ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Лечкъийначарна йетташ, тIехь къизаллаш лелайо": Нохчийчохь нах лечкъорах


Соьлжа-ГIалара полици
Соьлжа-ГIалара полици

Товбеца-баттахь нохчийн ницкъахоша лачкъийна ши бӀе гергга меттигера вахархо, хаамбо оппозицин Нохчийчуьрчу телеграм-каналаша. "Кавказ.Реалии" сайтан корреспонденто жигархошца къамел дира, къастийра хиллачух ма-дарра, ткъа иштта нах лечкъоран керла тулгӀе йолайаларан хила тарлучу бахьанех а дийцира.

Нохчийчуьрчу Шелан кӀоштара бахархой лечкъорах лаьцна дуьххьарлера хаам гучубелира товбеца-беттан 9-чу дийнахь 1АДАТ телеграм-каналехь. Цара дийцарехь, ницкъхоша дӀавигина АхматхановгӀеран доьзалера 8 стаг, царна юкъахь: Адам, Сулим, Турпал-Ӏели, Лом-Ӏели, Хьусейн, Абу-Бакар, Хьасан, Iели а ву. Цул сов, ДжаватхановгӀеран доьзалера церан гергара ши стаг а лачкъийна, иза тӀечӀагӀдина NIYSO боламо. Бакъо йоцуш лецначех цхьаъ 14 шо долу Джаватханов Асхьаб ву бохуш, чӀагӀдо жигархоша.

Иштта хаам бора Грозненскан кӀоштарчу Гикало юьртара вежарий Исаев Тамерлан а, Муслим а лачкъорх лаьцна а. Цу "операцехь", NIYSO боламан хьосташа дийцарехь, дакъалоцуш бара чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан экстремизмна дуьхьало йечу декъан белхахой (Центр "Э". Товбеца-беттан 6-чохь дийца даьккхира Шелара Домбаев Iабдурахьман варах; товбеца-беттан 14-чу дийнахь NIYSO, 1АДАТ тобанаша а хаамбира, ницкъхоша лачкъийна Ибрагимов Мохьмад а, Ахьмад а аьлла. Оцу хаамашна тIетевжича, товбеца-баттахь верриг а лачкъийна вигинарг ву мел лахара а 17 стаг.

Уьш лачкъийна хилча, уггаре а хьалхара Iалашо йу - Украине уьш дӀахьажор

Нохчийчоьнан Ӏедалша официалехь хаам ца бина рейдаш хиларх лаьцна. "Кавказ.Реалиин" редакцино дехар дира, Нохчийчохь нах барна тIехь терго латточу Оьрсийчоьнан а, дуьненаюкъарчу а бакъонашларъярхойн вовшахтохараллашка оцу хиламех лаьцна, амма аьтто ца баьлла тӀепаза байначарех йолу информаци тӀечӀагӀъян. Шаьш нохчийн оппозицин жигархоша а ца бовзуьйту шайн информаторш.

"1АДАТ" болам кхоьллинчех цхьаммо Янгулбаев ИбрехӀима бахарехь, лечкъийна нах тахана а бакъо йоцчу набахтехь бу - аьлча а, уьш официалехь лаьцна бац. Нохчийчохь болх беш йу "параллелан таӀзарш кхочушдаран система", къайлаха набахтеш а йолуш, цигахь нах йеххачу хенахь латто йиш йолуш ду, цхьа а бехк а ца кховдош.

NIYSO боламан Ансар цӀе йолчу векало (кхерамазаллин бахьанашца цуьнан фамили йовзуьйтуш яц), дӀахьедина, тӀепаза байинчу нехан гергарчара, бевзачара, доттагӀаша йа юьртахоша шайга хаам бо лечкъорх лаьцна. Цо бахарехь, хӀинца Оьрсийчоьнан Федерацин бехктакхаман кодексан 228-чу ("Бакъо йоцуш наркотикаш йохкар"), 208-чу ("Бакъо йцуш герзахойн тоба вовшахтохар йа цу йукъахь дакъалацар") аьллачу артиклашца бехктакхаман гӀуллакхаш дохуш ду лечкъийначу нахана дуьхьал.

"Кхеташ ду, меттигера бахархой лачкъийна хилча, [кхерамазаллин структурийн] коьрта декхар ду уьш Украине дӀахьажор. Амма цунна новкъарло йан тарло лачкъийначарна шайна цига баха ца лаарца а, цига бертаза хьажийначара Оьрсийчоьнан эскархошна дуьхьаш герз дахарна Оьрсийчоьнан белхахойн кхерам латтарца а",- аьлла хета жигархочунна .

"ТIаьхьий-хьалхий" къайлабоху

Ансара бахарехь, дукха хьолахь цхьана доьзалера нах дIабуьгу лечкъош, хӀунда аьлча Оьрсийчоьнан ницкъхоша "хьалха-тIаьхьа" лелош хIуманаш хиларна. Цкъа хьалха цхьа стаг вуьгу цара, тӀаккха цуьнан гергарнаш, доттагӀий, бевза-безарш: "Телефонехь царна цхьаъ карийнехь, ур-атталла цхьана хIумане уьш хьийсар, лайкаш хIиттор гучудаьллехь, оккупацин Iедална луьйш йолчу каналашка йазбеллехь, хьо цара "шайтIа" лору.

Янгулбаев ИбрехӀима боху, Кадыровна хетарехь, "бехкелоручун" да а, вежарий а, девежарий а, кхиболу гергарнаш а шайн гергарчун багах даьллачу дашах а, цо лелочух а жоьпаллехь хила беза бохуш. Цуьнан дешнашца, бехктакхаман гӀуллакхаш кхоьллина хилар доьзна ду федералан центро "терроризмца а, экстремизмца а" къийсам латто ахчанаш латтош хиларца.

"Ӏедална реза боцу нах лечкъош бу цара. Нисло-кх, масала, кӀентийн цхьа тоба вовшахкхета, вовшашна юкъахь чат а йеш, Ӏедална критика а йеш. Царна йукъах цхьа моттбеттарг хила тарло. Полисхойн декъе воьду иза, тIаккха нах лечкъо буьйлало. Цаьрга ши харжам кховдабо: йа Украине тӀом бан гӀо, йа набахте. Бекхаткхаман гIуллакхаш доху царна дуьхьал", - элира Янгулбаевс.

Цара лачкъош бу цхьана а хӀуманна юкъагӀерташ хилла боцу могӀарера кӀентий а цхьана

Коьртачу декъана Нохчийчуьрчу Шела кӀоштахь адамаш лечкъор Янгулбаев ИбрехӀима кхетадо, оцу кIоштара полицин декъан хьаькам хийцарца. Товбеца-беттан 4-чу дийнахь хьаькаман декхарш кхочушдан хӀоьттира Эльмурзаев Рамзан (Хьамзат), цунах лацна хаамбира республикерчу "Грозный.Информ" агенталло.

"Керла белхахо цхьана кIоштахь дӀахӀоттийча, оцу стага хьалхарчу баттахь-шина баттахь "жамӀаш дийр ду", Кадыровна ша мел мехала белхахо ву а дIагойтуш. Цундела лечкъабо цхьана а хӀуманна гунахь боцу могӀарера кӀентий", - аьлла тешна ву жигархо.

Хьалхо оппозицин нохчийн блогеро Халитов Хьасана Эльмурзаев нохчийн Ӏедалан вице-премьеран, Кадыров Рамзанан бераллин доттагӀчун Висмурадов Абузайдан гергара ву элира. Цул сов, Халитовс бехкевира кхерамазаллин белхахо нах хьийзорна.

"Хамзат жамӀийн дуьхьа нах хьийзочех ву, шена дуьхьалбовла дай, йа Iаткъамбан таро йолу гергарнаш боцу кегийн нах бу цо дукха хьолахь лоьцурш", - яздора блогеро.

Стигалкъекъа-баттахь нах лечкъор карладаккхар?

Масех баттахь цхьана меттехь нах лечкъор ларамаза хуьлуш дац, боху Къилбаседа Кавказан аналисто Чемберс Гарольда.

"Шелара цхьаболу нах лечкъор доьзна дара Дустуман машенах цӀе тасарца, амма, дукхах долчу хьолехь, кхин бахьанаш хилла хила а тарло, хIунда аьлча, хӀара йеххачу хенахь дӀахьош йолу кампани хиларна", - бохура эксперто.

