ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь дуьххара таIзар кхайкхийна пачхьалкхан йамартлонца доьзначу гIуллакхехула


Верховный суд Ингушетии, Магас Ingushetia Supreme Court, Magas
Верховный суд Ингушетии, Магас Ingushetia Supreme Court, Magas

ГIалгIайчуьра лакхарчу кхело республикан вахархо Цечоев Беслан бехке лерина “мостагIчуьнгахьа а ваьлла, пачхьалкхана йамартло йан кечамаш бан гIортарна” а, бакъо йоцуш герз лелорна а.

Цечоевна пхи шо хан тоьхна шогачу хьелашкахь даккха. Ишта цунна цхьа шой ахшой тоьхна маьрша лелар доьхкуш, хаам бо кхелан официалан телеграм-каналехь. Билгал даьккхина ду, хантоьхнарг кхел хоттучехь дIалаьцна хилар– ала догIу, цуьнан гIуллакхан таллам дIахьочу а, гIуллакх луьстучу а йуккъанна, хетарехь, иза чувуллуш сацам бийр бу аьлла дацара.

Цечоевс бехк тIелаьцна. Прокуратуро цунна кхел йеш вархI шо ахшо хан йийхира, чохь даккха шиъ а тухуш. Билггал стенца боьзна бу бехк, къаьстина дац.

Амма кхело билгалдаьккхира, хIара дуьххьара луьстуш гIуллакх ду пачхьалкхан йамартло йарца доьзна аьлла.

  • Кхаарин дийнахь дийца даьккхира, ГIалгIайчуьра кхело меттигерчу вахархочунна Цечоев Назирна 250 эзар сом гIуда тохарх. Иза бехкевинера бехкзуламан артиклехула, цо йуха а Оьрсийчоьнан эскарна "дискредитаци" йарна. Кхелан сацамца, цуьнгара схьайаьккхина пачхьалкхан дола йерзон смартфон.
  • Иштта кхаарин дийнахь ГIебарта-Балкхаройчуьра Лаккхарчу кхело бехкевира Терек гIалара вахархо Коноков Эрик, Украинан агIор тIамехь дакъалаца лаам болуш вара иза аьлла. Пачхьалкхана йамартваларна а, экстремизмана кхайкхамаш барна а шогачу хьелашкарчу колонихь даккхаийта йалх шо хан тоьхна Коноковна.
  • Оьрсийчоь шуьйрачу тIамца Украине чугIоьртинчул тIаьхьа хааминй гIирсийн сводкашкахь сих-сиха бохург санна дийца доккху пачхьалкхана йамартваларх гIуллакхех. Эксперташа дийцира Кавказ.Реалиига, къайлаха сервисаш "украинхойн агенташ" лоьхуш жигара бевллехь а, Украинаца зIенаш хиларна долийна экстремизмана а, пачхьалкхана йамартбовларна а гIуллакхаш мел ду ши шо даьллачул тIаьхьа бен хуийла дац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG