Дагестанера аптекин долахо Кардашов Алексей лачкъош дакъалаьцна аьлла шеко йолчу къоман гвардин шина декъашхочунна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх юкъахдаьккхина Нохчийчуьрчу Шейх Мансуран кIоштан кхело. Цуьнан гергарчара а, бакъонашларъярхоша а дӀахьедар дина, иза варехь дакъалоцуш нохчийн ницкъахой хилла аьлла.
Хасав-юртан вахархо Кардашов вайра 2017-чу шеран гурахь. Талламан цхьана версица, Росгвардин декъашхоша Абдурашидов Бекхана а, Дукаев Аслана а, иштта Нохчийчуьрчу полисхоша а дӀалаьцнера иза наркотикаш юхкуш хиларна шеко йолуш. Цуьнан кхолламах лаьцна кхин хӀумма а хууш дац, дакъа а дац хIинца а карийна.
2023-чу шарахь Нохчийчуьрчу Гуьмса гIалин кхело хан туьйхира Абдурашидовна а, Дукаевна а цIахь йаккха шиъ шо хан кхайкхийра– низамехь а доцуш, аптекан белхало дӀалацарна бехке бира уьш.
Цул тӀаьхьа и таӀзар латкъамца юхадаьккхира, ткъа 2024-чу шарахь мангал-баттахь Шейх-Мансуран кIоштан кхело хан чекхъялар бахьана долуш сацийра Росгвардин декъашхой хиллачарна дуьхьал айдина хилла гӀуллакх, хаам бо "Къизаллашна дуьхьал йолу тобанан" бакъонашларъярхоша.
"Къилбаседа Кавказехь, къаьсттина Нохчийн Республикехь а кест-кеста дуьхьал Iиттало вайна прокуратуро а, кхелаша а таллам бечу хенахь билгал хаа хууш низамаш дохорна бӀаьргаш дӀакъовлар. Кардашов Алексеян гIуллакх – юкъардакхар дац. Талламо а, прокуратуро а, кхелаша а "кIелхьара" баьхна низамехь долучу таIазарех, росгвардейцаш а, кхин болу Кардашовн динчу зуламан декъашхой а", - комментарий йира г1уллакх дIакховларах "Къизалашна дуьхьал йолучу тобано".
Прокуратурано а, кхелаша а "дӀабаьхна" Къоман гвардин белхахой а, кхин болу Кардашовна дуьхьал зуламаш дарехь дакъалаьцна нах нийсонца таӀзар дарх", - аьлла комментарий йира гIуллакх сацорна "Къизаллашна дуьхьал йолчу тобано".
И сацам цкъачунна низаман ницкъе баьлла бац, цунна дуьхьал латкъам бина, аьлла тIетоьхна бакъонашларйархойн цхьанакхетаралло.
- Хасав-йуьртарчу аптекан долахо Кардашов Алексей 2017-чу шеран гурахь тIепаза вайна ву. Иза, шен цIера араваьлла, дIавахнчул тIаьхьа йуха ца веана. Коьртачу тешо, Соьлжа-гIаларчу таксхочо Омаров Сайд - Мохьмада дийцарехь, Кардашов ницкъахоша Нохчийчу дIавигна. Цо дина тоьшалла Абдурашидовн, Дукаевн бехктакхаман гIуллакхийн бух хилла дIахIоьттина.
- И гIуллакх йуьхьанца Дагестанехь лаьтташ дара. Амма дIаделира Нохчийчу. Цул тIаьхьа теш Омаров аптекахо верна бехке лерира. Иза вер цо шена таIзарш дича, тIелаьцна ду.
- Лачкъийна дIавигначун нанас массо инстанцешка йаздина: президент Путин Владимирна, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзанна тIера дIайолайелла Москварчу раввинатна тIекхаччалц (Кардашов - ломан жуькти хилла-билг. ред), амма Iедалера цхьа а реакци хилла йац.