Вай юьйцург йу вевзаш воцчу стага Dustum номерш а, К13 йоза а долу машенах цӀе тосуш йаьккхина видео - уьш йу республикан куьйгалхочун Кадыров Адаман 16 шо долчу кӀанта лелийна билгалонаш. Хетарехь, стигалкъекъа-баттахь хилла и хӀума – адамийн бакъонашларъяран "Мемориал" центран белхахоша динчу хьесапашца, Шелан а, Хьалха-Мартанан а кӀошташкахь кӀиранах лачкъийна лаххара а 80 стаг. Бакъонашларъйархоша дийцарехь, Ӏазап латточу хенахь царех цхьаъ велла полисхойн декъехь.

"Оццул йеххачу хенахь адамаш лечкъор дӀадоьдуш хиларо а, ткъа цу кӀоштахь кадрийн хийцамаш хиларо а гойту, цу нах лечкъорна тӀехьа лаьтташ цхьа доккха хIума хилар, йеккъа цхьана машенах цӀетасар доцург. Кхин цхьа а билггал бахьана дац кадыровхой тӀаьхьарчу кӀиранашкахь оцу регионна тIеберзаран",- кхидӀа а дуьйцу Чемберса.

Экспертан ши дог-ойла ю. Царех хьалхара - дронийн жигараллах лаьцна тӀечӀагӀбина боцу хаам. Дагадоуьйтур ду, товбеца-бутт болалуш Украинин а, оппозицин а нохчийн телеграм-каналашкахь информаци гучуйалар, Нохчийчуьрчу Шелковскан кӀошта дронаш лелла бохуш, и хаамаш харцбира Кадыровн хаамийн гӀирсаша.

"Дронаш гучуйийларо, NIYSO-н хаам барехь, эскархойн жигаралла гойтуш хила тарло, цуьнца цхьаьна кхетон йиш йу тӀаьхьарчу хенахь нах лечкъор", - боху эксперто, амма чӀагӀдо, иза деккъа хетарг хилар.

Репрессеш йолоран кхин а цхьа бахьана ду элира Чемберса, "Проекто" бина таллам. Цу тӀехь а хьахийра къоланаш даран а, ахчанаш лечкъоран а тема. Дагадоуьйтур вай, талламхоша дийцарехь, кредитан истори а йоцуш, тIебогIу пайда цIена боцу 15 нохчийн жима стаг а – берриш а бохург санна, Шела кӀоштара бу. ТӀаьххьарчу 18 баттахь юкъаралхошкахула бюджетера 48 миллиард сом ахча кхаьчна, проценташ йоцуш кредиташ луш санна.

Ткъа лачкъийначу нехан кхолламах лаьцна аьлча, Чемберс реза ву хьалха къамел диначаьрца: "Лачкъийначарна йеттар йу, уьш хьийзор бу, уьш байъа а тарло. Украине дӀахьийсон а тарло уьш, Амма цунах лаьцна информаци, дукхах долчу хьолехь, и хӀума хиллачул тӀаьхьа бен гIарайер йац".

Янгулбаев ИбрехӀиман шеконаш йу, керла нах лечкъор стигалкъекъа-баттахь хиллачаьрца доьзна дац аьлча, делахь а шен верси тӀечӀагӀъеш цхьа а бух ца балийра цо.

  • 2022-чу шарахь дуьйна даьржина дуьйцуш ду Нохчийчохь Украине хьийсон нах лечкъош бу бохуш. Бакъонашларъярхоша а, блогерша а дийцарехь, лечкъийначарна тӀедуьллу контрактана куьйгашйаздар, йеххачу ханна "къайлахчу" набахтешкахь латтор ду бохуш, кхерамаш туьйсуш.
  • Стигалкъекъа-баттахь Шеахь лаьцна хиллачу Магамадов Ӏабдуллин дакъа гергарчаьрга дӀаделира стигалкъекъа- беттан 18-чу дийнахь. Меттигерчу полицин белхахоша тергонехь латтош, дӀавоьллира иза, хаамбира оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос. Иштта, 1АДАТ а, NIYSO телеграм-каналаша а, дӀавоьллинчу хенахь хиллачу нахана тӀе а тевжаш, дийцира, велларг хьийзийна хиларан билгалонаш йара цуьнан дегIа тIехь аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG