ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен дена луьйчу дозанал арахьарчарна кхерамаш тийса воьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIант Кадыров Адам


Кадыров Рамзан шен кIантаца Адамца
Кадыров Рамзан шен кIантаца Адамца

Кадыров Рамзанан 16 шо долчу кIанта кхерамаш тийсина, дозанал арахьа бехаш, Нохчийчуьра рожана критика йечарна, уьш хIаллакбийр бу аьлла. ГIуран-бутт бовш иштта дIахьедар дира регионан куьйгалхочо а.

"Цхьа а шеко йац, вайн къомана йамартло йан арабевлла и мостагIий, шайтIанаш, муьлххачу пачхьалкхехь белахь а, Малхбузехь, Украинехь, цхьа а шеко йац. Дала мукъ лахь, вай царна тIе а кхочур ду, вай цаьрца йист а йоккхур йу", - дIахьедина жимахволчу Кадыровс.

И дешнаш даржийна оппозицин нохчийн каналашкахь, оцу йукъанна, Кавказ.Реалии сайтана къаьстина, и дешанш дечкен-беттан 23-чохь аьллийла. ХIетахь Кадыров Адам веара "Ахмат-1" ОМОН-н а, Нохчийчуьра Росгвардин минометан батарейн а Iаморашка, хьажархо санна. Кадыров Рамзанан официалан телеграм-канале хIоттийначу видеона буха йаздина ду, "бIахой кийча бу муьлхха а тIеман Iалашонаш кхочушйан дуьненан муьлххачу а маьIIехь" аьлла.

ГIуран-баттахь, Керла шо тIекхачале чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин а, Росгвардин а командиршца хIоттийначу кхеташонехь Кадыров Рамзана кхайкхамбира, хIаллакбе шена луьйш берш "уьш миччахь белахь" аьлла. Цо дIахьедира, "экстремистийн а, "террористийн" а артиклашкахула бехкебечарна таIзар дан деза, церан наха уьш шайн долара баьхнехь а аьлла.

  • ГIадужу-беттан 29-чохь хааме даьккхира, Нохчийчоьнан урхалхочун 16 шо долу кIант Кадыров Адам дукха хан йоццуш кхоьллинчу Шейх Мансуран цIарахчу батальонан "куратор" хIоттийна, оцу батальонан седа белира цунна хьалхо. Оьрсийчоьнан тIеман министраллина йукъадогIуш ду и дакъа. Цул а масех кIира хьалха, хIетахь 15 шо долуш хилла Кадыров Адам шен ден "кхерамзалла латточу декъан" куьйгалле хIоттийра.
  • Кадыровн политикан оппоненташ дукхазза хIаллакбира Туркойн-махкахь, Францихь, Австрихь, Гуьржийчохь, Германихь. Тептарехь бу - Эдильсултанов Гаджи, Джанибеков Ислам, 2008-чу шарахь вийна и шиъ, Асаев Iела (Муса) – 2009-чу шарахь, Мусаев Берг-Хьаж, Альтемиров Рустам, Амриев Заурбек – 20II-хь, Унлю Медет – 2013-чу шеран стигалкъекъа-баттахь, Эдильгериев Iабдулвахьид – 2015-чу шеран лахьан-баттахь, Исрапилов Руслан – 2016-чу шеран стигалкъекъа-баттахь.
  • Оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон вешина Мухьаммадна кIело йира 2020-чу шеран чиллан-баттахь. Кхин а цхьа тIелатар дара цунна кечдеш 2022-чу шеран гурахь. И кхочушддар тIедиллинера, Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь федералан эскаршна дуьхьало латтийначу Аурбиев Тамерланна. Кадыровс амнисти йинера цунна. Дадакаевца цхьаьна зуламна кечам болийнера Аурбиевс, амма тIаьхьо Абдурахманов Мухьаммадца зIене а ваьлла, дерриг дIадийцицнера цуьнга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG