ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь кибарчикаш йечу заводехь нах бацорна бехкзуламан гIуллакх айдина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дагестанера Талламан комитетан урхалло бехктакхаман гIуллакх долийна Беларусера вахархо кибарчикаш йечу заводехь вацорна тIехула – дахначу кIиранах иза маьршавоккхуш гIо дина "Альтернатива" боламан волонтеро.

ГIуллакх айдина Каспийскана уллора Карабудахкентан заводера индустрин куьйгаллина дуьхьал карара кехаташ схьа а дохуш, стаг вацорна. Цунах лаьцна хаамбина урхаллин телеграм-каналехь. Оцу гIуллакхца набахтехь йаккха кхачайо итт шо хан.

Иштта Талламан комитето зераш деш ду "куьйгалло оцу кепара зуламаш кхечу нахаца а лелийний" хьовсуш.

Беларусин вахархо Борис Дмитрий лоллехь вацош хиларх гучуделира "Альтернатива" боламан волонтеро Магомедова Эльвирас йаржийначу видео тIехь. Цо гIо дина цунна водуш. Заводан векалша новкъарло йеш хиллера церан арабовларна, цул тIаьхьа боккхачу некъа тIехь царна тIаьхьа машен хихкинера. "Альтернатива" боламехь тIечIагIдина Магомедовас дийцинарг.

Борисан дешнашца, Москвахь складехь болх белла хиллера цунна, амма оцу меттигехь гучуделира болх заводехь бан безаш хилар. Цуьнгара паспорт схьа а даьккхина, аьлла хиллера цуьнга "35 эзар соьмах эцна" иза, мел лахара а кхаа баттахь оцу ахчана дуьхьал къахьега деза цо аьлла.

ТIаьхьо Дагестанера чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедира, шаьш таллам бина аьлла. ЧIагIдо, и стаг "белхан низамашца" а догIуш эцна хиллера балха, ткъа масех де даьлча "дохковаьлла, дIаваха хьоьвзинера" иза аьлла.

МВД-н пресс-секретаро Гариева Гаянас шен телеграмехь дуьйцу хиллачух "нах Iехор" ду бохуш, цо чIагIдо, Магомедовах "пайдаэцна шайн Iалашонашкахь" аьлла. Ишта Гариевас видео хIоттийна кибарчикаш йечу заводера векалан комментарийца, цуьнца а догIуш, Борис "цомгаш волуш веанера", "цхьана кIиранах Iиллинера" иза, "балха араваьлла а вац", оцу йукъанна "цуьнгара паспорт цхьаммо а схьадаьккхина дац", иза балха хIоттош кехаташ кечдеш схьаэцар доцург аьлла. Магомедован машенна тIаьхьахехкабаларх видео йоккхучо хаттар дина дац цуьнга.

  • Оьрсийчохь лоллехь вацош ву ши миллион гергга стаг – и зераш, оцу проблемица къийсам латточу дуьненайукъарчу Walk Free бакъоларайаран тобанан ду. Кавказ.Реалии сайто къастийра, Къилбаседа Кавказехь а, Оьрсийчоьнан къилбехь а муха хийцаделла хьал Украинана дуьхьал тIом болийначу цхьана шарчохь эхашарчохь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG