ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Синкъераме бигина". Кадыровн бераш Дубайра климатан саммитехь


Кадырован доьзал
Кадырован доьзал

Лахьан-беттан 30-чу дийнахь йолийна гIуран-беттан 12-чу дийне кхаччалц Дубайхь дIахьочу СОР28 климатан саммитехь хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочун бераш Оьрсийчуьра йахначу делегацин тобанца. Буьйцурш бу КадыровгIеран 18 шо долу Ахьмад а, 23 шо долу Хадижат а – церан болх цхьана а агIор боьзна бац климат хийцарца долчу хеттаршца. Регионан куьйгалхочун доьзалхой, церан статус ойбуш, политикан дахарна жигараллица йукъаийзор ду хIара дIахьош дерг, бохура Кавказ.Реалии редакцино хеттарш динчу эксперташа.

Оьрсийчоьнан делегацин коьртехь вара президентан климатехула хеттарш луьсту леррина векал Эдельгериев Руслан. Цаьрца Дубай вахара Хадижатан хIусамда – гIадужу-баттахь республикера могушалла Iалашйаран министран дарже хIоттйина Алханов Адам.

"Шина а агIонца цхьанакхетарш дIадахьа а, кеп-кепарчу секцишкахь къамел дан а дезаш" йу Хадижат, хаамбира гIуран-беттан йуьххьехь Соьлжа-ГIалара цо урхалла дечу школазхойн дешаран департаменто.

Цхьадолу дийцарш цуьнан хIинцале а дирзина – масала, Цхьанатоьхна Iарбойн Эмираташ кхиорехула кегийрхойн векал йолчу, экологин жигархочуьнца Гай Саад Аль Ахьбабица тасаделлачу къамелехь Кадыровн йоIа дийцира, шен дас муха "Iалашйо экологи", Нохчийчохь субботникаш дIа а хьош.

Глобалан темпетаруро а, экстремалан хенан хIоттамца хуьлучун а рекорде гайтамаш, шайлахь йовхонан тулгIе, хьаннашкахь цIераш йийлар, йокъа хIоттар, хиш тIедийлар хуьлучу йукъанна дIахьош йу Дубайхь климатан саммит, аьлла ду ООН-н сайтехь. Оцу йукъанна, Хадижата дийцинчу субботникаша, республикера экологина гIо деш хиларх тамаш бу, мелхо а, зенаш дийр ду – цигахь гулйина нехаш (пластик а цхьаьна) дукха хьолахь йагайо некъан йистошкахь.

Меттигерчу Iаламан министраллера комментарий йаккха гIоьртира Кавказ.Реалии редакци. Урхаллин пресс-гIуллакххоша журналист хьажийра чоьхьарчу департаменте, цигахь а жоп ца делира телефон йеттарх.

Вайна йуха а гуш ду хьаькамийн гергарчийн хехкабалар

Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн Организацин (ООН) зерашца, маьлхан зIенарийн бухахь, цIе тасар дуьйцур дац, платико парникийн метанан газ а, ДуьнентIера йукъара температура хьалайоккху этилен а дIакъастадо, дIаса а даржош. 2015-чу шарахь COP21-нна лерина Парижан барт тIеэцначул тIаьхьа саммитан декъашхоша тидам тIехьажийра коьртачу Iалашонна – Цельсин шина градусал а сов ца йалийтар температура дуьнентIехь.

Уггар а хьалха лелон беза барамаш хуьйцур бац "субботникаша" – масала, нехаш йухакечйар, тешна ву коммерцица йоьзна йоцчу "Бахархойн инициатива дуьхьал йу экологица лелочу зуламна" организацин куьйгалхо Шевченко Дмитрий.

"Йоллу Кавказехь а ледара ду гIуллакхаш нехашца. "Оха цигахь субботникаш дира" йа, оцу кепара дIахьедар дахь а, - кхетамаш хийцар, дан дезарг хийцар а ду иза. И проблема эвсара йерзийна аьлла, цхьа а регион билгалйоккур йацара аса", - боху эколого.

