ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчийчохь хьеннах а гей ван тарло". Кавказера ЛГБТ-нехан стенга ладоьгIийла йу


Iедалхойх ведда нохчийн гей/2017 шо, архивера сурт
Iедалхойх ведда нохчийн гей/2017 шо, архивера сурт

Бакъоларйаран "СК SOS" тобано гIо до Къилбаседа Кавказехь лоьцучу ЛГБТК+ нахана. Оцу цIарца и йукъаралла лаьтта 2021-чу шарера схьа дуьйна, хIетахь дуьйна бIе кхайкхам тIеэцна цара – уггар а хьалха Дагестанера а, Нохчийчуьра а.

Дукха хьолахь гIарадоху тобано регионехь адамийн бакъонаш шога хьешна хиалар, оцу тIехула Оьрсийчоьнан Iедалхоша Iаткъам бо, ткъа цаьрца йукъарлонаш лелочу юристашна кхерамаш туьйсу.

"СК SOS" тобанан директоро Истеев Давида дийцира Кавказ.Реалии сайте, Къилбаседа Кавказехь квир-адамийн хьал муха хийцало, де дийне пачхьалкхера бакъонан хьал телхина догIучу йукъанна муха болх бо бакъоларйархоша.

– Украинера тIамо муха Iаткъамбо "СК SOS" тобана?

– 2022-чу шеран бIаьста тидам хилира сан хийцамийн. Европарламентехь а, кхечу Европан органашкахь а тхоьга дуьххьалдIа олура хIетахь: маьIне дац и доллу шун гIуллакхаш – гейш, ЛГБТК-йукъараллаш коьрта йац, шаьш листа шайн гIуллакхаш.

Массара а иштта жоп лора олийла дац, амма бара царлахь диллина дIахьедийраш, Оьрсийчоьнан бахархошна гIодар йийцарейен тема йац олий.

Истеев Давид
Истеев Давид

ТIаккха ойла хилира тхан Берлинехь гайтам хIоттон (2022-чу шеран лахьан-баттахь хилира и), Къилбаседа Кавказера баккъалчу нехан кхолламаш дIагайта, шайн пачхьалкхехь лелочунна церан цхьана а агIор Iаткъамбан аьтто боций хаийта а. Йа бала беза уьш, йа бовда беза – и ду царна дуьсург.

Суна хетарехь, хьал хIинца дIанислуш лаьтта. Стохка дуккхаъчу векалаллаша шайн Оьрсийчуьра болх сацийра, йа церан белхахошна депортаци йира, ткъа хIинца, 2022-чу шеран чиллин-беттан 24-чохь тIом балале хьалха тхоьца хилла йукъарлонаш меттахIиттон хьийза векалаллийн цхьадолу дакъа.

Дипломатин миссишца дийцарш дарехь тийналла хIоьттина мур бара и, ткъа хIинц-хIинца йухадуьйлалуш ду тхо йукъаметтигаш нисйан. Тхан балхах лаьцна кIезиг хуу керла нах богIу, царех цхьаберш дикка йукъагIурту, кхечунна хала ду массо а хIуманна тIекхиа. Дерриг а йуха дан дезаш хуьлу.

– Оьрсийчохь "дуьненайукъара ЛГБТ болам" бихкинчул тIаьхьа хIуммаъ а хийцаделлий?

– Оцу низамна йуккъехула суна гуш башхалла йу Къилбаседа Кавказан а, Оьрсийчоьнан йисинчу территорина а йукъара. Доккхачу декъана, Оьрсийчохь хIинца трансгенедеран нехан операцеш йойтийла дац, йа документаш хийца, - хIара доьхна хьал ду.

Дуккхаъчу Оьрсийчоьнан регионашкахь система тоъал билггал муьтIахь йара, жимма ахча делча, дукха а ца Iаш, хьуна луург дора: паспорта тIера гендеран маркер хуьйцура, цхьацца операцеш йойла а дара, гормонотерапи йора.

ТIаьххьарчу хенахь Оьрсийчохь и дан йиш йара массо а трансгендеран адамийн, шуьйра финансийн таронаш йоцчийн, хIунда аьлча, уьш дIоггара балха а ца оьцу паспорта тIера йоза а, цу адаман хатI а цхьана догIуш цахиларна.

ХIинца Къилбаседа Кавказера ницкъаллин органаш цхьана а хIумано сеца ца йо, карт-бланш караделла царна

Къилбаседа Кавказера дозанашна-м хIуммаъ а хийца ца делла. Йисинчу Оьрсийчохь хIуъа а магийнехь а – Къилбаседа Кавказехь хIара цкъа а дацара къобалдеш. Соьлжа-ГIалара ЗАГС-е йа паспортан стоьле трансгендеран стаг а веана, ша дуьненчу валарх тоьшаллин кехат хийца лаьа цо алахь тамаш бар-кх.

Нохчийчоьнах, Дагестанах хьакхаделла ца Iаш, Кхарачой-Чергазийчоьнах а, ГIалгIайчоьнах а хьакхало и, муьлхха а Къилбаседа Кавказера республикех и трансгендеран стаг вен а вийна, доьрзур дара и.

Оцу кепарчу нахаца мел а къинхетаме болчу кхечу регионе дIагIойла дара церан, амма дуьйцур данне а дац кехаташ хийцар, цунах лаьцна йа цхьахйолчу уьш бехачу республикера пачхьалкхан органашна хуур дара.

Суна хууш ду цхьана нохчийн трансгендеран стагах лаьцна: Москвахь вехаш вара иза зуда санна, цуьнан накха а бара, зудчун хатI дара цуьнан дерриг а. Амма цIа воьдуш, Нохчийчу, операцеш йойтура цо, импланташ хьала а йохуш. Цкъа-шозза дина хIума дацара и, хIоразза а, гергарнаш болчу ша цIа мел воьду дойтуш дара цо и.

– ЛГБТ экстремистийн "болам" лараро Къилбаседа Кавказехь ницкъбарна кхин а чIогIа легализаци йийр йу олийла дуй?

– Тоххара муьлхха а кхечу кепара ойла йолчу нахаца къийсам латтон, ишта ЛГБТ-адамашца а, Кавказехь пайдаоьцура Зуламан кодексан "наркотикаш латтор" йа "герз латтор" аьллачу артиклех. Масала, Мукаев Салманан кейс дагадаийтича; шен уьйтIахь мекхайина ши патарма латтийнера ша аьлла, тIелацийтира цуьнга тIехь ницкъбина. Ткъа и герз латтор санна хIума ду, цунах пайдаийцира бехктакхаман гIуллакх дуьхьал айдеш.

– Амма цхьанхьа а йаздина дацара, ЛГБТ-нахах иза ву аьлла.

– Ишта дацара и. Иштачу меттигашкахь талламчаша гомосексуал ву ша олуьйту камерана хьалха а хIоттавой. Ткъа патармаш латтийна аьлла, тIелацийтинера, иза набахте волла бух хилийта, йа махкара дIаваха таро ца хилийта.

Кхело арахь йаккха стагана хан тоьхнехь а, кест-кеста полици тIе а воьдуш, куьйгйаздан деза цо, цхьанхьа а ваха аьтто бац цуьнан. Оцу адаман бага лакъон гIортар ду и: Нохчийчохь и велахь, мичча хенахь а цунна тIекхочийла ду, тамаш бу, шен гIуллакхна йукъа цо дукха нах озор белахь.

– Нохчийчохь гейш бац боху, шаьш хьалхатоьтту миф шайн ма-хуьллу Iалашйан хьийза-кх Iедалхой?

– ХIаъ, церан Iалашонех цхьаъ – оцу кепара хаамаш кIезиг хилийтар. ШолгIа Iалашо шайггара вовшахдиттина бехкзуламан гIуллакхаш – кхаьънаш дахар: ЛГБТ йоьхкуш низам тIеэцале хьалха, шеконаш йолу стаг дIахоьцуш цуьнгара доккхура кхо бIе эзар соьмана тIера миллион соьме кхаччалц ахча, дукха хьолахь доллу тайпано вовшахтухура и ахча. Экстремистийн артиклашкахула и мах мел лакхабер бу, хала ду ала. Юридикехь Къилбаседа Кавказера ницкъаллин органаш цхьана а хIумано сецош йац, карт-бланш йелла царна.

Йоллу Оьрсийчохь низам тIеэцначул тIаьхьа долийра, йукъараллин проблемех лаьцна дуьйцу гоьбевлла ЛГБТ-жигархой лецар. Ткъа Нохчийчохь ишта жигархой бац, цундела тохаршна бухахь буьсу гейш, лесбиянкаш, трансгендеран нах. Цигахь хазахета: новкъахь воьду стаг схьа а лоций, цуьнан телефоан кегош. Цхьа ЛГБТ-билгало, стелаIадан байракх, масала, гомосексуалийн суьрташ цу чохь карадахь, экстремизман артикл цунна дуьхьал йоккхуш йу. ЛГБТ-на пропаганда йеш хилла и стаг, йа ца хилла, цхьанна а суьрташ гайтина цо, йа ца гайтина -цхьаммо а толлур дац - и экстремист ву царна гергахь.

Оцу маьIнехь аьлча, хIан, ницкъабарна легализаци йар ду и. Ницкъаллин органийн дахар аттачу даьккхина, хIинца царна ца оьшу наркотикаш, йа герз тийса.

– ЛГБТ-болам экстремистийн леринчул тIаьхьа алсам наха доьхий шуьга орца?

– Лахьан-баттахь теллира оха тхайга кхаьчна кехаташ: йалхозза алсамдаьлла Оьрсийчуьра наха орца дехар, ткъа Къилбаседа Кавказера – 1,5. Цо йуха а тоьшалла до, республикашна хIара уьш дIаийна дахаран ситуаци хилар, цигахь хийцаделла хIуммаъ а дац.

Дукха хан йоццуш Москвара гей-клубашна тIелетарш дира, цхьа могIа Къилбаседа Кавказера нах бара цу чохь. Уьш цигахь гучубовларна, царна лаккхара кхерам бара – оцу тайпа нах а буьйлу тхоьга.

– Кхин а чIогIа Къилбаседа Кавказера ЛГБТ-нахана тIаьхьабевр бу аьлла хетий хьуна?

– ХIаъ, ишта хила тарло. ХIунда аьлча, оцу тIехь даккхий ахчанаш дохийла йу. 2017-чу шарахь Кадыровс "цIий цIандар" ду элира хIара, цхьа иштта утопийн хIума ду-кх. Ткъа хIинца йеккъа бизнес йу хIара.

Жимма а готта хеча ахь тIейоьхнехь а,  хьо гей ву аьлла дIайазво цара

Бакъоларйаран органаша хIоттош йолчу статистикаца хилла ца Iа хIара, цигахь шаьш хIиттийна мехаш ду, полицин декъан хьаькамо кIоштара куьйгалхочунна дIакхачо деза. Цара шайл а лакхарчарна, чоьхьарчу гIуллакхийн министр декхаре ву Кадыровн резиденци цхьа билгалбаьккхина мах охьабилла.

Дукха хан йоццуш Кадыровс бюджетан ахча алсамдаккхар дийхира, ткъа кхузахь исбаьхьа аьтто бу "ахча даккха", мила дуьхьал хир ву цунна.

– Шайга дехарш дийраш алсамбовларна кийча дуй шу?

– Тхо даим ду кийча. Нах алсамбовлахь саццанза болх бийр бу оха, кхин тIе а ресурсаш лоьхуш. ХIинцале а ду тхо, цIеххьана стаг аравакха эшахь а бохуш, сом-ком охьайуьллуш

– Оьрсийчуьра ЛГБТ-адамашна Европехь легализаци йар аттачу дер дуй?

– Шеко йоцуш, кейсаш атта луьстур ду. Евробератн гурашкахь атта хир ду, амма цига цкъа хьалха кхача веза.

Тханалерачу дийнахь цхьа проблема йу – паспорташ. Божаршна къаьсттина хала ду тIеман билет цахиларна, и дацахь мел дукха ахча ахь лахь а, паспорт ца доккху. Тоххара болх беш хилла тхан йоллу каналаш хIинца севцна, хIунда аьлча, царна тIетаьIIина беш талламаш бу. Цундела чоьхьарчу паспорташца дIабаха йиш йолчу мехкашка адамаш дIахьийсадо оха. Цигахь цхьацца бозбуанчалаш лелор долало, мичара девр дара документаш, уьш доцуш стенга гIур вара-те бохуш.

Оьрсийчура йодуш йу ЛГБТ-йукъаралла: дуккха а жигархой а, могIарера нах а дIабаха хьийза. Оцу йукъанна мухIажарш дукха хиларца ницкъ хуьлу Евробертана, кхин а украинхой а ма бу. Цундела йоллу визанаш, гуманитаран визанаш а цхьаьна, йехха луьсту. Виза йалале ладоьгIуш Iачу стагах хIуъа а хила йиш йу. Дагалоцур вай ши ваша Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а. Гуманитаран визанаш йовларе ладоьгIуш Iара и шиъ, оцу йукъанна и шиъ лачкъийра.

Тхайн ЛГБТ организацина йукъахь Къилбаседа Кавказера а боцуш, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкарчу нахах "кIайн нах" олу оха, хIунда аьлча, тIаьххьара ахча дIаделла а, шайна билет а эцна, транзитан аэропортехула Европе дIа а бахана, цигахь тховкIело йеха аьтто бу церан. Новкъа делахь а, Къилбаседа Кавказера нах дукхахйолчу авиакомпанеша шайн рейсашна тIе ца буьту. Аса хIинца йуьйцурш йу "Люфтганза", "Эйр Франс", "Свисс Эйр". Царех цхьаммо Къилбаседа Кавказера стаг хаор вац шайн кемана виза йоцуш.

ХIаъ, дискриминаци йу и.

– Муха къийса деза цуьнца?

– Цкъачунна цхьана агIор цунна тIехдийла хьуьйсу тхо, нагахь санна, мухIажарш алсамбовлахь, со хууш вац, тхо муха ларор ду цаьрца.

– Бакъдуй, 2023-чу шарахь ЛГБТК-адамашна гIо дина ца Iаш, царех боцучарна а аш гIо латтадо бохург?

– Иштта дац и. ЛГБТК-ца боцуш, амма нохчийн ницкъахоша оцу йукъараллех дIабеттара и нах. Жимма а тIелеттта хеча йухахь а, гей ву олий, тIе мухIар таIадо Нохчийчохь.

Доьзалехь хьийзочуьра бевддачу зударшна кху шарахь гIо дар шордина оха. Ала догIу, тоххара, шаьш муха кIелхьарадовла деза ца хуучу оцу зударша шаьш шайна гомо, йа бисексуалан ориентаци йу олий, цIе кхуллура. Лорсанова Аминатан гIуллакхехь санна.

Шайн кIентий а, вежарий а кадыровхойн кара ма ло, уьш регионера арабахархьама хIуъа а де

ХIинца цуьнан цаторийла йац, хIунда аьлча, тхо кхеташ ду, Нохчийчохь кхерам лаьтта бисексуалехь йолчу йоIана а, Iадаташ лардеш йоцчунна а цхьатерра. ТаIзар цхьатерра хир ду цу шинна а, цундела, тхан таро йелахь, оха царна а гIо до.

– Уггар а чолхе кейс муьлха дара 2023-чу шарахь?

– ГIалгIайчуьра Яндиева Маринин кейс. Шантаж йинера цунна иза цIа йаийта…Маринина а, тхуна а хала дара, ишта хьелаш цунна хIиттош хилча. ХIара кейс чолхе дара, дуьненчу йаларх тоьшаллин кехат доцург, цуьнан цхьа а документ цахиларна,

– Марина пачхьалкхера арайаккха шайн аьтто хир бу аьлла хетий хьуна?

– Нагахь санна, йоьIан цхьана а кепара документаш дацахь, цхьана хьелашкахь чоьхьа лела Оьрсийчоьнан паспорт доккхийла йу. Амма цуьнан герарчаьргара схьа беш Iаткъам белахь, церан зIенаш хуьлу, "Э" Центр а, ФСБ а йукъа а йалош, тIаккха маьIне дац паспорт даккхийтар. Цкъачунна йуьззина информаци лойла дац сан, амма суна хууш ду, иза дийна а йу, дерриг а цуьнца дика а ду.

– Дагадаийта томехь долу гIуллакхаш дан а дарий?

– Къилбаседа Кавказера цхьа йоI йара, дерриг а ша дира цо, жимма гIо дичхьана. Иза кхеташ йара, Нохчийчохь шен Iойла хир доций. Евробертан цхьана пачхьалкхехь берашка хьожуш балх карийра цунна, ша виза йаккха кехаташ чу а делира, оха цхьа кIезиг бен накъосталла ца дира цунна. Москва схьайалийра оха, виза йоккхуш гIо а дира, тIаккха кемана хууш а. И дара уггар а атта кейс. Цхьа а дуьхьало йацара цигахь, гергарнаш тIаьхьакхиа лара а ца бира.

Кхин а кхо шо хьалха Афганистанера цхьана йоьIан кейс кхечира тхоьга, Оьрсийчуьра векалаллехь лаккхара даржашкахь бара цуьнан гергара нах. Иштта кхаьчнера иза пачхьалкхе, Москвара пачхьалкхан университете деша а хIоьттира иза. Цуьнан гомосексуалан хьежамаш буйла хиъча, цунна йеттара, тIехула догIа а тухура. Царах йедда иза, лоьчкъийла йехнера цо. Йоллу визанаш чекхйевллера цуьнан, бакъо йоцуш Iаш йара иза кхузахь. Афганхойн паспорт, ала догIу, суна дуьххьара гира дуьненахь и тайпа паспорт, цуьнца цхьанхьа а дIагIойла дацара.

Кхо шо хан йаьккхира йоIа лечкъина, дуьхьало йора цунна тIаьхьий-хьалхий, Кабуле дIахьажон тарлора иза, лечкъина лелара…. ХIинцца дукха хан йоццуш цуьнан хаттар диканца дирзи, керла лартIахь дахар долон йиш йу-кх цуьнан.

– ХIун эр дара ахь Оьрсийчохь буьсучу ЛГБТК-нахе а, церан гергарчаьрга а, къаьсттина Къилбаседа Кавказехь бехачаьрга?

– Шаьш ларде. Гуттар а лаьттар дац хIара дерриг а, хIара зама а чекхйер йу. Хиндолчун ойла а йеш, ша ларвар гIолехь ду. Ваха веза, халонашка ша охьа а ца таIавойтуш – иза а ма ду рожана дуьхьало йар.

Кадыровн рожах со дика кхета, Нохчийчуьра дахарх а. ХIетте а дехар дийр дара аса, ницкъахоша дIабигина, экстремистийн артиклашкахула бехкебен болчу нохчийн божарийн наношка а, йижаршка а…

Кадыровхошка дIа ма ло шайн кIентий, вежарий, шайн ницкъ мел берг де, регионера а, пачхьалкхера а уьш арабохуш. Шу бен кхин цхьа а вац царна тIехIотта, аса доьху шуьга, бахийша уьш кIелхьара.

  • ТIом болабелчхьана Оьрсийчоьнан Iедалхоша тIаьхьий-хьалхий йукъадоху репрессин низамаш ЛГБТ-нехан хьокъехь. Бакъоларйархоша дIайаздо гомосексуалашна а, транс-нахана а тIехь ницкъбарх. Уггар а эгIаза тобанех лору Къилбаседа Кавказера квир-адамаш - цигара кест-кеста хаамаш кхочу сексуалан ориентаци йолу нах лоьцуш бу бохуш. Дахначу шарахь ЛГБТ-йукъараллашна гIо дечу организацех Iиттаделлачех а, тIейогIучу заманчохь хьал кхин дIа муха хир ду а дийцира Кавказ.Реалиин редакцига эксперташа.
  • Оьрсийчуьра Лакхарчу кхело экстремистийн лерина боцуш болу "дуьненан ЛГБТ болам". Эксперташна хетарехь, оцу дехкаро тIейогIучу заманчохь репрессеш лелор йу ЛГБТК-йукъараллин хьокъехь. Кхин а боккху кхерам лаьтта квир-нахана а, царна уггар а чолхечу регионехь гIо деш болчарна а – Къилбаседа Кавказехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG