ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь доьзалехь латточу ницкъах йеддарг Оьрсийчуьра арайаьлла – адамийн бакъонашкахула Кхеташонан декъашхо


Заурбеква Лия
Заурбеква Лия

Доьзалехь латточу гIелонах йедда Нохчийчуьра 19 шо долу Заурбекова Лия, Оьрсийчуьра дIайахана. Цунах лаьцна дIахьедина Йукъараллин тергамчийн комиссин, адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан декъашхочо Ионов Александра. Заурбекована гIо деш хиллачу бакъоларйархоша цкъачунна йина комментарий йац цунах лаьцна.

Ионовс чIагIдо, Москвара йоI гергарнаш бертаза дIайига гIортар а, цIа йодахь ша йен тарло бохуш ден дIахьедар а – доьзална чуьра дов ду и, Заурбекован бакъонаш хьешна, цунна кхерам бу аьлла, цхьана а тайпа тоьшаллаш дац.

Бакъоларйаран "Марем" тобанан информацица, Заурбекова цIера йеддера стигалкъекъа-беттан 13-чохь, цунна йетташ хиллера, ишта психологин Iаткъам бора, ша йерна кхоьрура иза. Цо кехат чуделлера, шен лаамехь цIера дIайахна ша, доьху ма леха аьлла.

Шен гергарчу нахах йедда цхьана цIийнехь къайлайаьллачу йоьIан тидам хиллера уьйтIахь шен ден, полици кхайкхинера цо. Иза дIайигинчу декъана гонах а бара цуьнан гергарнаш, Заурбекова шайга схьайоьхуш. Иза кхиазхо йолуш санна полицига дIахьединера цара, иза йарах лаьцна. Бакъоларйархой кхоьрура, нагахь санна, Заурбекова цуьнан нахе дIалахь, иза бертаза Нохчийчу дIа а йигина, цигахь йен тарло бохуш.

Иттех гергга цуьнан гергарнаша ха дечу полицин декъе йигира Заурбекова. Стигалкъекъа-беттан 16-чу буьйсанна 11 сахьт долучу заманчохь бакъоларйархоша тIечIагIдира, шен адвокатаца цхьаьна оцу декъера арайелира йоI, иза кхерамза меттигехь йу аьлла. ТIаьхьо хиллачух лаьцна вистхилира Нохчийчоьнан урхалхочун герггарчу гонера, Оьрсийчоьнан парламентан депутат Делимханов Адам. ПIераскан дийнахь йоьIан гергарчаьрца цхьана а кхетта, къасто лерина ву иза, "Лия Iехийнарг а, цунна тIехь манипуляцеш лелораш а муьлш бу къастон. ЙоI шен цIа а йалор йу, "бехкечунна таIзар а дийр ду" аьлла, тешна ву Делимханов.

  • Хьалхо бакъоларйархоша йоьIан видеокхайкхам зорбане баьккхира, полицихь дIайазбина. "Кхоьруш цкъачунна полицин декъара арадовла даьхьаш дац тхо, хIунда аьлча, полисхошна хьалха шаьш доллушехь, гергарчара лелориг. Со хууш йац, кху чуьра со арайалахь, цара дендерг", - боху цо.
  • Оханан-баттахь Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх диллира Сулейманова Седа йарца доьзна – ахшо сов хан йу цуьнгара кост доцу. Нохчийн ницкъахоша Санкт-Петербургехь лачкъийа иза, нуьцкъаша Нохчийчу дIайигира. Адам дер аьллачу артиклехь луьстуш ду гIуллакх.
  • Маршо Радионо дийцира, полицино дуьхьало йечу меттана, доьзалехь латточу гIелонах, йа нохчийн ницкъахойх бевддарш цIа берзош гергарчарна гIо дарх. Оцу гIуллакхана къола дина олий, харцонца бехкаш дохкуш схемаш лелайо цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG