ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахматовцашна" согIаташ дина Москвахь теракт йина аьлла хетарш лацарна – Кадыровс уьш тIамтIехь бу аьллера


Кадыров Рамзанан цхьахдолчу декъан эскархой, гайтаман сурт
Кадыров Рамзанан цхьахдолчу декъан эскархой, гайтаман сурт

Брянскан кIоштан губернаторо Богомаз Александра совгIаташ дина "Ахмат-Россия" полкан эскархошна, "Крокус Сити Холлна" тIелатар дарна бехкехетарш лоцуш, хаамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Карладоккху, Москвара концертан хIусамна зазадокху-беттан 22-чохь динчу тIелатарна бехкехетарш лецира шолгIачу дийнахь Брянскан кIоштахь. Кадыровн дIахьедарца, цуьнан декъан 20 эскархочо дакъалаьцна уьш лоцуш.

"Ахмат-Россия" полк вовшахтоьхна йу 2023-чу шеран бIаьста Украинерчу тIамехь дакъалацийта - мухха хиллехь а, Соьлжа-ГIалахь иштта дIахьедора. Мангал-баттахь Нохчийчоьнан урхалхочо хаамбира, эскархой кеста тIамтIе боьлхуш бу, кхин а масех бутт баьлча йуха а тIечIагIдира цо и. Делахь а, и "кеста" бохург кхин тIе а ца кхечира. ГIуран-баттахь а, дечкен баттахь а хаамбира, оцу декъан эскархой Iаморашкахь бу аьлла.

Официалехь хаамбина бац "Ахмат-Россия" полк Брянскан кIошта дехьайаккхарх, амма зазадокху-бутт болалуш бен бигина бац цига уьш. ХIетахь Кадыровс дIакхайкхийра, "полкан тобанна" гуманитаран мохь кхачийна - йуург, молханаш, лоьрийн гIирс а. Йаржийначу видеоца а догIуш, Брянскан кIоштара Долботово эвлахь хилла эскархой, цигара дIа Украинан дозане кхача 40 километар йу, Беларусин дозане кхача - бIе гергга.

  • Билгалдоккху, контрактхоша а, лаамхоша а куьйгашйаздина тIеман министраллица йинчу контрактана, тIом берззалц йухабовла бакъо йоцуш. Мобилизаци йина Оьрсийчуьра бахархой а бу иштта ханйоцчу контрактаца Украине бахана.
  • "Идите лесом" бакъоларйаран организацин векало Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь 2023-чу шеран гурахь хаамбира дезертираш алсамбовларх. И доьзна ду, низамашкахь тIеман министраллица контракт йукъахдаккха аьтто ца хиларца: "чIоIга лазийнехь – и ду бакъонехь тIама йукъара волу бахьана".
  • Кадыров Ахьмадан цIарах вовшахтоьхначу нохчийн дакъойн терахь 2023-чу шеран гIуран-баттахь 14 –не делира. Кавказ.Реалиин редакцино листира, муха кхоьллина и дакъош, царна йукъахь хIун башхалла йу а.
  • Зазадокху-беттан 22-чохь суьйранна, камуфляжан духарца волчу масех стага автоматаш йиттира Москвана йистехь йолчу концертан зал чохь. Цул тIаьхьа эккхийтар дира, йоккха цIе а йолуш. Оцу бохамехь тIаьххьарчу хаамашца велла 139 стаг, шайлахь кхо бер а долуш. Мел лахара а 180 стаг ву цигахь зенаш хилларг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG