ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КъорIан дагорна бехкевинчо Соьлжа-ГIаларчу кхелехь дIахьедина ша "хьаштхочун" тIедиллар кхочушдеш вара аьлла


Nikita Zhuravel
Nikita Zhuravel

Соьлжа-ГIалахь Висаитовн кхелехь дIахьочу рогIерачу кхелехь КъорIан дагорна бехкевечу Журавель Никитас дIахьедина, ша и динера вевзаш воцчу “хьаштхочун” тIедилларца аьлла. Волгоградерачу студенто ишта хаам бира, мехах ша кхочуш динчу кхин а масех тIедилларех. Дуьйцург мел ахчана дина гIуллакх ду, хууш дац, ахча Журавельна кхаьчна дац.

Пачхьалкхан "РИА Новости" агенталло бехкевечун кийтарлонашца дийцарехь, Украинерчу тIамана ша реза ца хиларна цо керла хаамаш боьшуш хилла телеграм-каналашкахь. Бахарехь, чиллан-бутт бовш цигахь вевзина хилла студентана канале йазвелла цхьа накъост - цо тIедахкарш деш хилла цунна, кхочушдийриг ахча лур ду а бохуш.

Пачхьалкхан агенталло бечу хаамца, дуьйцург ду Волгоградехь дIасалела леррина техникан видеош йахар, эвакуаци йарх лаьцна кехаташ летор, “Ларлуш хила, гIалахь талорхо ву” боху граффитиш йахкар а. Хетарехь, и дан гIерташ хилла президент Путин Владимир вогIучу йукъанна, амма иза Волгограде веара чиллан-беттан 2-хь. Йинчу кийтарлонашкахь бахарехь, оцу хенахь Журавельна хIинца а вевзина а ца хилла шена тIедахкарш дийриг. Цул совнах, диллинчу хьасташкахь оцу граффитех лецна хIуммаъ а ца карийра, студенто ша иза “тIайна бухахь пена тIехь” йитина аьлла дIахьединнашехь.

Цо бахарехь, цунна 800 сом делла, кхо шен ахчанах эцна Къоранах. Кхин цхьа а ахча кхаьчна дац цунна.

РогIера кхеташо хир йу чиллан-беттан 20-хь – таIзар кхайкхадале агIонашка дийцарш дойтур ду.

19 шо долу Волгоградера вахархо Журавель Никита лецира стигалкъекъа-беттан 21-хь. Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша дIахьедира, лаьцначо мукIарло дина, СБУ-на лерина тIеман гIишлойн суьрташ дохуш вара ша аьлла. Журавеля дина дIахьедар доцург, мича тоьшаллаш тIехь гIуллакх вовшахтоьхна, хууш дац.

  • Журавелен хьокъехь дIахьош йолу кхел масийттаза терго ца йеш йитира имамаша. Амма гIуран-баттахь царах пхеаммо дIахьедира “бусалба нахана цунах хиллачу боккхачу Iаткъамах” а, хиллачо шайн сагатдарх а.
  • Кадыров Адама марсхьокху-беттан 15-чохь йиттира КъорIан дагорна Соьлжа-ГIалара СИЗОхь лаьцна латточу Журавель Никитина. Полицино дуьхьало йира бехктакхаман гIуллакх долон, Адаман жоьпалле озон хан тIекхаьчна йац аьлла. Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана ворхI совгIат дира: йуьхьанца республикин "турпалхо" вира цунах, цул тIаьхьа ГIезалойчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, ГIебарта Балкхаройчоьнан а совгIаташ делира, цул совнах, "Умматана хьалха гIуллакхаш дарна" I-чу бараман орденца а, иштта нохчийн "Даймехкан сий" орден а йелира. Цхьадолу билгалдаьхна совгIаташ дала хан йолуш а вац иза.
  • "Мемориало" политикан тутмакх лерина Журавель Никита. Бакъоларйархой шек бу, бусалбанийн деза жайна дагорна Журавель бехке ву аьлча, иза Нохчийчу дIавигар а, совнах болу нах талламан изоляторе битар а "доккха низам дохор" ду элира цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG