вара масех баттахь Кадыров Рамзанан вешин кIант Кадыров Хьамзат; чиллан-баттахь оцу даржехь тIечIагIвира иза республикин куьйгалхочо, чIогIа похIма долуш, тIедиллинарг кхочушдеш куьйгалхо ву иза аьлла, ткъа охан-баттахь Нохчийчоьнан урхалхочун ницкъаллин блокехула хьехамчан-гIоьнчан дарже дехьаваьккхира, "хьалха лаьттинчу даржашкахь цо лаккхара жамIаш гайтина" аьлла, дIа а хьедеш.

"Кегий паччахьаш санна"

Кадыров Рамзан чIогIа вон хьал долуш ву бохуш, хабарш даьржинчу йуккъехула цуьнан кIентий а, йоьIарий а жигара оьхьура Нохчийчоьнан политикан дахаран жигара декъашхой болуш санна, ткъа доьзалхошна тIеэгийра пачхьалкхан совгIаташ- республикин а, иштта федералан тIегIанехь а.

Соьлжа-ГIаларчу талламан изолятор чохь лаьцна латточунна йиттинчу Кадыров Адамна тIаьххьарчу цхьана баттахь а, эхабаттахь а Iаламат дукха совгIаташ делла, кхечу мехкан урхалхочун цхьана а гергарчунна, йа цуьнан гонерчунна ца деллачу кепара. 15 шо долчу кхиазхочунна "Нохчийчоьнан Турпалхочун" цIе йелла, ГIезалойчоьнна, Кхарачой-Чергазийчоьнна, ГIебарта-Балкхаройчоьнна гергахь "мехала гIуллакхаш дарна" орденаш йелла. Иштта нохчийн "Даймехкан Сий", динан "Умматана вацарна" аьлла I-чу барамера орден а йелла.

ТIаьххьарниг Нохчийчоьнан муфтийн Межиев Салахьана карара схьаийцира цо, Къилбаседа Кавказан регионийн боллу муфтийш а, "кхечу мехкашкара цIейахна динан гIуллакхдархой" а чохь а болуш. Иштта дIахьедира Соьлжа-ГIалахь, кхиазхочо "дакъа лаьцна дин чIагIдеш, цуьнан мехаллаш Iалашйеш" аьлла, билгалдоккхуш. Иштта дешнаш йаздира Кадыров Рамзана Журавельна йетташ йаьккхина видео йаржийначул тIаьхьа, "сий, доьналла, дин Iалашдаран воккхачу стеган иделаш кхуьуш йу" шен кIентан аьлла дIахьедира.

СовгIаташ дар – КадыровгIеран доьзалерчу нехан мехалла дIагайтар ду

Лахьан-беттан 17-чохь Адамна кхин а ши совгIат делира: "Оьрсийчоьнан къинхьегаман сийлалла" аьлла йукъараллин организацин седа а, Украинана дуьхьал тIаме бахийта нах кечбечу "Оьрсийчоьнан спецназан университет кхиорехь дакъалацарна" орден а.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун гергарчарна совгIаташ до Москвахь а. Гезгамашин-баттахь президента Путин Владимира куьйгйаздира Оьрсийчоьнан бахархошна сийлаллийн цIераш а, пачхьалкхан совгIаташ а деш омрана. Вара билгалбаьхначарлахь Соьлжа-ГIалин мэр Кадыров Хас-Мохьмад, "Даймахкана хьанал къахьегарна" II-чу барамера орденан мидал йелира цунна.

Изза мидал йелира Кадырова Iайшатана гезгамашин-беттан 4-чохь. И совгIат цунна билггал хIун динчунна делла ду, омрана тIехь хаьхийна дацара, йукъара формулирвка йара йазйина: "даймехкан культура а, исбаьхьалла а кхиорна а, дуккха а шерашкахь кхоллараллин болх барна" а.

Кхул хьалха, марсхьокху-беттан йуьххьехь, Путина шен куьйга совгIат кхачийра Кадыров Рамзанан нанна Кадырова Айманина Сийлаллин орденца, ткъа цуьнан невцана Тумхаджиев Iийсанна "даймахкана вацарна" IV-чу барамера орден йелира. Товбеца-баттахь "даймахкана гIуллакхаш дарна" орден йелира 26 шо долчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун вешин кIантана Хьамзатана, ткъа стигалкъекъа-баттахь "Нана-турпалхо" совгIат политикан хIусамнанна делира.

Кадыровн гергарнаш даржашка хIиттор а, царна совгIаташ дар а Оьрсийчоьно Украианана дуьхьал шуьйра тIом болабаран тIаьхье а, Нохчийчоьнан куьйгалхо шен когаметтаниг лохуш ву бохуш даьржинчу хабаршна йина реакци а йу. Иштта хьажам бу Европехь куп тоьхначу Ичкерин "Цхьааллин ницкъ" боламан векалан Музаев Сайханан.

"ХIара тенденци йаьржина йаьлла, Кадыровна дерриг а магош хилар Украинерчу хиламашца а, доллу дуьненахь хуьлучуьнца а доьзна шен пике кхаьчна. Къаьсттина чIагIдалар доьзнера могушаллица сингаттам лаьтта бохуш, дуьйцучуьнца, уьш чIагI а белла, цхьа кегий паччахьаш санна, эвсара лела лууш бу". – тешна ву кхамел дийриг.

Имиджан проблемаш

Нохчийчоьнан куьйгалхочун клан чIагIйар федералан центран лаам бу, хIунда аьлча, "ша Кадыров Рамзан, цуьнан да а санна, - Кремлан проект йу", дIахьедира Кавказ.Реалиин сайте нохчийн политолого Кутаев Руслана.

"Оцу доьзална чохь Iедал кар-кара далар чIогIа оьшуш хиларца доьзна ду хIара. СовгIаташ дар – КадыровгIеран доьзалан декъашхой маьIне хилар билгалдаккхар ду, ткъа даржашка хIиттор – мехкан урхаллехь мел а болх бина зеделларг хилар ду. И оьшуш ду, царех цхьахверг когаметта вита. Кадыровн гонера цхьа а хила йиш йолуш вац когаметтаниг – цуьнан бераш бен. И даржашка хIиттор, совгIаташ дар оцу Iалашоне кхача лелош хIуманаш ду", - боху Кутаевс.

Цунна тIетов иштта политолог Преображенский Иван а. Цунна хетарехь, Соьлжа-ГIалахь дукха дика кхеташ бу, тIаьххьара совгIаташ а, даржашка хIиттор а беламе ду, скандалехь ду ала а тарло, амма цуьнца йу-кха Нохчийчоьнан Iедалхойн Iалашо.

"Хьалхо Нохчийчохь даьржина хилла, Оьрсийчоьнан законаш кхолларх дисинарг ду дIадолуш. Кадыров Рамзанна оьшуш ду и, цуьнан куьйгаш даста, масала, шен берашлахь, йа гергарчех когаметтаниг хоржуш. Иштта Нохчийчоь Оьрсийчоьнан майданара арайоккхуш йу цо, ма-дарра аьлча, цигахь йан а йацара и", - кхетадо къамел дечо.

Путина кхоьллина ирхо, и кхалхарца кхачор йу

Гергарчарна совгIаташ дIасадекъар Кадыров Рамзанна оьшуш хилла ца Iаш, Оьрсийчоьнан президентана а пайден ду, билгалдоккху политолого Галлямов Iаббаза.

"Кадыров а, Путин а нахана хетачуьнга хьаьжча, дуккха а эшна хаало. Ший а цхьа чIогIа, шайн агIончашна чIагIо йина ма-хиллара эхI аьлла ца хилла, шиннан а цергаш кегйина Украинан армино. Имиджан хIара проблема цара луьстуш йу, нахана хетачух баша а ца бешаш", - боху Галлямовс.

ГIадужу-баттахь Нохчийчоьнан урхалхочо дIахьедира, Путинна шен ден Кадыров Ахьмадан цIарах орден йаларх "регион меттахIотторна" аьлла. Оцу Iалашонца омрана куьгйаздинера бохура Кадыровс, 2007-чу шарахь дуьйна, амма дIайала "бIегIиIла йолу аьтто хиллалц" Iаш вара ша аьлла.

Путин Оьрсийчоьнан Iедалехь мел ву, Кадыров иштта лелар волуш ву, боху "Цхьааллин ницкъ" болама йукъарчу Музаев Сайхана.

"Европера нохчийн дисапорехь массо а тешна бу, Путина йоьгIна ирхо, иза кхалхарца кхачорг хиларх, хIунда аьлча, цуьнан Iедал цхьанна а пайден дац, Оьрсийчохь а цхьаьна: резабоцурш цкъачунна садетташ бу, амма Украинерчу тIеман чакхено массо а хIума шен-шен метта дIанисдийр ду", – дерзийра къамел дечо.

  • Зазадоккху-баттахь регионалан "Хьалхарчийн болам" декъан куьйгалхочун статусехь президента Путина Кремлехь тIелецира 17 шо долу Кадыров Ахьмад, тIаккха масех кIира даьлча Азербайджанехь официалан хьаькамашца цхьанакхийтира иза. Эксперташа хIетахь хийтира, Кадыров Рамзан цомгаш ву бохуш, дуьйцучу йукъанна цуьнан воккхаха волу кIант хьаькаман карьерина кечвеш ву аьлла.
  • Аьхка Кадыров Ахьмада бехк баьккхира карахь бакъо йоцуш машен хихкинчу кхиазхочуьнгара, оцу йукъанна, кхиазхо волчу хенахь иза ша а хаавеллера машенан урхалла деш. ТIаьххьарчу хенахь, Кадыров Рамзана чIагIдарехь, цуьнан воI Ахьмад Палестинан дозанаш тIехь болчу бахархошна гуманитаран гIо латтош ву.
  • БIаьста Нохчийчоьнан урхалхочун шина кIантана Ахьмадна а, Адамна а некха тIехь лело билгалонаш йелира "Терроризмаца къийсамехь кхиамаш бахарна" аьлла. И шиъ "даймехкан патриот" ву, шайн деден некъа тIехь вовьдуш аьлла, кхетийра Соьлжа-ГIалахь совгIаташ дарх.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун 26 шо долчу вешин кIантана Кадыров Хьамзатана мехкан "турпалхо" цIе йелира, хIун динчунна седа белла – хууш дац. Мангал-баттахь Кадыров Хьамзата шен социал-машанашкарчу агIонашкахь дIахьедарш дира, "нохчийн ламасташ цалардечарна" кхерамаш туьйсуш. Цо билгалдаьккхира, Iедалхоша гIарола дийр ду цу тайпачу агIонийн, "низамах боьхнарш" жоьпе узур бу аьлла.
  • Москвахь талламаш болийна "Кадыров Рамзанан [Нохчийчоьнан урхалхо] гергарчун гонерчу нахах", чIагIдо хетарехь Оьрсийчоьнан бакъоларйаран органашца йоьзначу "ВЧК-ОГПУ" телеграм-канало. Официалан тIегIанехь а, кхечу хьасташкахь а оцу хаамна дина тоьшаллаш дац.
  • Пачхьалкхан даржашкахь ду Кадыровн бераш, йижарий, невцарий, йиша-вешин доьзалхой, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира республикан пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу КадыровгIеран цIийнах болчех дуьззина тептар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG