Нохчийчоьнан урхалхочун йоккхаха йолу йоI, 24 шо долу Кадырова Iайшат мехкан вице-премьер хIоттийна, цуьнгахь культурин министран дарж хиллашехь. Ткъа цхьана гIуран-баттахь регионан Iедалхойн куьйгакIеларчу масех кхеташонна а, комитетана а йукъайахийтира иза.
Масех кIиранчохь иттех кеп-кепарчу структурийн йукъа йахийтира Кадырова Iайшат, иштта йаздина ду официалан кехаташ тIехь. Иза йукъайахийтира заьIапхойн гIуллакхаш луьстучу а, лаамалла кхиочу а, пачхьалкхан кегийрхойн политика кхочушйарехула долу хеттарш туьдучу а кхеташонна а, "Доьзалан сий" орденаш а, мидалш а йала хьалхатеттинчу нехан кехаташ луьстучу комисси йукъа а тоьхна иза, Оьрсийчоьнан берийн а, кегийрхойн а боламца цхьаьна болх бечу координацин кхеташонна а, иштта цо цо урхалла дийр ду "Демография", "Культура" проектийн комитетийн а.
Массарна а шен берех лаьцна хезаш хилийта, тайп-тайпанчу структурашка шен бераш ийзон лаьа Кадыровна
Цул совнах, гIуран-беттан 13-чохь бинчу сацамца, Кадырова Iайшат хIоттийна пачхьалкхан доьзалан концепци кхочушйечу кхеташонан куьйгалле, ткъа гIуран-беттан 18-чохь – Iедалан белхан эвсараллин мах хадочу комиссин коьрте хIоттийра иза.
Гезгамашин-баттахь Нохчийчохь къобалйира зударийн бакъонашна а, йукъараллехь цара дакъалацар а шайн тергонехь латтор долу кхеташо. Оцу йукъахь волчу бархI декъашхошлахь ша цхьаъ бен йоцу зуда йу Кадырова.
Кадырова Iайшта даржашка хIиттор цуьнан деца доьзна ду, цуьнан куьйгалла дарехь доккха похIма хиларна дац, боху "Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" куьйгалхочо, политолого Кутаев Руслана.
"Шен 24 шарахь тамаш бу-кх цхьа чIогIа коьрта долу хIума цо дина хиллехь. Ма-дарра аьлча, кеп-кепара проекташ, пачхьалкхан программаш кхочшйарехь зеделларг долчу цуьнан гIовсаша а, гIоьнчаша а бийр бу болх. Комиссешкахь а, кхеташонашкахь а дакъалацарехула корматаллаш карайерзон ма йеза цо ша, нахана тIехь терго йеш, цара олург, дийриг тидаме а оьцуш", - бохура къамелдечо.
Республикера куьйгаллехь кеп-кепарчу хеттаршкахула йолу кхеташонаш консультативан органаш йу, цхьа дIоггара мехала сацамаш цара тIе ца оьцу, церан Iалашо йу – масех урхаллин болх цхьанатохар, билгалдоккху коррупцина дуьхьало йечу юристо Машанов Григорийс.
"Кхеташонна йукъа муьлхха а ваха йиш йолуш ву, "арахьара агенташ" а, кхечу мехкийн бахархой а боцурш. Кхузахь коьрта хаттар ду Кадырова Iайшат Нохчийчоьнан вице-премьер хIоттор. Регионан куьйгалхочух йоьзна хуьлу иза, и бохург хIун ду, шен дена хьалха жоп делча йолу иза. ДуьххьалдIа интересийн конфликт йу хIара, хила йиш йоцу", - элира юристо.
Кхиаме бизнесвумен?
Бизнесера йеана Кадырова Iайшат Iедалан балха – хIинца а йу иза нохчийн модан Firdaws цIа схьадиллинарг аьлла, йазйина аьлла, дагадаийтира Европехь куп тоьхначу политикан "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.
"Кхузахь а гуш ду вайна, йоI кхиаме куьйгалхо йоцийла. Массарна а шен берех лаьцна хезаш хилийта, махкахь а, Москвахь а - тайп-тайпанчу структурашка шен бераш ийзон лаьа Кадыровна. Оцу йукъанна бен-башха дац, уьш говзанчаш цахилар, оьшу хаарш цахилар а, царна хьалхара кхечара бийр бу болх", - боху Сулеймановс.
Йиллинчу хьастийн хаамашца, Кадырова Iайшат Firdaws-г куьйгалхо йара 2017-2020-чу шерашкахь. Компанин финансийн чот – ша цхьаъ бен йоцу хьаст йу, Нохчийчоьнан урхалхочун йоьIан урхалла дарехь болчу кхиамийн хьесап дойту. Модин цIийно 2018-чу шарера схьа дуьйна мах бина 64 миллион соьмана, ткъа оццу шарахь цIена хилла пайда бу 100 эзар сом. 2019-2021-чу шерашкахь пайда бина а бац цIийно.
Кадырова Iайшат йолчу хенахь Firdaws-н беш болу мах кхуьуш бара кредиторашна дIадала дезачу ахчанца, 2019-чу шарахь 48 миллион сом дара и, ткъа 2020-чу шарахь – 49 миллион сом. Ткъа модин цIийнан урхалла дан кхин стаг хIоьттича (и цIа диллинарг Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоI а йуьсуш), кредиторашна дIадала дезарг цIеххьана лахделира, ткъа 2022-чу шеран жамIашца дан а дацара. Кадырова дIайахчхьана цIена тIебогIу пайда 47 миллионе лакхабелира стохкалерачу жамIашца.
Кадыровн йоьIан шуьйра пиар хила йиш йоллушехь ду и. Iайшат модин цIийнан куьйгалле йеача Москвахь бутик йиллира. Цу тIе гIали йуккъехь – Большая Якименкера "Гименей" галерейхь. "Коммерсант" газето йаздора хIетахь, дуккхаъчу эксперташа а, модин индустрера эксперташа а, дуьхьало йира Кадыровас бутик йелларх лаьцна дийца, шайна бехк ца биллар а доьхуш. Цхьаболчара билгалдоккхура, Firdaws-н коллекцин "мах хадо хало ду, лаккхарчу модин а, хотIан а агIор".
Билгала ду, 2008-чу шарахь глянцан GQ журналана йеллачу интервьюхь Кадыров Рамзана дIахьедира, шайн цIийнах йолчу "цхьана а зудчо болх бина бац, йа бийр а бац" аьлла. Балха лелачул а , шайн бераш кхион деза цара элира цо. Хьан йоIана кхана-лама карьера йан лаахь, аьлла шега хаьттича, Нохчийчоьнан куьйгалхочо доцца хадийра: "Цунна лаа ца деза".
ХIоранна а дарж
2022-чу шарера схьа дуьйна тIахъаьлла хьийза Кадыров Рамзан шен бераш Iедале хьалхатоьттуш, федералан низамашкахь оцу кепарниг магош доццушехь. Кху цхьана шарчохь Нохчийчоьнан урхалхочо мел кIезиг а итт шен цIийнах волу стаг Iедалан даржашка хIиттий республикехь; коьрта дарж кховдий оцу хенахь 15 шо бен доцчу кIанте Адаме а. Шен ден кхерамзаллин декъан куьгалле хIоттийра иза.
ШолгIа Кадыровн кIант – Ахьмад –цуьнан 18 шо ма-дуьззи спортан а, кегийрхон политикан а министран хьалхара гIовсан дарж делира цунна. Цуьнан дуьхьа хIетахь оцу даржехь хилла Абдулкаримов Хьусейн даржехь лахвира – шен лаамехь лахавала лиира цунна аьлла – министран гIовс витира иза. Кадыров Ахьмад ишта а вара ден гIоьнча а, регионера оьрсийн пачхьалкхан кхиазхойн "Хьалхарчийн болам" декъан куьйгалхо а. БIаьста Кремлехь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира тIеийцира иза – политологаша кхетийра цунах – Ахьмада зуда йалочу хенахь цунна дина совгIат дара и аьлла.
Шен 24 шо кхочуш Нохчийчоьнан гурашкахь карьерехь кхин ца йаллал лакхайаьллера иза
Цул совнах, гурахь Нохчийчоьнан урхалхочун бераш ООН-о Дубайхь хIоттийначу климатан саммиттехь хилира Оьрсийчоьнан тобанан йукъахь. Оцу бараме вахара хьахийна Ахьмад а, 23 шо долу Кадырова Хадижат а. Ма-дарра дийцича, цара дIалецна даржашца доьзна а дацара климат хийцарх лаьтта хеттарш.
Шен цIе йаккхийта ца лиъначу Оьрсийчоьнан политолого тидам тIебахийтира Нохчийчоьнан куьйгалхочун бераш дIасадоькъуш хилар сферашкахула – хIоранна а царех дарж ло царна деззарг.
"Ницкъаллин блокехь бен Адам дакъалоцуш вацахь, Ахьмад ву хьаькаман карьерана кечвеш. Москвара кабинеташкахь цуьнан куратор хилла хьийза климат хийцарехула долчу хеттаршкахула Оьрсийчоьнан президентан хьехамча волу Эдельгериев Руслан. Кадырова Iайшатана социалан сферехь карьера кечйеш йу, иза бусалба зудчунна гергара а, лело мегар йолуш а йолчух йу. Амма кхузахь проблема нисйала тарло: цуьнан хенара Оьрсийчуьра дуккхаъчу кегийрхоша лаккхара доьшийла чекхйаьккхина, дипломаш схьаоьцучу хенахь, 24 шо долу иза Нохчийчуьра гурашкахь аьлча кхин ца йаллал лакхайаьлла хIинцале а. Кхин дIа федералан тIегIа йу", - аьлла хета къамелдечунна.
- Хьалхо Кавказ.Реалиин редакцино къамел динчу политологаша а, йукъаралхоша а билгалдоккхура, Кадыровн бераш хьалхатеттар Кремлан пурбанца ду, Нохчийчохь династи дIахIоттон Iалашонца аьлла.
- Iайшат – Кадыров Рамзанан йоккхаха йолу йоI йу. Шен I7 шо долчу заманчохь Firdaws модин цIийнан директор хилира цунах. 2009-чу шарахь цуьнан нанас Кадырова Меднис схьдиллина дара и. 2020-чу шарахь цкъа йуьхьнаца регионан культурин министран хьалхарчу гIовсан дарже хIоттийра иза, ткъа 202I-чу шарахь 22 шо долуш министр хилира цунах. Цуьнан хIусамда Мацуев Висхан кху шеран товбеца-баттахь республикин вице-премьер а, йуьртбахаман министр а хIоттийра.
- Кадырова Iайшат "культурин хьакъйолу белхахо" йу, иштта мидалш йу цуьнан "Адамийн бакъонаш Iалашйарна" а, "Нохчийчоьнна хьалха декхарш кхочушдарна", регион "кхиорехь дакъа лацарна" а совгIат дира мехкан 100 шо кхочуш, ДоттагIаллин орден йелира "ДНР" аьлла дIакхайкхийначу мехкан цIарах, иштта Нохчийчоьнан лаккхара совгIат а – Кадыровн орден.
- Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан а, Японин а санкцийн тептаршкахь йу 24 шо долу Кадырова Iайшат. Цул совнах Американ санкцешна йукъатоьхна Кадырова Iайшатан Firdaws модин цIа а.