Кадырова Хадижат саммитехь ишта цхьанакхетта Палестинехь гонахара Iалам Iалашдечу Урхаллин куьйгалхочуьнца Тамими Нисринца а, Шемара гонахарчу Iаламан министраллин хьалханчаца Махьлуф Хьусейнаца а. Цаьрца цо дийцина "гуманитаран болх коьрта хиларх". Оцу йукъанна Кадыров Ахьмада къамелдарх меттигерчу ресурсаша дийцина дац – саммитан декъашхойн тептарехь иза йазвина "регионера Оьрсийчоьнан йукъараллин а, пачхьалкхан боламан кхеташонан а куьйгалхо" аьлла

Йахначу гурахь Кадыровн кIанта куьйгалла дира Нохчийчуьра йоллу берийн а, кегийрхойн а организацийн, Кремлехьа йолчу меттигерчу "Хьалхарчийн болам" декъан куьйгалхо а хIуттуш. Оцу даржаца кхетийра ГIазза секторехь болчарна гуманитаран гIо кхачорехь цо дакъалацар а. Карарчу хенахь 18 шо долу Кадыров – республикера спортан министран хьалхара гIовс ву.

"Такси тIехь баьхкина"

Климатан саммит йоьдучу заманчохь дийца даьккхира Путин Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташка а, СаIуда Iаьрбийчу а варах. Цуьнан делегацица вара Кадыров Рамзан а – цо дийцарехь, оцу пачхьалкхийн урхаллашца цхьанакхетарш лерина ду "Оьрсийчоьнан Iарбойн дуьненца йоллу белхан а, доттагIаллин а уьйраш чIагIйан а, шорйан а". Видеош тIехь долчуьнга хьаьжча, гуш ду президентана улло ваьлла ву лакхахь хьахийна президентан климатан хеттаршкахула леррина векал волу Эдельгериев Руслан. Оцу цхьанакхетарех лаьцна кхин совнах кIорггера хаамаш бац, официалехь формулировкашца алар доцург, йа дIахьедаршкахь а, йа цуьнан телеграм-каналехь а йаздина дац. Дубайхь саммит дIайахьарца доьзна дуй цига вахар а, къаьстина дац.

Оцу йукъанна йиллинчу хьасташкара хууш ду, Кадыровн тоххара дуьйна йукъаметтига хилар Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташца. Хаамийн гIирсаша а, нохчийн оппозиционераша а, Американ Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло а йаздарехь, кхузахь къайлабаьхьначу нехан цIарах беза бахам а, банкехь ахчанаш а ду цуьнан долахь. США-н финансийн министраллин пресс-релиз тIехь Кадыровн оцу пачхьалкхера активашца цхьаьна хьахийна долара зоопарк а, йезачех машенаш а, къайлах лелон ахчанан фондаш а. Кремлехь оцу информацих лаьцна комментарий ца йира.

Оьрсийчоьнан делегацина йукъа бохуьйту, гуттар а санна, оцу барамашца гIуллакх доцу дуккха а нах, климатан саммитехь а ду изза, бохура Шевченко Дмитрийс.

"Вайна йуха а гуш ду хьаькамийн гергарчийн машенаш тIехь хехкабалар. Суна сайнна гина-кх, схьайогIу цхьа аьрру публика, цхьана а барамехь ца хьулу уьш, туьканашкахула, йа цхьа кхечухьа буьйлабелла лелаш хуьлу. Кадыровн Дубайхь бахам бу, цига кхочуш ву иза – ма-дарра аьлча, берриг цуьнан доьзал а ма буй цигахь бехаш. Ала тарло, такси тIехь баьхкина уьш цига", - билгалдоккху эксперто.

Iарбойн дуьненца уьйраш нисйар"

2022-гIа шо доладелчхьана – Кадыров Рамзана чIогIа вон цомгаш ву бохуш, дийца даьккхичхьана – цуьнан йоьIарий а, кIентий а жигара гойту Нохчийчоьнан йукъараллин а, политикан а дахарехь, йаздира Кавказ.Реалии сайто. Эксперташа билгалдоккхура, КадыровгIар хьалхатеттар – кегийчарна Кремло гIо латтадо регионехь династи хIотторхьама, оцу йукъанна церан куьйгалла дан говзалла цахилар тергоне оьцуш дац.

Зазадокху-баттахь президенто Путин Владимира Кремлехь тIеийцира хIетахь 17 шо долу Кадыров Ахьмад. Цул тIаьхьа масех кIира даьлча Азербайджанехь Кадыровн кIентан цхьанакхетар хилира оцу пачхьалкхан официалан нахаца. ГIадужу-беттан 5-чохь дийца даьккхира, Нохчийчоьнан кIантана "кегийрхойн политикан сферин хьакъволу белхахо" цIе йаларх. Стохка хIоттийра иза кегийрхойн, берийн регионалан боламан декъан Кхеташонан куьйгалле.

Кадырова Хадижатана дуьненайукъара тIегIанера саммит хьалхара йу – машанехь хаамаш бац, мехалчу барамехь цо дакъалаьцнера аьлла. Оцу йукъанна США-н финансийн министраллин санкцийн тептарехь йу иза. 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь шен деца-ненаца, йижаршца, кхин болчу гергарчу нахаца цхьаьна йазйира иза оцу тептаре.

ГIажаройн аймера монархишца формелхь йоцу контакташ хила лууш йу Нохчийчоь

Гергарчу Малхбалера пачхьалкхашца йукъаметтигаш дIанисйархьама оьшуш йу Кадыровн берашна дуьненайукъара конференцеш, билгалдоккху политолого Преображенский Ивана.

"Кадыровн берашна хIара тайпа барам буста мегар ду XX-чу бIешерашкахь хиллачу синкъерамашца (балашца), цига дуьгура бераш вовшийн уьйраш таса. Цу тIе Кадыровн бераш дерриш а даккхийчу даржашкахь ду, цуьнан командин декъашхошна а, царна шайна а оьшуш йу формалехь йоцу шейхашца йукъаметтигаш. ГIажарийн аймера монархишца мел йолу контакташ Кадыровн каналашкахула хилийта лууш йу Нохчийчоь", - боху эксперто.

ТIехула тIе, кхин дIа дийцира къамелдечо, и форум "формалехь" йара, хIунда аьлча, Iарбойн пачхьалкхаш, Оьрсийчоь а санна, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка а, Малхбузен Европе а хьаьжча, башха саготта йац климатехь хийцамаш хиларна.

Цо бохучунна тIетов политолог Савва Михаил а. Цуьнан дешнашца, Оьрсийчоьнан делегацин декъехь милла хилахь а, пачхьалкхан Iедалхошна бен-башха дац.

"Йовхо Оьрсийчоьнна пайде хир йу, цо цуьнгахьа стратегин баланс хуьйцур а йу аьлла, официалехь боцу сацам хIинцале а бина бу. Цундела, хIун бен ду, цу форумехь милла волалахь а?", - дерзийра цо.

  • Пачхьалкхан даржаш кхочу цуьнан Кадыров Рамзанан берашка, йижаршка, невцаршка, вешин, йишин берашка. Кавказ.Реалиино вовшахтуьйхира регионан пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу Кадыров 52 гергарчух тептар.
  • Кавказ.Реалиин хаамашца, пачхьалкхан даржаш тайп-тайпанчу хенашкахь дIалецна регионан куьйгалхочун 100 гергга цIийнах болчу наха. Шен чуьра нах карьерехь хьалхатеттарнн бехк баьккхича Кадыровс дIахьедира: "Суна эхь ца хета. Аса сайн халкъах, махках жоп луш хилча, царна хIун ду? КIезиг сагатдора аса цунна".
  • 2017-чу шеран гIуран-баттахь Американ Цхьанатоьхначу Штаташа "Магнитскийн тептаре" ваьккхира Нохчийчоьнан куьйгалхо. Кхел йоцуш нах хIаллакбарх, Iазапаш хьегийтарх, дуьненайукъахь лелаш йолу адамийн бакъонаш хьешарх жоьпалла цунна тIехь дитина урхалло. 2020-чу шарахь США-н Пачхьалкхан департаменто шорйира санкцеш, цуьнан хIусамнана Медни а, йоьIарий Iайшат а, Хадижат а йукъа а тухуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG