ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIелхьарйоккхийла ду хIинца а? Нохчийчу дIайигинчу Седигахьа акцеш дIахьош йу дуьненахь


Сулейманова Седин агIо лоцуш Гуьржийчохь хIоттийна пикет, 27.02.2024
Сулейманова Седин агIо лоцуш Гуьржийчохь хIоттийна пикет, 27.02.2024

Гуьржийчохь, Германихь, Аргентинехь, Мексикехь, Польшехь а, Италихь а акцеш дIайаьхьна, марсхьокху-баттахь Санкт-Петербургехь лачкъийна, Нохчийчу дIайигначу 26 шо долу Сулейманова Седа къайлайаккхарна тидам тIеузуш. Бакъоларйархоша а, масех тешо а бахарехь, йоI йийна хила тарло. Кавказ.Реалиин корреспонденто къамел дира акцихь дакъальацначаьрца, Седин гIуллакх иштта айдина стенна хьийза уьш, стенга сатуьйсу цара аьлла.

"Оьрсийчоьнера сатийса хIума дац"

Тбилисихь акци хIоттийнера Оьрсийчоьнан интересийн Гуьржийчуьра Швейцарин векалтера секцина хьалха. Акци вовшахтоьхначех цхьаъ йара Къилбаседа Кавказехь доьзалехь гIело хьоьгучу нахана гIо латточу "Марем" тобанан волонтер Нерозникова Екатерина. Цуьнан дешнашца, акцин коьрта хаттар дара – стенагхь йу Сулейманова Седа бохург. Жигархойн карахь плакаташ дара "Маьршайаккха Седа", "Сий лардеш нах хIаллак ма бе" бохуш, тIейаздина.

"Тхуна хаа лаьа, стенгахь йу Седа, цунах хIун хилла. Дукха хан йоццуш, иза йийна хила тарло аьлла, хаам баьржина. Амма тхуна бакъдерг ца хаьа, цундела тхайга схьахаийта боху оха. Адамаш довш меттигаш, тхуна хууш бу. 2015-чу шарахь йайна, тахана а цуьнан кхолламах хууш доцчу Алиева Мареман цIарах йу тхан "Марем" тоба", - бохура Нерозниковас.

Цо бахарехь, акцихь дакъалецира, зудчунна тIехь шайна луъург дан йиш хилар кIордийначу наха. Седех лаьцначу дийцаро дуккха а зударий а, божарий а меттахбаьхна, царех берриш а бац Къилбаседа Кавказера.

Тбилисихь Седигахьа хIоттийна пикет
Тбилисихь Седигахьа хIоттийна пикет

Дуьненайукъара акци горизонтале а, Iедалхошца бертахь йина а йара. Цуьнан дешнашца, тайп-тайпанчу мехкашкара нах цхьаьнакхеттера, шайн гIаланашкахь бала болу нах вовшахтоха сацам беш. Жигархойн тобанаша буклеташ йинера шайн-шайн меттанашкахь Седех лаьцна дуьйцуш. "СК SOS" тобанан Талламан комитете а, прокуратуре а кхайкхам бан кеп тIехь йолчу публикацина тIевуьгу куар-кодашца кехаташ дийкъира митингашкахь. Бакъоларйаран органашна тIедиллина Сулейманова йийна хилар бакъ дуй таллар. Жигархоша дIасайийкъира и материалаш нахалахь, дехар дира кафешкахь а, барашкахь а уьш йитахьара аьлла, дуккха а нахана Седех лаьцна дIахаийта.

Нерозниковас дийцарехь, шаьш шайна хетачу агIор дуьне даархьама къийсам латтон луучу зударийн лаам гойту Седас: "Маса зуда йайна ишта? Цхьанна а ца хаьа, уьш муха бу а". Цуьнан дешнашца, акцин Iалашо йара – дуьненан тидам оцу проблемина тIеоза, хIунда аьлча, Оьрсийчоьнан официалан органашкара нийсоне догдохийла йац.

"Европе Кадыров вохаве даржера ца боху оха. Амма европахошна тоьшалла дойла йу тхан, денцIара вадар – доккха бахьана ду дуьнене орца деха", - боху Нерозниковас.

"Сий лардеш адамаш дойу оха бохучу хенахь, цунах ца теша"

Доьзалехь гIело латтош хилар шен бIаьргашца гинчех йу Кавказ.Реалиин редакцица къамел дина Мехикохь пикете йаьлла Ригович Маша а. Седех лаьцна дийцар цуьнан дагах кхийтира, хIунда аьлча, иза ша а йу динехь болчу доьзалехь хьалакхиъна, шена хетарг ала а, дан бакъо ца йуьтура шена бохура цо.

Мехикора Оьрсийчоьнан векалтана хьалха Сулейманова Седигахьа дIайаьхьна пикет
Мехикора Оьрсийчоьнан векалтана хьалха Сулейманова Седигахьа дIайаьхьна пикет

"Керстан доьзалехь со кхиънашшехь, амма зударшца иштта хуьлура цигахь а: дена-нанна ма луъара маре ваха везара, бераш дан а дезара. Суна бевзачу цхьаболчу божарша а дуьйцура, шаьш зударшца шогалла лелорах. Оцу доллучо а радикалан феминизме йалийра со", - дийцира Риговича.

Низам цахилар ду, эхашарахь стагах лаьцна хууш хIума дац, амма массо а тийна Iаш ву, ишта хила дезаш санна

Жигархо эмиграци кхечира Йуккъерчу а, Къилбан Америке бIаьрг тоха йахча, циггахь сацам бира цо Оьрсийчу йуха ца йаха. Нахана йукъахь акци дIайахьа лаарх дIахаийта деза Мексикехь, амма вуьшта пачхьалкх муьтIахь йу жигархошна. Дозанал арахьарчу акцийн Iалашо го цунна, и гIуллакх нахала даккха лаарца: "Питерера прокуратура кхеташ хила йеза, Оьрсийчоьнел арахьа а и гIуллакх девзаш хиларх".

Цхьа а хьовзам боцуш нисйелира Буэнос-Айресера пикет а. Крис цIе йолчу жигархочо дийцира Кавказ.Реалии сайтана, меттигерчу бахархойн а, полицин а бала кхачарх акцица, ткъа Оьрсийччоьнан векалтан белхахоша "тхо доцуш санна, кеп хIиттайора" аьлла.

"Тахана Оьрсийчоьнан Iедало лелочу доллучунна а со дуьхьал йу. Низам цахиларан цхьа дакъа муха ду хьуна аьлча, эхашарахь стагах лаьцна хууш хIума дац, амма массо а тийна Iаш ву, ишта хила дезаш санна", - аьлла хета къамелдечунна.

Цуьнан дешнашца, Аргентинехь онда феминистийн комьюнити йу, царна чIогIа маьIне дара Оьрсийчуьра зударийн проблемех царна дIахаийта. Криса бахарехь, испанхойн зорбанан гIирсашка бовларе сатуьйсу ишта жигархоша.

Буэнос-Айресехь Седигахьа хилла пикет
Буэнос-Айресехь Седигахьа хилла пикет

"Доьзалехь гIело латтийна дуккха а локалан гIуллакхаш ду кхузахь. "Сий лардеш" нах байъарх аргентинхошка ас дуьйцучу хенахь, уьш баккъал а цунах ца теша тарло", - боху Криса.

"Седа хIинца а кIелхьарйоккхийла ду"

Пикет Берлинехь вовшахтухуш гIо дира Петербургехь муниципалан депутат хиллачу Боварь Виталийс. Цо дийцира редакцига, жигархоша листовкаш-эксплейнерш вовшахтохарх немцойн маттахь куар-кодашца, Седех хиллачух доцца охьа а йаздеш.

"Адамийн бакъонех цавашарца дина ирча хIума ду хIара хилларг. Сан даге ца лало, адамца и шен долахь долуш санна хилар. Дахарехь шен некъ хаьржинера цо, амма хIоттийначу бахьанаца Нохчийчу дIахьажийра иза. Бакъдерг аьлча, нахала даккхар – цунна гIо дан йиш йолу цхьа хIума ду", - бохура Боварь Виталийс.

Берлинехь Сулейманова Седигахьа хIоттийна акци
Берлинехь Сулейманова Седигахьа хIоттийна акци

Варшавехь пикет хIоттош гIо динчо, шен цIе а ца йоккхуш, дийцира редакцига, Оьрсийчуьра Седин доттагIий иза дийна йу аьлла, тешна бу хIинца а.

"Уьш санна, тхо а тешаш ду. Цхьа наггахь хуьлург хIара ду аьлла хета суна, цхьаъ дан тIаьхьа доцуш. Навальный а, Немцов а дийна волчу хенахь цхьаммо а ца элира царех лаьцна оццул дика дешнаш. Амма хIинца уьш дийна бац: вай царна мел дукха делхарх, уьш йухаденлур бац. Ткъа Седа хIинца а дийна йу. Иза кIелхьарйоккхийла ду, цундела арадевлла тхо", - аьлла дийцира къамелдечо.

Маса хIоттийна акци дIайаьхьира Италихь а. Хьалхе дуьйна хIоттор йу аьлла, цунах лаьцна дийцина дацара, амма кхечу гIаланашкара суьрташ хаамийн гIирсашкахь шайна гинчул тIаьхьа, сацам хилира церан Седехьа хIоттийначу пикетех дIакхета, дийцира редакцина Оьрсийчуьра дуьненан акци вовшахтухуш гIо динчо, пачхьалкхахь репрессийн низамаш лелаш хиларна, дехар дира цо, шен цIе ма йаккха аьлла.

"Сан а, кхечийн дегнех кхийтира Италира пикет, - дуьйцура цо. – Къаьсттина чолхе Iалашо йара –хIара хьал дуьненахь даржор. Хено гойтур ду, и тхоьга далур дуй. Аммма мел кIезиг а, жигархой бахьана долуш, йалх пачхьалкхера адамийн цхьана декъана хуур ду Седех лаьцна. Иза а чIогIа маьIне ду, кхиндIа а хIара даржош йаьккхина хьалхара гIулч йу и".

  • 2022-чу шарахь шен лаамехь Нохчийчуьра Санкт-Петербурге дIайахара Сулейманова Седа, доьзалехь девнаш хиларна: бертаза маре йала хьийзош хиллера йоI, балха йохуьйтуш а ца хиллера иза. Шо гергга хан йаьккхира Седас Петербургехь, оцу хеначохь шозза иза лачкъон гIоьртинера. Дуьххьара йедда йала аьтто хилира цуьнан, амма шолгIа, стохка марсхьокху-беттан 23-чохь, схьакарийна йоI Нохчийчу дIайигира. Цо къола дина аьлла, доьзало бехкейинера иза, оцу тIехула хеттарш дан деза цуьнга аьллера.
  • ЙоI лачкъийна йигина дукха хан йалале Iедалхошкахьа йолчу "Грозный" телекомпанино сюжет арахийцира Сулейманова Седех лаьцна, цу тIехь чIагIдора, йоI дика Iаш йу бохуш. ХIетахь дуьйна йа цуьнан доттагIашна а, йа бакъоларйархошна а иза гина йац. Сулейманован гIуллакх лелош хиллачу "СК SOS" тобанан белхахошка информаци кхаьчнера чиллан-беттан 7-чохь Нохчийчуьра вовшашца йозуш йоцчу шина хьастера, Сулейманова "сий лардеш" йийна хила тарло аьлла.
  • Санкт-Петербургера прокуратурехь дIахьедира, йоI шен лаамехь Соьлжа-ГIала йухайахнера шега хеттарш дайта, цул тIаьхьа шен лаамехь цIахь Iийна иза аьлла. Прокуратурин белхахоша шайн жоьпехь хьахийна бац Нохчийчуьра полисхой, йоI лацар а санна. Урхалло тIечIагIдина, Сулеймановас къола дина бохург а бакъ ца карийна, оцу буха тIехь хеттарш дан йигинера иза. Оцу йукъанна талламо гайтина боху, "бертаза дIайигина, лаьцна, тIекхайкхина" цхьана а кепара барамаш цуьнца лелийна цахилар.
  • Седин везаро Кудрявцев Станислава бусалба дин тIеийцира, Нохчийчу а вахна, шен йезарца цхьанакхета некъаш лаха кийча ву ша аьлла дIахьедира. Цунах а аьтто ца белира. Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь жимчу стага дийцира, Сулейманова Седица шен хиллачу йукъаметтигех а, иза лачкъорах а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG