Нохчийчоьнан Iедалхойн балхана пиар йийр йу керлачу хьукмато
2024-чу шарахь Нохчийчохь болх болор бу регионалан контент-центро, цуьнан белхахоша меттигерчу Iедалан органийн пабликашкахь публикацеш йаржор йу. Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно а йоккха терго йо социалан машанашкахь бечу белхан. Дика комментареш йазйан кхузахь кест-кеста бюджетан белхахой йукъаийзабо.