Къилбаседа Кавказехь доьзалехь гIело латтон нахана эвакуаци йарх хьалхара рапорт зорбане даьккхира 2023-чу шарахь. Ad Rem проектера бакъонашларйархоша хьесап дина, 18 шарера 30 шаре бовллал болу зударий хиларх уьдурш. Дукха меттигашкахь гергарчара йетта царна, кхерамаш туьйсу "сий лардеш" хIаллакдийр дуй йа наной берех къестор бу бохуш.
Ницкъбен мехкарий махкара арабаха стохка дуьйна къаьсттина чолхе даьлла, царна дуьхьал шайггара бехкзуламан гIуллакхаш дахарна. Иштачу хьелашкахь бевддарш цIа берзабо полици йукъа а озайой. Кавказ.Реалиин редакцино дуьйцу, 2023-чу шарахь мел аьтто болуш дара Кавказера доьзалехь хьийзочийн идар.
Дика чакхе йолу йолу дийцар
Дечкен-беттан йуьххьехь кхоалгIа йедча шен хиллачу аьттонах лаьцна дийцира Дагестанера Ухманова Элинас – бисексуалах а, атеизмех а цунна дарба дан хьийзира цуьнан гергара нах ХIинжа-ГIаларчу "Альянс Рекавери" центрехь. Цигахь куьйгех гIоьмаш тоьхна перилех дIа а тесна, 400-зза хьала-охьа теIийтинера иза, йа 200-зза куьйгаш тӀехь лаьттара айъйалар тIедиллинера цо вон бага лейарна. Биъ бутт баьккхира центрехь Умхановас, цул тIаьхьа дас-нанас йухайигинера иза. ТIаьхьо йоIа гIо дехнера кризисан "СК SOS" тобане, цара гIо дира цунна дIайаха. "Альянс Рекавери" центрах дIахьедеш, Москвара полици хаамбинера Ухмановас, оцу центрна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккха аьлла дехар деш.
Оццу шарахь йада ка йелира 19 шо долчу нохчийн йоьIан Линин (цуьнан цIе хийцина иза ларйархьама). Цуьнан масех бахьана дара йада: даим йеттар, нанас, денанас, девешо, воккхаха волчу вашас а тIехь терго латтор; бисексуале хилар, динах дIахадар Линас шерашкахь къайладаьхьнера доьзалх, шена нуьцкъаша "дарба" лелорна кхоьруш а, ша йерна кхоьруш а. Цуьнан собар кхачийра бертаза маре лур йу аьлла, кхерам тесча – тахана Лина кхечу пачхьалкхехь йу, пирсинг йайтина цо, карийна цунна болх а, керла доттагIий а, безам а.
Цуьнчух тера бара бу Бибулатова Сарин кхоллам а, Бакухь йина, кхиийна нохчо йара иза а. Нуьцкъаша иза маре йала лууш хиллера цуьнан нана, ткъа йоI дуьххьара йедча, Дагестане дIахьажийра иза "жинаш лахка" аьлла. Дарба хилла шена аьлла, кеп хIоттийна, бакъоларйархойн гIоьнца йада аьтто белира Бибулатован.
Гезгамашин-баттахь кхиамца эвакуаци йира 21 шо долчу Мусаева Эльзина – цул а ши бутт хьалха Башкирера Стерлитамакера хIусамехь лачкъийна иза, Нохчийчу дIайигинера бертаза. Бахьана хиллера цо шен дена а, девешина а арз деш кхоазза дIахьедар. Оцу гIуллакхах лаьцна ма-дарра ца дуьйцу "Марем" боламера бакъоларйархоша, амма билгалдоккху, Мусаеван дахар кхераман гурашкахь дара, дас туьйсу кхерамаш бахьана долуш. Нохчийчохь лаца кхайкхийра иза, ша ма леха аьлла, шен доьзале массарна а гуш-хезаш цо дехар динашехь.
Керла тренд
Дукха хьолахь доьзалехь бечу ницкъах Кавказера бевддарш шайн ницкъаца йухабига хьийза гергарнаш: бевддачийн доттагIийн гIоьнца, йа дехарш деш, кхерамаш туьйсуш. Стохка полисхой йукъаозийра цара. Дуьххьара оцу кепара хIума нисделира дечкен-баттахь 18 шо долчу ГIалгIайчуьра Гиреева Лайлааца. Ханна Санкт-Петербургехь бакъоларйархоша цунна лаьцначу петарехь лечкъинера иза шен гергарчех- цигара дIайигира йоI меттигерчу полицин декъа. ДIа ладоьгIча, цуьнан гергарчара Гиреева бехкейинера къола дарна, оцу гIуллакхна хьалхаваьлла вара цуьнан деваша, полицин майор.
Полисхойн декъехь латтийнера волайнхо масех сахьтехь, гIалгIайн чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахой цига бахкаре хьоьжуш, амма буьйса йуккъе йахначу заманчохь дIахийцира иза. Дуьхьал жоп луш дIахьедар чуделира Гиреевас даим а шена тIехь доьзалехь гIело хьегарх, амма талламхой дуьхьал хилира бехкзуламан гIуллакх доло. Чиллин-баттахь дийца даьккхира, Лайлаъ цIа йаха реза хилла, хIунда аьлча, деца-ненаца йолчу конфликто а, цунна дуьхьал айдинчу бехктакхаман гIуллакхо а "чомахь йаха йуьтур йац" ша аьлла. Шен доьзалехь "цхьаъ кегош ду" элира цо: иэс галдаьлла хьан бохуш, кхелан экспертизех чекхйаккха хьийзош йара иза, кхетам чохь йуй хьовса.
Бакъоларйаран "Марем" тобанан куьйгалхочо Анохина Светланас дийцира, Гирееван дешнашна тIетевжаш, Лайлаан да ву цунна тIехь Iуналла деш аьлла.
"Ша цIа йахначул тIаьхьа зIене йелира Лайлаъ. Дас-нанас ша аьлларг дина, къола дина аьлла биллина бехк а тIера баьккхина. Цул тIаьхьа, цо бахарехь, цуьнан хьекъал дац аьлла кехаташ кечдина – да йазвинера цунна тIехь Iуналла а, терго а латтон", - дийцира бакъоларйархочо.
ГIалгIайчуьра зеделларг маса карадерзийра нохчийн ницкъахоша: марсхьокху-баттахь Внуково аэропортехь лаьцна 20 шо долу Исмаилова Селима дIа ца йахийтира цара пачхьалкхера. Цуьнан гергарчу наха Iедале дIа а хаийтина, дуьхьало йинера цунна.
Цхьана нохчийн зудчун Махтиеван гоьна бухара 85 эзар сом лачкъийна цо аьлла, бехкейинера цара иза. Ницкъахой кхето гIиртинера йеддарг, цунах бахьана а дина ша цIа йига хьийза даим шена йетташ лелла шен гергарнаш аьлла. ХIетте а кадыровхошка дIайелира Исмаилова, цара Нохчийчу дIа а йигира иза.
Кхаа кIирнах, эхакIирнах къайлайаьккхина латтийра иза. Иза лачкъорца доьзна йоккха резонанс хиларна нохчийн Iедалхоша меттигерчу телехьожийлехь сюжет гайтира Селимех лаьцна. Оцу кадраш тIехь иза гучуйолу Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансурца, цо дIахьедира: Селима шена безачу нахана йуккъехь кхерамзаллехь йу, ткъа иза йадарна бехке бу бохура цо "Малхбузена болх беш болу" бакъоларйархой. Камерана хьалха йоIа дехар дира ша ма хьейе аьлла – оцу тайпа лечкъийна бигинчу нахаца видеош кест-кеста гучуйоху Нохчийчохь. Оцу кепара дIахьедарш цара шайн лаамехь ду бохучух жигархой тешаш бац.
Изза нисделира 26 шо долчу Сулейманова Седица а. Шо долалуш Нохчийчуьра йеддера иза, "сий лардеш" ша йен гIерта аьлла. Санкт-Петербургехь йехара иза, болх а беш, маре йаха кечлуш. Дуьххьара вежаршна карийра иза, царах йедда йала аьтто хилира цуьнан, амма тIаьхьо цуьнан наха полисхой йукъаозийра – марсхьокху-бутт бовш Сулейманова а, цуьнан везар Кудрявцев Станислав а дIадигира полицин декъе. ТIаьххьарниг дIахийцира, ткъа Седа лаьцна йитира, цхьана стеган 150 эзар соьмана коча-лерга ухку йеза хIуманаш цо йаьхьна аьлла. Кадыровхошка дIайелира иза, хIетахь дуьйна зIене йолуш йац иза.
ХIетахь Солтаевс шозза дIахьедира Сулейманова маьрша а, паргIат а Iаш йу аьлла: цкъа хьалха коьрта йовлакх тиллинчу йоIаца даьккхина сурт зорбане хIоттийра цо, цул тIаьхьа видео а. Исмаилова видео тIехь йистхиллехь а, Седас оцу материалашкахь дош ца олу. Масех бутт бу цуьнан везар цуьнца зIене вала хьийза – Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь цо дийцира, бусалба дин тIеэцна ша, иза шега йаийта аьлла дехар деш, цуьнан нахана тIеваха кийча ву ша аьлла. Оцу хаттаран машарца йист йаккха лууш ву ша бохура цо. Оьрсийчоьнан омбудсменца Москалькова Татьяница а зIене ваьллера иза, цул тIаьхьа Санкт-Петербургера полицино таллам болийра Сулейманова лачкъорах.
"Седех лаьцна тхуна хууш хIума дац, цо тхан сагатдо. Цул хьалха хиллачу кхечу гIуллакхашкахь лечкъийна дIабигинчул тIаьхьа церан кхолламна тIехь терго латтон гIертара тхо, дийна буй-те уьш аьлла. Седица уьйр таса тхан аьтто ца баьлла, тхуна хууш дац, цунах хилларг, ца хаьа цуьнан кхолламах цуьнан везарна а", - хаамбира редакцига кризисан "СК SOS" тобано.
Лахьан-баттахь Къилбаседа Кавказехь доьзалехь бала хьоьгучуьра бевддарш леха буьйлабелира арахьарчу пачхьалкхашкара полисхой а. Эрмалойчохь, Аштара гIалахь, цигахь ханна къайлайаьллера гIалгIайн Кантышево эвлара Зурабова Фатима, иза йехачу хIусаме баьхкира полисхой. Цхьана бехкзуламан гIуллакхца иза йоьзна йу аьлла, полисхойн декъе дIайигира иза, цига кхаьчнера цуьнан нана а, деваша Зурабов Юсуп а. Цкъа дехарш дира цара йоIе, цIа йагIахьара хьо бохуш, тIаккха кхерамаш тийсира, ц 160 эзар сом лачкъийна бохуш.
Къилбаседа Кавказ тIаьхь-тIаьхьа дIакъовлалуш йу, Iедалхошна могуьйтуш ду хIуъа а дан
Зурабова Фатимин смартфона тIера информаци схьа а эцна, цуьнан гаджета тIе теснера цара керла гIирс. Дуьхьал хилира уьш ишта девашас кхерамаш тийсина хиларх кхуо дина дIахьедар чуэца а, цунна доьзалехь гIело латториг хиларх кехат кхунна дала а. И бакъо карахь йацахь, шелтере йуьтур йацара иза. ХIетте а, Зурабован ка йелира полисхой уллохь а болуш ницкъахойн декъера дIайаха.
ГIалгIайчохь дош лелаш ву йоьIан деваша Зурабов Юсуп: экономикан министр хилла иза, меттигерчу парламентан депутат а, карарчу хенахь "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин декъехь ву иза. Цо дуьххьалдIа кхерамаш туьйсура Зурабова Фатимина йодуш гIо динчу волонтерашна а, бакъоларйархошна а журналисташна а. Къаьсттина Кавказ.Реалии сайтан журналистана бекхам бийр бу аьлла чIагIо йинера девашас, нагахь санна, ша дина къамелаш нахала дахахь, "шен мел долу ахча" дойур ду ша, кхеле а вер ву ша аьлла.
Адвокаташна а бакъоларйархошна а кхерамаш тийсар
Бакъоларйархошна багахь кхерамаш тийсина ца Iаш, дикка Iаткъам бира кху шарахь. Уггар а нахала даьллачех дара 28 шо долчу Яндиева Маринин йадар – лаккхарчу даржашкара цуьнан гергарчара кIира делира йоIана цIа йан, ца хуьлчу далахь "Iазапашна дуьхьал Командин" белхахо Аламов Мохьмад а, цуьнан доьзал а, кегий бераш а цхьаьна, шаьш дойур ду аьлла.
Шен белхан накъостийн дехарца Яндиева Минводы гIала дIайигинера цо шен машенахь, амма цунна хууш ца хиллера цуьнах хIуммаъ а, ур-атталла цуьнан цIе а. Цхьана хеначохь ЯндиевгIеран цIахь латтийра иза лаьцна, ткъа цуьнан доьзало йоI лехамашка йелира, цул тIаьхьа къолана бехкейира. Хьал чолхе даьккхинарг хIун дара аьлча, цуьнан цхьа деваша махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь болх беш хиларца, ткъа шолгIачун Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовсаца доттагIалла хиларна (цуьнан цIе йоккхуш йац, хетарехь, вуьйцург ву ГIалгIайчоьнан хилла куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек. – Билгалдаккхар). Цул совнах, махкахь могушалла Iалашйаран министран декхарш кхочушдийриг Антошкиева Зарема йу – Яндиева Маринин дейиша.
Даим а цIахь шега бала хьегийтарна йеддера Яндиева Марина исламан центрехь шена "дарба"лелийначул тIаьхьа. Экзорцизман сеансаш лелийнера цунна тIехь, са а дукъош. ШолгIа йада гIоьртинера иза хIинца – 2016-чу шарахь йедира иза дуьххьара, амма хIетахь карийра иза, йетта а йиттина, цIа йигинера. Йиллина шантаж йиннашехь, волайнхо дуьхьал йелира шен гергарчара де бохург кхочушдина, цIа йаха.
Цунна цIа йола аьлла делла кIира чекхделира, Аламов а, цуьнан доьзал а дийна бу, амма амма ЯндиевгIеран тIедахкарш йухаэцна дац, гIовгIа эккхийта уьш кхийринехь а. Цунах лаьцна дийцира Кавказ.Реалии редакцига бакъоларйархоша.
"Мохьмад "закъалтехь" ву, хIунда аьлча, Маринин гергарчарна, гIалгIайн, йа нохчийн полисхошна тIеваха декхаре ву иза, цара телефон ма-тоххара. Истори дIатаса аьтто бац цуьнан, хIунда аьлча, тIаккха претензеш цуьнан доьзале хир йу. И шена тIехь сацо гIерта иза, шена нахана бале ца даккха, цунна боккха кхерам лаьтташехь", - дийцира КПП-н куьйгалхочо Бабинец Сергейс.
Кху шарахь бевддачу мехкарийн гергарчара вуьйр ву бохуш кхерамаш тийсинчех цхьаъ хилла ца Iа Аламов. Москвара адвокато Соломина Татьянас Талламан комитете дIахьедира, ша интересаш лелочу 19 шо долчу Тунжаханов Мохьмадан нанас кхерамаш тийсарх. Адвокатан 13 шо долу кIант шаьш лачкъор ву бохуш, чIагIонаш йеш цунна а цхьаьна кхерамаш тийсинера цуьнан доьзало, цхьана пачхьалкхан белхахочуьнгара адрес хиъна шайна аьлла. Тунжахановна такси кхайкхинера Соломинас, цIерпошта тIера иза веддачул тIаьхьа. Дас бертаза цIа вуьгуш хиллера иза. Адвокатана бекхам бан "уггар а боьха бандидаш" лаьцна хиллера цара, нанас бахарехь. Соломинан дIахьедарехула бинчу талламах лаьцна хууш хIуммаъ дац – цо бахарехь, талламо дахдина и гIуллакх.
Къилбаседа Кавказехь доьзалехь гIело латточаьрца болх бен организацешна а цхьаьна Iаткъам бо пачхьалкхо. Масала, стигалкъекъа-баттахь мехкашкара ЛГБТК-нахана гIо латтон кризисан "СК SOS" арахьара агент лерина. Юстицин министраллина хетарехь, цо "арахьарчу агентийн материалаш кхуллуш а, йаржош а дакъалаьцна, арахьарчу хьасташкара гIо а кхочуш". Иштта "ЛГБТ-йукъаметтигашна пропаганда а йина, Оьрсийчоьнан синан, оьздангаллин мехаллаш ларйечу, чIагIйечу пачхьалкхан политикаца, иштта конституцихь приоритетехь долчу ноналлина а, бераллина а, доьзална а бIостане гIуллакх лелийна" боху цара.
Ахшо даьлча къаьстира, оцу кепара статус йала бахьана даьлла хила тарлуш хиларх Нохчийчуьра лачкъийначу гейн Арсамиков Идрисан истори.
28 шо долу Арсамиков Идрис кху шеран чиллин-баттахь Домодедово аэропортехь лаьцна, нохчийн полицига дIавеллера. Хьалхо шен ориентаци бахьана долуш Iазапаш лайна ву иза, цул тIахьа бакъоларйархойн гIоьнца 2019-чу шарахь Оьрсийчуьра дIавахара иза, Цул тIаьхьа Арсамиковс дIайазйина ши видео гучуйелира. Цу видеошкахь цо дIахьедира, бакъоларйархойн гIо оьшуш дац шена аьлла. "СК SOS" тешна йу, цунна ницкъбина аьлла. Цул тIаьхьа дуьйна нохчийн гейх лаьцна хууш хIуммаъ дац.
Iаткъам шайна беш лаьтташехь, бакъоларйархоша саццанза болх бо Оьрсийчохь: 2023-чу шеран хьалхарчу пхеа баттахь цаьрга гIо дехна Къилбаседа Кавказера бIе гергга вахархочочо.
Оцу йукъанна хIусамехь гIело латточарна гIо дечу "Марем" проект кхоьллинчу Анохина Светланин коча а бахна ницкъахой. БIаьста бехктакхаман гIуллакх диллина цунна дуьхьал Оьрсийчоьнан эскарна "дискредитаци" йарх, цо инстаграмехь тIамна дуьхьал посташ хIиттийча. Оьрсийчуьра бакъоларйархо ши шо хьалха дIайахнашехь, аьхка полисхой иза йехачу хIусамех хьовса баьхкинера – цIахь хиллера цуьнан 93 шо долу нана йоккхаха йолчу йоIаца а, кхаа беран бераца а.
Анохинас дийцарехь, цIера хIуммаъ ца йаьхьна цара, амма нене куьйгаш йаздайтина цхьана кехаташна.
"Со кхеташ йац, мича муьрехь ду бехкзуламан гIуллакх. Сан белхан накъостий хьовсуш бу, амма цкъачунна къаьстташ жоьпаш дац. Цхьана ресурсехь информаци карийра суна, со таIзаре хIоттийна йу аьлла, - хетарехь, кхел хилла йаьллачух тера ду. Суна мел хан тоьхна а, со стенгахь хан токхуш йу а, суна цунах лаьцна хууш хIума дац", - дийцира "Марем" тобанан куьйгалхочо.
Тхоьца къамелдинчарна хетарехь, дIадахна шо чIогIа чолхе дара, Къилбаседа Кавказехь бала хьоьгучу нахаца болх бечу бакъоларйархошна. Масала, "СК SOS" тобано дийцарехь, Къилбаседа Кавказера гетеросексуалан зударшкара хаамаш алсамбуьйлу, - и гIуллакхаш луьстуш ду организацино.
"Оцу йукъанна эвакуаци йан чIогIа хала ду. Цкъа делахь, Къилбаседа Кавказ шен ма-хуьллу дIакъовлалуш йу, меттигерчу Iедалхошна карт-бланш кхаьчна шайна луъург лело. ШолгIа – Оьрсийчоьно Украинехь беш болу тIом, визанаш цайалар, кеманашкахь дозанаш деттар, нах чуьра арабаха некъаш лахделла. КхоалгIа – адамех а, ЛГБТК+" организацех а хьакхалун репрессийн низамаш", - кхетийра "СК SOS" организацихь.
Пачхьалкхах дегайовхо стохка дуьйна йац бакъоларйархойн, тIетуьйхира Анохина Светланас.
"Дукха наха орца доьху тхоьгара, тхо лара а ца до, суна хууш ду, изза хьал ду тхан белхан накъосташкахь а. Пачхьалкхо гIо доху зуламхочуьнгахьа, ницкъ бечаьргахьа. Цхьаммо а лар ца до зудабераш, уьш цIа дигинчул тIаьхьа. Хьалха берта даха таро йу бохуш, тхан цхьа иллюзеш хиллехь а, хIинца уьш йац", - элира Анохинас.
Шайн 2024-чу шеран прогнозех башха дийца ца дуьйцу бакъоларйархоша – хьал толур ду аьлла дегайовхо церан йац.
"Тхо арахьара агенташ лерина, гомосексуалан пропаганда йар доьхкуш ду муьлххачу а хенашкара нахалахь, ткъа лахьан-баттахь ЛГБТ экстремистийн организаци лерина, низам болх бан долалур ду кху беттан 10-чуьра дуьйна. Репрессеш чIагIйаро тхан болх кхин а чолхе боккху, юридикан агIор а цхьаьна. Хало ду адвокаташца дийцарш дан а. 2024-чу шарахь хьелаш толур ду бохийла дац. Тхуна ца хаьа, дечкен-беттан 10-чуьра дIа дуьйна хIун хир ду", - элира "СК SOS" тобанехь.
- Нохчийчохь къоман стратеги тIеэцна зударийн интересашкахь – оцу документехь хIуммаъ аьлла дац доьзалехь ницъбарна прфилактика йарх лаьцна. Оцу йукъанна тIаьххьарчу беттанашкахь оцу республикаца доьзна ду зударий лечкъорах а, сецорах а, шайн доьзалехь бала хьоьгучуьра уьдучу гIовгIане дийцарш. Билггал долу хьал къайладахьар, волайнхошна бехкаш дахкар – Iедалхоша тоххара дуьна лелон кеп йу, элира Кавказ.Реалиин редакцино хетарш динчара.
- Къилбаседа Кавказехь ницкъбар шен специфика йолуш ду: меттигерчу йукъараллашкахь зударша хIусамдайша йеттар диллина йемал деш дац, ткъа доьзал къаьстинехь бераш наношца ца дуьту кхелаша а цхьаьна, Iадаташна тIе а тийжаш. Ницкъбарх бевдда зударий полицин гIоьнца йухабалабо. Кавказ.Реалиин сайтан корреспонденто къамелаш дира, доьзалехь ницкъбина, пачхьалкхера бовда дезначу зударшца а, бакъоларйархочуьнца а, юристаца а. Цара дийцаредира, вадар доцург, шайн бакъонаш Iалашйеш кхин дан амал дуй-те оцу нехан аьлла.